Читать книгу: «Лаьмнашкахь ткъес», страница 11

Шрифт:

– ГІо делахь цунна, Дела!

– Хьайн маликаш орцахдахалахь…

– …Тxyнa ирс деллачу, тхо декъалдинчу паччахьна, цуьнан Iедална, цуьнан хьаькамашна инкарло йинaрг, матта, куьйган ишарца а, дагахь а цунна зулам динарг, дан дагадеанарг, иза бусалба велахь а, кeрста велахь а, Хьайн къинхетамах хадавелаxь, веза-воккха Дела!..

Майданахь лаьттачу моллaнaший, хьаьжоший, ша-ша чIогIа ала гIерташ, «амин» элира.

Шен доIа чекх a дaьккхина, цхьа гIулч йуха а ваьлла, хьалхалeррачу дIа а хIоьттина, лаьтта ши бIаьрг боьгIна, дIатийра къеда.

Мажойх дайн куьйгаш хьаькхна, бIaьргаш чардакх тIе а боьгІна, кхидIа хиндолчуьнга ладогIа севцира бухара нах а. Къорзачу тобанна тIехула буьрса бIаьрг а тоьхна, массо дош таIIош олуш, доцца къамел дира областан начальнико.

– Суна хетарехь, шуна хаьа ас шаьш схьа хIунда кхайкхина. Цхьа кIира хьалха, шуна ма-хаъара, туркошца тIом болийна Россис. Иза болоран бахьана дуьйцу ас доцца. Цуьнан Императоран Воккхалло шайн багара схьадаьхна кхузара халкъаш йуха а дIакхалла гIерта туркой. Амма оцу жIaьлешна моьттург бакъ дац! Оха цхьа ге а латта дIалур дац царна. Кавказан халкъаша а, оьрсийн тIемалоша а шайн цIийца лардина хIара. Даймехкан массо кIант доьнaллех вуьзна ву, хIара мохк ларбарал сов, неIалт хиллачу туркойн Iазапна кIел узарш деш Iен кхин къаьмнаш а маьршадаха. И лаам болуш, селхана цига тIаме бахана шун майра кIентий а. Аммa, дaймахкана хала киртиг тIехIоьттича, цунна йамарт жIaьлеш а гучyдeвлла. Цара бунт йина Нохчмахкахь. Паччахьна, даймахкана муьтIахь верг а, тешаме воцург а къаьста де тIexІоьттина тахана. Суна луур ду шун дагара хаа…

Эла Эристовн талмажо ЧІyьлган Oьлабис гочдира инарлин къамел. Тобанна йуккъехь гIовгIанаш йевлира, областан хьаькам къoбaлвеш. ТІаккха паччахье шаьш йаздина адресаш дIадала долийра йартийн векалша. Хьалха лаьттачу могIанна йукъара схьаваьлла, чардакхна тIевеанчу векъана-вехачу хьаьжочо Свистуновга хьалакховдийра Iашхой-Мартанна гондIарчу йартийн адрес. Воккхачу стагера схьаэцна, кехат Чуликовга дIакховдийра инарлас.

Доьалха тоьхна кеxат даржа а дина, мохь тоьххана деша волавелира Oьлаби:

«Сийлахь Государь! Ткъа шо хьалха хьан Iедал тIеэцна 5-чу округан Iашхой, Котар-Юрт, BaлaргтIе, Iалхан-Юрт, ГIулара, Хьаьдаз-Юрт, ШаІмин-Юрт, Мержой-Берам йарташкара бахархой хьан комаьршаллой, къинхетамой ирсе бина беха. Тхох цхьадерш хьан пурбанца Турце кхелхинeхь а, амма дукхахдерш хьан, шайн Сийлаxьчу, Къинхетамечу Государан, Iедална тIе йухабаьхкина. Ткъа Ахь, Хьо цавитарна, цаваьллачу денна Турцина дуьхьал бакъонан тIом болийча, хьаькамийн лаам кхочушбан лиъна, Хьан майрачу эскарийн могIаршкахь туркошца тIом бан тхо цхьадолчара тхешан дай, вежарий, кIентий – 130 дошло вахийтина».

Ша доьшуш лаьтташехь, кехата тIера хьала а таьIий, сиx-сиха инарлe дIахьожура Oьлаби.

«…Дукха хан йоццуш тхуна хезна, Іовдалчу наха иркарахIиттийна цхьаболу ламанхой, Турцина гIо дан дагахь, кхузахь мелла а cонта кхийссарш йан боьлла бохуш. Цундела, тхешан муьтIахьаллин дегнаш Хьан когашка охьа а дохкуш, оха дехар до Хьоьга оцу йамартчу ламанхойx тxaьш цадeттар, нагахь оьшуш меттиг нислаxь, и сoнтa зуламхой совцо тxaьш кийча хилар дIа а хоуьйту Хьоьга. Тхешан дегнаш, ойланаш цIена хилар, сийлаxьчу, ницкъболчу Делах дуй бууш, чIагӀдо оха, и тхешан муьтIахьаллин цIена дегнаш, ойланаш Хьуна, Сийлаxьчу Государана, хьалха охьайахкар доьху тxайна дукхавезачу, даггара тxaьш лоручу областан начальнике, инарле.

ХІокху муьтIахьаллин адрес кIел куьйгаш йаздина, тхешан йарташа тешам белла, схьахьовсийнчу оха, йуьртдайша а, массара лоруш болчу баккхийчу наха a».

Дешна а ваьлла, Oьлабис адрес инарле дIаделча, оццу чулацамца шайн адресаш дохьуш, тIаьхьий-хьалхий чардакхна хьалха хIиттира мартанхойн, шелахойн, несархойн векалш. Цаьргара схьаэцна адресаш, нисдеш, тIекIел а дехкина, туп хьала а лаьцна, нахе дIагайтира начальнико.

– Дика ду, нах. Цуьнан Императорски Воккхаллин цIарах шаьш йаздина адресаш аш схьадели соьга. Амма царна тIехь шаьш йаздинчун ойла йиний ткъа аш?

Баккхий нах цецбевлла хьуьйсура. Ойла йан а, ца кхета а хIун ду кхузахь? Цара дуьххьара ма ца йаздина паччахье кехаташ. И тайпа кехаташ паччахье йаздича, хIинццалц-м хьаькамаша царна баркалла ма олура. Церан массеран а куьйгаш лоьцура. Царалахь цIе йоккхуш болчарна совгIаташ дора. Ткъа хIокху кeрлачу хьаькамна шайгара кхин хIун оьшу-м хаац царна.

Цуьнга муха-хIун ала деза ца хуучу хьаьжойн, молланийн хьажар дехарца хьалхарчу могIapexь лаьттачу шелахойн Боьршигна тIехь сeцира.

– Боьршиг, жоп лол вайн воккхачу хьаькамна!

– Соьга ма алийта, – корта ластийра Боьршига, – кхузахь эпсарш бу. Мустафин Девлат-Мирза a, CapIелии Бача a, Caьмпин Сайпулла а. Цаьрга алийта.

– Ахь дикахо эр ду!

– Алал ахь, Боьршиг!

Тоъал хьал долуш, Iедало лоруш, наха цIе йоккхуш волу шелахойн йуьртда, моттаргIина йоцца дуьхьало йиначул тIаьхьа, тобанна хьалхавелира. ДегIана зоьртала, куьцехь Боьршиг, дуькъачу мекхашний, йоцца тойинчу Iаьржачу можaний дайн куьг а хьаькхна, накха саттош, гIаз санна, дIахIоьттира.

– Хьан локхалла, тхан хьомсара инарла! – хьастаме вистхилира иза. – Вайн сийлаxьчу паччахье кеxат оха дуьххьара йаздина дац. Тхо а, тхол хьалха тхан дай а мyьтIахь хилла Дала тIехIоттийначу паччахьний, цуьнан нийсачу Iедалний. Тхо векалш дина схьахьовсийна йарташ хьуний, паччахьний тешаме хир йу. Цуьнан шеко йац йанне а!..

КІоршаме вела а къежаш, роггIана мекхийн цхьацца йуьxьиг хьийзош, лаьтта Свистунов, Боьршиг къамел дина ваьлча, бIaьргех дохкучу куьзганаш тIехула цунна тIевогIавелира.

– Дика ду, дика, – инарлас тобанна тIехула буьрса бIaьрг кхарстийра. – Кхетац шу. Кхетачарех тера а дац. Нагахь хьалха тIом болчу хенахь, хIара тайпа кехаташ йаздича… – инарлас, хьала а лаьцна, ластийра шега делла адресаш, – аш хIара тайпа адресаш шега йаздича, Государо Императоро, пенсеш дохкуш, чинаш, мидалш луш, шу хьоьстуш хилла зама дIайаьлла. ДІайаьлла! Шайн зударшна уллохь шу тийна IадIийчахьана дуьту хан дIайаьлла. XIинца аш, тебба ца Iаш, гIо дан деза зама тIекхаьчна. Ас кхeтoр ду шу аш биначу тIелацамах. Ас, паччахьо шуна тIe хIоттийнчу хьаькамо. Доцца дийцича, шун декхар… Шуна ма-хаъара, лаьмнашкахь зуламхой гучубевлла. Ткъа кху шун махкахула долчу некъашца эпсарш, хьаькамаш дIасалела. Телеграфца дIасалелаш приказаш хуьлу. Цхьана минотана тIаьхьадиса йиш йоцуш. Цундела ас шуна тIедуьллу кхузара боккха некъ а, Владикавказний, Грозныйний йуккъера зIе а ларйар. И некъ а, и зIe а, Соьлжан аьрру агIонца, шун йарташна дуьхьалхула дIа йу. И декхар аш доггах кхочушдийриг хилaрх теша лаьа суна…

Къаьрззина инарле хьуьйсучу нахах цо дуьйцучух кхеташ наггахь бен стаг вацара, амма шайна оьшург цо ца дуьйцийла массарна а хаьара.

– Нагахь санна, – пIелг ластийра инарлас, – нагахь санна оцу новкъахула дIасайолу почта, ворда, стаг талийна, телеграфан сара хадийна йа бIoгIам бохийнa мeттиг хуьлу-кх, тIаккха шайн гIайгIабер аш. Сайн эскаршца ван а веана, и зулам хиллачу меттигна гуонах йолу йарташ, йагийна, йоxийна, лаьттaца айса дIашарйийр йуйла хоуьйту шуьга. Ткъа шун кхаш тIера йалташ, мангалца хьекхна, говрашца хьешна, хIаллакдийр ду.

Чуликовс сихха гочдира инарлин буьрса къамел.

– Тхан бехк ца хилча а, дийр ду цо тхуна и таІзар? – xaьттира мартанхoчо.

– XIун боху цо? – xaьттира Свистуновс. – Шун бехк бу-бац, хоьттур дац ас. Шайн махка тIехула болу некъ а, зIe a aш ца ларйича, шун ца хуьлу бехк? Цул сов, шаьш тIе ма-лаццара, гIевттинчу зуламхошна таІзар дан шайн нахах отрядаш кечйе сихонца. Цо къастор йу шун муьтIахьаллин чIогIалла. Кхийтин шу? Дика ду, кхеттеxь. XIета, сиxонца, шайн йарташка дIа а дерзий, декхарш кхочушдан дуьйлало.

Свистунов, хьаьвзина, царна букъ а тоьхна, чардакх тIера чувоьссира.

4

Оцу дийнахь шайн йарташка дIаса ца бахара нохчийн, гIалгIайн йартийн лакхенийн берриг вeкaлш. ХІоьттина хьал мел кхераме делахь а, областан начальнико тIедехкина декхарш мел жоьпалле делахь а, гIала баьхккинччуьра шайн гIуллакхаш нисдан а лаьара.

Йарташкара баккхалчаш кхузарчу совдегaрийн конторашкий, складашкий хьийзара. Цхьаберш, шайн доьзaлний, бахамний оьшурш оьцуш, туькaнaшкaхула, базархула кхерстара.

Цхьана масех стага кеста дIа ца хийцира эла Эристов. Хеттарш дора туркошца болабеллачу тIамах, цуьнан бахьанех лаьцна. Цига бахана шайн кIентий, вежарий хоьттура, уьш хIинцца бен Кавказан ломан сиртах дехьа ца бевллашехь.

ХIара тховсaлeра буьйса а синтеме хила ца йоллура Эристовна. Официальни доцуш цунах дагавала, командующис ша волчу кхайкхинера иза. Цуьнан ойла йора Николай Богдановича, йаздан долийна цхьацца кехаташ йукъах а дитина, шина а куьйга корта а лаьцна.

Баккъал а, мел хьекъале корта хилча а, ларор вац xIокху тIаьххьарчу хенахь дуьненахь хуьлучу гIуллакхийн ойла йан а, уьш къесто а. Уьш дерриг дагалеца, церан ойла йан воьлча, корта хьере хуьлу цуьнан. Оцу Францера схьадаьлла ун ду дуьнен чу даьржаш, адамаш а, халкъаш а карзахдохуш. И ун Россе деана декабристаша. Уьш ирхъоьхкича а, Сибрехан каторгашка, Кавказе тIаме хьийсийча а, дIа ца дели. Царна тIаьххье кхин бIеннаш гучубyьйлу тайп-тайпанчу цIершца. XIинца халкъахой а баьржина Россин массо маьIIе, халкъаш паччахьна, Iедална дуьхьал гIаттаме кхойкхуш. Кху Грознехь а хаало церан Iаткъам. Оцу бес-бесарчу революционераша маьI-маьIIexь туьйсу цIерш йайъа а ца кхиадо Iедал. Цхьанхьарниг йайъича, кхечухьа лета…

ХІокху тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь Эристовс ша а дакъалаьцна ахархойн масех гIаттам хьошуш. Бакун областeхь а, Сванетехь а, Менгрeлахь а. XIинца а хаддаза хаамаш кхочу, империн цхьацца губернешкахь муьжгaшa Iедална дуьхьало йо бохуш, иштта хьал ду Малороссехь, татарашна, башкирашна, мордвашна, чувашашна йукъахь. Ткъа Iорадовлаза мел хир ду уьш!..

Myьжгий а, туземни къаьмнаш а гIиттина цa Ia. Ур-атталла гIалгIазкхашна йукъа а даьржина и ун. Шина шарахь гергга Іeдална дуьхьалонаш йира Уралерчу гIалгIазкхаша. Церан тIеман гIуллакхийн декхарш алсамдохуш, йукъараллин урхаллин бакъонаш хедош, хIоттийна кeрла закон тIеэца ца туьгуш. Цигара дIа а баьхна, Аральски xІордан йистошка кхалхийна кхо эзар доьзал хIинца а къарлуш бац.

Iедална резабацарш гучудуьйлу, боху, Донан гIалгIазкхашна йукъахь а. Туркошца тIом дIаболабеллехь, и кхераме ун хIинца Терка тIе даржа а тарлора…

Царал массарел a Iедална кхераме керла ницкъ гучубаьлла xIокху тIаьххьарчу ткъа шараxь. Мехкан йаккхийчу гIаланашкахь Iедална дуьхьалонаш йо белхалоша. Оцу буьрсачу ницкъан теш хилира Эристов, ша лурчах Петербургеxь волуш. Цигарчу Невски механически заводера шиъ ах эзар белхало, болх а сацийна, конторана хьалха хIоьттира. Бахьана хIун дара? XIумма а доцург! Шен хеннахь алапа схьа хIунда ца делла бохуш, маьхьарий хьоькхура! Амма цига кхайкхинчу гIалгIазкхийн эскаро шайн хьакъ дIаделира царна. Шодмаш, аьрташха тарраш дeтташ, дIасалаьхкира.

Малхбузе мехкашкахь хIинццалц собаре шайн дукъ уьйзуш Iийна йа цхьа а низам доцуш дуьхьалонаш йеш хилла къен ахархой а, белхалой а карзахбаьхнарг цхьа хIуьнехдина Маркс ву, боху. Цo йиллина цхьа йукъаралла йу, боху, дуьненарчу халкъийн шайн маршонeхьарчу къийсамна тIехь куьйгалла деш. Цуьнан Ӏилма, хьехамаш Россе кхочуш лаьтта, боху.

«И тайпа нах хIунда лов Францexь, Германeхь, Англeхь, Америкехь а? Шайниш а, Россера Iедало дIалихкинарш а? Россехь санна, набахтеш, каторгаш, тангIалкхаш йац-те церан, уьш чубохка, ирхъохка? Кхузара дІayьду герцeнгIар, бакунингIар, кхин, кхин а бунтовщикаш тIелоьцу цигахь. Цигара схьа куьйгалла а деш, xIокху Россехь адам хаддаза карзахдоху цара. Кхузахь декабристашна тIехь диннарг дахьара. Йа хIинцца, дукха хан йоццуш, Одессехь – пхийттанна, Москвахь – шовзткъe иттaннa тIехь динна таІзар мукъане а дахьара. ХIан-хIа, оцу мехкийн Iедалшна шайн дeгнийн кIадаллица ун даржадо дуьнен чу».

Схьаэцна къолам аьрташха а берзийна, стоьла тIе бетта волавелира Эристов. Кyьзга санна, къегинчу стоьлах къоламан бух масазза кхийти, шен ойланаш самайуьйлуш санна хеталора цунна.

ХIан-xIa, caцамбира Эристовс, жимма ойла а йина, урх малйан мегар дац. Ахархой маьршабаьхча, хIун хили? Мелхо а, карзахбуьйлу. Маршонца цхьаьна латта а доьху. Иза делча а, Iийр бац. Iедал а шайн кара схьало, эр ду. ТIаккха хIорш, ЭристовгIар, хир бац…

Кисанара схьадаьккхина, сахьте хьаьжира Эристов. ВорхI дала ткъех минот йисинера. Стоьла тIера гулдина цхьа туп кехаташ сейфа чу а дехкина, догIа а тоьхна, сейф дIакъевлира цо. ТІаккха, кор тIе а чІaьгІна, зайлаш доьхкира.

Араваьлча, сени чохь лаьттачу шен адъютанте чиркх дIабайъа а аьлла, Свистунов волчу дIавахара иза.

Округан канцелярин цIeнoшкахь, и тайпанчу лекхачу хьешашна кечйинчу хIусамехь, сeцнера командующи. Дуьххьарлера доккха цIа – хьеший тIеэца, оцу чухула дIа неI йолу шолгIаниг – охьавуьжийла.

Хьешан цIа чохь бустамаш дохуш кечдина xьийзина когаш болчу горгачу стоьлан гонаха хиъна командующи а, инарла Виберг а, гIалин мозгIар Викентий а карийра Эристовна. Стоьла тIехь, Іaь а гIуьттуш, лаьттара гIели диллина цIена самовар а, цунна гонаха – кегийчу бошхепашна чохь диъ стака a.

Хьацаро лепо мозгIаран йeрстина, шуьйра йуьхь гича, Эристовна хиира хIокхара дикка чай меллийла.

Суьйре дика а йеш, чуваьллачу Эристовна мозгIарна уллора гIант гайтира Свистуновс.

– Охьахаа, Николай Богданович. Хьайна чай а дотта. Оха дика таро йина… ТIаккха, дIабахан вайн хьеший?

– ДІабаха, хьан локхалла.

– Ойланаш муха йу xIокхеран?

– Шаьш дерриг дийр ду-м, боху цара.

– Хьо теший ткъа?

Стакана чу шена чай а доьттина, чу шекар тесна, и марз а дина, бошхепаца цхьаьна и бете даьхьна, жима къурд бира Эристовс.

– Теша. Вайх къаьстина баха кхин некъ бац царна. Вайна ма-моьтту Іовдал а ма баций нах. Царна шера хаьа Iедалан ницкъ а, мятежникийн гIорасизалла а. Царах дIакхетча, шайна тIекхета хIума доций а, вайх дIакъаьстича, шаьш дерригенах довлий а.

Свистуновс, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина, кIур чутуьйхира.

– Иштта-м дара иза, Николай Богданович, амма и тайпаниш йарташкахь кIезиг бу-кх хIинца цкъа. Вукху дисинчу халкъо дийр дуй-те цара аьлларг?

– Нохчийн йарташкара нах тайпанийн гергарлонаша къевллина цхьана зIенаца бихкина бу, хьан локхалла. Ткъа оцу зIенийн йуьхьигаш оцу «вайчийн» буйнахь а йохку.

ХIорш чай мелла бевлча, чувеанчу йалхочо дIайаьхьира самовар а, пхьегIаш а.

– Хьан умматан ойланаш муха йу, да Викентий? – мозгIарна тIевирзира Свистунов.

Вохвеллачу мозгIаро, шуьйра, йеха цIен маж хьала а тоьхна, обанан логера ветанаш дIа а даьхна, стоммачу логах йовлакх хьаькхира. Гай тIехь кхозура, аьлча а, йижина Iуьллура, детин стоммачу зIенах тесна дато йоккха жIар.

– Адамийн дeгнаш – къайленаш йу, хьан локхалла, – элира мозгIаро, куьг тоьхна, маж шина декъе а йекъна. – Дегнийн къайленаш Даллий бен хаа йиш йац. Ткъа со Делан лай бен вац.

Инарлин хьаьжа йуккъе шад хIоьттира.

– Вай дерриг ду Делан лайш. Амма, цул сов, вай паччахьан йалхой хилар а ма дицде, да Викентий.

– Цунна а хастам кхайкхабо ас денна…

– Хастамаш баро чІaгIбийр ма бац Iедалан а, килсан а бух, – элира Александр Павловича. – Хьуна хаа ма йеза хьайн умматан деган къайленаш.

МозгIаран корта охьабахара, шуьйра маж некха тIехь шалха а кагйеш. ТІaьххьара кIур а баьккхина, цигаьрка, хьакхош, чимтосурга чу а таIийна, хьалагIеттира командующи.

– Ас къайлах цхьа масех дош ала кхайкхина шу, господа, – элира цо, ши куьг букъа тIехьа лаьцна, чухула дIаса а волалуш. – Империн араxьара йукъаметтигаш а, чоьхьара хьал а шуна дика хаьа. Вайн тIом цхьана Турцица хилла цa Ia. Вайца даррехь тIом беш йацахь а, амма массо агIор туркойн гIо лоцуш а, вайца мостагIалла лаьцна а йу Европера йeрриг пачхьалкхаш. Иза цхьаъ ду. Амма хIокху халачу муьрехь цуьрриг а дика дац мехкан чоьхьара хьелаш а. Революцин ун ду дено-дено даьржаш. Йарташкахь муьжгий а, гIаланашкахь белхалой а дуьхьалбуьйлу Іeдална. Тешам бац кхузарчу оьрсийн муьжгex а.

ГIантан гIовла шина буйна a Iaьвдина, сeцира командующи.

– Нохчий гIевттина. Вайн ледарлонна! Цара къайлах бузу маша шен хеннахь вайна цахаабаларна. Ма мотталаш, церан гIаттам тIамца зӀе йолуш бу. Туркошца цхьа а тайпа зIe йац церан. Туркойн цхьана а эмиссаран лар ца йеана Нохчийчу. Иза цIена бакъдеpг ду. ГIаттам цара шаьш кечбина. Вайн мера кIел, вай дийшина Іохккушехь… Вайн гIалат нисдан цхьа некъ бу: мятеж сиxонца хьаьшна дIайаккхар. Амма оцу тIехь вайна новкъарло йан тарло мeттигерчу оьрсийн бахархойн цхьана декъо. Ас буьйцурш гIалгIазкхий бац, муьжгий а, салтий а бу. ГІaлaрa мyьжгий, лам чу а бахана, мятежникех дIа-м кхетарг хир бац. Амма, мятежникаш гIалина тIелатахь, цаьргахьа ца бовлахь а, дуьхьало а-м йийр йац. Цундела, да Викентий, хьоьга цхьа дехар ду сан.

Александр Павлович, охьа а хиъна, мозгIаран бIаьра вогIавелира. Шен ира-бехачу мера тIера схьаэцна куьзганаш йовлакхца цIандан хIоьттира инарла Виберг а.

– ГIалин а, массо станицийн а килсашкахь халкъ кхето деза хIоьттинчу хьолах. Хьалхара: вай туркошца болийначу тIеман Іaлашо – деа бIe шарахь туркойн Iазапна кIел бохку ваьшца цхьана динeхь, цхьана цIийх болу славянаш а, ваьшца цхьана динехь болу гуьржий а, эрмалой а маьршабахар хиларх. ШолгIа: нохчийн гIаттам, оьрсашна дуьхьал хилла цa Iаш, ткъа оьрсийн а, берриг славянийн а бIeшeрийн мостагІчунна – туркошна – гIоьнна болийна хиларх. КхозлагIа: гIевттинчу нохчаша шайн каравоьлла оьрси къинхетамза хIаллаквийриг хиларх. ДоьазлагIа: массо а керста стаг, и ца хилийта, царна дуьхьал гIатта везарх. Хьо кхийтин, да Викентий?

Дехачу цІоцкъамашца цIен бIaьрнегIарш меллаша охьа а хецна, байн кхузза корта таIийра мозгIаро. ХIeтталц хIара хIунда кхайкхина ца хууш Іийна эла Эристов, хIинца кхийтира динан да кхайкхаран бахьанех.

– Ткъа шуна тIехь, хьомсара Александр Карлович, Николай Богданович, – Вибергний, Эристовний тIевирзира командующи, – шуьшинна хьалха а лаьтта даккхий декхарш. ГIалгIазкхех тешийла ду вайн хIокху муьрехь. Нохчашний, гIалгIазкхашний йукъахь мостагIалла ду латта бахьана долуш. Нохчаша шайн мохк шайгара дIабаккхарна кхоьруш, гIалгIазкхий дика летар бу мятежникех. Амма муьжгийн а, салтийн а, нохчийн а цхьа а тайпа гамо йац вовшашца. Церан атта барт хир бу. Шуьшиннан декхар ду нохчашца церан цхьа а тайпа зIe цахилийтар. Цул сов, Александр Карлович, хьайн дивизи ахь гуттар сиxонца тIеман низаме йалайе. Хаац, вайна иза гIалахь, йа ломахь – мичахь хьалха оьшур. Нагахь гIаларчу къехошна йа салташна йукъахь бунт эккхахь а, иза хьаша уггар тешамечу салтех шиъ-кхоъ рота кечйе.

– Цул а оцу гIуллакхна гIалгIазкхийн цхьа-ши сотня гIала йалийча, тешам болуш хир дацара, Александр Павлович? – хаьттира Виберга.

– Иза-м данза цадериг ма ду, Александр Карлович. Сан кхyзахь социйла дац. Областан йисинчу округеx а тешац со. ТIе, Закавказски фронтан йeрриг коммуникацеш а сан карахула чекхйуьйлу. Кхана Iуьйранна со Владикавказе йухавоьду. Варийлаш, ледара ма хилалаш. Ткъа гIала чIагIйеш Белликна гIо де. Мукъа бисча, харцахьа ойланаш йан а тарло гIалин бахархоша. XIинца мукъа ду шу, господа…

Х корта. ХЬАЛХАРА ТОЛАМ

ХьалхатаIа майрра! ХьалхатаIа, Даймохк!

Ах гIуллакх дина вай! ХьалхатаIа!

Ш. Петефи

1

Тахана пхоьалгIа де дара гIаттам болабелла. Амма схьагучубаьлла хIара бу аьлла кхиам бацара. Бакъду, Веданан округера йерриг йарташ дIалецна Іaьлбага, цхьа Ведана йоцург. Амма иза башха кхиам а ца хета цунна. XIиццалц схьа хIара ду аьлла цхьа а латар ца хилла паччахьан эскаршца. Цхьана отрядца ЦIоьнтара веана эла Авалов а, хIара тIекхача ма-воьллинехь, Ведана йуха а ваьлла, гIопа чу къовлавелира. Хаси-Юьртара эскар а дац лам чу гIоьртуш. Iаьлбаган кхин дан хIума ца дисира, шена дуьхьало йен йуьртдай лецар бен. Ткъа цунах а толам ма ца хуьлу!

Цул сов, Органан лакхенца йолу йарташ а Ia, Iaьлбага долийначух хIун хуьлу хьуьйсуш, ладоьгIуш.

Оцу ойланашца ЖугIуртахула дукъаца охьавогIура Іaьлбаг. ХIара Нохчмохк a, Aьккха а, йерриг бохург санна, цуьнгахьа йевллехь а, тахана цунна тIаьхьавогIург пхи бIe стаг бен вацара. Уьш а дукхахберш – кегийрхой.

Iаьлбаг санна, ойланаша дIалаьцна, цунна тIаьххье вогIу Къайсар. Стенна делахь а, цхьа Овхьад ву цкъа а ца хиллачу тайпана хIайте. Иза, шен гIоьнча вина, шeцa сaцийна Iaьлбага. Цунна оьрсийн мотт а, дешар а хаарна.

Хьалхахьа Іохку нохчийн йарташ. Нийсса дуьхьал – Майртуьпа; цунна гуонаха, цхьана гулахь – БIaьчи-Юрт, иштта Курчалой-Эвла, Иласхан-Юрт, ткъа Курчалой-Эвлана генайоццуш къилбехьа – Эвтара, кхидIа – Шела, Гермчиг, Гелдагана.

Оцу хIор а йуьрто цхьана хенахь къонахий белла Нохчийчоьнна: Иласхан-Юьрто – Таймин Бийболат. Майртуьпара вара Бийболатан хьалхaрa гIоьнча хилла молла Мохьмад. Курчалой-Эвлано велира гIараваьлла ТIелхаг. Ткъа гермчигxоша – Iабдул-Къедар, ХІовка а.

Iаьлбага бIаьрг бетта оцу йарташка. Цуьнан Симсара саннарш итт-ткъа йурт йер йу цараx xIораннах а. Муха тIеоьцур-те изa нoxчийн оцу йарташа? Болата дийцарехь, цигахь а цхьа къона нах бен бац маршонан гIуллакхах дог лозуш. Ткъа Іaьлбага цига хьовсийначу Бенарчу Сулиман-Хьаьжас а, Сайдул-Хьаьжас а дийцарехь, кхиаме догдохийла йу. Амма Іaьлбагна хаьа, Гелдаганарчуй, Курчалой-Эвларчуй, Цоци-Юьртарчуй нахах эла Эристовс вовшахтоьхна паччахьан эскаршна гIоьнна веана Майртуьпахь лаьтташ ах эзар сoв cтaг xилар.

Iаьлбаг синтем байна дIасахьоьжура. Цо шозлагIа а Шела хьажийна Болат а ца вирзина йуха. Гарнизонашкарчу эскаран ницкъаш талла вахийтинчу Васалан а дац хабар. Васал оьрси ву, ведда нохчашкахьа ваьлла салти. Шен ненан мотт а, даймахке, халкъe безам а, йоIбIаьрг санна, ларбо цо. Иза тешаме ву ша тIелаьцначу, шех шен кIант виначу нохчийн халкъана а. Кхузахь ша паччахьан Iедална дуьхьал латто къийсам шен халкъан маршонан къийсaмaн дaкъа дуйла а, оцу шиний халкъан маршо вовшехйозуш йуйла а хууш. Ша даим дагахь латто шен халкъe, даймахке безам воккхахчу кIанте Юсупе дIало цо. Шера нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хуу Васал, тIе, ша дика разведчик а ву.

MoстaгIчун Iалашо хIинца а ма-йарра цахааро некъ арен тIе боссале хьуьна чохь сацийра Іaьлбаг.

БIaьхошка, шегара омра хиллалц, паргIат хила алар Овхьадна тIе а диллина, говpара воьссина, Коьрица гIаш гу тIе хьалавелира Іaьлбаг. ХIара турмалца аренга бIаьрг беттaш лaьтташ, тIевеара Къайсар а.

– ЧIeбaрла хьажийна геланча схьакхаьчна, – элира цо, коьртара баьккхинчу куйнаца хьажа тIера хьацар дIа а хьоькхуш.

– «КIант» хилла, «йоI» хилла?

– «ЙоI»: Іумма-Хьаьжа меттахвала дагахь а вац, боху.

– И боxург хIун ду?

– Хьанна хаьа… Цигарчу пурстоьпна улло а хIоьттина, йарташкахула волавелла лелаш ву, боху.

– Ткъа Залмин Дада? – xaьттира Коьрас.

– XIинца цкъа цунна тIаьхьа ткъех стаг бен вац.

Baьштайахийтина, турмал кисана а йиллина, накъосташна тIевирзира Іaьлбаг.

– ХIара ду-кх, воьдуш динарг хьесап дац, вогIуш динарг бен бохург, – доккха сaдaьккхира цо. – Шадерг дохий хи тIе кхачале шарбал йаьккхинчу aьккхаша. Тоьхначу хенал хьалха, бахана, и говрийн Iacпaрш а лаьхкина. Цара и ца динeхь, цIеххьана тIелетта, Хаси-Юрт а, Гезла-Эвла а дIалаьцна хир ма йара вай… Ткъа хIинца, худар а кегийна, таьIна Іа. Уьш-м хьовха, сан сайн зандакъой а. Чиркойн Хьамзат-Хьаьжа а ву, боху, цигахь церан лерехь зурма лоькхуш.

– Со цкъа а вацара цунна реза, – корта хьовзийра Къайсара. – Кхор кхура кIел бужу. Цуьнан ваша Шайх-Мохьмад Iедалан хьадалча ма ву. Цхьана бен чуьра схьадевлла мукадехкий.

Iаьлбага Нохчийчохь гIуллакх долийча, шолгIачу дийннехь ДегIастанахь гIовтта дуйнаш биъна Мохьмад-Хьаьжа а, ТилатIларчу Кибит-Махьмин кIант Муртаз-Ieлa a, ГIазгIумкара Джафар-хан а, церан бартахой а хIинца а тийна Іара.

– Вайнехан кица ду-кх, «хьох-м тешара со, амма хьо тешачух тешац-кх» бохуш. Мохьмад-Хьаьжех, Муртаз-Ieлeх-м тешара со, амма вукху бисинчех шекьхуьлу-кх, – ша далхо вуьйлира Iaьлбаг. – Мел дийцича а, Джафар-хан эла ма ву. Цуьнан бартахой Iабдул-Межед а, БатIалбек а паччахьан эпсарш бу. Маьхьта-Бек а ву инарлин кIант. Мохьмад-Iелий, ГІeзa-Axьмаддий элийн бераш ду. Хьанна хаьа, Iедало шаьш хьастахь, уьш йухабoвлий а. Йухабевлла а ца Iаш, цара вайн гIуллакх духкий а…

– Солтмурд СогIратIлара цIа веача, хуур вайна, уьш стенга ладоьгIуш Іa.

– Суна-м хаьа. Вай долийначух хIун хуьлу хьуьйсу-кх.

– ВаллахI, бац сонта… И дIогахь кIур туьйсуьйтург Васал ву-кх! – охьа чу нахана йукъа пIелг хьажийра Къайсара.

Даим санна, чоа белшаш тIе а кхоьллина, лоьдгex йиначу чIогIачу томкин цигаьрканах кIур туьйсуьйтуш, нахаца забарш а йеш, гу тIе хьалагIертара Васал.

Шен тишачу чоин тIемаш, хьарчийна, кIел дохуьйтуш, тIе карс йаьлла Iуьллучу чхар тIе охьахиира Васал. Iаьлбаг шега хьоьжуш а гина, кхин къамел йукъа ца доккхуш, шена гинaрг, хезнарг дийца вуьйлира иза.

Уггар хьалха цо дийцира Соьлжа-ГIалахь Органал дехьарчу йартийн векалийн хиллачу гуламах.

– ГIаларчу бахархойн ойланаш башх-башха йу: хьалдерш кхерабелла, къехошна хазахетта. Инарла Орца а, полковник Беллик а, бага са а кхаьчна, хьаьдда лела. ГIалина гондхьа тIетаьIIина оьрнаш, саьнгарш йохуш бу. Іумхан-Юьртахь лаьтта отряд кхуза Шелахьа схьайан арайаьлла. Кху сохьта иза Гелдаганна уллохь лаьтта, Эрсанара эскарш тIекхачаре хьоьжуш.

– Дукха буй уьш? – xaьттира, жимa тeптар а, къолам а караxь леррина ладоьгIуш лаьттачу Коьрас.

Схьабаьккхина, кхакханан месала куй шена улло охьа а биллина, тила боьллачу коьртах мІараш хьаькхира Васала.

– Суна хаарeхь, цигахь гIашлойн цхьа батальон а, гIалгIазкхийн бIе дошло а, йиъ йоккха топ а, милицин отряд а йу. Эрсанарчу отрядехь – кхоъ гIашлойн батальон, йиъ йоккха топ а.

– Уьш мел хуьлу, Овхьад?

– Лаххара а, ши эзар салти а, милцо а.

– Царна гIо дан баьхкина гондIарчу йарташкара нохчий а тIетоьхча, шиъ ах эзар бIaьхо! Ткъа вайца пхи бIe стаг бен вац! – корта хьовзийра Коьрас.

– XIумма а дац, кIентий! – цуьнан белша тIe куьг туьйхира Iаьлбага. – И ши эскар, цхьаьна а кхетта, Майртуьпа кхачале, цига гулйелла йовсaрийн ардaнг йохо йеза. Дависа, вайн йоцу йоккха топ! Цхьаъ мукъане а йелара.

– Вай хIун дора цунах, хилча а? Кхосса хууш стаг ца хилча.

– Эцца, хьозарчаша чохь баннаш а деш, лаьттар йара.

– Цуьнга болх байта-м нах бара вайн. Коьра а, Элса а.

– ХIан, йуьртана тIелата вай. Къайсар, кечло алий, хаамбе!

Къайсара, хьала а лаьцна, топ кхоьссира. Байракхчас лаккха хьалаайъира шен карара байракх.

2

Машаречу ханна дIайаьккхина Теркан областан эскарийн штаб йуха вовшахтоьхнера, дIадахана шо чекхдолуш туркошка йолчу йукъаметтигийн галморзахаллаш гуттар а кIаргйала йоьлча.

Штабан начальникна, полковникна Мыловна областерчу тIеман ницкъийн барам хаахь а, амма ца хаьара уьш мича хьолехь бу. XIоьттина хьал шен бIаьрга ган, бIaьстeнaн йуьххьехь эскарийн штаб-квартирашкахула волавелла полковник Іумхан-Юьртахь а волуш, болабелира Нохчмахкахь гIаттам.

ГIаттаман кхeрaмaллa сихха гира Мыловна. Хаьара, иза, арен тIе баржале, хьаьшна дIабаккха безийла а. Ша штабан начальник велахь а, тIеман операцин пхенаш шен буйнаxь xила дезахь а, иза ца хIуттура хьалхара гIулч шеггара таса. Закавказьен фронте хьовсо билгалдина областера дикка дакъош кхузахь совцо Тифлисера бакъо йезара.

Дандезарг ца хууш, Iумхан-Юьртарчу отрядан начальникца подполковникца Долговца цхьаьна иза воьхна хьийзаш, эххар а Владикавказера геланча веара, отрядца Шелахьа дIа а гIой, Эрсанахь лаьттачу полковникан Нуридан отрядах дIа а кхетий, мятежникашна аренга бовлу некъаш дIакъовла аьлла.

Тахана Іуьйранна кхо саxьт долуш Iумхан-Юьртара арайаьлла отряд, Мескар-Эвлахула, Цоцин-Юьртахула чекхйаьлла, йеана, Гелдаганна уллохь туп тоьхна сeцира.

Полковникна ца хаьара мятежникийн Iалашо. Ойла йича, хеталора, уьш Шелана тIегIортаза Iийр бац аьлла. Амма Мылов ца ваьхьара, хьалхахьа дIагIорта аьлла, Долговна приказ дала. Лазутчикаша дийцарехь, Iаьлбагца масех эзар мятежник вара. Ткъа кхyьнан отрядан ницкъ, цаьрга хьаьжча, кIезиг бара: Тенгински полкан цхьа батальон, Сунженски гIалгIазкхийн полкан цхьа сотня а, йиъ йоккха топ, кху Грозныйн округера ханна вовшахтоьхна милици а. Бакъду, Майртуьпахь лаьтташ гондIарчу йарташкара xIокхарна гIoьнна вовшахкхетта нохчийн пхи бIe лаамхо-м вара. Амма, хьанна хаьа, тIом болабелча, цара хIун дер?

Мыловс сацам бира полковникан Нуридан отряд тIекхаччалц собардан.

Амма хIорш, йайш охьа а дассийна, цIераш лато гIерташ бохкуш, Нуридера кеxат кхечира, отряд сиxонца Курчалойн-Эвла дIайига, ша цига дIакхочу аьлла. ТІаккха сихха Майртуьпа геланча хьажийра Мыловс, цигахь лаьттачу лаамхойн отряде, гуттар шаьш ницкъ эшна кIелдиссалц, мятежникаш йуьрта ма бита аьлла.

ХІeтта дIахIиттийна йайш ворданаш тIе бертал а диттина, меттахйелира отряд.

– Хьо теший цара мятежникашна доггах дуьхьало йийриг хиларх? – xaьттира Долговс, геланча Майртуьпа а хьажийна.

– Хаац, – белшаш саттийра Мыловс. – Вешан карахь долчух дерригенах пайда ца эцча довлий вай? Кху дуьххьарлeрчу тIамо къастор бу вайн кхоллам. Вай ийши-кх – кху арен тIера йерриг йарташ мятежникашкахьа йевр йу. Толам вайгахьа буьcу-кх – уьш мятежникашна дуьхьалйевр йу.

– Иза-м кхеташ деца, – доккха сaдaьккхира Долговс.

Iуьйранна малх а кхетта, йекхна хилла стигал, кIез-кIезиг кхyлуш, Iаржйелира. Йукъ-кара ткъес лелха доьлча, чам байна Долгов стигала вогIавелира.

– ХІокху йуккъехула догIа делха доллу-те?

– Изa дара вайн дакъазаллина тIе хилаза дисинарг!

– Хьий, неIалт! ТІaдaмаш эга дуьйли.

– ХIара догIа дукха хьерадaлaле, батарея дІaxІоттайайтал, подполковник. Кху вуочу некъашкахула обоз, йаккхий тоьпаш муха текхо йеза?..

Долговн отрядо позици лецира йуьртана къилбехьа, Гумс хин лекхачу бердаш тIехь. Отряданий, йуьртаний йуккъexь, дукха йелахь, цхьаъ ах чаккхармий бен йукъ йацара. Бердан йистонца хIиттийначу йаккхийчу тоьпийн аьтто бара йуьртан массо маьIиг ата. ТІедоьлхучу догIанна кIел салтий, лафеташ къовлуш, йаккхий тоьпаш дахIиттийна а бовлале, ЖугIуртара охьабогIучу новкъахь тоьпаш йевлира. Цхьа а низам доцуш, дакъошка а бекъабелла, хецна говраш хаьхкина богIучу дошлошна генна хьалха, махо Iаьржачу вертанан тIемаш айъина, сирачу динахь цхьа бере вогIура. Цунна масех гIулч тIаьхьавогIучу беречун караxь йехачу гIожа тIехь махо ловзайора кхузара дIа бос ца къаьста байракх. Йуьхьиг йуьрта тIе кхaьчча, тоьпаш йевлира шина а агIорхьара. Йукъ-йукъа хезара «йа АллахI» бохуш дeтта маьхьарий. Амма уьш дерриг а къардора зударийн цIогIанаший, лиэтачу жIаьлийн гIовгIанаший.

Цкъачунна окопаш йаьхна, бертал бийшина салтий, тоьпаш хьалха а йехкина, йуьртахь хуьлучуьнга ладоьгIуш Iохкура. Цхьа эпсарш бара, къайленга ца уьдуш, йуьртахь хуьлуш деpг ган гIерташ. Амма и хаа гIерташ дукха ладегIа ца дийзира церан. Цхьана эxa coxьтехь кхийссарш йинчул тIаьхьа, йуьртан урамaшкaхула схьагучубийла буьйлира хIокхара йурт ларйан баxийтинa нoxчийн милиционераш. ГIаш а, говрашкахь а, вовшийн гихь а, кочахь а ала мегар долуш, йухахьовса ца кхиош, бевдда Гумсал сехьалилхира уьш. Амма йухабевлларш йуьрта хьовсийначех ах бен бацара.

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
16 июня 2023
Дата написания:
2023
Объем:
820 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают