Читать книгу: «Дарц», страница 34

Шрифт:

Цаьршинна дика йевза Кавказ. Цигахь болх беш а, тIаьхьа мосазза а цига воьдуш, талламаш беш а йевзина. ХIокху шарахь шиннан а Iилманан-талламан белхаш арабевлла зорбанехь. Липрандин – «Кавказ а, Росси а», Ковалевскийн – «1877–1878-чуй шерашкахь Нохчийчохь а, ДегIастанахь а хилла гIаттам». Ковалевскийна Кавказан шира истори йевзара дика, ткъа правительствон къайлахчу отделан коьртехь волчу Липрандина тахана цигахь хIоьттина хьал дика девзара. Доцца аьлча, цаьршиннан къамел цхьаьнадогIура.

– Ши бIе шо кхаьчна, Закавказье вайн дола йаьлла, – бохура Липрандис. – Шовзткъе итт шо сов хан йу цигара ламанан халкъаш вай къардина а. Нийсса аьлча, оьрсийн цIийца Англин, Персин, Хонкаран мIарашна йукъара схьайаьккхина вай Кавказ. Безчу мехах эцна вай иза. Амма тахана а цигахь российски пачхьалкхан Iедал дац. Масала, Закавказье схьалоцур вай. Цигахь оьрсийн бахархой, банне а бац ала мегар долуш, кIезиг бу. Революци хиллалц бIе шовзткъе итт эзар оьрси вара цигахь туземни бахархошна йукъахь Iаш. ХIинца бIе ткъе итт эзар бен вац. Цхьаберш туземцаша байъина, кхиберш, царах шайн синош довдийна, Россе йухабирзина. Тамашийна хIума дай xIapa-м. Муьлххачу пачхьалкхе ваха а, шена лаахь, цхьана ханна йа гуттаренна а цигахь вехаш Iен а бакъо йу оьрсичун. Амма оьрсийн пачхьалкха чохь, оьрсийн пачхьалкхан Iедална кIел йолчу Закавказье оьрсашна некъ бихкина туземцаша. Цара, лечкъа а ца деш, даррехь схьадуьйцу шайна оьрсий цабезар. Къаьсттана эрмалоша. Хьалха Россехь бехачу а, шайн махкахь оьрсийн паччахьана гIуллакхдечу а эрмалоша шайн фамилеш, цIерш оьрсийчарах тарйинера. Масала, Микоянца – Меликов, Аванесяна – Аванесов, и. дI. кх. а. Фамилиийн чаккхенаш «янц» а, «ян» а, «ов», «ев» бохуш хийцинера. Ткъа хIинца хьалха шаьш оьрсийчарах тарйина и фамилеш а, цIерш а эрмалойх меттахIитто боьлла. Каталикоса Макарияс, Эрмалойчохь-м хьовха, Россехь бехачу эрмалошна а вовшашка оьрсийн мотт бийцар дихкина. Шайн эрмалойн къам шира къам ду, оьрсий цIоканийн духар а дуьйхина, хьаннашкахь акха баьхначу заманахь эрмалойн шайн пачхьалкх, йоза-дешар, истори, лаккхара культура хилла бохуш, дозалла до цара. ХIинца цхьа политически йукъаралла кхоллайелла цигахь, «Къона Эрмалойчоь» цIе йолуш. Россех дIа а къаьстина, цхьаннах йозуш йоцу эрмалойн пачхьалкх кхолла Iалашо йу оцу партин. Хонкарара бевдда баьхкина эрмалой а шайн махкахь дIатарбо. Нагахь санна и зуламе идея зIийдиг хьалайалале хIаллак ца йахь, эрмалойн ун даьржар ду имперехь. Кхана «Къона Гуьржийчоь», «Къона Чуваши», «Къона Мордва», «Къона Якути», «Къона Юкагири», кхин а, кхин а политически йукъараллаш кхоллалур йу. Царах ун дер ду кхечу къаьмнашна а. ТIаккха Россин импери, дакъош хилла, йухур йу. Меттигерчу къаьмнаша шайн мехкашкара оьрсий дIалохкур бу. Цуьнан ойла ца йо таханлерчу оьрсийн Iедало!

– Кавказехь вайн Iедал тIех кIеда дуй-те, моьтту суна, Алексей Павлович.

– ЧIогIа а, кIеда а – дан а дац. Цигарчу вайн Iедалан коьртехь волу наместник номинальни оьрси ву. Иза дуьххьалдIа кирхьа ду туземцашна. Цунна тIехьа а левчкъина, шайна луъург до цара. Закавказьехь массанхьа а Iедалера дIабохуш бу оьрсий. Масала, муьлш бу цигахь наместникан гIоьнчий? Петерсон, Мицкевич, Борман, Венденбаум, Баккел, Тизенгаузен, Бауэр, фон-Парнау, Фольбаум, Рудольф, Колберг, Штернберг, Кийкер, и. дI. кх. а. Цхьа а оьрси вац! Доцца аьлча, лахара Iедал революцин дIовш цIийх а, тIамарх а доьллачу туземцийн карахь ду, ткъа лакхара Iедал – немцойн, полякийн, православни жуьгтийн карахь ду.

Жимма коньяк эдеш, кофе тойира Петр Ивановича. Шен хьешо тIаьххьара аьллачу дешнаша дагахь велар эккхийтира цуьнан. ХIара шиъ шаьш а ма вац оьрси. Липранди грекех схьаваьлла, ткъа Ковалевский – полякех. Шиннан а дайша фамилеш ца хийцина, амма цIерш хийцина. ХIокху шиммо а лелайо оьрсийн цIерш. ХIетте а хIокхуьнан хьаша Кавказан урхаллехь болчу немцошний, полякашний, жуьгташний лоь.

– Эрмалойчоь кхераме йац вайна, – элира цо, хьешана хьалха кофе а тоттуш. – Эрмалой керстанаш бу. Туркойх кхоьруш, даим а Россина тIетийжар бу уьш. Кхерамениг Нохчийчоь йу. Дала кхуллуш майра, къармазе тIемалой кхоьллина нохчий бу кхераменаш. Россех дIа а къаьстина, эрмалой, гуьржий, азербайджанцаш санна, шайн пачхьалкх кхолла гIерташ бац нохчий. Иза царна цкъа а дага а ца деана. Цуьнан ойла йан кхетам а бац церан. Амма Кавказехь синтем, машар хила ца буьтурш нохчий бу. Алексей Петровича Ермоловс Iаламат нийса мах хадийнера церан. Нохчий лаьхьарчий ду, ткъа важа ламанан халкъаш чуьркаш йу аьлла. Шайн волла, дуьненан массо а маьIIера адамаш хIаллакдеш хуьлу нераун а, Iаьржаун а ца лета царах. Нохчийчоь разбойникийн бен бу. Нохчаша, мара а бетталуш, тIеоьцу, зулам а дина, шайн махка бевдда баьхкина кхечу къаьмнех нах а. Кавказехь тIом болуш, вaйн эскаршкара бевдда салтий а Нохчийчу боьлхура. Цигахь маршо гуш. Йа нийсса аьлча, анархи гуш. Шаьш дерриг элий ду, олу нохчаша. Уьш элий бац, анархисташ бу. Царна цхьа а Iедал ца деза. Царна шайна луъург дан маршо йеза. Разбойникийн маршо. Къоланаш дан, талораш дан, адамаш лечкъо, дайа, зударий идо, масех зуда йало, цхьана стеган масех зуда хила а, царах дIакъаста а. Карахь герз дерг, доккхачу тайпанах верг, хьал дерг лору цара. Йа нийсса аьлча, ишттачу стагах кхоьру. Ницкъах, къизаллех кхоьру. Шемала ткъа шарахь шен буйнахь латтийра уьш. Жимма шена дуьхьало йинчуьнна-м хьовха, дуьхьало йан дагадеанчун а корта а боккхуш. Цуьнан карахь, балоз санна, кIеда бара нохчий. Имама шена луъург дора царна тIехь!

– Нийса боху ахь. ХIинца Зеламхас а шен гIеранца кхерамна кIел латтабо нохчий. Иза вен а, Iедале схьавала а ца баьхьа.

– XIaх-хIа, Зеламхех кхоьруш ца Ia нохчий, иза новкъара ца воккхуш. Шайгахь Iазап латточу оьрсийн паччахьна, оьрсийн Iедална иза дуьхьал хиларна вуьту. Витина ца Ia, цунна гIо до, иза ларво. Халкъ Зеламхехьа ду. XIyн йу Нохчийчоь? Ши бIе шовзткъе итт эзар аьрзонан бен бу иза! Вайн цхьана уездал бен йац иза, амма чугIорта ков доцуш, чIагIйина шатайпа гIап йу. Массанхьа а бIешерийн къена, йуькъа хьаннаш, лекха лаьмнаш. Лахара хьалахьаьжча, халла бен стигал ца гуш, кIорга чIажаш, гаттий тогIеш. ГIашлойнаш доцурш, кхин некъаш дац. Говрашна, варрашна тIехь дIасалела уьш. XIоpa дитт, кол, чхар гIап йу нохчочунна. Ас-м элира нохчашна цхьа а Iедал а, законаш а ца деза. Ткъа церан шатайпа законаш ду. Церан йукъараллин дIахIоттам а, кхетам а тайпанийн йукъараллин дIахIоттаман тIегIанехь бу хIинца а. Нохчий шатайпа магометанаш бу, бусалба динах кхетам лахара болуш. Уьш хьекъалца ца беха, дукхахдерг фантазица, бIаьргаш гушдолчуьнца, даго хьоьхучуьнца беха. ТIаьхьалонан ойла ца йо. Далла Iамал йо цара, Дала а, Мухьаммад пайхамара а бусалба адамашна тIедехкина декхарш кхочушдийриш Iаламат кIезиг бу царна йукъахь. Нохчийн демократи йу. Элий, дворянаш, лакхарнаш, лахарнаш бац. Массеран а цхьатерра бакъонаш йу. Вуьшта аьлча, уьш маьрша бу шайна луъург дан. Хьекъалечу, оьздачу, доьналлечу нехан сий ца до цара, зуламхочунна йукъаралло таIзар а ца до. Церан демократи а, маршо а разбойникийн демократи, маршо йу. Коьртехь хьекъале, оьзда, доьналле баьччанаш боцу, цхьа закон массара а лардеш, кхочушдеш доцу халкъ маьрша дац, иза декъаза халкъ ду.

Шен кофе дIа а мелла, дассаделла фарфоран жима зока охьахIоттийра Липрандис.

– Кхин а кечъе ас?

– Баркалла. Цкъачунна тоуьйту ас.

– Жимма коньяк?

– ТIаьхьа. Тамашийна хIума ду иза. Цхьа а Iедал, закон, барт боцчу оцу халкъо дезткъа шарахь Россина дуьхьал тIом бина.

– Нохчийн вовшашлахь бац барт. Уьш санна, вовшашца хьагI-гамо йолуш къам ца хаьа суна дуьненахь. Амма арахьара кхерам тIегIоьртича, вовшашна йукъара хьагI-гамо а, мостагIалла а дицдой, бертахь гIовтту уьш. Цундела нохчийн амалш йевзарг цецвер вац цара Россина дуьхьал дезткъа шарахь тIом барах. Нохчаша дин лелорах дийца гIоьртира со. Исламан кIоргалла ца йевза царна. Цуьнан кIорггера Iилма хууш молланаш кIезиг хиларна. Цундела бусалба динера кхета атта дерг, безамехь дерг схьаоьцу цара. Цхьа наггахь воцчо малар ца молу, томка ца узу. Цара дика тIеэцнарг шайн мостагIашка – гауршка, оьрсашка – цабезам бу. Гаур а вуьйш, ша вала кийча ву нохчо. Велча, хIумма а ца дов цуьнан. Дуьненахь къен-миска, меца, гаурийн Iедална кIел Iазапехь ву иза. Ткъа цуьнан кхетамехь, велча, вукху дуьненахь шена йалсамане, хIуьрлаIа мехкарий, шурин татолаш хирг хиларх теша. Къаьсттана, ша гаур вехь, йа гауро ша вехь. Нохчочун бахам хIумма а чолхе бац. Цхьа десятина латта, цхьаъ-шиъ бежана, ши сту, масех уьстагIа берг хьолахо лору. Дукхахболчу нохчийн латта дац, йа кIезиг ду иза. Куйна кIел, вертана кIел хоъал. Бежанаш, уьстагIий, доцца аьлча, даьхни доцурш дукха бу. Амма уггар къечу нохчочун а дика говр а, тоьлла герз а ду. Бераллехь дуьйна цхьа сатийсам бу нохчочун – шен майралла, хьуьнар гайтар. Гауршца тIамехь. Гауршна талораш деш. Оьрси-гаур ву цуьнан мостагI. Шен махка а веана, шегара цо мохк дIабаккхарна. Маршо дIайаккхарна. Ша лолле верзорна.

Пенах кхозучу доккхачу сахьте бIаьрг туьйхира Алексей Павловича. Исс сахьт долуш хан йара. ЦIа гена ваха ца дезахь а, дорце аравала сагатдора цо.

4

Арахь дарц жимма а лагIделла хиларе дог даьхна, коре а вахана, арахьаьжира Липранди. Iаьржа бода боцург, гуш хIумма а дацара. Амма чехкачу махо дегадора тIе лайн шатI хьахабелла коран ангалеш. Тховх хьалакхаччалц пенаца шкафаш чу хIиттийнчу безчу механ книгашка хьежа хIоьттира иза, хIусамден къамеле ла а доьгIуш.

– Тахана хIоьттинчу хьолах кхета вешан къоман дIадахнарг хаа а, цуьнан ойла йан а дезара вай. Делахь а вайна ца лаьа и хаа а, цуьнан ойла йан а. Сутаралла, къизалла йу вайгахь. Вайн пачхьалкхан йерриг а истори тIoм бу. ГIорасизчаьрца ваьш тIoм бо вай, нуьцкъалчаьрца – кхечу пачхьалкхийн союза йукъа а кхетий. ГIорасизчу халкъийн мехкаш дIалецна вай, цигара халкъаш вешан олаллина кIел дерзийна. Малхбузехьара, малхбалехьара, къилбехьара. Вешан гергара а, генара а лулахой. Цхьаболчара кIезиг дуьхьало йира, дукхахберш цхьа топ кхоьссина а, дуьхьало ца йеш, вайн олаллина кIел баьхкира. Амма нохчий вешан олаллина кIел бало гIерташ, цаьрца бIе шарахь гергга тIом бан дийзира. Нохчийчохь хIаллакьхиллачу оьрсийн салтийн хьесап далур дац. Уш бIе эзарнаш бу. Ткъа нохчий хIинца а, къарбелла, кIел ца севцца. Совца дагахь а бац. ХIокху тIаьхьарчу шийтта шарахь Зеламха ву оцу халкъан коьртехь. Даррехь вайн пpaвительcтвox воьлу иза. Цо ца деш хIун дисина? Дийнан делкъехь гIали чу а вогIий, гражданаш, банкаш, кассаш талайо. Маьрша дIасалела оьрсийн бахархой ца буьту. Губернаторна йийсаре вига кхерамаш туьйсу. Вайн эскарша гонна йукъахьовзийча, йукъара а волий, дIавоьду. Администрацин начальникаш бойу. Хьолахой йийсаре буьгу. Кхо де хьалха атамане Вербицкийга хаам бой, ГIизлара чу а вогIий, банк талайо. Зеламха разбойник ву, олу. ХIан-xIa, иза разбойник вац! Иза нохчо, нохчийн халкъан, Нохчийчоьнан имам ву! Цхьа а тайпа шеко йац вай зикризм олучу Нохчийчуьрчу уггар доккхачу вирдан коьртехь Зеламха хиларан!

– 1864-чу шарахь Кунта-Хьаьжа, лаьцна, ссылке вахийтича а, дIа ца тийнера цуьнан секта?

– Цхьана ханна. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь шен болх жигарабаьккхина цо. Къаьсттана Зеламха халкъан коьрте хIоьттичхьана. Оцу сектан масех шайх, лаьцна, ссылке вахийтина бохуш, хезна суна…

– Царах коьртаниг, Баматгери-Хьаьжа, Калугехь дIакхелхина. Цуьнан кIенташа а, гергарчу наха а, дIа а ваьхьана, даймахкахь дIавоьллина иза.

– И ца хезна суна.

– Кхин хаьий хьуна? Минусинскехь ссылкехь болу Зеламхин доьзал а, маршабаьккхина, даймахка цIа берзийна.

– ХIунда? Пхеа шарна ца бахийтинера иза ссылке?

– Хан гечйина. Шина шарна тIе охьайалийна. Пачхьалкхан Думера масех депутат а, юстицин министр а орцахбевллера. Зударий, бераш бехке дац Зеламхин зуламашна бохуш.

– Эрна дина гIуллакх ду иза. Шен доьзал ссылкехь болуш, жимма йухаваьллера Зеламха. Оцу шина шарахь хIара ду ала доккха зулам ца даьллера цуьнгара. Инженерийн комиссина тIелатар динчул тIаьхьа дIатийнера. Зикристаш меттахбевлла, боху. Балканашкарчу вайн вежарийн-славянийн туркошца тIом болабелча. Иза дуьххьара дац. Хонкаран, Россин йукъаметтигаш ийгIича, тIом хила гергабахча, йа тIом болабелча, нохчашна йуккъехь шайн пропаганда жигарайоккху туркоша. Макка боьлхуш а, цIа богIуш а Хонкарахула чекхбовлу нохчий. Коьртачу декъана цаьрца болх бо туркоша, царал совнаха, Нохчийчу шайн эмиссараш бохкуьйту. Ахь тидам биний, оьрсийн-туркойн тIом мосазза хуьлу, нохчий гIовтту? Ламанан кхидолу халкъаш ца гIовтту, нохчий гIовтту. Кхетамна тIаьхьабисина нохчий, шайга хаза хабар дийцича, атта теша, Iехало. Йуха а боху ас, Зеламха разбойник вац. Иза разбойник вара шийтта шо хьалха. ХIетахь цо оьрсий, нохчий талабора, бойура. Лаьцна, набахти воьллича, цигара ведира иза. Цул тIаьхьа нохчий ца хьабора цо. Амма оцу махкарчу гауршна ницкъ бора. ХIинца иза нохчийн имам ву. Цундела ша динчу зуламашна цхьа а тайпа таIзар доцуш, маьрша лела. Иза ларвеш ши бIе шовзткъе итт эзар нохчо ву. Оьрсий, шен халкъан мостагIий талабо цо. Къинхетамза хIаллакбо шайн халкъах бевлла йамартхой. Цуьнан дIаьндаргана кIелхьара ца бовлу уьш, гIуллакхера а, оцу махкара а дIабевлча а. Изза до цо оьрсашна а. Цо вен кхел йинарг вала веза, иза миччахь велахь а. Вайн салташца къинхетаме ву Зеламха. Цунна хаьа уьш шайн лаамехь Нохчийчу богIуш цахилар. Ткъа хьаькамаш а, йолахой а къинхетамза бойу. Зеламха дIатийна, наб кхетча санна, aммa вaй, оьрсий, нохчийн фанатизм марсайаьллачу, туркойн йатаганаш кIел вайн вежарийн-славянийн цIий Iеначу муьрехь наб кхетта Iахка ца деза. Нагахь санна 1877–1878-гIий шераш нохчаша карладаха ца лаахь.

Шкафийн къаьстинчу терхешна тIехIиттийна йара Кавказан исторех лаьцна книгаш. Ермолов, Потто, Дубровин, Зиссерман, Фадеев, «Кавказский сборник», «Акты кавказской археологической комиссии», «Сборник сведений о кавказских горцах» томаш а, «Военный сборник», «Русская старина», «Русский инвалид», кхин цхьамoгIa журналаш а. И литература дика йевзара Липрандина. ТIаккха пенаца боккхачу куза тIехула хьалаоьхкинчу герзашка хьежа вуьйлира. Уьш дукхахдерш кавказски герзаш дара. ХIусамдена совгIатана делла а, цо эцна а.

– Ахь Кавказан истори йуьйцу, Петр Иванович, – элира цо, шен кресло чу охьа а хууш. – ДIадахнарг. Тахана долуш дерг. Нохчийчохь ЗеламхагIар а, динан фанатикаш а, оьрсашна дуьхьал гIовттамаш а ца хилийта, вайн правительствос хIун дан деза аьлла, хета хьуна?

– Иза-м хетта оьшуш хIума а ма дац, Алексей Павлович! Нохчийчуьрчу зуламийн хьоста и халкъ кхетамна, культурина, экономически кхиарна тIаьхьадисар ду. Нохчийчоь вай къарйинчул тIаьхьа шовзткъе кхойтта шо даьлла, амма нохчашна йукъа Iилма даржорна а, культура, экономика кхиорна а пIелг пIелгах тоьхна хIума ца дина вайн правительствос. Нохчашца вайн тIом хилале хьалха, йа вуьшта аьлча, XVII бIешарахь хиллачу тIегIанехь йу церан культура а, экономика а. Нийсса аьлча, хIетахь церан хилла экономика а йохийна вай. Туьрций, цIарций. Талламхоша йаздарехь, хIетахь латталелор, даьхнилелор, накхаршлелор, бошмашлелор лакхарчу тIегIанехь хилла нохчийн. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тIамехь вайн эскарша хIаллакйира нохчийн йарташ, йалташ, бошмаш, хьаннаш. БIешерийн дохалла оцу халкъо къахьоьгуш, хьацарца кхоьллинарг дерриг а. ХIаллакьхилла лаьттаца белхан говзалла хилла ши тIаьхье а. ТIом чекхбаьлча тIекхиъна тIаьхьенаш хераевлла латталелорах, даьхнилелорах, кхечу къинхьегамах. Керлачу тIаьхьенийн говзалла, корматалла герз а, талораш а йу. Ткъа цаьрга и зуламаш дитийта, герз къинхьегаман гIирсашца хийцийта, уьш хьаналчу къинхьегамна тIеберзо уггар хьалха царна йукъа европейски цивилизаци а, оьрсийн культура а йаржо йеза. ШолгIа, шайн экономика кхио царна гIo дан а деза. Масала, йаккхийчу йарташкахь ишколаш схьайоьллуш, царна йуьртбахаман гIирсаш, стерчий, говраш, бежанаш эца кредит даларца. Ткъа оцу шовзткъе кхойтта шарахь Нохчийчохь цхьа а ишкол, цхьа а больница схьа ца йиллина вайн правительствос.

– Ахь дуьйцург коьртачарех цхьаъ ду, Петр Иванович. Амма коьртачарех хьалхарниг дац. Кавказ туркойн, англичанин бага йоьдучуьра схьайаккха гIерташ, бIешарахь гергга шен цIий Iенийна оьрсийн халкъо. Кавказ оьрсийн хила йеза, цигахь оьрсийн пачхьалкхан Iедал хила деза, цигахь бехаш оьрсий хила беза. Меттигерчу туземцел шозза-кхузза алсам. Уьш вайн пачхьалкхан, Iедалан тешаме а, онда а гIортор хила йеза. И хууш, шен хенахь Ермоловс дукха корта биттира паччахье а, правительстве а, амма цхьаммо а цуьнга ла ца дуьйгIира. Коьртачарех коьртаниг – Кавказехь дуккха а барамехь оьрсийн бахархой охьаховшор ду. ХIаъа, нохчашна йукъа европейски цивилизаци йаржо йеза. Цул а хьалха – оьрсийн мотт, культура, гIиллакхаш. Оцу Iалашонца схьаелла йеза вай нохчашна ишколаш. Кавказера кегий къаьмнаш русифицировать дан, уьш оьрсашна йуккъехь ассимилировать дан. Гуьржаша, эрмалоша, азербайджанаша хIокху тIаьхьарчу хенахь кортош айъина. Россех йозуш йоцу шайн пачхьалкхаш кхоллар а хьехадо. Суна хетарехь, и халкъаш кхераме дац вайна. Гуьржий а, эрмалой а цкъа а Россина дуьхьал ца гIевттина. Цкъа-делахь, вайца цхьана керста динехь ду и къаьмнаш. ШолгIа-делахь, Россица, оьрсийн халкъаца ийгIича, шаьш туркойн олаллина кIел дахарна кхоьру уьш. Азербайджанцаш бусалбанаш бу, цундела церан дог-ойла бусалбачу туркошкахьа йу. Амма Гуьржийчохь, Эрмалойчохь бехаш дуккха а азербайджанцаш бу. Хонкарахь дуккха а эрмалой бу. Цигахь туркоша ницкъ бо эрмалошна. ДIадаханчу шарахь, Хонкарара ведда, 50 эзар эрмало веана Эрмалойчу. Азербайджанашка шайн исторически мостагIашка санна хьуьйсу эрмалой. Гуьржийн а, азербайджанийн а йукъаметтигаш иштта ира йац, делахь а оцу бусалба а, керста а шина къома йукъахь цкъа а барт хир бац Россина дуьхьал. Цундела Закавказьехь йаккхий политически гIовгIанаш хила тарло, амма Россина уьш кхераме хир йац. Кхерамениг Нохчийчоь йу. Кавказехь коьрта питанча. Иза ша цхьаъ ларор йац Россица. Ткъа ламанан халкъаш цхьаьна а тоьхна, церан коьрте а хIиттина, уьш Россина дуьхьал гIовтто Шемал санна хьекъале политически а, динан а гIуллакххой нохчийн бац. Нагахь санна и халкъ, цхьа а стаг дийна а ца вуьтуш, хIаллак ца дахь, йа цхьа стаг оцу махкахь а ца вуьтуш, Россин къилбаседа губернешка а, Сибрех а кхалхийна, шишша-кхоккха доьзалш цхьанхьа а ховшош, дIаса ца баржабахь, нохчаша цкъа а Кавказехь машар, синтем хила ца буьтуш, даим а сагатдийр ду вайн.

– И ши Iалашо кхочушйан а гIиртира вай, гIуллакх ца хилира, – доккха садаьIира Липрандис. – ХIинца иза хьехочохь а дац. ХIара ткъолагIа бIешо ду. Цивилизацин зама. Дуьненан пачхьалкхаша а, халкъаша а могуьйтур йац ишта къизалла.

ТIаьххьара цхьацца рюмка коньяк а, цхьацца кофе а мелча, хIусамден Iодика а йина, дегаза буьрса дарц хьийзочу аравелира Липранди.

ХХVI корта. Iелин кхоллам

Къонах бохамехь вевза.

Ф. Вольтер

1

И аьхке а дIайахара, Гати-Юьрта хIара ду аьлла, керланиг ца дохьуш. Цхьа кIира хьалха регIа баханчу нахана Iаьрчхехь, до санна вистина, шен тоьли чохь велла Iуьллуш карийра Мусха. Иза тийна дIа а воьллина, цхьана дийнахь тезет-белхар а латтийна, бутт балале вицвира наха.

Крымера схьа кехат деара Мударан а. Шаьш могаш ду, болх къинхьегаме а бац, Iелас бийцинчу помещикийн бахамаш ларбичахьана, даа-мала а, тIедуха а ду. Амма сагатло. Делахь а, сатоха деза. ТIелаьцна хан чекх ца йаьлча, цIа догIийла йац. Шаьш бертахь йа бертаза цIа дало нохчийн йарташна тIера шайна тIаьхьаваийтина Гермачигара Визин Хьомстха, лаьцна, цигахь набахти воьллина бохуш, йаздора цо.

Iусманца ирзе а вахана, суьйранна чувеанчу Iелина цIахь шега деана кехат карийра.

БIаьрг ма-кхийтти, хиира цунна, иза шен накъосташкара дуйла.

Кехат Николазера дара.

Цо хIун йаздо хьажа сатесначу Iелас, тIера сов бедар дIа а йаккхале, туьлуш лаьтта ламаз а дитина, охьахиъна, конверт схьайиллира.

«Суна хаьа, со тийна Iарна хьо оьгIазвахана хир вуйла. Хьуна ма хаьа тхоьгара хьал, тхо тхешан лаамехь нах цахилар. Бехк ма биллалахь суна.

Оха хьоьга йийцина зама тIекхача герга йу. Йерриг Россехь йаккхийчу шахьаршкахь белхалой герзаца гIовтта кечлуш бу. Кху аьхка дуьйна хьолахошца къийсам латтош бу тхан ахархой а. Хьуна уьш дерриг хууш хила тарло. Революцин байракха кIел, маршонехьа латточу къийсамехь цхьаьнакхетар ду вайн мехкан дерриг а къинхьегаме адамаш. Тхоьца хир бу оьрсий, гуьржий, эрмалой, азербайджанцаш, украинцаш, ламанхой, кхиберш. Церан массеран Iалашо цхьаъ йу: дерриг халкъашна ирсе, токхе, нийса дахар кхоллар. Амма хьоладайшкахь хIинца а боккха ницкъ бу. Цара питанаш туьйсу къаьмнашна йуккъе. Йамарт а хилла, тхох дIакъаьстина тхан партехь болчу нехан цхьа тоба. Царах меньшевикаш олу. Большевикех бен ма тешалахь, уьш бу хьуна къинхьегамхошна, къаьмнашна маршо а, нийсо а лоьхурш. Ткъа Ленинах, оцу башхачу стагах, ас дуьйцур ду хьуна, вай вовшахкхетча.

Хьоьга кхаъ боккху ас: вайн Петр дукха хан йоццуш лечкъина цIa веана каторгера. Тхойша цхьаьна ву. Доггах мара а вуллуш, хьан майра куьг лаца хьаьгна тхойша.

Ткъа хIун деш бу нохчий? Тхуна хезна, шун цигахь а Iедалца девнаш хуьлу бохуш. Варийлаш, ларлуш хилалаш, шаьш Iexa ма дайталаш. Миша а, Кирилл а маьрша ву. Россехь шайн гIуллакхдеш бохку уьш. Датико хIинца а каторгехь ву.

Тхоьгара довха маршалла ло вайн вежаршка – нохчашка. Петр, Николаз».

Iелас йух-йуха а доьшура и кехат. Цунна дицделлера тилла даьлла ламаз а, шен мацвалар а. Ца хааделира кIез-кIезиг малхбузехьа, регIал тIехьa, де къайладолуш а. Цуьнан ойланаш генарчу Гуьржех, лаьмнашца кхерстара. Хеталора, и кехат доьшуш, шена и шиъ гуш, цаьршиннан къамел шена хезаш санна.

Коьрте хьийзачу ойланаша наб дIайаьхьнера цуьнан.

Сибрехь волуш Iелас нийат динера, нагахь ша мацца а цкъа даймахка цIа а верзахь, могашалла а хилахь, Хонкара а вахана, цигахь дозанехь вийна дIавоьллинчу шен вешин Аьрзун а, цуьнан доттагIчун Чорин а кешнашна тIехIотта. И шен нийат дицделла ца Iapa иза. Амма и кхочушдар дIатеттира Нохчийчохь хIоьттинчу чолхечу хьоло. Иштта чолхе хьал дара хIетахь гуьржийн, эрмалойн мехкашкахь а. Цкъа хьалха – революци, тIаккха – ахархойн гIовттамаш, белхалойн забастовкаш, стачкаш. Оцу хьелашкахь кхераме дара Хонкара ваха новкъавала. Сибрехь шеца хан йаьккхинчу шина накъостера кехат деача, и шен нийат кхочушдан сацам хилира цуьнан. Цига дIасавоьдуш Петр, Николаз гур ву. Нийсса аьлча, хIapa йурт къахьйеллера цунна. Дера, хIокхуьнгара сингаттам хуучу наха мосазза а цуьнга зуда йалор а ма хьахийнера. Йуьртара а, гондIарчу йарташкара а хIокхуьнан хенара, хIокхул къона а, куьце а, оьзда а, хIокхуьнга бахка реза а болуш зударий ма хьехабора. Амма Iелас, баркалла а олий, гIиллакхехь совцадора и къамелаш. Хилларг шена эхь долуш гIуллакх дацахь а, цунна хала дара Айзин маре йахар дицдан. Шa цхьана мосазза вуьсу, цуьнан шен бертаза дагаоьхура шаьшшиннан къона хан, доза доцуш боккха безам, кхолламо къестош, вовшех хьоьгуш, вовшашка сатуьйсуш йаьккхина хан. Къанделлачу хенахь шаьшшиннан дегнашна хилла чевнаш.

И чевнаш хенан йохалла йерзаре сатуьйсура цо. Амма уьш ца йоьрзура. Уьш шеца коша хьур йу Iелас. Цхьана ханна йуьртара дIаваьлча, мелла а сакъерадаларе дог а дохура цо. АьрзугIеран кешнашна тIехIоттар а хир. Хонкарахь Аьрзун кIант Мохьмад кароре дог а дохура цо.

ХIокху лаьмнашкахь керла дарц дала герга ду. Цуьнан мархаш хьийза стигалахь. Нагахь халкъ Iедална дуьхьал гIаттахь, йуьстахваьлла Iойла а дац цуьнан. ГIеттинчу халкъана шен коьрте хIитто майра, хьекъале, доьналле къонахий оьшу. Тахана Нохчийчохь уьш хиларх шек ву Iела. Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу, xIoрш оьшуш чекхбаьллачу къизачу тIамо а, тIaьxьa паччахьан Iедало а къинхетамза хIаллак а бина, Iожалло дIа а баьхьана и къонахий. Нохчий а бац хьалхалернаш. Цхьаберш, кхерабелла, кIелсевцца, кхиболчара маршонах догдиллина, бисинарш бен доцуш хьуьйсу шайгахь латточу Iазапе. Цул совнаха, халкъана йукъабаьржина дуьненан хьолах Iедало эцна нах. Нохчийн совдегарш, эпсарш, мехкадай. Шайн долахь бIеннаш десятинаш латтанаш, эзарнаш кортош даьхни, туьканаш йолуш. Царна бала а бац Iазапехь доллучу шайн халкъаца. Шайн нохчий а бацабо цара. Уьш кийча бу муьлххачу паччахьана, муьлххачу Iедална, Иблисана а муьтIахь гIуллакх дан. Цара шайн бахамаш, хьал, даржаш лардичхьана. Цара дуьтур дац халкъ барт хила. Халкъан барт хилахь, иза, паччахьан Iедална дуьхьалдаьлла ца Iаш, шайна а дуьхьалдер дуйла хууш.

И барт бац халкъан. Муха хуьлу, дукхахболу нохчий ийманах а, оьздангаллех а боьхна хилча. Халкъ гIоттур-м ду, амма йуха а эшам хуьлуш доьрзур ду. Даим санна. ЦIий а Iанийна. Эзарнаш адамаш хIаллак а хуьлуш, эзарнаш махках а дохуш.

ХIинца хIокху дуьненахь бисина цхьа а сатийсам бац Iелин. Iусман а, цуьнан доьзал а дIатарбелла. Къен белахь а, нах санна дIатарбелла. Iелас сагатдеш цхьа xIyма дара. Седин кхоллам. Шен йоI ца хилла дела йеза хир йара цунна иза. Седа дукхайезара Iелина. XIopa дийнахь иза ша волчу йаре, иза гape сатуьйсура. Седа шен xIycaмe йеача, ша хьалха лайна баланаш бицлора цунна, хIинца шен кийра ботту баланаш дIаайалой, дог декхалора. Седа гича, цунна карлайолура къона Айза. Иза чIогIа тера йара цунах. Iелас дукха ойла йора Седин. Iелина иза дуьххьара гича, пхийтта шо дара цуьнан. Хан мел йолу дегI доккхуш, хазлуш, куьце кхуьура иза. Оьзда йара, ши куьг дашо дара. Иза цхьана оьздачу стаге, оьздачу доьзале маре нисйала лаьара Iелина. Амма Гати-Юьртахь вацара Iела резаволуш стаг. Цхьа Овхьад воцург. Овхьад хьекъале, майра, оьзда къонах ву. Дуьненан Iилма а, бусалба динан Iилма а хаьа. Дуьне, адамаш девза. Йуьртахь а, махкахь а сий ду. Къона волуш махках а ваьккхина, ткъе бархI шарахь халонаш лайна, ирсан мах хуур болуш а вара. Амма иза Седел ткъе шийтта шо воккха ву. Iелас тардолуьйтура иза. Иштта къона йоIарий шайл шовзткъа, шовзткъе итт шераш баккхийчу нахе маре а боьлхуш, ирсе бехаш меттигаш дукха йара.

Iелас и захало хьахийра Ахьмаде а, Айзе а. И шиъ резахилира. Овхьада йуьхьанца дуьхьало йира. Шен шовзткъе кхойтта, Седин ткъе цхьаъ шо ду, кхин ткъа шо даьлча, ша къанлур ву, ткъа Седа шовзткъа шаре йаьлла, дуьненах самукъадолу хан йолуш, къона зуда хир йу. ТIаккха шаьшшиъ цхьаьнадогIур дац, бохура цо. Седа резахилира. ДIадаханчу шарахь и захало дира Iелас. ХIинца Овхьадан, Седин жима кIант ву. Болат. ХIинца, ша тахана велча а, шек ца волу Iела.

ШолгIачу дийнахь, шаьшшиъ цхьаьна висча, сийсара шен хилла сацам кIанте бийцира Iелас.

Iусман воьхна хьаьвзира:

– Цигахула лела могашалла ма йац хьан, дада. Иза гена некъ ма бу.

– Могашалла-м, Дала мукъалахь, хIинца цкъа дика йу сан. Ткъа геналлех дерг аьлча, ас Сибрехара цIа вогIуш бинчу некъаца буьстича, Хонкаран дозане некъ уьттазза боца бу. Гуьмсехь цIерпошта тIехиъча, цхьана-шина дийнахь дIакхочур ву.

Ден нийат дохо а ца лаьара Iусманна. Амма массара а велларг лерина, вицвина лаьттина, ткъе берхIитта шо даьлча, Дала шайна схьавелла къена да дIахеца а ца лаьара. ХIинца вахча, иза йуха ца верзарна а кхоьрура. Къена ма ву иза. Iожалла а ма йу къоначарна а, къеначарна а тIаьхьахIоьттина лелаш…

– ХIета, хьо Iанне а ца Iахь, цхьаьний гIур ву вайша.

– Хьо ца оьшу. Суо гIyp ву со. Хьан цIера волийла дац. ЦIахь а, кхаш тIехь а шopттa болх бу.

– Хьеха ма делахь!

– ХIан-хIа, Iусман. Со-суо вахана вогIур ву. Къоначарна кхераме ду цигахула лела. ХIара синтем боцуш зама йу. Доьзалца цIахь хила веза хьо. Ткъа суна са ма гатде. Дала мукъалахь, могаш ву со. Суна оьрсийн, туркойн, Iаьрбийн меттанаш а хаьа. Гуьржашца бийца гIеххьачул церан мотт а хаьа. Гена некъ ма бац цига. Мохьмад лоьхуш ца хьелахь, цхьана баттахь цIа вогIур ву.

Цхьана йукъана йуьхь кхоьлира Iелин. Шовзткъе ворхI шо хьалха, Аьрзу а, Маккхал а, Чора а Хонкара ваха кечвелча, шен а, Аьрзун а хилла къамел карладаьккхира цунна хIинца шен а, Iусманан а хиллачу къамело. Iелина ца лаьара шен цхьаъ бен воцу ваша, ша уллохь а воцуш, гена махка вахийта. Аьрзу дуьхьал вара Iела шеца ваийта. Хьан зуда а, ши кIант а ду, хьо цIера ваьлча, керт йаьсса йуьсу, цIахь Ie, бохура цуьнга. Амма Iела ца къарвелча, мара а воьллина, цуьнан коьртах куьг хьаькхира Аьрзус. Мацах тIамо да-нана, йижарий-вежарий байъина, жима волуш шаьшшиъ цхьалха висинчу хенахь санна…

Деган цхьана кIоргехь халла хаалуш кхераман пха бетталора Iусманан. Даго диканиг ца хьоьхура. Делахь а деца къийса бакъо а йацара. Ахьмаде орца ала сацам бира цо…

2

Iела Хонкара воьду боху хабар сиха даьржира йуьртахь. Ахьмаде а йуха ца ваккхавелира иза шен сацамна тIера. ХIара зама синтеме йацарна, новкъахь цунна цхьа бохам хиларна кхоьрура иза а, нах а. Амма IабдигIарна боккха кхаъ хиллера цунах. Цхьана ханна иза кхузара дIавалар а маслаIат хетара царна. Цигара иза йуха цаверзаре дог а дохура.

Iела кхана новкъаволу аьлча, тховса суьйранна цуьнан хIусамехь мовлад деша гулбелира нах. Iела могаш-маьрша цIаверзор доьхуш, Деле доIанаш а дина, цуьнан Iодика йеш дика мел дерг а аьлла, дIабахара. ТIаьххьалц иза волчохь севцира Ахьмад, Лорса, Овхьад, Соип, Янаркъа, кхин масех а.

Iелас царна дийцира шаьш Хонкара кхалхар, цигахь шаьш лелийнарг, лайна халонаш, хьегна баланаш, тIаьххьара а даймахка цIa верза новкъа ваьлла ши эзар сов нохчо, дозане кхаьчча, туркоша тIе йаккхий тоьпаш а йетташ, йухаверзор а.

– Эрчонаш дукха гина вайна. ТIамехь. МостагIаша вайн йарташ йагош, зударий, бераш дойуш а. Амма оцу дийнахь цигахь хIоьттина сурт шатайпа дара. Хийрачу махкахь мацалла ца дала шайн даймахка цIа гIоьртира ши эзар сов адам. Къена нах, зударий, бераш. Адамаш аьлча а, адамийн чархаш, гIаларташ дара-кх. Чохь синош ду аьлча, стаг тешар а воцуш. Царна дуьхьалдаьхнера туркойн а, оьрсийн а эскарш. Уьш шайн даймахка цIа ца берзийта. ГIуллакх оьрсашка ца долуьйтуш, тIе йаккхий тоьпаш йетташ, йуханехьа лаьхкира уьш туркоша. Уггар хьалха вуьйжира Чора, тIаккха Аьрзу. ТIаккха и тогIи йуьзира зударийн, берийн декъаша…

Хонкара кхелхинчеран кхоллам буьйцу-м дукхазза а хезнера чохьболчарна. Амма цул тIаьхьа иттаннаш шераш девлча, и дерриг шен бIаьрга гинчо дуьйцуш, лерина ладоьгIура цара.

– Бусалбанаша бусалбанашна тIехь и къематде хIоттийна бохучух тешар вацара-кх со, Iела, иза кхечо дийцинехь! – элира Лорсас. – Дала дихкина ма ду бусалбано бусалба вер…

– Дуьне къийса боьлча, ца хоьржу бусалба а, керста а, – йукъавуьйлира Ахьмад. – Бусалбанаш хилла ца Iаш, цхьа нохчий долу вай а дац ткъа вовшийн дойуш? Шемалан заманахь вовшех лийтира, тайпанашка а декъаделла. Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьллачу хенахь цунна дуьхьал леташ а бара нохчий. Оьрсийн эскарийн могIаршка а хIиттина. Тахана вайга безам болуш Iаш бу ткъа IабдигIар, ХьуьсагIар?

– Туркойн эскарша тхуна тIе йаккхий тоьпаш йеттарх, туркойн халкъ бехке дан мегар дац, – элира Iелас. – XIeтахь цига кхелхинчу масех эзар ламанхоша Iаламат холчухIоттийнера бухара туркой. Шаьш мел къен-миска белахь а, тхуна гIo дора. Кхачанций, хIусамашций. Массо aгIop а тхан дог эца гIертара. Дозанехь тхуна и бохам хилча, орцах баьхкира гондIара туркой, курдой, гуьржий, эрмалой. Байъинарш дIабухкуш гIo а дира, дийна бисинарш кIелхьара а бехира. Цхьана къоман кIеззигчу нахах зулам даьлча, и къам дерриг бехке до. Ткъа оцу къоман кIеззигчу наха дина дика церан шайн цIарах кхайкхадо, йа дийца а ца дуьйцу. Вон халкъаш дан а дац дуьненахь. Уьш дерриг а цхьана Дала кхоьллина. Амма xIopa халкъана йукъахь зуламе адамаш ду. Нохчашлахь а хIумма а кIезиг дац йамарт, зуламе, оьздангаллех доьхна адамаш. Уьш гуш ду вайна. Халонгахь девза адамаш. Сибрехь соьца лагерехь бара массо къаьмнех нах. Майра, оьзда, хьекъале къонахий а бара царна йукъахь дуккха а, адамаллех цхьа чо боцуш нах а бара. Дерриг а Дала кхоьллина ду-кх вай. Диканаш а, вонаш а.

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают