Читать книгу: «Чора», страница 4

Шрифт:

ТIаккха Чорас, пондар схьа а эцна, пIелг тесира:

Дохк, мархаш текхачу, дера дерз оьгучу

Гуьйренан таьIначу доьхначу дийнахь,

Цу чохь пIаьлдиг гIодах бихкина,

Шеран кхаба гIоланах оьллина,

Мангала даха делира далара ва моша.

Делккъалца мел хьаькхнарг мачи чу йиллина,

Делкъал тIаьхьа мел хьаькхнарг лорбукъа йиллина,

Ша цIехьа дирзира далара ва моша.

Оьхучу шеташа новкъахь хатт ва бохуш,

Сийсачу ва меро новкъахь чан ва йохуш,

Шарбалан когаша новкъа нуй ва хьоькхуш,

Цу мачийн бахтарша некъан йист ва лоьргуш,

Деана цIа кхечира далара ва моша.

ЙатIлайлахь, ватIлайлахь,

Ва гай тIехь йалалай.

Латийна цIе гина, цIергахь и ца гина,

Биллина мотт гина, меттахь и ца гина,

Кхо гирда аьхьна цу ша биъна ва даьлча,

Кхо кхаба муьста шар ша цу тIе Iанийна.

Саьхьашца ва дустуш,

Туьха а тесина,

Ша дажа хиира далара ва моша.

Кхо гирда аьхьна цу ша биъна ва даьлча,

Кхо кхаба муьста шар ша мелла ва даьлча,

Йезаро биллинчу кIедачу цу метта

Набарна таьIира далара ва моша.

Мерзачу набарах доьллачу хенахь,

Набаро мерза гIан оьхьначу ва хенахь,

Ша шена ва йетташ, йоьлхуш, мохь ва бетташ,

Йеана кхечира мошанан ва йезар:

«Хьо даларг, ва дариг, ма паргIат Iуьллу хьо

Йезаро биллинчу кIедачу кху меттахь?

Лаьттаха ва тоьхна, кIудал а йохий сан,

КIудал тIе ва тоьхна, чами а бохий сан.

Эвларчу ва кIанта хьан хьоме ва йезар

Ма хала хьийзайо доьхначу кху дийнахь».

ТIехьашха топ кхетта сира сай ва санна,

ТIехьа ши куьг ва тоьхна, тасалуш гIеттина,

Божал чохь йоллу шен и мокха маIа-вир,

Гоах тIара ва тоьхна, ва уьйтIа йалийна,

Божалан тховх йохку и моан гажараш,

Ша сиха хьаьвзина, каде тIейехкина,

Ва тапча уллучу жIаммагIа оьллина,

Бустамаш духкучу ва чIимаш боьхкина,

Дера молха духкучу ва туьха доьхкина,

Ва томка духкучу хьекхоргаш йоьхкина,

Цу моан гажарах шен кетар оьллина,

Кож хьалха теттина, ша тIехьа ва хиъна,

Урх хецна йитира и мокха маIа-вир.

Ша доьдуш дIакхаьчча йоккхачу шахьара,

Мохь бетта делира далара ва моша:

«Аравала алийша эвларчу цу кIанте,

Со вала ма веъна ва цунах ва летта!»

ТIаккха аравелира эвлара жима кIант:

«ХIун дина ва хьуна, ма воьхна хьийза хьо?

Хьан карах маьрша стаг валийта ва лиъна,

Мотт бина хир бу хьан мерзачу йезаро!»

Цушиннан ва къамел чекхдаьлла далале

Гуобина летира и маса ва жIаьлеш.

Ткъес кхетча къаьхкина акхарой ва санна,

Инзаре хьаьвзира и мокха маIа-вир.

Цкъа цIингаш кхоьссина, тIенашка хIоьттина,

Цо новкъа даьккхира далара ва моша.

Урх йухаозийча, тIенашка ва хIуьттуш,

ЖIаьлеша хьовзийча, ша шалха цIингаш беш,

Цо даьхьна кхоьссира кIоргачу цу ор чу

Далара ва моша.

ВатIлайлахь, йатIлайлахь,

Хиллариг чов йоцуш, даьллариг цIий доцуш,

Ша делла Iуьллу, бах, далара и моша.

Iилалу – аьнгашка, ва лен ун легашка,

Лен сахьат хьовзийла кIиллочун ва кийра.

Ва валар хуьлда, цуьнан йезаро мотт бина,

Мотт бекха ваханчохь, жIаьлеша хьийзийна,

ВатIлайлахь, йатIлалай, йатIлайлахь, ватIлалай.

Илли чекх а даьккхина, охьабиллира Чорас пондар. ТIаккха элира:

– Аш соьга итт хаттар де, ас шуьга цхьаъ дийр ду. Шун иттанах цхьанна ас жоп ца лахь, йа сан цхьанна аш жоп ца лахь, Мовсар эшна шуна.

– Мегар ду, дукха дика мегар ду, – элира тапча йаьккхинчо, Мовсаре бIаьрг а таIийна, – и дан а, дера, деза вай. Шу реза дуй, хьоладай?

– Ду, – элира массара а.

– Уггар а хазаниг хIун йу? – хаьттира цхьаммо.

– БIаьсте, – элира Чорас.

– Уггар а токхениг? – хаьттира вукхо.

– Гуьйре.

– Делахь дика ду, борззий, газий, бецан цIоввий ду хьуна, уьш кеман чу а хаадай, хих даккхал, нагахь санна, кеман чу шиъ бен хуийла ца хилча, кхин вовшашна тIе а ца кховдуьйтуш, – элира кхечо.

Чорас цкъа хьалха газа дехьайаьккхира, йуха борз дехьа а йаьккхина, газа сехьа йаьккхира. ТIаккха цIов дехьа а баьккхина, йуха а веана, газа дехьайаьккхира.

– Хица цIан ца луш хIун йу? – хаьттира цхьаммо.

– НеIалт ду, – элира Чорас.

– Зудчо хIун ца дуьйцу?

– Ша дина бIиж.

– ЖIаьло хIун ца йуу? – хаьттира вукхо.

– Динан берг, – элира Чорас.

– ХIан, кIентий, – элира хьалагIеттинчу эпсаро, – вай, дика ойла а йеш, ваьшна тIе эхь ца догIу долчу агIора де вай хIара къамел. Эхь хетар дац шуна, оцу къелла вала воллучу ламарочуьнга шаьш эшадайтича?

– ХIан-хIа, кIентий, – элира хьалагIеттинчу Шемала, – шуна массарна а гуш, илли алар тIехь а, пхьанаш дахар тIехь а, хеттаршна жоьпаш далар тIехь а хIара Чора туьйли. Мовсарна масийтта гIала йуьйгIи. Суна хетарехь, хIара Мовсара диллина ахча Чорина дIадала деза. Реза вуй хьо, Мовсар?

– Реза ву со, амма вовшашка цхьацца хаттар дийр ду охашимма.Чорас сан хаттарна жоп ца лой – ахча сан ду. Чорас динчу хаттарнажоп ас ца лахь – ахча цуьнан ду.

Массо а резахилира.

– Хатта хьайна, – элира Чорас.

– Мацах лаьцначуьра, йехха хан а йаьккхина, цIа вогIуш хилла цхьа стаг. Ченашлахь ловзуш лелаш цхьа кIант гина цунна, шайн цIенна хьалха. «Вало, кIант,– аьлла цIа вогIучо,– хьайн дега кхаъ баккха, хьан ваша цIа вогIу алий. Хьайн нене ала лаьцначуьра хьан майра цIа вогIу».

Хьаьдда вахана кIант, дегий, неней кхаьънаш даха. И муха нисделла иштта?

Кхин ойла а ца йеш, жоп делира Чорас:

– Дас шен кIант лаьцна дIавигчахь, цIахь йисина нус шена а йерзийна, вина хилла ченашлахь ловзуш ваьллина кIант, – аьлла.

– Делахь сан хаттарна жоп ахь ло суна, Мовсар.

– Хаттал.

– Говрахь цхьана стагана тIехьа а хиъна, дIайоьдуш хилла цхьа нисйелла йоI. И гинчу наха мохь тоьхна:

– ХIей йоI, и мила ву хьан? Эхь ца хета хьуна нехан стагаца дIайаха?

ЙоI йистхилла:

– ХIокхуьнца дIайахар эхь дац суна. ХIара сан гергара ву. Кхуьнан нана, тхан ненан марнана йу. Мила хилла и стаг? – хаьттира Чорас.

Вехха лаьттира Мовсар жоп ца далалуш.

– ХIинца иза а ца хаьа хьуна? – вела а велла, элира Шемала. – Оцу йоьIан да ма ву иза!

ГIагI-аьлла бийлабелира чохь берш.

– Шемал, – элира Чорас, – Мовсара шега динчу хаттарна ахь жоп даларна дегабаам бийр бу. И дегабаам ца байта кхин хоттур ду ас. Цунна цо жоп ца лахь, иэшна лорур вуй аш иза?

– Лорур ву.

– Ши кIант хилла говрашкахь лаьтташ. Вовшашца цхьаъ къуьйсуш хилла цара, говрашкахь Iашшехь. ТIехволучу воккхачу стага хаьттина цаьрга:

– Аш хIун къуьйсу? – аьлла.

– ДIо кхор гой хьуна, воккха стаг? – аьлла цхьамма. – Оцу кхурана тIекхаччалц говраш йахийта йеза охашимма. ТIаьхьайисина говр тоьллаа лорур йу охашимма. ХIинца а сан а, йа кхуьнан а хьалха говр йолайалийта барт ца хуьлу.

– И ас хьоьхур ду шуна, – аьлла, шина а кIантана лере а воьдуш, цхьаъ-м аьлла воккхачу стага. Цул тIаьхьа цхьа хIума а дина, ша ма-йоьдду дIаэккхийтина шина кIанта говраш. Цхьа говр тIаьхьа а йисина, тоьлла вукхул. ХIун аьлла воккхачу стага берешка?

Мовсар а, чохьберш а гIоьртира дуьхе кхиа. Амма хаттарна дала жоп ца карадора. КIелсецира Мовсар, къар а велла.

– Дийцахьа хIинца, – элира Шемала Чорега.

– Воккхачу стага аьлла берешка, вовшийн говраш хийца а хийций, ма-йоьдду дIалалла.

– АллахIу Акбар, – цецвелира цхьаъ.

Шемала хьаьккхина шен ткъе итт туьма кисана а диллина, Мовсара диллинарг Чорега дIакховдийра. Ахча кисана а диллина:

– КIентий, шун буьйса декъала хуьлда, – аьлла, аравелира Чора.

Лам чу цIа вирзинчул тIаьхьа, Меликан Маржан а йалийна, дикка таро а йолуш ваха хиънера Чора. Амма гена дIа ца дахара мерза вахар.Маржана кест-кестта тIехтухура: «Хьан бахам наха сагIийна белла хьуна», – олий. Цуьнан Iиттарш кIорда а йина, Чорас элира:

– ХIан-хIа, зуда, ахь хьакхийна бод а бууш, хьоьга сан къоьлла тIех а йоьттуьйтуш, хьоьца дов дан лууш вац со. ДIасакъаста деза вайша.

Шен бахам мискачу нахана дIа а бекъна, шен пондар кара а лаьцна, кхин зуда ца йалош, валлалц, нехан самукъа а доккхуш, вехира Чора.

II. ЧОРЕХ ЛАЬЦНА ДИЙЦАРШ

Зудчунна бина хьехамаш

– Зуда, – аьллера Чорас шен зудчуьнга, – вайга хьаша вагIахь, мала хи лолахь: хи малахь – вуьзна ву хьуна, ца малахь – цуьнан марха ду хьуна.

– Вайга хьаша вагIахь, сискалца хох ма лолахь: вага а вина, йуьхьIаьржа хIуттур йу хьо, – аьллера Чорас шен зудчуьнга (Чорина хууш хилла сискал хохаца дукха йуий)

Чорас шен зудчуьнга аьлларг

Кхо котам а йийна, чудирзина хилла Чорий, цуьнан зудий. Кхано котамаш кхихкина схьайаьхча, цхьа а гIогI ца хилла.

– ХIокхеран гIогIаш стенга дахана? – аьлла, хаьттина       Чорас.

– Дан а дацара, – аьлла, йилхинера зуда.

– Зуда, хьо йелха-м йелха, меца а йолуш-м ца йоьлху хьуна хьо! – аьллера Чорас.

Лулахочуьнга аьлларг

Урамехула делха а доьлхуш доьду бер гинчу лулахочо:

– Деллахь, Чора, болар хьайчух ма тера ду-кх цуьнан, – аьллера.

– ХIаъ, – аьллера Чорас, – болар сайчух а, велхар хьайчух а тера ду цуьнан.

Вешин кIанте аьлларг

Цкъа гIабакх а лачкъийна вахана Чорин вешин кIант, кхин лачкъо дагахь, Органах сехьавала меттиг лоьхуш хиллера.

– ХIуъу дай а, сехьавала хьо, – аьллера Чорас, – дехьа вала меттиг ас лохур йу хьуна!

Лулахочуьнга аьлларг

– Ва, Чора, «валар, кхалхар, дIавалар» бохучу дешнех муха кхета веза? – аьлла, хаьттинера Чорега лулахочо.

– Нехан а, хьешан а гIуллакх деш верг кхалхар – и кхалхар ду, – аьллера Чорас. – Кхетта доьзална тIера да валар – иза валар ду, – аьллера, – ткъа, хьо санна волу стаг валар – новкъара дIавалар ду.

Йуьртахочуьнга аьлларг

– Сийсара къонахошка кхайкхича, со а вахара, – аьллера цхьамма.

– Хьо хIунда воьдура цига? – аьллера Чорас. (Хьо къонаха вац бохург хилла цуьнан и).

Кегийчу нахана бина хьехамаш

Цкъа пхьоьхана гулбеллачу кегийчу наха, хьехар де шайна аьлла, дехнера Чорега.

– Хазачу дашо лам башийна шуна, хьаставаларо къахетийтина шуна, – аьлла, дIаболийра Чорас шен хьехамаш. – Сихваларо садоккху шуна, собаро лам боккху шуна, стаг вовза лаахь – цуьнан доттагIий бовзалаш. Тийначух ма тешалаш, чехкачух ма кхералаш. Тоьлла ваха ницкъ боцуш, мерза ваха хьекъал доцуш волчу стеган мостагIий дукха хуьлу шуна, нахаца тардала гIорталаш. Улло накъост ваккхий, йоIаца ирахь Iен ма гIолаш, шаьш дийцича санна, захало мерза хир дац шуна, – аьлла, чекхбехира Чорас шен хьехамаш.

Дика тIемало

– Дика тIемало муьлха ву, ва Чора? – аьлла хаьттинера Чорега цхьаммо.

– Майралла бIонна хьалха а цалелхарг, стешхалла тIехье а цалоьцург, шен декхар дика а девзарг, шена тIедиллина гIуллакх дуьззина кхочуш а дийриг дика тIемало лерина вайн дайша, – аьллераЧорас.

Нохчий майра хIунда бу?

– Ва, Чора, нохчий массарел майра хIунда лору? – аьлла, хаьттинера Чорега цхьамма.

– И йалтин болх бу, – аьллера Чорас, – нохчаша йуург цIена хьаьжкIаш йу, ткъа кхечу къаьмнашна кIа дукхахо деза. ХьаьжкIан буьртиггий, кIенан буьртиггий цIерга биллал ахь. КIен буьртиг, «ш-ш» – аьлла, баьгна дIабер бу хьуна, хьаьжкIин буьртиг «ткъах!» – аьлла, оьккхур бу. Дийнна сискал а йиъна, араваьлла нохчо хьаьнга сацалур вара, цо цу тIе берам а малахь, цо паччахь а вохорна кхерам бу.

Сахьтах тарделларг

ГIовталан кисанара сахьт схьа а даьккхина, цу тIе хьоьжуш воккха стаг гиначу Чорас:

– Лецин ахь? – аьлла, хаьттинера.

– ХIун лецин, бах ахь? – аьллера вукхо.

– Ой, – аьллера Чорас, – сегамина боьгIна гур бацара хьан и?

ЧIебарлочуьнга аьлларг

Iаьнан шийлачу дийнахь боьзан кIайн коч-хечий а дуьйхина, хаьнтIехь кхозуш нохчтапча а йолуш, шелонна букар а воьлла, гаррехь эга а веш, лаьтташ чIебарло гиначу Чорас хаьттинера:

– ХIей, стаг, и тапча хIунда лелайо ахь?

– Сайн де доьхначу дийнахь кхосса лелайо, – аьллера вукхо.

– Дуьненора, – аьллера Чорас, – таханлерачул доьхна де догIур ма дац хьуна, дIайожайе иза!

Аьшпаш ботта а йеза говзалла

Чорас а дуьйций шена дагадоггIург, ша а дуьйцур ду-кх аьлла, ваханчу Чорин доттагIчо Iалигирас пхьоьханахь лаьттачу нахе шена стиглахь жIаьлеш леташ хезира аьллера.

Цо буьттурш аьшпаш буй хиъна нах бийлабеллера.

– И-м бакъ хила а мега, – аьллера цуьнга лаьдоьгIуш лаьттачу Чорас, – сийсара тхан лулахочун кIеза ма даьхьнера аьрзуно.

Чукхосса атта ду

Цхьамма, бегаш беш, Чорега аьллера:

– Ас бердах кхуссур ву хьо!

– Чукхоьссина Iуьллуш хилча, хьала-м ваккхалур вацара хьоьга со, – аьллера Чорас.

Дина хIума а доцуш велларг

Уллохь чIебарлой а болуш, ламанца схьавогIуш хиллера Чора.

Бердах чухьаьжча, бухахь дохк гина цхьа чIебарло:

– Вай Дала вай дийнарийн, вай хIунда ца лелху кху кIайчу бамбела, – аьлла, дIа чукхоссавеллера.

Цунна хIун хилла хьажа ваханчу Чорега: – ХIумма а хиллий? – аьлла, чукхайкхинера цхьа чIебарло.

– ХIумма а ца хилла, – аьллера Чорас, – жимма корта а кагбина, кхаанхьара букъ а бойна, когаш а, настарш а кегйина!

– Веллий? – аьлла, чукхайкхинера чIебарло.

– Вала-м чIогIа велла, – аьллера Чорас.

Къонах

– Къонаха мух хила веза? – аьлла, хаьттинера цкъа цхьамма Чорега.

– Къонах кхеллий санна хила веза, – аьллера Чорас, – кхеллий ша йиллинчохь Iа, йалта а хьекъадо, латта а хьандо.

Пурстоьпе аьлларг

– Чора, хьо соьца дIаволахьа, ас баттахь берхIитта сом ахча а лур дара хьуна, хала болх а бацара бан безаш, йоьжначу говрийн архаш ийзор бен, кхин дан дезаш хIума а дацара, кхаба а дика кхобур вара хьо, – аьллера Чорега пурстоьпо.

– Ца вогIу со, – аьллера Чорас.

– ХIунда ца вогIу хьо? – хаьттинера пурстоьпо.

– Мацалла чо чу а кхетта, хьуьнхахь лелачу барзана дерстина жIаьла кхетта хилла дуьхьал. «Хьо ма хьийкъина а, хаза а ду», – аьлла, хаьттина хилла барзо. «Со сайн дас дика леладо», – аьлла, бах, жIаьло. «Со а лелор йарий цо, болх хIун бан дезара сан? – аьлла, хаьттинера барзо. «Лелор йара, болх буса летар бен бан а бац», – аьлла жIаьло. «Ва, жIаьла, и ворта даI даьлла хIунда йу хьан?» – хаьттина барзо. Идас дихкина латтийна, хилла шена и, аьлла жIаьло. «Э, дIадаьллахь, жIаьла, – аьлла барзо, – мел дика хьегахь а, коча хIума тасар ца деза суна». Цундела, пурстоп, суна а лаьа, айса мел йоккху хан хьан архийн буйнахь воцуш йаккха, – аьллера Чорас.

– ХIуъу дича а, вогIур варий хьо? – аьлла, хаьттинера цо Чорега.

– Вацара, лаьмнех валалур вацара со, – аьллера Чорас.

– Иштта чIогIа беза хьуна хьуо вина мохк? – хаьттинера пурстоьпо.

– Пайхамар, ша ХьаьжцIа дан кечлуш и, меттиг цIанйархьама йаго дагахь, массо а садолчу хIумане кхайкхина хилла, бах, ша цIетаса воллу, аре мукъайита аьлла. ЦIе, йаьгна а йаьлла, цу арахула дIавоьдучу цунна йаьгна Iуьллуш йекхарг гина. Ша хаам ма бинера шуьга, хьо дIа хIунда ца йелира кху арара аьлла, хаьттина, бах, цо текхарге. Деллахь, пайхамар, аьлла, бах, текхарго, кху арахь да ваьхнера шен, нана а йаьхнера шен, ахь тесначу цIарал чIогIа сайн кху аренеболу безам а хилла, хIокху арара дIа ца йолуш, цIергахь йага сацийра ша. Ойла йехьа, пурстоп, шен да а ваьхначу, нана а йаьхначу махке текхарган а оццул безам хилча, со валалур варий нохчийн лаьмнех! – аьллера Чорас.

– Гора, нохчо, йаI, дIа ма вара тIеваьлла-кх хьо, – аьлла, ваханера пурстоп.

Чорас бина там

Цкъа дехьа басарчу Хьаммирзас зуда йалийча, там бохьуш баьхкинчу нахаца уьстагI а ледар бу, ахча а кIезиг ду бохуш, там беш ца хиллера йоьIан дас.ТIаккха уьш бевлла Чора волчу баханера.

– ХIан, Чора, – аьллера цара, – басара дуьйна кхуза кхечи тхо.

– Басара охьадуьйладелча, кхуза ца кхаьчна, мича гIур дара шу? – аьллера Чорас.

– Амма оха деана гIуллакх ца хуьлуш а, хьоьгара гIо оьшуш а ду, йоьIан да там бан ца туьгу тхуна, – аьлла, дIадийцинера цара.

ТIаккха, уьш тIаьхьа а баьхна, ваханчу Чорас:

– КIант, – аьллера йоьIан дега. – Хьаммирзин жа юккъера къастийна уьстагI а балийча (Хьаммирзин цхьа а уьстагI ца хиллера), и да волу дерриге ахча а хьайна схьадеача (цуьнан хила а ца хилла), там хIунда ца бо ахь?

– Ой, Чора, хьо валаве ца аьллера ас-м кхаьрга, хьоьгара хабар схьатоьхнехь а, хир дара и гIуллакх-м, – аьлла, бехказвуьйлуш, хьаьвзира йоьIан да.

– Делахь, ахь хIара там дIаэца, – аьллера Чорас, – йоI вон кхаба тхо а гIертар дац, кхаббане а ца кхобу ахь а ма ала. Нус вуон йу оха а эр дац, нуц вуон ву ахь а ма ала.

Иштта там бина, дIаваханера Чора.

«Муштакх» вон йерг

Пхьоьхана гулбелла Iаш, цхьамма дийцинера шен лулахо чIогIа дика стаг ву, шен оза хIума ца хилча, лулахо йохьуш вогIу бохуш.

– Суна-м сан лулахочо, ахча делча, а ца ло, – аьллера цхьаммо.

– Хьан «муштакх» (бага) вуон йу, – аьллера Чорас.

Билгала каш

– Деллахь, кIант, – аьллера нанас Чорега, – со йелча, сан каш массерачел а билггала хилийталахь.

– Бакъахьа ду, – аьллера Чорас, – массо а каш чурт долуш хир ду, хьайниг чурт доцуш хир ду.

Беречунна бина хьехамаш

ЧIогIа гIийла, шега делла салам дIаэца а карах ца долуш, бIаьрхиш а Iенош вогIу цхьа бере кхеттера Чорех.

– КIант, – аьллера Чорас, – хьуо реза а волуш диначу хIуманна дохко ма валалахь, наха хьайна дукха хьехарш дарх, хьайн даго къобалдиннарг бен ма делахь: хилла даьллачу хIуманний, веллачу стаганий са а ма гатделахь, хьайн виэза доттагI ца веллехь, велха а ма велхалахь.

Говрара а воьссина, Чора мара а воьллина, вела а велла, дIаваханера бере.

Говрашка хьажар

Цкъа хьешаша, говрашка хьажа аьлла, вахийтина Чора:

– ГIашсалтийн тоьпаш санна, йуза а йуьзна, чIилг йаллалц мотт а хьаькхна, нахарш а дохуш, йийшина Iохкуш йу, – аьлла, йухавеанера.

Стерчий лардар

Чора а эцна дечиге вахана лулахо, Чора стерчий лардеш некъан йистехь а витина, ша дечиг кечдан вахана хиллера иза.

Чора нахаца бегаш беш лаьтташехь, стерчий дIадаханера. Кхано тIевеанчу лулахочо хаьттинера:

– Чора, стерчий стенга дахана?

– Ца хаьа, – аьлла, белш саттийнера Чорас.

– Хьала дахарий? – хаьттинера вукхо.

– ХIаъ, – аьллера Чорас.

Новкъа ведда хьала а вахана, стерчий ца карош йухавеанчу цо:

– Чора, стерчий охьа дахарий? – хаьттинера.

– ХIаъ, – аьллера Чорас.

Новкъа ведда охьа а вахана, кхин уьш кара а ца деш, вухавеанчу лулахочо:

– Чора, стерчий хьала дахара, йа охьа дахара? – аьлла, хаьттинера.

– Хьала а дахара, охьа а дахара, – аьллера Чорас.

Дакъа дIаэцна бахар

Кира йуьртара воккха стаг ваьхьна хиллера Органо. Кхо бутт баьллачу хенахь и кара а вина, цунна марчо а дина, и дIаэцна бахана хиллера дIайхой. Кирий, и дакъа шайн дац бохуш, дIа ца оьцуш, дуьхьалбевлла хиллера.

– Стенах хаьа шуна дакъа шайн ду йа дац? – хаьттинера Чорас веллачун кIенташка.

– Тхан ден хечи тIехь телатан доьхка дара, хIокхуьнан гатанан доьхка ду.Тхан ден мара а бара жимма боца, – аьллера кIенташа.

– Дела валла шун да хьакхица, кхаа баттахь Органца лела ваханчу шун дас цхьа доьхка ца хуьйцу дарий, шелонна ийзийна, мара а ца бахбен барий. ДIаэца шайн дакъа, – аьлла, дакъа дIа а делла, цIавеанера Чора.

Чорин байна пIаьлдиг

Цкъа суьйранна дечигера вогIучу Чорин, гира охьабоьжна, пIаьлдиг байна хиллера. Новкъахь, кочахь кхозуш турмал а йолуш, цхьа стаг дуьхьалкхеттера Чорина.

– И хIун йу хьан кочахь кхозург? – хаьттинера Чорас.

– ХIара турмал йу, мел гена хиларх хIума гергайалайой, схьагойту хIокхо, – аьллера вукхо.

– Хьайтахь, сан пIаьлдиг карор бацара-те цунна? – аьллера Чорас.

– Вайна са ма дайна, хIумма а гур ма дац хьуна, – аьллера некъахочо.

– ХIан, дийнахь-м ас айса а дикаха лохур бара иза! – аьлла, дIаваханера Чора.

Нохчкелой лебар

Цкъа шен вешин бераша йохийна, несо аракхийсина кхийра пхьегIаш схьа а гулйина, уьш, дама санна, ата а аьтта, уьш дехкий дойъу молханаш ду шен аьлла, йохка ваханера Чора.

– ТIалин тIоьхьа, дийцалахь бакъдерг, миха дойъу кхара даркай? – хаьттина хиллера и молханаш оьцучу нохчкелойн зударша.

– Аш хIун дей, – аьллера Чорас, – дахка схьа а лаций, ласттабай лаьттах а тохий, хIара молханаш, лерга дохка аш: беллехь Iуьллур бу шуна, балаза белахь – дIагIур бу шуна. Iайт-Iуьйт, шайн ахча схьада аьлла, хьовзийнера Чора зударша, амма Чора ведда кIелхьар ваьллера. Кхано йуха Нохчкела вахана Чора схьа а лаьцна, Органна чукхосса вуьгуш хиллера нохчкелоша. Ша дIахьош Чорас:

– Декъачу уьн тIе ма вехкалаш, дечиг-пондар ма бехкалаш, бага шедаг ма йоллалаш! – бохуш, мохь бетташ хиллера.

И цунна ца лаьа моьттуш, нохчкелоша декъачу уьн тIе а вихкина, дечиг-пондар а бихкина, бага шедаг а йоьллина, хи чу кхоьссинера иза.

Органан тулгIеша тайнагах ловзош, ламанан шовданаша эшаршца лийчош, бердан йисте кхаьчча, ког Iуттий, йуккъе а волуш, шен шедаг а лоькхуш, воьдуш волу Чора шен йуьртахочунна, дIайхочунна, тIекхаьчнера.

– Ахь хIун до, ва Чора? – хаьттинера цо.

– Дуби-Эвла зуда йало воьду. Хьо вогIий? – хаьттинера Чорас.

– Дера, ца вогIу, хьалавоккхий хьо? – аьллера дIайхочо.

– Дера, ма ваккха, – аьллера Чорас, – айхьа хьайн хьелашна йуккъера тоьлашха болу йетт лур бацахь-м.

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
14 июля 2023
Дата написания:
2023
Объем:
70 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают

Новинка
Черновик
4,9
176