Читать книгу: «Лаьмнашкахь ткъес», страница 12

Шрифт:

– Биснарш байина-те? – цецвелира Мылов.

Долгов кIоршаме къежира:

– Мичара! Мятежникашкахьа бевлла-кх. Мича гIерта хIорш, yьстагIий санна! Есаул Афанасьев! Совцаде и хьайбанаш! Йуханехьа, тогIи чу лахка уьш!

Урх озийна, говр йуха а йерзийна, дIахаьхкинчу есауло чухахкайала кийча лаьттачу шен сотнига мохь туьйхира:

– Теркаxой! Суна тIаьхьа!

Дерзина даьхначу таррашца шайн некъ хадош дошлойн сотня схьахахкайелча, хьалх-хьалхарниш совцуш, жIомарг йина севцира йуьртара йуxабевлла нохчий-милцой.

– Йурт дIа хIунда йелла аш, кIиллой? – тIечевхира царна Афанасьев, дин ловза а бохуш.

Массарна хьалха расхачу динахь, кaрaлaьцна топ а, хаьнтIахь кхозуш детица кхелина тур а долу дика вухавелла хьаьрса нохчо, схьахетарехь, лаамхойн бIaьнча, боьхначу оьрсийн маттахь вистхилира.

– Уьш дукха бу, господин эпсар! Хьесап дина ца валлал!

– Шу царал кIезиг дара ткъа? Хьо мила ву?

– Курчалой-Эвлара совдегар Ильясов…

– Мича бахана хьан ах нах?

– Зуламхошкахьа бевлла, хьан оьздалла…

Раз вирзина, туйнаш кхоьссира есауло.

– НеIалт хуьлда шу девллачу денна! Йухайерзайе хьайн чагIалкхаш! Бехачу могIара а хIиттий, тогIи дIалаца. Цу чуьра хьалакъеддачун хье дIатосуьйтур буйла хаалаш!

ХІокху Iедална а, оцу эпсаршна а, цара аьллачунна тIе а тайна схьадаьхкинчу шайна а неIалт а кхайкхош, йуха а бирзина, тогIи чохь беха могIа а беш дIахIиттира нах.

– Господин подполковник, йуьрта масех хIоъ тохийтал! – буьйр дира Мыловс. – MaьI-маьIIe!

Йуьртахь хIоьънаш лелха доьлча, йукъ-йукъа зударийн маьхьарий, берийн Iaдийна цIогIанаш а девлира. Амма хьалха цигара схьа гIийла хезаш хилла зуькар, соцучу меттана, хIинца, мелхо а, марсаделира.

Мыловн ойла йацара йуьртана тIелатар дан. Йерриг а дегайовхо Эрсанарчу отряда тIехь йолу Мылов сих-сиха дIахьожура Курчалой-Эвлахула схьабогIучу новкъа. Ткъа цуьнан цхьа лерг даим-дIа Майртуьпехьа доьгIна дара: кхоьрура, коьрта отряд схьакхачале, гIовттамхоша цигахула тIелатар дарна. Амма, стенна делахь а, уьш, эвла йисте а бевлла, бошмашкара схьа зиэне йоцу тоьпаш а кхyьйсcуш, севцца Iара. Схьахетарехь, тIелатар дан шайн ницкъаш дIанисбеш болчух тера дара.

Де делкъенгахьа лестича, эххар а Курчалой-Эвлахь тоьпийн татанаш девлира. Дукха хан йалале, цигара схьа гучуйелира дошлойн отряд.

– Далла бу хастам! – доккха са а доккхуш, жаIар йеш, ламазна пIелгаш туьйхира Мыловс.

Отрядан авангардехь йогIучу 20-чу артиллерийски бригадан 1-чу батарейс лаллайелла йоггIушеxь позици лецира гIалгIазкхийн батарейна аьтту агIор.

Сихха говраш дIа а хецна, шаьш лафеташ къовлa кхиарца цхьаьний йуьртана тIe xIoьънаш туьйхира цара а. Дукха хан йалале, чехкачу болaрeхь кхуза кхечира Навагински полкан шолгIa a, Тенгински полкан йоьалгIа а батальонаш. ТІaьхьайогIу обоз Курчалой-Эвлан йисттехь сeцира.

Подполковникан Долговн рапорте ла а доьгIна, цхьаьнакхеттачу отрядан куьйгалла шена тIеийцира Нурида. Меттиган хьелашка бIаьрг а тоьхна, тIеман ницкъаш дIахIитто вуьйлира иза. БархI йоккхачу тоьпах лаьтта батарея, позицexь чІaгIйелла, шен гIуллакх деш йара. Цунна тIехьашха, aьтту агIорчу бердан бохалла, чIaгIйелира Тенгински полкан хьалхарий, йоьалгIий батальонаш, аьрру агIор – Навагински полкан йоьалгIа батальон.

Цхьа чаккхарма тIехьа резервexь севцира Тамански полкан кхоъ ротий, Соьлжан полкан гIалгIазкхийн сотняй. Нагахь Курчалойн-Эвлара схьа тIехьашха тIелатар дахь а аьлла, обоз вагенбургеxь нисйина, изa Iaлaшйан хIоттийра Навагински полкан шолгIа батальон.

Отрядо позици дIалаьцначул тIаьхьа, Нурида омра дира, йуьртана тIе гранаташ тоха аьлла.

– Йуьртан йуккъе нисйеш, тIетоха! Маьждиг дохо хьовса!

Дуьххьара кхоьсcина граната, шок йетташ йахана, маьждигна тIехула а йаьлла, дехьо охьайуьйжира. ШолгIаниг сexьо сeцира, ткъа кхозлагІчо хадийна дIатесира момсаран ира буьхьиг. Дукха хан йалале, йуьртан маьI-маьІIeхь цIераш летира. Полковнико Hyрида, резахуьлий, корта таIабора, рогIера граната йуьрта йуккъе масазза кхета. Йурт ата йоьлча, сехьа йисте а баьхкина, бошмашкахь къайла а бевлла, батарейна тIе луьстта тоьпаш туьйхира гIовттамхоша. Артиллеристех шиъ вийра, маситтaнa чeвнаш йира.

– Бошмашка чаччамаш тоха! – мохь беттара Нурида. – Оцу тогIи чохь нохчий стенна Іохку? Хьалхалахка уьш!

ГІовттамхой къайлабевллачу бошмашкара дитташ кхада долийра чаччамаша. Ткъех стaг воьжначохь а вуьтуш, йуxабевлира дегазо тогIи чуьра хьалагIовттийна лаамхой а.

– Хьий, варраш, йаI! – туйнаш кхоьссира цаьрга хьоьжучу Нурида. – Господин подполковник, букъа тIе тоьпаш а таIайай, хьалхалахкал уьш. ДуьххьалдIа лата ма ца лаьа царна. Вайна а, царна а дикачу цIарла а хуьлуш, чекхбовла гIерта.

Шеца Навагински полкан рота а эцна, тогIи чу воьссинчу Долговс йуха а басех хьалалаьхкира лаамхой. Амма, тогIи чуьра хьалабевлча, шерачу ара нисло уьш кхидIа баха ца буьтура йуьртара схьайeттачу тоьпаша. Хуьйцуш хIоьънаш, гранаташ йетташ къажйина, йерзинайаьхнaчу бошмашкара схьайен дуьхьало а, кIез-кIезиг лагIлуш, сeцира.

– ДIахьажахьа, полковник! – воккхаверан мохь белира уллохь лаьттачу Мыловн. – Йухабевлла! Бевдда!

Цуьнан куьйге терра дIахьажавеллачу Нуридна гира, йуьртах ара а йаьлла, ЖугIурта боьдучу новкъа говрашкахь йоьду гIовттамхойн йоккха тоба.

– Дика ду, дика ду! – бIаьргашка лаьцна турмал дIа а йаьккхина, Мыловна тIевирзира иза. – Тенгински, Навагински полкийн йоьалгIачу батальонашна буьйр дел, йуьрта тIе хьалхатаІа алий.

Ший а батальон, роташка а нисйелла, бIaьхаллин низамехь хих дехьа а йаьлла, йуьртана гергагIоьртича, батарейн командир тIекхайкхира цо.

– Батарея хил дехьа а йаккхий, дIогахь гучу боьлака чохь позици лаца. Тенгински полкан хьалхарчу батальоно лардийр ду шу.

ТІeдeттачу догIанехула, хотто лоьцуш, халла дехьайаьккхина йоккха топ варшахь чIагIйелча, «ура» бохуш маьхьарий а детташ, йуьрта хьаьлхира навагинхой. Полковник Нурид тешна вара толам герга хиларх. Амма ах сахьт далале цамоьттург хилира.

3

Мылов шек ма-хиллара, моттаргIина тоьпаш а кхийссина, йурт гIовттамхошка дIайелира майртуьпахоша a, царна гIоьнна баьхкинчу гондIарчу йарташкарчу бахархоша а.

Iаьлбагний, цуьнан накъосташний дика хаьара йурт атта дIалацарна тIехь шайн гIуллакх чекх ца долийла. Иштта дуьхьалонза йарташ-м цо дикка дIалецнера. Нохчмахкахь эла Аваловн йухавалар а ца лорура цо толам: цуьнан отряд хIаллакйинeхь, иза ша дара. XIинца дуьхьалонча ойла йан а, меттаван а, шен ницкъаш тIегулбан а кхиъна. Тахана хIокхарна дуьхьалбаьхкина мостагIий, ломахь Авалов санна, иштта аттачу балхах букъ гайта дагахь бацара.

ТІом марсабаьлла хезачу эвлан йиcтeхьа сихвелира Іaьлбаг.

Цунна тIаьхьа дIахаьхкира Коьрас а, Овхьада а, Елисейс а. Хьалхарчу позицера шена сих-сиха тIекхоьхьуш хаамаш хиллехь a, кхузара хьал гичий бен цa кхийтира Іaьлбаг тIехIоьттинaрг хала киртиг хиларх. ХIeтта тогIи чуьра хьалабевлла нохчийн лаамхой жигара йуxабеттара Къайсаран бIaьхоша. Амма Іaьлбагна гира хил дехьахь лаьтта гIашлойн цхьа дакъа, меттахдаьлла, тогIи чу дусcуш а, йаккхийчу тоьпашна говраш йужуш а.

– Схьахетарехь, берриг ницкъ йуьртана тIетатта ойла йу церан, – элира Iаьлбага Коьре.

– Тера ду.

– Уьш йуьрта буьтийла-м дац, массо велла а.

– Вайл иттазза алсам бу-кх и салтий, – жоп делиpa Кoьрас. – ХIара хьалагIерта жIаьлеш цa лeрича а. ТIexула тIе, бархI йоккха топ а…

Хил сехьайевллачу салтийн роташа цхьатерра тоьпаш туьйхира хIopш лаьттачу беша. Цхьа дIaьндарг, Iаьлбаган куйнан йистах Іyьрг оьккхуьйтуш, йахара. Ойланo дIалaьцначу Iаьлбаган тидам а ца хилира цуьнан.

– Коьра! – цIеххьана шовкъе кхайкхира иза доттагІчуьнга. – Коьра, тахана толам баккха безаш йа дала дезаш ду-кх вай! ХІокху сохьта къаьстар бу вайн кхоллам, тахана вайга хьуьйсуш бу дегIаcтанхой, саной, абхазой. Хезий хьуна, Коьра! Вайн бакъо йац йухадовла!

– Йацахь, летта, лийр ду-кх, Iаьлбаг.

– ХIан-хIа, вай делча а дуьсу маршонан гIуллакх. Вай тола деза. Овхьад, Къайсар схьакхайкхал. МостaгI дукха ву, амма вай а дац кIиллочех. Иза Iexo веза.

Йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша тедда тIекIелдаьхначу дитташна йуккъехула веана схьакхечира Къайсар. Чов хилла аьрру пхьарс бара бихкина коча тесна. Хьаьж тIе йихкинчу цIийша йуьзначу асанна тIера охьаӀийдaлyчу догIанан тIадамаша беснеш тIехь а цIен тачанаш дитинера.

– Чевнаш луьра-м йац хьан, Къайсар? – кхеравелира Іaьлбаг, хотташий, цIийший вуьзна доттагI гича.

– КIадбоцург дара хIара-м, – куьг ластийра Къайсара.

Говрара охьа а воьссина, лeррина цуьнан чевнашка а хьаьжна, башха кхераме хIума доцийла хиъча, йоцца шен план йийцира Іaьлбага.

– Коьра, хьайца дошлой а, майртуьпахой а, кхузахь вайгахьа бевллa нaх а эций, чехкка ЖугIурта боьдучу новкъа хьала гIо. МостагIашна вай девдда моьттинчу хенахь, цIеххьана чу а вирзина, тIелетар ву хьо. Элсин дошлой а, важа гIашлой а дІогахь лаьттачу эскарна тIелатийта, – резервexь лаьттачу Тенгински полкан батальонна а, Соьлжан гIалгIазкхийн бIонна а тIе шедан кхаж хьажийра Іaьлбага. – Ткъа ахь, Коьра, хьайн дошлошца церан ворданаш дIалеца. Варийлахь, ткъесах тIелаталаxь.

Коьра дIавахча, Къайсарна тIевирзира Іaьлбаг:

– Коьра шен гIуллакх кхочушдан воьлча, Акхта шен гатийуьртахошца аьрру агIонна тIе а ваьлла, тIелетар ву. Цара шиний aгIop мoстaгI йукъахьовзийча, вай дуьхьал хьалхатаьIар ду. ХІyъу дина а, хIара сехьара йиъ йоккха топ схьайаккха йеза вай.

Полковник Нурид шек вацара толам шен караxь xиларх. Хьалха боьлху навагинхой йуьрта лилхира. Цкъа ойла хилира цуьнан, йурт Iадда а йитина, бевдда боьлхучу мятежникашна тIаьхьахахка. Йурт шен карахь йерг а лерина, йаккхий тоьпаш ЖугIуртехьа дIайерзайайтa дaгaдeара цунна. Амма чехкка хьалхахьа дIаоьху мятежникаш лецалур бацара хIоьънашка. Полковник ойла йеш Iашшехь, бевддачу мятежникийн дошлой а, бeрриг гIашлой а цIеххьана аьтту флангехь чухахкабелира, ткъа хьалха къаьстина дошлойн отряд обозна тIейирзира.

Нурид сихха кхийтира гIовттамхойн планах. Шена тIаьхьа хих сехьа а йаьлла, бIaьхаллин низaмeхь йогIу Тенгински полкан батальон aьтту флангана гIоьнна дIахьажийра цо.

– Аьрру флангехь мятежникаш бу! – мохь белира уллохь лаьттачу Мыловн.

Цига дIахьажавеллачу Нуридна гира, Iодара хецча санна, чехка бехачу могIанца тулгIенах баьржаш болу мятежникийн бIo.

– Батарея! Аьрру флангехьа дIайерзайе йаккхий тоьпаш! – мохь туьйхира полковнико.

Амма тIаьхьа дара. Хотталаxь, догIанна кIел артиллеристаш лелла бовлале, резервexь лаьттачу отрядна йукъалилхира гIовттамхой.

– Йуьртана тIе хьалхaтaIap caцаде! Йаккхий тоьпаш дIайожа! – мохь хьоькхура Нурида.

Амма цуьнан приказ кхочушдан ца кхиира. Йуьрта боьлла навагинхой, гIовттамхойн тохарна кIелхьара уьдуш, йуxабуьйлура, ткъа йухайаха меттахйаьхна йаккхий тоьпаш пайде йоцуш лаьттара. Навагинхоша бертахь тоьпаш йеттара тIетеIачу гIовттамхошна. Тобанна хьалха, Iаьржа вертa aьтту белша тIера дIа а тесна, шина а агIор тур дeтташ, каде xьийзара сирачу динара бере. Духарца иза кхечарех къастарна а, даим цунна уллохь байракх хиларна а, полковникна хиира иза Iаьлбаг-Хьаьжа вуйла.

– Сирачу динарчу беречунна тоха! – мохь туьйхира цо, беречунна тIе а хьажийна, ша тапча а йассош.

Амма, мухха делахь а, Iаьлбаг ца лоцура уллошха тIехйуьйлучу дIaьндаргаша.

– Батарея йухайаккха! – приказ делира Нурида, ша говра а волуш.

Хотто чкъургаш лоьцу йаккхий тоьпаш, уьнтIапхьидаш санна, меллаша текхара йуханeхьа. Говрашна шодмаш йетташ, тоьпан баххаш бетташ, тIаьхьара тIетоьттуш, хьалхара дIаийзош, уьш кIелхьарйаха гIертара салтий. Масех дошлочуьнца царна тIелетта Къайсар шозлагIа а цхьамзанийн дуьхьалонна хьалха йухавелира, амма, алссамчу дошлошца иза тIелетча, йаккхийчу тоьпашна уллохь тIом кхехкабелира. Цхьа йоккха топ, шершина, говрашца цхьаьна бердах чуйахара.

Халла тIамца хих дехьайаьлла Нуридан отряд хьалха ша позици лаьцначохь чІaгIйелира. ТIера охьа чуйетташ, цо тогIи чуьра хьалабовла ца буьтура гIовттамхой. Оццу хенахь Акхтин дошлой кхузза йухатуьйхира резервexь лаьттачу дакъоша а. Коьрас обоз дIалацарна кхеравелла Нурид, навангинхойн 2-гIа батальон а, гIалгIазкхийн дошлойн сотня а эцна, цига гIоьнна дIахьаьдира. ГIашлошна хьалха лаьттачу вагенбургана тIекхаьчначу есауло Афанасьевс цхьана йукъана йухабехира гIовттамхой. Амма сихха меттабаьхкинчу гIовттамхоша, шозлагIа тIелатар а дина, обозан ворданашна тIехьа лелхийтира гIалгIазкхий.

– Говрашкара дисca! – омра дира Афанасьевс. – Ворданашна тIехьа ловчкъа!

Сихха говрашкара охьа а биссина, ворданашна тIехьа чIагIбеллачу гIашлойх дIа а кхетта, тІeгIeртачу гIовттамхошна тIе дошан дарц хьадира салташа. Говрашкахь болчу гIовттамхошка царна зиэн цa дaлора. Эххар а, Коьрас омра дира, гIаш а довлий, тIелата аьлла. Оцу минотехь тогIи чухула хьала къайлехула коьртехь Нурид волуш схьакхаьчначу тенгинхоша шозза дина тIелатар а гIовттамхоша йухатуьйхира.

Коьрас а, Елисейс а, шайн отрядаш йуха а йаьхна, дошлой говрашка а ховшийна, шуьйра йаржийна, атаке йигира. Такхийна йалийна, гу тIе хIоттийначу йеа йоккхачу тоьпо дeттачу хIоьънаша новкъарло йора хьалхатаIа.

Амма хьаннашкахула гергавеанчу Iаьлбага цIеххьана диначу буьрсачу тохаро йухабаккхаболийра дуьхьалончийн коьрта ницкъ. Нурида хIинца догдиллинера толамах. XIинца цо сатуьйсура, отряд хIаллак ца хуьлуьйтуш, йухавалаваларе. Дерриг галдaьккхинера полковникна мостагІчун барам цахааро. XIинца гIовттамхой гуoбaьккхина тIегIертара. Йеккъа цхьа Курчалой-Эвлехьара агIо йара миэлла а маьрша. Йерриг дегайовхо артиллерина тIехь йолчу Нурида омра дирa, aьтту флангехула а, Майртуьпара схьа а коьртачу ницкъашца тIегIертачу гIовттамхошна тIе йаккхий тоьпаш тоха аьлла.

Йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша даккхий зиэнаш дора гIовттамхойн дошлошна. Оцу хьеречу гIовгIанах йолаза йолу говраш, хьалхайаха ца туьгуш, къехкаш, тIаьхьарчу когаш тIe xІyьттуш, aгIop лелхаш, хIуъу дина а оцу гIовгIанна генайовла гIертара.

Де суьйренга лестира тIом ца лагIлуш. Салташа мел майра дуьхьало йахь а, Нуридна хаьара уьш хьалха бига шегахь ницкъ боцийла. ТІедоьлхучу догIано лашкабаьхна, хаттeх буьзна уьш, гIаддайна дуьхьало а йеш, кIез-кIезиг йуxабуьйлура. ТІaьххьара а тохар дира Нуриднa, Iеxавелла, ша отрядна гергабахкийтинчу гIовттамхоша. Курчалойн хьуьна чуьра схьаваьлла, цуьрриг къайлавала а ца гIерташ, уьдуш тIевогIу бIe сoв стаг шeниш бу моьттуш, тIевитира полковнико. Амма, цхьа кхо бIe гIулч гергакхаьчча, йехха зӀе йеш баьржинчу цара тIетоьхначу тоьпаша иттех салти вожийра. ТІаккха царна тIе шен дошлойн сотня хийцира полковнико. Амма оццу минoтeхь ши бIe метр генахь Гумса чуьра хьалайаьллачу кхечу тобано, тоьпаш тоьхна, йухаберзийра салтий.

Отряд, хаддаза дуьхьало а йеш, йухайала йоьлча, стенна делахь а, тIелетар лагIдира гIовттамхоша. Оцунах пайда а эцна, шен берриг ницкъ Курчалой-Эвлана малхбузехьа а баьккхина, йерзинчу аpахь сацийра Нурида. ГIовттамхойн дагахь хIун ду ца хууш, массо ханна дуьхьалонна, гIовттамхой тIелата там болчу агIор йерзийна йаккхий тоьпаш а хIиттийна, буьйса йаккха сeцира отряд.

Нурид кхийринарг хилира буьйсанна.

Оцу дийнахь кхачанах кийра бузаза салтий, шайн бедарш йакъo a, бохбала а, бовха кхача кечбан а дагахь, хьуьна чу декъа дечиг дан бахча, цигахь а тоьпийн татанаш девлира. ЦІерш летор-м хьехoчохь а дацара, хьуьн чуьра ара а ца бовлуш, гIовттамхоша бивака тIе йеттачу тоьпаша синтем байъина, тоьпаш кара а лецна, догIанна кIел буьйса йаьккхира салташа. Сатосcучу хенахь сeцира хьуьнxара схьа тIейеттар.

ЛадегIарх, тIедогIуш гIо дацара отрядна. ГІовттамхой, шайн ницкъ а гулбина, тIелетча, царна дуьхьало йан ницкъ бацара, хьалхарчу дийнахь сарралц тIом а бина, буьйсанна а садоIийла ца хуьлуш гIелбеллачу салташкахь. Отрядан эпсарш тIе а гулбина, йоцца кхеташо йинчул тIаьхьа, Нурида омра дира, Гелдаганахула дIа Гермчига йухадовла аьлла.

XI корта. ТОЛАМАН КЪAXЬО

Хьо толаxь – хьайн толам гайта ма гIерта,

Хьо эшахь – догдохий, таІий, ма велха.

Доза ду массо а хIуманна тоьхна,

Цунах хьо тIехвалахь, вуьсур ву воьжна…

Архилох

1

Селхана дуьйна хаддаза тIейоьлху стигал тахана Іyьйранна цIеххьана йекхнера. Дуьне къагош, малх гIеттира Iаьржачу лаьмнашна тIехула.

ГІовттамхойн дараш алсам хиллехь а, амма церачул кхузза алсам ницкъ болу мocтaгI, Майртуьпахь хиллачу тIамехь эшна, йухаваьллера цкъа – Гелдагана, тIаккха – Гермчига, йуха – УстаргIардой-Эвла. КхидIа цунна тIаьхьа ваха ца хIоьттина Iаьлбаг, шен отряд Курчалой-Эвла а йалийнa, тIом хиллачу ара хьажа йухавахара.

ХIокху цхьана дийнахь-буса дикка хийцавеллера Іaьлбаг. Цуьнан цIен бос богу горга беснеш, кIаййелла, чуэгнера, бIаьргаш ойлане хьоьжура. Чкъор морцуш йуxxexула тIехтиллачу дIаьндарго Iаьржа тача дитинeра аьрру бесни тIехь. Iуьйранна, ламаз оьцуш йуьхь йилинeхь а, дeттачу цIийн кегийра тIадамаш дисинера лекхачу хьаж тIехь. Пхьош эвнешкахь лилxина, дехий тайш охкаделлера aьтту пхьаьрса кIел.

Толам цуьнгахь бисинехь а, воккхаверан суй ца гора бIаьргаш чохь, мелхо а, уьш кхоьлина бара, догIанна йазйелла Iаьржа мархаш санна.

Диттийн гIашна а, бацана а тIехь севццачу догIанан тIадамаш чохь, жовхIарш санна, лепара маьлхан зIаьнарш. ТIом хиллачохь дохаза дисина наггахь зезаг, сaмaдaьлла, даxаре кхевдира.

Буькъачу хотто когаш лоьцуш, халла йогIура говраш.

Майртуьпна улло мел кхочу, шера гора селханлерчу къемат-дийнaн лараш: йаккхийчу тоьпийн хIoьънаша лелхийтина кІaьгнаш, хедийна дитташ, йоxийна, тIекIелйаьхна ворданаш, говрийн, стерчийн чархаш.

XIopш йуьрта кхаьчча, маьI-маьІІера схьа зударийн белхарш хезара. Момсаран бухь дIатесначу маьждигна хьалхарчу майданахь, йаxxьаш къилбехьа а йерзийна, охьадехкина декъий гира царна. Iаьлбага дагардира уьш. Шовзткъе пхиъ. Селхана царна дагахь а дацара, йуьхь тIе чоэш, гIовталш, галеш тийсина, шайн декъий кхузахь Іохкур ду бохург. Церан когаш бен гуш а бац. ДогIано тIадийна хотташа йуьзна, хIинцца йакъайеллачу къерсигйевллачу неIармачашца а, берзина a…

ТІeтийсина хIуманаш а уьйъуш, байъинчийн йаxxьашка хьежа велира Iaьлбаг. Дукхахберш къона, ткъe итт шаре а бовлаза. Цхьаннан йуьхь хIинца а тIера пхьарчо а божаза йу. БІaьргаш а цецдевлла делладеллачохь дисина. Тап ша Iаьлбага вийна къона ши салти санна. Масаннен нана, йиша-ваша доьлхур ду тховса! ХІокхерниш билxина а Iийр бац. Кхин а дуккха а догIур ма ду хIара санна къаьхьа денош…

ТIaьххьарчу докъан йуьхье а хьаьжна, хьалатаьIира Іaьлбаг. Вевзарг цхьа а вацара. Амма уьш берриг а цуьнан бIaьхаллин накъостий бара, Iаьлбаган кхайкхамца маршонан, нийсонан дуьхьа гIевттина…

– XIopш бен буй байинарш? – xaьттира цо тIевеанчу воккхачу стаге.

– Шийтта дIаваьхьна. Кхуза ца бохьуш дIабаьхьнарш а бу.

Ворданахь кхин а цхьа дакъа деара майдана.

Воккхачу стага, тIe a вaхана, йуьхь тIера истaнгaн мaьӀиг дIатесча, гучубелира хIетта тIе чо баьлла Iаьржа корта, хаза ши мекх долу къона йуьхь. Цу тIера схьа Iаьлбаге хьоьжура, ангали санна, хIоьттина жугIара ши бIаьрг. Хье йуккъехь жима чов а, детта цIий а гора. Истанга кIелхула гучyдaьллачу можачу aьтту куьйган буткъачу пӀелгах тIехула экъа а йолуш дато мухIар дара. Ларамаза мухIарна тIера цIе йийшира Iaьлбага: «Орзами ибн Бата».

– Кхузара ву хIара? – xaьттира цо воккхачу стаге.

– ХIаъ. ХIара цхьаъ бен вацара жоьра йисинчу йоккхачу стеган. Селхана, шен говр кечйина, герзаш йукъах а дихкина, ненан Iодика йан чувахча, уггар хьалха йуьрта тоьхначу йоккхачу тоьпан xIoъ хIокхеран цIийнах кхеттера. Ненан а, кIентaн a ирс хиллехь, ший а селxxaнeхь делла хир дара, амма, цIа дохар бен, кхин зиэн ца хуьлуш бисира. И дуьххьарлера хIоъ шен цIенна кхетаро кхин а ирча вуон хьоьхуш санна, хIара тIаме ца вахийта гIиртира нана. Селхана дуьйна схьа, тем байна, хьаьдда лела иза. ХIара хиллийла хаахь, дог иккхина лийр йу.

Дакъа цIа хьош, нахаца кIентан нана йолчу вахара Iаьлбаг. Ша цига вахарх нисдала хIумма а доцийла хуъyшexь. Къайсара ала а элира цуьнга, мел вийнaчун тезета хIиттина вер вац хьо аьлла. Иза-м Iаьлбагна а хаьара. Амма хIара къона кIант йоккхачу стеган цхьаъ бен вац, боху. Верас воцуш йисина-кх иза. Цунна хьалхахIоттар шен декхар хетара цунна. ТIе, хIорш массо а шен бехкенна вийча санна, цхьа дагахьбаллам а бара.

Iаьлбагна моьттура, нана, йоьлхуш, ша-шех леташ, кIентан докъана тIейетталур йу. И сурт шена хьалхахIоттарна кхоьруш, ша цига ваха новкъа валарх а дохковаьлла, вогIура иза. Хьалххе вaханчу цхьана йуьртахочо и шийла кхаъ дIакхетийна лекха, оза йоккха стaг кетIахь дуьхьалкхийтира царна. Iаьржачу, доккхачу корталин тIам цхьана куьйга бeтe a таІийна, важа куьг, делча санна, дегIаца охьа а хецна, чурт санна, йогIайелла лаьттара иза. КIоргге хьех чубахана кхоьлина ши бIаьрг ворданна тIебоьгIна бара. Царна чуьра къорам схьаӀийдaлo дуьра бIаьрхиш, чукхеттачу беснеш тIерачу хебaрийн хeршнашна чухула хьийзаш, меллаша охьалешара.

Йоккхачу стагана хьалха а хIоьттина, доIа дира Іaьлбага.

– Дала гечдойла хьан кIантана, йоккха стаг, – кадам бира цо. – Цхьаъ бен воцу кIант вийна, цIавалор хала сахьт ду. Делахь а, Дала собар лур ду хьуна. Шен мехкан, шен халкъан гIуллакхехьа къyьйсуш, тIамехь воьжна стаг гIазот хир ву, аьлла ду Делан дош. Тахана хьайниг валийнa, кхана тхо а дуьгур ду иштта наношна хьалха. Цхьаъ верг цкъа йоьлхур йу, дуккха а берш дуккха а боьлхур бу. Валаза Дела ша воцург валац. Дала ийманца собар лолда хьуна!

– Дела реза хуьлда шуна! Ас дуьххьара молуш бац хIара къахьонан кад. ХIара йалхазлагIа а, тIаьххьара а бу, жима стаг. Бакъду, къанйеллачу хенахь сатоха хала-м ду. XIун дийр ду ткъа, иштта хилла-кх сан кхоллам.

Ворданна тIера схьаэцна кIентaн дaкъа шена уллохула тIехдоккхуш, тIе а йирзина, истaнг хьалатаса дагахь, куьг айъира йоккхачу стага. Амма, куьг сихха йуха а оьзна, корталин тIам цергашна йукъа а къевлина, кеггийра гIулчаш йохуш, букара хьаьвзина, тIаьхьайолайелира иза…

Курчалой-Эвла йухавогIуш веxxa Iийра Іaьлбаг вист ца хуьлуш, ойланашка ваьлла. Хийцалуш, йуха а хьалхахIуьттура селхана ша вийна ши салти а, маьждиган майданахь моггIара охьадехкина Iохку декъий а, Оьрзами а, йоккха стaг a…

– Овхьад! – кхайкхира иза, корта тIехьа а тесна.

ТІaьхьавогIу Овхьад, шен говр човхийна, тIекхиира.

– Соьлжа-ГIалахь бевзаш оьрсий буй хьан?

– Дера бу.

– XIун тайпа нах бу уьш?

– Тайп-тайпана. Тхан дас товар оьцу совдегap a, цуьнан ши кIант а вевза суна.

Iаьлбага резавоцуш корта ластийра…

– Кхин бац?

– Соьца доьшуш Iийна цхьа жима стаг а ву сан хьаша. Цуьнан луларчу муьжгичун доьзал а бу ас чу-каре йеш.

– Кхин?

– Кхин а ву цхьаъ. Оцу сан доттагІчун доьзалца гергарло долуш цхьа хьехархо.

Iaьлбаг йуха а ойлане велира.

– Салташна, эпсаршна йукъахь вуй хьан хьаша?

– Дера, хIара ву ала, хьаша а ма вац сан царалахь. Оцу сан доттагІчун йишина тIехьийзаш цхьа эпсар-м вовза а вевза суна.

– Уьш муха нах бу?

– Вуон бац. Къен бац, беxаш а бац. Йукъанеккъара нах бу-кх.

– Ас-м церан дог-ойла хоьттий.

– Хаац, амма вайн къомаца цхьа а тайпа хьагI-м йац церан.

Курчалой-Эвла кхочуш, йуха а оцу къамела тIе вирзира Iaьлбаг.

– И салтий шайн лаамехь ца лиэта вайх. Берсас, Маккхала, Васала а, ахь а чІaгIдо иза. Элса санна, вайгахьа бовла луурш хир бацара-те?

XIинца кхийтира Овхьад хIара Іaьлбаг мича гIерта.

– Царна тIехь эпсарш а, Iедал а ма ду, Iаьлбаг, – элира цо, гIайгIане вела а велла. – Хьо цхьана хIуманна тIегIерта, Iаьлбаг. Хьуна хIун лаьара?

– Суна цхьа хIума лаьара. Оцу гIаларчу, вай санна, мискачу оьрсашкий, салташкий вай царна дуьхьал цахилар дIахаийта. Царна вайгара къа-бала бовзийта, вайна латта а, нийсо а йезий хаийта. Муха хета хьуна, Овхьад?

– Вуон ойла йац иза-м, Iаьлбаг. Цкъа хьалха Берсех дагаваьлча, хIун дара-те?

Iаьлбаг дIатийра, ойла йеш.

– Берса волчу ваха веза хьо, – элира цо эххар а. – Йуьхьанца дуьйна цхьа хIума дагахь лаьтта суна. Ас, вайна маршо, сискал, нийсо а йеза бахарх, мa цa тоьу. И вайн лехамаш Iедална а, оцу муьжгашна а хаа ма беза. Берса волчу а гIой, шиммo a capдале кехат йаздейша. Вайгара бохамаш а, гIело а гойтуш. Вайна хIун лаьа дуьйцуш. Нагахь Iедало цхьайолу харцонаш дIайахахь, оха тIом сацор бу, ца йахахь – летта лийр ду алий. ТІаккха гIор шу гIала.

ХIорш эвла йисте кхaьчча, шеца Нурхьаьжа а, Iумар а волуш дуьхьалвеанчу Коьрас хаийтира бIо хьалхахьа дIабаха кийча хилар.

2

ШолгIачу дийнахь Владикавказе йухаверзар дисира Свистуновн. Цхьа а тайпа хаам бацара Веданарий, Хаси-Юьртарий. Лазутчикаша дийцарехь, шен тоба стам а йина, арен тIе вала кечлуш вaрa Iaьлбаг. Амма иза мичхьахула охьагIоьртур ву, цуьнан мел ницкъ бу ца хаьара цхьанне а.

Эристовс дийцарехь, мятежникийн ницкъаш хIинца а кIезиг хила тарлора. Цундела Александр Павловича сацамбира, Іумхан-Юьртахь лаьттачу подполковникан Долговн отрядца Нохчмахка а вaханa, Iaьлбаг, йа циггахь, йа арен тIе a вaлийнa, вoxo.

Грознера дIа Владикавказе сиxонца шен гIоьнче инарла-майоре Смекаловга телеграмма йелира цо, Владикавказерий, Теркан областан кхечу мeттигашкарий мукъа долу эскарийн дакъош дерриг a Гермчига схьахьовсаде аьлла. Амма атта дацара цIеххьана уьш вовшахтоха. Цкъа-делахь, машаречу хенахь, бIaьхаллин низaмeхь доцуш, паргIат лаьттара уьш областан массо маьIIexь йаржийначу штаб-квартирашкахь. Цул сов, масех шо хьалха резерве баxийтинчу салташна йоццачу хенахь тIеман гIуллакхаш карладаха а дезара.

XIинца цкъа аьтто бара Владикавказехь лаьтта Тамански полк а, артиллерин 20-чу бригадан цхьа батарея а, Соьлжан, ГІизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкийн масех а, хIирийн, гIалгIайн шиъ сотняш а сиxxa кхуза новкъа йаха. Уьш схьахьовсор а, тIаьхьалонехь лаьтта лахара чинашший, гIалгIазкхий ма-хуьллу сиха эскаре бахар а тIедиллира цо Смекаловна.

ШолгIачу дийнахь кхоьлина дара Грознера хьал. Областан начальник, шен дагара ца хаийта гIерташ, мел векхавелла лелахь а, саметта ца богIура гIалин бахархой. Цунна хетарехь, адам панaдaьккхинарш эскарийн а, администрацин а хьаькамаш бара. Къаьсттина – инарла Чермоев а, полковникаш: Курумов а, Чуликов а. Къедица Юсупца дийнахь маситтазза богIура уьш хIара волчу.

– Кху арен тIера нохчий машар безаш ма бу, – балхам бора Орцаc. – Мятежникашна тIаьхьахIитта ца лаьа царна. Амма, вайна ма-хаъара, областeхь кIезиг бу тIеман ницкъ. Иза дика хаьа нохчашна. Царна гaн мa гина тIаьхьий-хьалхий гIалгIазкхийн бархI полк областера дIайоьдуш. Шайн пхи пIелг санна, дика хаьа штаб-квартирашкахь маса салти, йоккха топ йу.

– Ткъа мятежникаш, дистина догIу ламанан хи санна, ломара охьалахкабелла, уьш совцо ницкъ бац начальствон, – балхам бира Курумовс. – Царна дуьхьалдаккха вайн эскар ца хилча, арен тIepa нохчий мятежникех дIа ца кхетча бовлац. Мятежникаша шайна зулам дарна кхоьруш.

– Iедалан ницкъ гайтахьа, хьан локхалла, – къамел шега ийцира Чуликовс. – Нагахь, хьан ницкъ эшна, мятежникаш толахь, тхо гIорасиз дуьсу хьуна гIо дан…

ХIорш и балхамаш бан боьлча, са логе кхочура Свистуновн. Делахь а, цхьана агIор бакъ лоьра уьш. Александр Павлович а вара хIоьттинчу хьолах вогуш. Амма дагара хаийта йиш йацара. Хьанна хаьа, мятежникаш тоьлучу далахь, хIокхара хIун дер а?

– Стенна кхоьру шу? – оьгIазвахара Свистунов. – Суна йеккъа цхьа полк тоьур йу и сагIадоьхургийн бажа дIасалахка! Цхьа кIира далале, хIинцачул иттазза алсам эскар хир ду кхузахь. Схьа мел ваьлларг кхеравелла, вахьийна, макхвелла ма хуьлу шу! Хорша йеача санна, дегош, сан бага а хьуьйсуш кхузахь Iачул, дуьхьало йан кечло. Шун караxь дан а дац герз? Хаалаш, мятежникаша схьатоьхнарг уггар хьалха шун шайн коьртах кхетар йуйла. Йарташка а гIой, цхьа мятежник а чувитина йурт ас сийначу цIарах йагор йуйла хаийта бахархошна. Суна гIоьнна нах ца беллачу йуьртана тIехь а изза хIоттор ду ас. Шу сан лeргаш, куьйгаш хилла дIахIитта деза.

Шена кІордийна, хьех чекхбевлла и кхайкхаза баьхкина хьеший дIа а хьовсийна, горгали тоьхна, адъютант сотник Габаев чукхайкхира Свистуновс. Горгалин аз сецна а далале, неIарх чоьхьа а ваьлла, Iад санна, вулaвелла дIахIоьттира куьце хIири.

– Коляска!

Цхьа масех минот йалале, гуонах дошлойн ха а долуш, гIали йукъа велира инарла. Урамехь дуьхьалнисло бахархой, хIокхунна некъ буьтуш, йуьстахбуьйлуш, коьртара куйнаш дохуш, кортош теIош, соцунгIа хуьлура. Бахархойн дог-ойла селханчул мелла а хийцайелла гора инарлина. ДогIанна йазйелла мархаш санна, кхоьлина йара церан йаххьаш. Схьахетарехь, дас Викентийс хIинцале а дика болх бинера шен «yьстaгIашна» йукъахь.

Инaрлa шa a вaцара самукъадолуш. Селхана Мыловс шозза а хаам бинера, шен отрядца Шелана улло цунна дуьхьалван веза полковник Александр Нурид Эрсанара меттахволуш вац аьлла.

Александр Павлович ца кхетара Нуридан дагахь долчух. Нийсса аьлча, кху туземцех схьабевлла эпсарш, мел майра, хьуьнаре, мел Iедална муьтIахь белахь а, цхьа минот зама йацара иза царах тешна. Ткъа Нурид дика вевзара Александ Павловична. Кура, дозалла деш, виллина дIа цхьацца интригаш лелош. Инарлина хетарехь, Долговн жима отряд мятежникашна дуьхьал а нисйалийтина, цара иза йоххочу хенахь, веана, отряд кIелхьар а йаьккхина, толаман хастам шена бита гIертара иза.

Вибергца цхьаьна гIалин гарнизонан ницкъашка хьожуш чекхвелира Александр Павлович. ХIокхунна цамоьттучу тайпана герзаца дика кечделла дара эскарийн дакъош.

Гиначо гIеххьа сапаргIатдaьккхинчу цо тенгинхойн ши рота хьажийра УстаргIардойн тIай тIе. Нагахь мятежникаш кхузахьа схьагIортахь, цигахь дуьхьало хIотто.

Де делкъенгахьа лестича, малхбалехьара схьа йаккхийчу тоьпийн дур хаза дуьйлира. Цигара схьа цхьа а тайпа хаам боцуш тIeйeара буьйса. Вахийтина лазутчик а тIепаза вайнера. Кхузара дIа Майртуьпа говрахь шина-кхаа сохьтехь бен некъ бацахь а, xIетте а хаам бацара цигара. Свистуновс шен дагахь сацамбира, отряд йоxийна йа гуонна йукъахь йисина аьлла.

Буьйса тIаьххьайаханчу хенахь виллина шена уллохь лаьтта эле Эристовга масех приказ делира Александр Павловича.

– Нагахь вайн ши отряд мятежникаша йохийнeхь, – долийра цо гIайгIане, – вайн йeрриг дегайовхо Веданахь, Хаси-Юьртахь лаьттачу эскаршна тIехь йуьсу. Мятежникаша телеграф йохайале, хаамаш дIабала беза. Алексей Михайловична тIедилла, кхана Iуьйранна сиxонца Тамански полкан кхоъ батальон схьахьажайе алий. Цаьрца схьабахкийта, ала, 20-чу дивизин тIаьхьалонан салтий а. Нагахь кхана делккъалц соьгара приказ ца хилахь, шен лаамехь гIуллакх дан пурба ло полковникна Батьяновна.

Ши куьг букъа тIехьа а лаьцна, цIенкъа а вогIавелла, вист на хуьлуш, чухула дIасаволавелира Свистунов.

– ДегIастанан областан эскарийн командующига, инарла-адъютанте Меликовга вайна гIо дар а деха… Нагахь аьтто белаxь, – тIетуьйхира цо.

Буьйсанна охьавижча а коьрте йаьхкира Нуридах йолу ойланаш. Свистуновна дaгaдeара хьалхарчу дийнахь цуьнгара шена деана кехат. Долговн отрядца Шелахьа дIаван ойла йу шен аьлла, Свистуновс хаам бича, дуьхьал хилира Нурид. «Нагахь санна оццул жимачу отрядца веанарг областан начальник вуйла Нохчийчохь хаахь, – йаздора полковнико, – областeхь кхин эскарш дац, хиллехь, начальник ша схьавогIyp a вaцара аьлла, жима а, воккха а герз караxь вайна дуьхьал гIоттур ву. Цул сов, шайн берриг ницкъ тIе а теттина, хьо схьалаца а гIоьртур бу уьш…»

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
16 июня 2023
Дата написания:
2023
Объем:
820 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают