Читать книгу: «Дарц», страница 36

Шрифт:

Караловс дуьйцучарех цхьадерш хаьара Михеевна. Цунна хаа луург кхин дара.

– Зеламха схьалаца йа хIаллакве, боху Тифлисера схьа. Иза дийна мел ву, хIокху областехь машар, синтем хир бац. Ахь а, Морганияс а мосазза а дош делла цуьнца дерг чекхдаккха. Хан дIайоьдуш йу. Ткъа Зеламха дийна ву. Дийна а ву, маьрша а ву. Хьо хIун деш ву, хIун дaн ойла йу?

Караловс шена хьалхарчу кехаташна йуккъера цхьаъ схьаийцира.

– Йуьхьанца суна моьттура эскаран дакъошца тIаьхьателлича, Зеламха хIаллаквалур ву. Иза аьттехьа а ца хиллера. ТIаьхьадаьхна адамаш алсам хилча, цунна атта хуьлу къайлавала а, ларвала а. Вайнчул дика болх беш, йоккха агентура йу Зеламхин. Цундела цунна дуьхьал къайлах болх бан шатайпа команда вовшахтоьхна ас. Оцу командехь бу Жима АтагIа, МахкатIе, Шела, Эвтара, кхин цхьамогIа йартийн йуьртдай. Йалх стражник а, ДегIастанан полкера йалх дошло а. Итт нохчо, йалх суьйли. Йалхитта стаг. Майра, хьуьнаре, доьналле. Къуръан тIехь дуй баийна ас царна разбойник Зеламха хIаллаквеш вовшашна тешаме хила, тIаьххьара цIийн тIадам ца кхоош, вовшашна гIо дан, вовшашна йамартло йан дага ца даийта а. Цул совнаха, ламанхойн гIиллакхехь, вовшийн цIий эдеш, шаьш вежарий кхайкхийна цара.

Михеевс, резахилла, корта теIабора.

– Кхиам буй церан?

– Бу. Царна лар карийна Зеламхин.

– Иза-м кхиам бац, подполковник. Зеламхин лорах вай лела кхойтталгIа шо ду!

– Иза маьрша дукха леларг цахиларх хьо тешо лаьа суна, хьан Локхалла. Зеламхас дIа мел боккху ког хаьа суна.

– ХIинца мичахь ву иза?

– Мичахь ву хуург карийна тхуна. Цомгаш Iуьллу Зеламха. Айкхо ца дуьйцу, иза мичахь Iуьллу.

– ХIунда?

– Ахча доьху.

– Зеламха схьавеллачунна вай кхайкхийна берхIитта эзар сом ду.

– Айкхо ткъа эзар сом доьху.

– Ткъа эзар дац. Нохчашкара даьккхина итт эзар а, Iедало къастийна бархI эзар а.

– Ткъа эзарна тIера лаха ца волу иза. Ас дукха къийсина цуьнца.

– Мила ву и айкх?

– Вежарий БортиговгIар. Шелара. Амма ас поручик Кибировна тIедиллина, царна тIаьхьара ма валалахь аьлла.

– Дог дохийла йуй ткъа?

– Йу. И вежарий шаьш а бу Зеламха хIаллакван лууш. Царах цхьаъ вийна цо. Хетарехь, берхIиттаннах резахир бу уьш. Царна ши пайда хуьлу – мостагI вер а, ахча а.

– Мел хан йезар йу хьуна?

– Лаххара цхьа бутт хан.

– Дика ду. Иза хьан тIаьххьара дош лорур ду вай.

Шен кехаташ, дIа а хьарчийна, папки чу листира Караловс.

– Хьан Локхалле цхьа дехар ду сан. Шайна тIедехкина декхарш доггаха, дуьззина кхочушдинчу МахкатIан, Жимачу АтагIан йуьртдайшна, стражникана Гайтукаев Муслимана, дошлочунна Муртазалиев Iабдул-Межедана баркалла а олуш, дораха хилча а тарло, совгIаташ далар.

– Дика ду. Кхечара масал оьцур цаьргара. Рапорт йаздай, сан гIоьнче дIалохьа.

2

Шелана гена доццуш, Хулхулон тогIи уллохь, хьуьна йистехь ша лаьттачу цIа чохь цомгаш Iуьллу Зеламха. Кхузахь цхьа а лулахо вац. ЧувогIуш стаг а вац. Атталла Йовмирзин доьзал а бац кхузахь. Шелахь бу. Зеламха кхуза воссале Шела дIабигна. Хьанна хаьа, Зеламха кхузахь хилар бераша гIарадаккхахь а.

Кхузахь Йовмирзин кха ду. Цхьа урд хиллал. ХIокху шарахь хьийкъина хьаьжкIаш хилла цунна. Дийнахь сарралц уьш чуйерзош болх бо цо. Цкъа хьаькхна охьайехкина. ТIаккха мор оьцуш, такхораш дина. ХIинца лоьдгех цIанйеш ву, гIодмийн цIевнаш а доьхкуш. Кийча цIевнаш такхора а хIиттош. ГIоьнна зуда а, бераш а ца даладо. Шa цхьаммо дIалуьсту цо хьаьжкIаш. Масех бежана а ша Iалашдо. И берриг болх шен йаьIни тIе лаьцна Йовмирзас. ХIара цомгаш волу Зеламха арахьарчу кхерамах ларван.

Зеламха цамгаро лаьцна. Меттахь висина а вац иза, амма дено-дено дeгI гIеллуш, ницкъ оьшуш, кIелвиса гIерта. Наггахь дaгe лазар лелха, садаIар хала хуьлу. Даим дIа дeгI шелло, хорша йолуш санна. ХIусамдех эхь ца хетча, буса тIехуларчу духарца охьавуьжур вара иза. ХIокху кхойтта шарахь даим дeгI цIена леладора Зеламхас. Йовхачу хенахь аьтто хуьлура ламанан хиш чохь лийча. Шийлачу хенахь ша эвхьаза волчу нахехь, хи а дохдойтий, луьйчура. Iожалла ма йара, кIажош хьоьшуш, тIаьхьахIоьттина лелаш. ЦIеххьана цо катоьхна вожавахь, дeгI цIена хила лаьара. Маж-мекх а, шен хенахь лоргуш, тамехь латтадора. ХIокху тIаьххьарчу хенахь дегIан доладан аьтто ца нисло. Сих-сиха хийца беза меттамотт. Караловн, Морганиян, Кибировн айкхех ларлуш, цхьана йуьртара кхечухьа кхелхаш. Дено-дено хала хуьлу цунна и некъаш дан. Ницкъ бац. Азвелла. Йуьхь йуткъайелла. Маж-мекх дахделла. Хьехахь хан йоккхуш, цхьацца белхаш беш, куьйгаш а шагделла.

Нохчийн масех лоьро дарбанаш лелийна цунна. Цхьацца бецийн муттанаш, хьорамийн чай мийлош, моз даош, саьрамсаькх, хох, моз эдеш бина белхьам баош. Цхьацца йараш, ножан ковсташ кхехкош, церан Iаьнарна тIехийшош а. Амма цамгар дIа ца къаьста. ХIокхунна дарбанаш лело оьрсийн лор вало а, цхьанхьа шахьара хIара дIавига а ца баьхьа.

ХIинца гуьйренан хьалхара бутт болабелла. Кестта йочанаш йуьйлалур йу, тIаккха Ia тIедогIу.

XIapa цамгар дeгIax дIа ца къаьсташ, Iаьнна кIел гIахь, цунах xIyн хир ду-те…

Сибрехара цIа берзийна цуьнан доьзал. Соьлжа-ГIалахь бу, боху, МирзогIеран доьзалехь. Набахтехь санна, гонаха салтийн ха а хIоттийна. Ши шо сов хан йу цунна зуда а, бераш а газа. Шо гергга хан йара цаьргара хабар хазаза а. ХIинца цаьргара хьал-де хаьа цунна. Уггар хьалха тIекхаьчнарг шийла кхаъ бара. Сибрехь цуьнан жима Ахьмад а, Солтамурдан Лом-Iела а велла. Ма йоьхна хьийзина хир йу Беци а, Зезаг а. Нохчо-м хьовха, цхьа а бусалба а воцчу оцу пана махкахь. Шениг валар-м ца Iаьткъинера Зеламхина. Цуьнан хIинца а ши кIант ву. Мохьмад а, Iумар-Ieлa а. Солтамурдан цхьа кIант бен ма вацара. Кхин бер а ма дацара. ТIаьхье ца йисина цуьнан. Атталла йоI а. Бийсолта а велла зуда йалоза. Жима волуш. Пхийтта шо долуш. ХIинца Зеламхин кхаа а вешин тIаьхье йац… Хасин, Солтамурдан, Бийсолтин. Кхуьй а вийна…

Деа берах а хIун хир ду-те? Муслиматах, Энистах, Мохьмадах, Iумар-Iелех? Зеламхин дуккха а чIирхой ма бу. Шина йоIана-м кхерам бацара цаьргара. Зударех чIир ца йоькху. Шина кIантана а кхерам бац хIинца цкъа. Пхийтта шераш кхаччалц. ТIаккха…

3

Боьртаган кхаа кIантах жимахволу шиъ Iедалан балхахь вара. ШахIаб – паччахьан эскаран эпсар, Шедид – хIокху лаьмнашкахь некъаш дохкуш а, тодеш а белхаш бойтуш подрядчик. Нохчийн хьолахошка нисбелла бацахь а, шайна тоъал хьал-бахам бу церан. Нохчо вузарх Iебаш вац олуш, кица ду. Шайн бахамах тоам ца хуьлура царна а. Шайл хьоле болчаьрца нисбала а, лакхабовла а лаьара. Зеламхин коьртах кхайкхийна берхIитта эзар сом, къахьега ца оьшуш, ишттанехьа карагIертара царна. Ткъа шаьш къайлах лелийна йамартло, тешнабехк гучубаьлча, шайна а, тIаьхьенна а эхь хиларан, халкъо неIалт кхайкхоран ойла ца йора цара.

Ткъа цхьана стагана хууш лелийнарг къайлехь ца дуьсу. Мацца а цкъа гучудолу халкъана. Iедалца лелийнарг диссане а ца дуьсу къайлехь. Йозанца Iедална тIебаьхьана мотт а кехат тIеxь буьсу. И кехат Iедало лардо. Къайлахчу айкхийн цIераш а ларйо. Итт, шовзткъе итт, бIе шо хан йаьлча, и документаш халкъалахь Iорадоху. Цуьнан ойла а ца йо йамартхоша.

Сутаралло а, йамартлоно а къизаллина тIетоьтту уьш. Ткъа и кхо сакхат дагца, ойланца, дегIаца долчу стеган кханалерчу эхартахь Делерчу къинхетаме догдохийла йац. Уьш Делах а, къематдийнах а тешаш, кхоьруш цахиларна.

Поручик Кибировца а, кхечу эпсаршца а даррехь гергарло дара БоьртагагIеран шина кIентан. Шайн хьолаца а, даржашца а цаьрца цхьана тIегIанехь лорура шаьш. Цундела мотт эцна Кибировна тIе къайлах баха ца дезара церан. Поручик цаьрга хьошалгIа а вогIура, уьш цунна тIе а боьлхура. Дерриг халкъана а гуш. Цунах дозалла а деш.

Тахана ШахIабан хIусамехь хьошалгIахь ву Кибиров, Шелан йуьртда хIири Дослихов Михаил а. Стоьла тIехь шун хIоттийнера. Дерстина жижиг, ахьаран галнаш. Саьрамсаькхан кIон берам. Кхерзина котамаш. Сийна хохаш. Дика чай. Коьртаниг – къаьркъа а. Йукъ-кара ШахIаба къаьркъа дуттура стаканаш чу. Хьешашна – алсам, шена – кIезиг. Баккъал аьлча, ШахIаб ша молуш а, маларе безам болуш а вацара. Иштта, ша волчу хийра хьаша нисвелча, гIиллакхна маларх къурд бора.

Хьешашна хIун оьшу хьожуш, сих-сиха чувогIий тIехIуттура Шедид. Кортош дукха дохдалале, шаьш цхьаьнакхетаран Iалашонах лаьцна къамел дира Кибировс:

– Ахь дийцинчун хьокъехь подполковника Караловн къамел хиллера Михеевца. Инарла дуьхьал вацара хьуна ткъа эзар сом такха. Амма шен долахь оццул ахча дац, аьллера цо. Нохчашкара даьккхина итт эзар а, Iедало къастийна бархI эзар а бен. Ткъа Михеевн метта областан начальник хIоттийна инарла Флейшер пис стаг ву. Хьо резавелахь, и берхIитта эзар ло цо, цул сов цхьа кепек а дац шен, боху.

– Ткъа эзар соьмана тIера охьаволийла дац сан.

– Ахь ойла йиний, ШахIаб, хьо оьрсийн эскарехь, оьрсийн эпсар хилла хиларан? Ахь дуй ма биъна паччахьна тешаме хила!

– Со тешаме ву сайн дуйнна. Ас ларбо иза.

– ХIан-xIa, ШахIаб, ахь шалхо лелайо. Хьуна хаьа, Зеламха мичахь ву. Амма хьайна мах ца белча, ца дуьйцу ахь. TIе, мах а къуьйсу. Со санна, оьрсийн эскаран эпсар ма ву хьо, тахана эскарехь гIуллакхдеш вацахь а. Со санна, оьрсийн паччахьан йалхо ма ву хьо. Хьайн дуйнна баккъал а хьо тешаме хилча, ахь маьхза йийца ца йезара Зеламха волу меттиг? Йийца а ца йуьйцуш, айхьа лаьцна, Iедале схьавала ма везара ахь. Иза хьан декхар ма ду! И хьайн декхар ахь кхочуш ца дахь, Iедало марахдоккхур ду хьуна.

– Цкъа-делахь, поручик, со эскарехь гIуллакхдеш вац. ШолгIа-делахь, суна ца хаьа Зеламха волу меттиг. Иза кхечеран къайле йу. Со церан а, Iедалан а йукъарлонча ву. Зеламха мичахь ву хуучу стага, шена ткъа эзар ца делча, иза волу меттиг ца йуьйцу, боху. Ас иза дIааьлла Караловга а, хьоьга а. Аш схьааьлларг оцу стаге дIa а эр ду.

Кибировс чай дийхира.

– Мичахь ву и стаг? Ас айсса дийр ду цуьнца къамел.

– Иза-м генахь вац. Амма цунна луур дац хьуна гучувала.

– ХIунда?

– Айкхана шен цIе къайлехь йиса ма лаьа. Иза берхIиттанна тIе охьавало хьожу со.

…ШахIаб гена ца велира. ЦIенош чуьра ара а ца велира. Кхечу цIа чохь вара цуьнан йуьртахо а, дика нохчийн мотт хууш цхьа дегIастанхо а.

– БерхIиттаннал хьала ца бовлу уьш. Цунна реза вуй шуьшиъ? – хаьттира цо цаьршинга.

– Жимма ладугIур оха. Ткъанна тIера йуха ма вала.

– ХIинца дуьйна дIа йочанаш хир йу, тIедогIуш Ia ду. Кхечо мотт баьхьана, Iедало иза вийча, йа иза цамгарх велча, берхIитта кепек а йоцуш ма дисахьара вай.

Важа шиъ вовшашка хьаьжира.

– ШахIаб бакълоь, Муртаз-Iела, – элира шелахочо.

– Дика ду. Ахча хIинцца схьалой цо?

– Ахча цуьнгахь дац. ГIуллакх чекхдаьлча, цо схьадохьур ду.

– Хьо теший цунах?

– Теша.

– Хьо а Iехавахь?

– Шуьшинна кхочург дIадала сайна тIелоцу ас.

– ХIета, Зеламха волу меттиг дIайийца тхойшингара пурба ду хьуна. Муртаз-Iелас цига дIайуьгур йу отряд.

Хьеший болчу йухавирзича, шайн бартана тIера поручика а, йуьртдас а стаканаш дуьззина, ткъа ШахIаба ши къурд къаьркъа дIамелира. ТIаккха кхерзинчу котаман ши гIогI а диъна, араваьлла Кибиров Йовмирзин кIотара сихвелира.

Галаев, Каралов, Моргания, Донагулов, Долидзе, Кибиров…

Уьш берриг а ламанхой бара. Гуьржий, хIирий, абхазаш, дегIастанхой. Оьрсийн Iедалан карахь толлу жIаьлеш. Iедалан ши Iалашо йара уьш Зеламхина тIаьхьахоьцуш: Зеламха хIаллаквар а, нохчашний, луларчу къаьмнашний йукъахь мостагIалла кхоллар а.

Поручик Александр Кибиров хIири вара. Теркан областехь, Черноярски станицехь вина. Дуьххьара ГIизлара-Гребенски гIалагIазкхийн полкехь волавелира иза эскарехь гIуллакхдан. ТIаккха паччахьан конвойхь, лакхарчу эпсаран чинехь. Йуха Оренбургерчу гIалагIазкхийн училище деша вахара. Амма иза чекхйаккха хьекъал ца тоьъна, паччахьан конвойхь гIуллакхдан йухавирзира.

Оьрсийн-японийн тIом болабелча, Куропаткинца фронте вахара иза. Цигахь Дагестански дошлойн шолгIачу полкехь тIамехь дакъалецира. ТIом чекхбаьлча, оццу полкаца ДегIастана веара. ТIамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна, Георгин кхоалгIачу а, йоьалгIачу а даржийн орденаш йохьуш.

ХIетталц ша гайтина хьуьнарш хьесапе ца лорура цо. Поручикан чин а лахара хетара. Зеламха лаьцча йа вийча, полковникан чине дог дохура цо. Бакъду, иттех де хьалха областан администрацехь хиллачу цхьамогIа хийцамаша жимма сагатдора цуьнан. Кибировн дика йукъаметтигаш кхоллайелла инарла Михеев областан начальникан даржера мукъаваьккхина. Даржехь лахвеш, Тифлисе дIавигна иза. Кибировн доттагIалла тасаделла масех чиновник а мукъаваьккхина. Михеевн метта областан начальник хIоттийна инарла-лейтенант Сергей Николаевич Флейшер. Немцочух хилла оьрси. Кибировн цуьнца хьалхара цхьаьнакхетар дика чекхделира. Амма иза чIогIа низаме, кIоршаме ву бохуш дуьйцу. Немцойн цIий ма ду цуьнан пхенашкахь. Нагахь санна тховсалера операци кхиамца чекхйалахь, Кибировс пусар дийр дац цуьнан.

Доцца аьлча, тховса къаьстар бу Кибировн карьерин кхоллам а…

4

Пхьуьйра-ламаз дина, вирд даьккхина, садаIа дIатевжира Зеламха. Пенах тоьхначу жимачу анна тIехIоттийна мехкадаьттанца баго эчиган чиркх гIийлла серло луш богура. Шеллуш, пешахь цIe латтайора Зеламхас. ХIетте а шена тIера исхарин гIовтал, лаьстиган хеча, когара тIергIан пазаташ дIа ца йохура. Цкъа-делахь, тIехулара бедарш дIайаьхча, дегIана хорша хуьлура. ШолгIа-делахь, цхьа кхераме минот тIехIоьттича, бедарш тIейуха хан хир йацара. Эткаш а хуьлура маьнги улло хIиттийна, кийчча.

Арахь догIа дара комаьршша тIедоьлхуш. Коран ангалих раз деттачу догIанан татанаша даг тIе сингаттам туьйсура. Йовмирза цIахь вацара. Цаьршинна керла сискалш, нехча, кхачанан цхьацца сурсаташ дохьур дара, бехйелла бедарш йитта дIа а лур йара ша аьлла, маьркIажан бода боьлча, Шела ваханера иза.

Зеламха шен ойланашца цхьа висинера хIокху хIусамехь. Мел дIахьийзайарх а, ойла доьзална тIейоьрзура. Беци, Зезаг, бераш ган сатуьйсура цо. Ши шо сов хан йаьллера цунна уьш газа. Могаш велахьара, хьалхалера тешаме накъостий а белахьара, доьзална хIоттийна мел доккха ха хилча а, йукъара схьа а баьккхина, лаьмнашка дIабуьгур бара. ТIаккха цаьрца Хонкара дIаваха гIуртур вара. Амма Зеламха ша цомгаш ву. Могаш хилча а, хьалхалера накъостий а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, Iусман, Жабраил, кхин дуккха а…

ШахIабан хIусамера араваьлча, ДегIастанан дошлойн полках вовшахтоьхначу шен отрядаца Йовмирзин кIотара сихвелира Кибиров. Отрядаца бара Шелан йуьртда Дослихов Михаил а, цуьнан гIоьнча ГIезамахьмаев Мурад а, округера къайлах агенташ болу нохчий а. ТIедоьлхуш догIа, буькъа хатт, Iаьржа буьйса. Наггахь ткъесо серладохура цIа, рагIу, элан рагI, хьаьжкIийн такхораш. Говраш варшахь а йитина, цIа йукъалоцуш дIаса а баьржина, тIаккха тIеттIахуьлуш, дитташна, такхорашна тIехьа а лечкъаш, цIенна луьстта гo бира цара. ЦIенна гергагIорта ца баьхьара уьш. Царна дика вевзара Зеламха. Цхьанна а вала ца лаьара.

Шедидана девзара Йовмирзин цIа. Церан доьзал чохь Iачу цIа чухула хьала тхов тIе волуш кор ду, аннех динчу негIарца дIакъовлуш. Масех гераг дIа а эцна, тхов чу а ваьлла, негIар дIаайича, нагахь санна Зеламха цIа чохь велахь, шена кхерам а боцуш цунна тухийла дара. ЦIенна тIеваха Кибировгара шена бакъо йаьккхира Шедида. Кибировна зен ма ца хуьлура Зеламхас и йамарт нохчо верах. ХIара берриг нохчий байа ницкъ белара цуьнан, цхьа а дийна а ца вуьтуш. ТIе, Зеламха оцу цIа чохь велахь, Шедидана а, цуьнан вешина а Iедало ахча лур долуш а хилча. Лахь а, шен дуьхьа лийр ву иза.

Ойланийн йийсарехь велахь а, лерг сема вара Зеламха. Арахь цициг доладелча а, хаьара цунна. Тхов тIехь цхьаммо бай ког боккхуш санна хетта, сема ладуьйгIира цо. Шеко йацара тхов тIехь цхьаъ хиларан. Иза Йовмирза хуьлийла а дацара. Шела вахана Йовмирза а муха хуьлу тхов тIехь? ЦIахь хилча а, тхов тIехь цо хIyн до? Тхевнан кора тIе ши бIаьрг буьйгIира Зеламхас. HeгIap меллаша хьалаайадала дуьйлира. Тхов тIерачу стеган куьг хир ду аьлла хеттачу хьажийна топ туьйхира Зеламхас. ТIаккха кога эткаш йуха а ца кхуьуш, тапча гIовталан кисана а йоьллина, патармийн гIап коча а тесна, топ карахь бодашка иккхира.

Шедидана, аьтту пхьаьрсах хьакхалуш, йай чов йира Зеламхас тоьхначу тоьпо. Зеламха цIа чуьра араоьккхур вуйла хууш, сихха тхов тIера чуиккхира иза. РагIу тIехьа дIахьаьдда воьду Зеламха гина, шен чов тергал а ца йеш, тIаьхьа топ туьйхира Шедида. Амма важа paгIy тIехьа къайлавелира.

Шедида тоьхначу тоьпо белшах чов йира Зеламхина. Иза варша дIагIертара. Цигара схьа цунна дуьхьал тоьпаш туьйхира. Тоьпан серло йуьйлучу дIа топ йеттара Зеламхас. Цамгаро гIелвина, иза ца вадалора. TIe, хьаьжкIийн кха тIехь хатто когаш лоьцура. Хатто когара пазаташ а дIайаьхнера цуьнан. Йуьхь-дуьхьал догIа деттара, бIаьргаш делла а ца вуьтуш. Халла гIодамийн цхьана такхорана тIе а кхаьчна, голаш тIе охьалахвелира иза. Дошлошна хьалха, Зеламхина герга волчу Кибировс тоьхна тапча пхьаьрсах кхийтира цунна.

Зеламхин пхьаьрсах, белшах цIий оьхура. XIopa минотехь дегIан ницкъ оьшура. Бода белахь а, цунна къаьстира дошлошна хьалхара Кибиров. Шен берриг ницкъ тIегулбина, могашчу куьйга лаьцна, Кибировна хьажийна топ туьйхира цо. Иза шиний куьйга гай лаьцна, голашна тIе охьалахлуш а, йуьхьар хаьрцаш а гира Зеламхина. ХIинца дошлошна хьалхавелира кхин эпсар. Иза прапорщик Абдуллаев вара.

Зеламхе тIаьхь-тIаьхьа топ ца айалора. ТIаккха гIовталан кисанара схьайаьккхина браунинг йиттира цо, тIаьххьарчу патарми тIехIотталц.

МостагIий, гуо гатбеш, гергагIертара. Оьрсийн, нохчийн, суьйлийн меттанашкахь уьш вовшашка бистхуьлуш а хезара цунна. XIapa гуш вацахь а, массо aгIopхьара схьа такхорашна тIе тоьпаш йеттара цара. Зеламхина кхин а цхьа чов хилира. Оцу чевнех ша лийр вуйла а, кIелхьарвала цхьа а некъ боцийла а хиъна, Йасин деша вуьйлира иза.

Шен мотт саццалц, Йасин дийшира цо. Мотт сецча, дагахь а доьшуш. Ша иза доьшуш, хьалхахIуьттура ден да БIаьхо, да ГушмацIа, вежарий Хаси, Солтамурд, Бийсолта, Беци, Зезаг, бераш а. ТIаккха оцу кхойтта шарахь шеца халонаш, баланаш лайна, шел хьалха дуьненара дIабевлла шен тешаме накъостий…

Такхорана тIейетта тоьпаш ца совцош, текхаш герга а баьхкина, севцира мостагIий. Шайна дуьхьал тухуш топ йацахь а, хьалагIовтта ца баьхьара уьш. TIаккxa уггар майрачарех масех кхин а герга текхира. Такхорана уллохь, шен тоьпа тIе йуьхьар а вахана Iуьллуш Зеламха гира царна. Уьш ца тешара Зеламхех. Ша велла а моттийтина, мекарлонца тешнабехк барна кхоьрура. Ца веллехь а, иза вен, шайна кхераме волчуьра дIаваккха, шозза-кхузза цунна тIе тоьпаш туьйхира цара. Зеламха меттах ца велира. ТIаккха майрабевлла, тIебахара уьш. Абдуллаев, Дослихов, Бортигов хьалха а болуш, йуьйлина тоьпаш цунна тIе а хьажийна. Уггар хьалха Зеламхина уллохь лаьттахь Iуьллу топ а, тапча а схьаийцира цара. Йуха шиммо меттахъхьавина, аркъал ваьккхира. Иза дийна воцийла хиъча, толаме маьхьарий девлира церан. Оьрсийн, нохчийн, суьйлийн меттанашкахь, вовшашка кхаьънаш дохуш.

Шина гIалагIазкхичо ша айъина вуьгуш, и толаме маьхьарий хезча, лазарша ша мел бIарзвинехь а, йуьхь чIачкъийна, муцIар разйаьккхина, халла хаалуш велакъежира Кибиров. Иза хIинца паргIат вара. Дийна висахь а, турпал хир ву цунах, Iожалла хилахь а, исторехь цIе йуьсур йу цуьнан…

5

Зеламха вийна аьлла хезча, цхьа а ца тешара. XIoкху тIаьхьарчу шина шарахь и хабар мосазза а даржийнера зорбано. Зеламхех лаьцна муьлхха а эладита, иза бакъ хилар ца толлуш, зорба тухура столицин «Русские ведомости», «Голос Москвы», кхечу а газеташа. Вийна аьлла а, ведда Хонкара вахана аьлла а, йаздинера мосазза а. Цундела хIинца баккъал а иза вийна аьлла, даьржинчу хабарех ца тешара. Цхьаберш, эладитанех боьлла, тешамза бевллера, дукхахболчарна теша ца лаьара шайн турпал, орцахо вийна бохучух. Цундела Зеламхин дакъа, Шела а деана, базаран майдана охьадиллича, Нохчийчоьнан массо маьIIера адамаш даьхкира цуьнга хьовса.

Оцу дийнахь цхьана гIуллакхна Шела вахана Овхьад а нисвелира цига.

Шочан тишачу черта тIе, коьрта кIел хьарчийна цуьнан чоа а диллина, лаьтта охьадиллина Iуьллура иза. Аьтту пхьарс, гоьлехь сеттинчохь, дегIан дохалла дIахецна, аьрру куьг айдина гай тIе диллина, настарш нисйаза, дIасаоьзна йара. Берзина аьтту ког раз бижина, аьрруниг ирх берзийна. ТIейуьйхина сийначу исхарин гIовтал, сийначу лаьстиган хеча. Iаьржачу холхазан куй, коьртана уллохь, лаьттахь Iуьллура. Оза йуьхь, чукхетта беснеш, буткъбелла мара. Хьаьж лакхадаллалц месаш йацара коьрта тIехь. БIаьрнегIарш тIекъовлаза, хIиттина севцца Iаьржа бIаьргаш. Дукхахенахь дуьйна дашаза, сирдала доьлла Iаьржа маж-мекх.

Кхузахь хуьлучун суьрташ дохуш, аппарат айъина лелара Соьлжа-ГIалара веана фотограф. Уьш цуьнгара безчу мехах дIаоьцур ду газеташа. Кхуза баьхкинчу наха а. XIapa де дагахь лаьттар ма ду царна шайн йерриг оьмарехь. Бераша а, берийн бераша а дозаллица гойтур ву вийначу Зеламхина уллохь лаьтташ шайн да, ден да.

Уггар хьалха шайн суьрташ дахийтира Зеламха вуьйш дакъалаьцначу гIалагIазкхаша а, дегIастанхоша а. Докъа тIе а хIиттина. Дукхахболчарна тIехь бустамаш детица кхелина чоэш дара. ИрахIиттина каьчнаш, логехь ветанаш долу кучамаш. Коьртахь кхакханан месала а, холхазан а куйнаш. БIaгIapa тодина мекхаш.

Цкъа Зеламха ма-Iиллара суьрташ дехира. ТIаккха цуьнан патармийн гIап раз коча а тесна, топ гай тIе а йиллина. ТIаккха лекха гIовла а йина, даржийнчу вертан тIе дIатовжош дакъа охьа а хаийна. Некха тIехь морзахйохуш, патармийн ши гIап йихкина. Голаш тIе пурх топ йиллина. Цхьана буйна браунинг йоьллина, йукъах шаьлта а йихкина. Цкъа берриг эпсарш, дошлой докъа тIе а хIиттина. ТIаккха эпсарш шаьш къаьсттина. ТIаккха, шайна луурш, масех стаг цхьаьна а кхеташ. Массанхьа а могIарехь хьалха хIуьттура Каралов, Моргания, Абдуллаев, кхиболу эпсарш а.

Овхьадан даг чохь даиманна а дисира цара даккхийтина цхьа сурт. Автомобилахь кхуза далийна цхьа къона зуда а, йоI а, кIант а. Оза, йеха йуьхь йолуш, лекхачу дегIахь, ткъе пхийтта шо хенара зуда. Цунна тIехь йеха Iаьржа коч а, дегIах хьарчош коьрта тиллина кIинж йолу довха, доккха кортали а дара. Дуткъа дегI, хаза йуьхь-сибат долчу, вуьрхIитта-берхIитта шо хенарчу йоIана тIехь баьццара йеха коч а, коьртахь чечакх йолу доккха, кIайн кортали а, аьрру куьйгахь хьарчийна буйна къевлина мерах хьокху йовлакх а дара. ВорхI-бapхI шо хенарчу кIентан коьртахь холхазан лоха куй, тIейуьйхина кочана а, пхьуьйшашна йукъахь а, гонаха а холхазан асанаш лаьцна, дуткъачу машин йеха пальто йара.

Овхьадана уллохь лаьттачу цхьана стага элира, и зуда Зеламхин вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, бераш Зеламхин йoI а, кIант а ду аьлла. Уьш Зеламхин докъа тIе а хIиттийна, зудчуьнга хаттар дира Караловс. Зудчуьнга цо хIун хаьттира, ца хезира Овхьадана, хетарехь, и вийна Iуьллург Зеламха вуй бохуш, хоьттура. И гIуллакх чекхдаьлча, Караловс дIа ца хийцира зуда а, ши бер а. Сийсара йинчу операцин декъашхой – гIалагIазкхий а, дегIастанхой а – тIе а гулбина, Зеламхин докъана улло дIахIиттийра цо. Царна хьалха, Зеламхин коьрте дIахIиттийра Зезаг а, ши бер а, цхьанхьара схьайалийна цхьа йоккха стаг а. Фотограф церан суьрташ дехира.

Овхьад цецвуьйлура оцу наха лелочу акхачу къизаллех. Ден докъа тIe ши бер а хIоттийна, ткъа иза вийна шаьш царна тIехьа а хIиттина, суьрташ дохуьйтура цара. Цхьана а тайпа бехк-гуьнахь доцчу оцу шина берах къахетар, доглазар, цаьрца гIиллакх лацар а дацара. Эхь-бехк, оьздангалла хIун йу ца хууш, къиза, акха адамаш дара уьш.

Оцу кхойтта шарахь Зеламхин цIе йоккху хезча, кхералой, дегIа тIера массо а чо ирахIуттура салтийн а, гIалагIазкхийн а. Дийнан делккъехь эскарех йуьзначу гIали чу Зеламха веача, куьйранах котамаш санна, барзах уьстагIий санна, кхералой, дIасабовдура уьш. Зеламха цамгаро кIелвитина, гIорасиз ца хиллехь, шеко йацара, оцу чагIалкхийн бажа дIаса а баржийна, сийсара иза дIагIуриг хиларан. Цунах бIаьрг кхетча, меженаш лехий, багара Iаь ца йолуш буьсура.

ХIинца уьш майрра гонаха хьийзара веллачу Зеламхина. Делла Iуьллучу лоьмана гонаха Iаьржа хьаргIанаш, стешха чагIалкхаш санна.

Зеламха майра, оьзда, доьналле къонах, нохчийн халкъан тешаме кIант вара. Зеламха шен заманан кхетамца вехира. Боданечу шен халкъан кхетамал лакхавала ницкъ а, хьекъал а дацара цуьнгахь. Цунна маршо йезара. Шена а, шен халкъана а. Цо оцу маршонехьа къийсира, шен хьекъале, кхетаме, ницкъе хьаьжжина. Оцу кхойтта шарахь цо бекхам ийцира шен халкъера маршо дIайаьккхинчу, мохк дIабаьккхинчу, иза мацалле дерзийна, цунна тIехь харцонаш лелочу, иза Iазапехь даллочу шен халкъан мостагIех.

Оцу кхойтта шарахь дуккха а гIалаташ дийлира Зеламхех. Цо а, цуьнан накъосташа а бехк-гуьнахь доцчу адамашна бохамаш беш меттигаш а нисйелира. Зеламха а, цуьнан накъостий а маликаш, пайхамарш, эвлайааш бацара. Уьш адамаш дара. Дала кхоьллина цхьа а адам а ца хилла гIалат ца долуш.

Тахана кхузахь гинчу суьрто ойланаш йайтира Овхьаде. Тамашийна амалш йу адамийн. Шайна оьшучу хенахь, шайна пайде волчу хенахь стаг хьалаойу, ткъа пайде хуьлучуьра ваьлча, оцу лакхенгара охьа а кхуссий, цхьалха вуьту. Шайн дуьхьа шен ницкъ, ирс, машаре дахар дIаделлачу оцу стагана орцахвала, иза кхерамах, бохамах ларван, цуьнан дуьхьа шен цIийн тIадам дIабала ца лаьа цхьанна а.

Овхьадана дагабаьхкира иштта нохчийн халкъо дIатийсина, цхьалха бисина Iожалла тIеэцна кIентий.

Шайх Мансур, ламанийн халкъийн дуьххьарлера имам, шаьш иза имам кхайкхийна ши бутт баьлча, нохчаша дIа а тесна, махках велира. ТIаккха паччахьан эскарша йийсаре а вигна, Шлиссельбурган гIопан набахтехь дIакхелхира.

Таймин Бийболат къанвелла, цамгаро лаьцна, заьIап висча, массара а дIа а тесна, гIумкийн цхьана эло тешнабехкаца вийра.

ГIараваьлла полководец цIонтаройн ШоIип-Молла шен тайпанан наха вийра.

ГIараваьлла полководец курчалойн ТIелхаг веллачул тIаьхьа, наха буса каш а даьстина, дакъа схьа а даьккхина, цуьнан доьзалан цIийнан неIар тIе а товжийна, арахьа дIахIоттийнера.

ГIараваьллачу майрачу къонахчо бенойн БойсагIара, тIамехь шен цхьа пхьарс, цхьа ност, цхьа бIаьрг баьккхича а ца соцуш, тIом бира шен халкъан маршонехьа. ТIаьххьара а паччахьан эскарша гатвина, Бена-йуьртана гена йоццуш цхьана хьехахь шен доьзалца иза къайлаваьлча, нохчочо паччахьан эскарш тIе а дигна, лацийтина, Хаси-Юьртахь ирхъоьллира. Ткъа цуьнан ши накъост Дуин Iyммa а, Атин Атаби а Россин къилбаседа губернешка ссылке вахийтира.

Мискачу халкъан орцахо, Делан новкъахь хилла эвлайаъ Кунта-Хьаьжа, цхьаболчу нохчийн гIоьнца Шемала махках а ваьккхина, масех шарахь Маккахь, Меданахь ваьхна, Шемал йийсаре ваханчул тIаьхьа даймахка цIа вирзича, цхьаболчу нохчийн йамартлонца паччахьан Iедало махкахваьккхина, даймахкана генахь, керстанийн махкахь къайлавелира.

Иштта, халкъо дIатесна ткъе пхи шо хенара Iаьлбаг-Хьаьжа, ша бахьана долуш халкъ ца хьийзадайта, шен лаамехь паччахьан Iедална тIе а вахана, салташка, чаьлтаче шен дегIах куьг ца Iуттуьйтуш, тангIалкхаш кIел хIоттийнчу гIанта тIе ша хьала а ваьлла, шен логах ша муш а тесна, ког тоьхна гIант дIа а харцийна, ирхъоллавеллера. Оцу дийнахь изза дира суьйлаша йамартлонца оьрсийн инарлин кара веллачу Дуин Iуммас а, цуьнан кIанта Дадас а.

ХIинца хIара Зеламха а. Иза къона, могаш, дегIехь ницкъ болуш, халкъан бекхамча волчу хенахь шен турпал, орцахо лоруш айъинера, амма да, вежарий байъина, доьзалх къаьстина, цамгаро кIелвитинчу хенахь дIатесира. ДIатесна ца Iаш, йамартлонца вейтира.

Нийса аьллера Шемала: нохчийн шайн къонахий хьалабохуш гy а бац, зуламхой чукхуьйсуш ор а дац.

***

Цхьа масех де даьлча, Къилбаседа Кавказерчу а, столицин а газеташа дуьне мел ду, кхаъ хилла, даржийра Зеламха вийна аьлла хабар. «Кавказера хаамаш» цIе йолчу деккъа цхьана газето, халахетарца кадам беш, хаам бира, Зеламха вийна аьлла. Цуьнан агIон тIехь, «Турпал вийна» аьлла, жима статья йазйинера журналиста-большевика А. Макеевс:

«Зеламха вийна бохучух ца теша. Иза вайн турпал ма вара. Персин пачхьалкхо шен тIеман министр хIотто дIавехча, Зеламхас жоп деллера: «Халкъана дуьхьал хила ца лаьа суна». Цунна маршо йезара, иза майра, оьзда къонах вара… Шен зуда, бераш ган воьдуш, вийна иза… Къиза, боьха адамаш дара цунна тIаьхьа толлуш лелларш. Церан цIерш йицлур йу халкъашна. Царах лаьцна туьйранаш дуьйцур дац, иллеш дохур дац. Зеламха санначу ламанхойх бIаьрг бузура Пушкинан а, Лермонтовн а… Зеламха вийна бохучух ца теша…»

***

Зеламхас йина луьра чов йерзо областехь говза лоьраш а ца хилла, Петарбухе вигира поручик Кибиров. Цигахь уггар дикачу больницехь, уггар говза лоьраш хIиттийра цуьнан чов йерзо. Больнице цуьнга бIеннаш кехаташ догIура, Зеламха верна цунна неIалт кхайкхош, иза вен кхерамаш туьйсуш. И кехаташ йаздийраш цхьа нохчий, гIалгIай хилла ца Iара, дукхахберш оьрсий, гуьржий, хIирий, дегIастанхой, кхиболу ламанхой а бара.

Кибиров больницехь ларвеш, даим дIа лаьтташ, цо къастийна ши хехо вара. Амма шена уллохь эскаран йоккха отряд йолуш санна, майра вацара Кибиров. Больницехь дуккха а адамаш делахь а, чIир йоькхуш ша верна кхоьруш, дийнахь а, буса а наб ца кхетара цунна. Палати чувеана лор а, кIайн халат йуьйхина ша вен веана нохчо йа кхин бекхамхо тарлой, цуьнан дегIе хорша хьодура. Иштта синтем байна кхузахь кхидIа а Iиллича, ша хьераваларна а кхеравелла, Петарбухерчу набахтин больнице охьавижавайтира цо. Цигахь тешам боллуш салтийн доккха ха дара, зуламхой-тутмакхаш ларбеш.

Шина баттахь цигахь Iиллинчул тIaьxьa, товелла, больницера аравелира Кибиров. Ша сатийсина полковникан чин а делира цунна.

Зеламха хIаллаквеш, операцехь дакъалаьцна эпсарш чинехь лакхабехира, массо а могIарерчу гIалагIазкхашна, дегIастанхошна лакхара совгIаташ делира паччахьо.

***

ТEРКАH ОБЛАСТАН НАЧАЛЬНИКЕ,

ТЕРКАН ГIАЛАГIАЗКХИЙН

НAКАЗHOЙ ATAMAHE

1913 шо, 30 сентябрь

№ 10684

Ведана-слобода

РАПОРТ

Хьан Локхалле хоуьйту ас, хьалха цуьнан гIepa а йохийна, цхьалха висина къиза разбойник, динан фанатик Гушмазукаев Зеламха 26-чу сентябран буса Шелана уллорчу цхьана кIотарахь Дагестански дошлойн полкан дошлойх вовшахтоьхначу поручикан Кибировн отрядо вийна хилар. Отрядаца бара Шелан йуьртда Дослихов Михаил, цуьнан гIоьнча ГIезамахьмаев Мурад, сан округера нохчийн агенташ. Зеламхица тасадаларехь чIогIа чов йина поручикана Кибировна, ткъа йункерна Дебеков Закарьянна а, дошлошна Магомедов Iаббасана а, IабдулIазизов Закарьянна а йайн чевнаш йина.

Дейтта шо гергга хан йара Зеламхас йоккхачу къизаллица зуламаш ден. Цуьнан исторехь йаздина ду цIерпошташ талор а, херцор а, дийнан серлонгахь эвххьаза гIаланашна тIелетарш дар, банкаш, вокзалийн кассаш, правительствон учрежденеш, ГIизларера банк, некъахой талор, хьалдолу нах йийсаре кхийлар, императорна, правительствон хьалха шайн декхарш доггаха кхочушдо администрацийн куьйгалхой байар а.

1911-чу шеран май баттахь хIокху округа тIехь урхалла сайх тешийча, округан начальникан уггар хьалхара а, уггар сийлахь а декхар кхузара туземни бахархой русифицировать бар, цаьрга оьрсийн культура тIеэцийтар, цаьрга шайн акха амалш а, гIиллакхаш а хийцийтар, кхечуьнан дахар а, долалла а лардар, йа вуьшта аьлча – къоланаш, талораш, адамаш дайар, кхидолу зуламаш дитийтар а, церан хьекъал, кхетам кхиор а дуйла хууш, сайн ницкъ ца кхоош, оцу aгIор гIуллакхаш дина ас. Уггар хьалха болх бира ас халкъана хьалха Зеламхин сий дойуш, цо Iедална дуьхьал латто къийсам, эрна хилла ца Iаш, халкъана зуламе, бохаме хиларх, оцу зуламех а, бохамех а халкъ лардар сайн сийлахь декхар хиларх бахархой кхетош.

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают