Читать книгу: «Дарц», страница 27

Шрифт:

– Масала?

– Карпушинера, Нестеренкера хIорангара а шовзткъе итт эзар, Лойкера, Ковалера хIорангара а итт эзар соьмаш дехира оха.

– Цара шаьш дохьура шуна ахча?

– ХIан-xIa. Царна а, тхуна а йукъалелаш Мамонтов вара.

– Цуьнгара доккхурий аш ахча?

– ХIан-хIа. Цунна тIера а вукху веаммо делира.

– Маца хилира шун и мах?

– ДIадаханчу Iaй.

Кхин хеттарш а совцийна, цхьана йукъана ойлане вахара эпсар. ДIадаханчу шарахь дуккха а харц ахча даьржинера областехь. Дуккха а къахьегначул тIaьхьa лар тавричанашна тIейоьдуш карийра полицина. Мамонтовх, Кирьяновх, Калмыновх шекйаьллачу полицис, къаьсттана царна тIаьхьа къайлах таллам беш, уьш йеххачу хенахь чохь севцначу «Империал» отелехь церан цIийнах хьаьвсира. Номерш чохь кийча харц ахча ца карийра, амма ахча дан кечдина, кепехь хедийна-тодина шовзткъе итт туп кехат карийра. Цул совнаха, Мамонтовгахь карийра Зеламхас а, Саламбека а, шайна ахчанца йасакх ца лахь, шаьш йийсаре а дигна, дойур ду шу бохуш, Карпушине а, Нестеренке а, Лойке а, Ковале а йаздина пхи кехат. ХIетахь и харц ахча арахеца кечдина шовзткъе итт туп кехат доцург, царна дуьхьал кхин цхьа а тоьшалла ца карийра полицина. Ахча кепатуху цхьа а гIирсаш а ца карийра. Уьш кхечухьа ларбеш хиллера цара. Ткъа и кехат шаьш отелан номерш схьаэцначу хенахь цхьанна чохь долуш дара, хьалха оцу чохь Iийначунна дицделла дисина хир ду, иза уьш дIадахьа вогIург хир ву аьлла, шаьш лардира бохуш, ца къарбелира. Царна таIзар дан цхьа а тайна тоьшалла а ца хилла, суьдо маршабехира уьш. ХIинца xIapa эпсар тийшира фальшивомонетчикаш Мамонтов а, цуьнан компани а хилла хиларх. Шеко йацара цара Зеламхина а, Саламбекана а йасакхна текхнарг харц ахча хиларан а.

Оцу баттахь дуккха а кехаташ йаздира шина эпсаро. Шаьш йаздинчу кехаташна хIоранна а лаха мaьIIе Саламбеке куьг а йаздайтира. ХIокху тIаьхьарчу кIиранах Саламбек дIа ца кхойкхура цара. Хетарехь, лем эцар чекхдаьллера. Амма суд йар хьехош а дацара. Саламбек къонах вара вуьззина. Майра, доьналле, тешаме, собаре. Кхерам бохург хIун йу а, ца хаьара цунна. Кхана а тоьпаш тоьхна веран тешам а бацара. Цунах а ца кхоьрура иза. Амма ма сингаттаме ду-кх хIокху тIулган кошахь, дийна а волуш, хан такха. ХIора дийнахь йуьртахой а, генара гергарнаш а, доттагIий а богIу цунна тIаьхьа. Амма Саламбекана ца гойту уьш. Царна – хIapa а. Наггахь цара беана кхача чуло.

5

Эххар а тIекхечира Саламбека ладегIна де. Куьйгех-когех гIоьмаш тоьхна, гIудалкха а хаийна, ткъех гIалагIазкхичунна а, полицейскийна а йукъа а воьллина, гIалин урамашкахула суьдан цIеношка дIавигира иза. Некъан бохалла гIалахой хьуьйсура цуьнга. Цунна тIе пIелгаш а хьийсош, вовшашка къамелаш а деш. Церан йаххьашка хьоьжура Саламбек. Наггахь шех дог лозург а гора цунна. Амма, шех дог ца Iебаш, йаппарш йеш хьуьйсурш алсам гора. Церан шега цабезам хIунда бу, ца хаьара Саламбекана. Царна цо бина бохам а ма бац.

Адамийн амал йу-кх иза. Саламбекан хьагI-гамо йац цаьрца. Иза къу, талорхо, адамашдайархо ву бохуш, ма дуьйцу цаьрга. Цкъа дийцина ца Ia. Итт шеран дохалла дуьйцу. Дуккха а хин тIадамаш тIеэгча, тIулгах а Iуьрг долу, боху. Иштта церан хьех доьлла Iедало хIара сийсазвар. ХIумма а дац. Тахана-кхана дерриг а чекхдер ду. Саламбекана тоьпаш а тoьxнa. Хала киртиг тIехIоьттича, накъостий боьхна хьаьвзича, Зеламхас ма олура, эха сахьтехь сатоха, йа вай мостагIий байъина, йа цара вай дайъина, чекхдер ду. Суд хиллалц сатоьхчахьана, дерриг а чекхдер ду. Цунна тоьпаш а тоьхна. Хьегнарг, лайнарг, баланаш а, гIайгIанаш а – дерриг а чекхдер ду. Амма xIapa де цIемза делахь а, ма хаза ду-кх дуьне. Ваха-м, дера, лаьа. Делахь а, вала дезар ду. Ша бахьана долуш гIалгIайн халкъана бохамаш ца хилийта. Халкъана-м хьовха, цхьана адамна а. Цхьана ненан, цхьана беран бIаьргех хин тIадам ца балийта…

Саламбек суьдан цIа чу вигира. Изза ха гонаха а хIоттийна. Суьдахошна йуьстаха, аннийн гIопастанна тIехьа, аьндажечу гIанта тIе охьахаийра. И чIагIо беламе хетара Саламбекана. Цунна лиъча а, вадалур ма вацара иза. ХIокху цIийнан цхьа неI йу. Полицейскийша а, гIалагIазкхаша а ларйеш. Корашкахь – стаммий аьчган чIораш. ЦIа дуьззина чохь адамаш. TIe, куьйгех-когех тоьхна гIоьмаш. Ша маьрша хилча а, мича гIyp вара иза, хIокху йуккъера а ваьлла? Вада дага а ма ца догIу цунна. Инарла Михеевс дош ма делла цунна ирх ца олла, тоьпаш а тoьxнa вен. Кхин хIумма а ца оьшу цунна.

Цхьана aгIop хевшина суьдан председатель а, къаной а бу. ТIеман нах, эпсарш бу уьш. Вукху aгIop – прокурор. Иза а ву эпсар. Саламбекана хIоттийнарг шатайпа суд йу. ТIеман-аренан суд. Инарла Михеевс хIоттийна.

ЦIа чохь, гIанташ ца тоьуш, ирахь лаьтта адамаш. Суламбек, Арслан, Хадижат, Iелаха. Гергарнаш а, йуьртахой а. Саламбекана ца бевза гIалгIай а. Суьдо Саламбек маршаваккхаре дог дохуш баьхкина. Иза дийна вуьсург хиларх дог диллина, тIаьххьара ган баьхкинарш а хир бу.

Прокуроро къамел до, Саламбек бехке веш. Саламбек дика кхета цо дуьйцучух. Зеламхас ша а, цуьнан тобано а динчу талорашна, йийсаре бигна а, байъина а нах хьийзорна, кхечу а зуламашна xIapa бехке во прокуроро. ТIаккха тешаш лебан болабо. Масех шо хьалха Саламбека талийна некъахой а. Уьш ца бевза цунна. ТIаккха Месяцев Архип чувалаво. Цо тоьшалла до, ша Зеламхас йийсаре вуьгуш, цуьнца Саламбек вара аьлла. Цунна тIаьххье лебира ГIизларан банках белхалой. Зеламхин тобано банк талош, Саламбека ши салти вийра аьлла, тоьшалла дира цара. Тешех шиъ вевзира Саламбекана. Векъана, бIаьргех куьзганаш долу, газанчух тера маж йолу лоха оьрси а, хIетахь, Iадийна, мохь хьекхна йерстина меташка а.

Шина дийнахь лебира тешаш. Царах дукхахберш ца бевзара Саламбекана. Йа царна иза а. Aмма цара тоьшалла дора, хIapa ца хиллачохь а хилла бохуш. КхоалгIачу дийнахь прокуроро, тIаьххьара къамел деш, суьде дийхира Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар.

Цецваьлла Саламбек ша хиъна Iачуьра хьалаиккхира, гIоьмийн зIенаш а йекош.

– И хIун ду ахь дуьйцург? – мохь туьйхира цо. – Инарла Михеевс суна дош ма делла, тоьпаш тухуьйтур йу аьлла!

Шена хьалхара схьаэцна горгали бекийра суьдан председатела.

– Собаре хилалахь, Саламбек, – тIехьа а хьаьжна, лохха вистхилира цунна нийсса хьалха жимачу стоьла уллохь хиъна Iен Башир. – Прокуроран декхар ду и къамел дан. Цо хIуъа дийцахь а, кхел суьдо йийр йу. Со а ву къамел дан дезаш.

Делкъе а йина, суд зала чу йирзича, адвокатана дош делира. Цо доцца, амма кIорггера чулацам болуш къамел дира.

– Господин суьдан председатель! Господаш къаной! Лераме прокурор! КхоалгIа де ду хIокху тIаьхьарчу итт шарахь Iедало зуламхо, талорхо, адамашдайархо, разбойник, кхин дуккха а сийсазе цIерш техкина обарг Гасаоджев Саламбек, когех-куьйгех гIоьмаш а тоьхна, гонаха ха а хIоттийна, шуна хьалха хиъна Iен. ХIокху тIаьхьарчу итт шарахь областехь мел хиллачу зуламашна иза бехке веш, къамел дира лерамечу прокуроро. Цо ша цхьаммо йа кхечаьрца декъашхо волуш динчу зуламашна а мукIарло дина бехкевечо. Амма лерамечу прокуроро иза бехкево дукхахдолу зуламаш Гасаоджевс ца дина, йа оцу зуламийн декъашхо а ца хилла иза. Лерамечу прокуроро, иза бехке веш, дукха тешаш хIиттийнехь а, церан и тоьшаллаш цхьа а тайпа бух боцуш, цара шайггара кхоьллина хилар гучуделира сан хеттаршна цара жоьпаш луш. Йуха а боху ас: Гасаоджевс догцIена мукIарло дина шегара дийлинчу зуламашна. Лерамечу прокуроро лерамечу суьде дехар дира ас верасалла тIелаьцначу Гасаоджев Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар. Лерамечу суьде тидаме эцар доьху ас, цкъа-делахь, Саламбек шен лаамехь Iедална тIевеана хилар. ШолгIа-делахь, шен бехкашна иза цIенчу даггара дохковаьлла, къера хилар. КхозлагIа-делахь, иза шен лаамехь тIевеана, областан начальнико инарла Михеевс шена тоьпаш тоьхна вен дош делча. Саламбека шена къинхетам ца боьху. Ша ирхъоьллина цавер доьху. ХIунда аьлча тхан къоман гIиллакхехь ирхъоьллина валар доккха эхь ду, ткъа бусалба динехь доккха къа ду. Господина прокуроро дагардира ас верасалла лаьцначу Гасаоджев Саламбека дина а, ца дина а зуламаш. Амма цо цхьа дош а ца элира иза обарган, зуламан новкъа хIунда, муха ваьллера, хьан ваьккхинера. Зеламхас ша Пачхьалкхан Думе йаздинчу кехат тIехь ма-аллара, йа Зеламха а, йа Саламбек а обаргаш бина а, хила аьлла а ца кхоьллина Дала. Уьш хIокху Iедало кхоьллина обаргаш бу, уьш Iедало баьхна зуламан новкъа. Саламбекан дайн латта, Iедало цуьнан дегара дIа а даьккхина, гIалагIазкхашна деллера, ткъа и шайн дайн хилла латта цхьана ханна мехах схьа а эцна, цу тIехь йалта а кхиош, доьзална рицкъа лаха вахана Саламбекан да Гасаоджа, Iедалан омрица цуьнан миска лаппагIа а йагош, гIалагIазкхаша вийнера. Саламбекан ден вешин кIант новкъахь тIенисбеллачу бехна хьерабевллачу гIалагIазкхаша вийнера. Ткъа бехкенаш Iедало жоьпе а ца озийра. И тайпа меттигаш цхьана Саламбекана нисъелла ца Ia, уьш бIеннаш гIалгIашца, кхечу ламанхошца а хилла. Iедалан бертахь гIалагIазкхаша йарташ талайо, адамаш дойу, зударий сийсазбо. Бехкенаш таIзарза буьту. Пачхьалкхана текхамаш бойтуш, халкъ чIанадаьккхина. Къоман экономика, культура, дешар кхиорехь Iедало деш хIумма а дац. Iедалан харцонаша, къизалло вина Саламбеках обарг. Iедало делла цуьнан кара герз. Iедало ваьккхина иза зуламан новкъа. Тахана суьдехь бехкевийриг Саламбек хила ца везара, вай нийсо йан гIерташ делахь, ткъа иза обарган новкъа ваьккхина областан, округийн, отделийн администрацийн чиновникаш, атаманаш хила безара. Уьш цкъа а ца ховшийна оцу гIанта тIе, хIунда аьлча, нохчо, гIалгIа, муьлхха а туземец вийча, бехкениг жоьпе ца озаво. ХIунда аьлча туземцаш адамаш ца лору, уьш закон йукъа ца богIу, законал арахьа хIиттийна. Цундела лерамечу суьдан председателе а, къаношка а сан дехар ду, лакхахь ас далийна бакъдерш тидаме а эцна, Гасаоджев Саламбек таIзарх маршавоккхуш, кхел йар.

Суьдан председатель Саламбекана тIевирзира:

– Хьан дехар дуй суьде?

Саламбек адвокате хьаьжира.

– Хьайна къинхетам беха суьде.

– Къинхетам боьхур бац ас, – сацам боллуш вистхилира Саламбек. – Амма харцо цалелор доьху ас суьде. Инарла Михеевс суна дош делла ирх ца оллийта. Ткъа прокуроро ирхъолла кхел йар дехна суьде. Инарла Михеевс тоьпаш тоьхна вен суна дош деллийла шена хуъушехь. ХIетте а кхин хIунда дуьйцу прокуроро?

– Бехкевинчун лехам нийса бу! – чIагIдира Башира.

Прокуроро дош дийхира.

– Господин суьдан председатель! Господаш къаной! Бехкевинчун а, цуьнан адвокатан а лехамаш законаца нийса ца богIу. Россин империн законехь къуьнна а, зуламхочунна а, разбойникана а тоьпаш тоха аьлла дац. Иштта сийлахь кхел тIемалошна гайтина. Ткъа ас лоруш волчу цуьнан локхаллин Михеевн бакъо йац и закон хийца. Цундела лерамечу суьде сан дехар ду разбойникана, талорхочунна, адамашдайархочунна Гасаоджев Саламбекана ирхъуллуш вен кхел йар.

Суд кхел йан кхечу цIа чу йахча, цигахь кхеташо йеш йоккху хан шарал а йахйелира Саламбекана. ГIопастанна улло а баьхкина, цуьнан дог-ойла айа, маслаIат дан гIepташ, къамелаш дора гергарчара а, доттагIаша а. Оцу кхаа дийнахь цигара дIа ца волуш, ирахь лаьттира Арслан. Наггахь гIопастанна улло догIура Хадижат а, кIант Iалихан а. Амма и шиъ, дист а ца хуьлуш, Саламбеке хьоьжуш, лаьттара шаьшшиъ полицейскийша цигара дIадаккхалц.

Суд чуеача, зала чуьра берриг а нах хьалагIевттира. Суьдан председатело кхел кхайкхийра Саламбек ирхъоьллина вен.

– Шун бакъо йац иштта кхел йан! – мохь белира Хадижатан. – Инарлас делла дош дохийна аш!

Суьдан председательна тIегIерта Хадижат гIалагIазкхичо, теттина, йухайаьккхира.

– Хадижат! Эхь ма де вайна! – мохь туьйхира Саламбека. – Бен дац, мухха вийча а!

– Делан мостагIий! Дала хIаллакдойла шу! Хьакхарчий!

– Хадижат! Тоийта!

Шен бага мел деанарг олуш, суьдана сардамаш кхайкхадора Хадижата. Арслана, Iалихана хьоьстуш, зала чуьра арайаьккхира иза. Aмма арахь а шен дог Iабош мохь хьийкхира цо цхьа хан йаллалц. ТIаккха, Саламбеке а кхойкхуш, тийжаш йелха йолайелира…

6

Шайн халкъан, даймехкан сий лардеш, маршо ларйеш тIамехь а, набахтешкахь а, каторгашкахь а, тангIалкха тIехь а дукха кIентий белла нохчийн а, гIалгIайн а къоман. ТIаме воьдучу стеган, цигахь ца вуьйш, дийна висаре дог дохийла хуьлу. Набахтехь а, каторгехь а Iожалла ца хилахь, хан чекхйаьлча, маршаваьлла цIавоьрзур ву бохуш, сапаргIат хуьлу. Амма къинхетаме а, дийна витаре а дог дохийла йоцуш, халкъан дуьхьа, даймехкан дуьхьа, ша бахьана долуш халкъана бохамаш ца хилийта, шайн синош дIадала реза хилла ши кIант ваьлла нохчийн, гIалгIайн къоман исторехь.

Симсарара Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа а, СагIопшера Гасаоджан Саламбек а.

1877-чу шеран 13-чу апрелехь болабеллачу нохчийн гIаттаман коьрте хIуттуш, ткъе пхи шо дара Iаьлбаг-Хьаьжин. БархI баттахь лаьттина и гIаттам паччахьан эскарша ирчачу къизаллица хьаьшна, цIела карчийча, ша схьало бохуш, Iедало халкъ хьийзо долийча, ша бахьана долуш цхьана зудчун а, цхьана беран а бIаьрхин тIадам ца балийта, шен лаамехь Iедална тIевахара къона Iаьлбаг-Хьаьжа.

Куьйгех-когех гIоьмаш тоьхна, ворданахь тангIалкхашна кIел валийна, ша ворданара чувоссо улло гIоьртинчу эпсаран бетах мийра тоьхна, цергаш йаьхнера цо. ТIаккха ша ворданара чу а воьссина, ша гIанта тIе хьала а ваьлла, ша-шен коча муш а тесна, шена кIелхьара гIант, ког тоьхна харцийна, ирхъоллавеллера иза. Халкъан дуьхьа. Даймехкан дуьхьа.

Суьдо шена йина кхел оцу буса кхочушйийриг хиларх дог кхиънера Саламбекан. Пхьуьйра-ламаз а дина, надзирателе хи дехна, шен дегI цIан а дина, ламаз эцар карла а даьккхина, ша дIавигаре ладоьгIуш, бекъачу маьнги тIе аркъал охьавижира иза. Шена кханалера де, малх гур боцийла хуъушехь, Iаламат сапаргIат вара Саламбек. ЧIогIа Делах тешаш, Делах кхоьруш а волу иза тешна вара ша дуьненахь бина некъ а, тховса шен хинйолу Iожалла а ницкъ болчу Делера хиларх. Суьдхо, къаной, прокурор Делан лаамца лелла хиларх. Делан лаамца йина цунна хIара кхел. Далла ца лиънехь, йийр йацара. Дала кхоьллина цуьнан са, Дала дIа а оьцур ду иза.

Шен син ойла ца йо Саламбека. Олуш ма-хиллара, цкъа вина иза, цкъа лийр а ву. Амма мел ца йан гIоьртича а, доьзалан ойла ца йеш Iелац. Бераш кегий ду. Ши йoI а, ши кIант а. Йоккхачу йоьIан пхийтта, воккхачу кIентан шийтта шераш ду. Важа шиъ цаьршиннал жима ду. Кертахь йетт, говр, масех уьстагI бу церан. Ши урд кха а ду тIехь хьийкъина йалта хуьлуш. Амма Хадижатна хала хир ду-кх керт-ковн, доьзалан дукъ ийзо. Диъ-пхи шо даьлча, йоI маре йахийта а, кIантана зуда йало а деза. Саламбекан йерриг а дегайовхо Суламбекана а, Хадижатан вежаршна а тIехь йу. Цара буьтур бац уьш мацбала а, шелбала а. ТIаккха Iалихан воккха хир ву, цо цIийнан дукъ тIелоцур ду. Иштта а, вуьшта а рицкъанаш Делан карахь ду…

Буьйса йукъалтIехйаьлча, шина сохьтехь наб кхийтира Саламбекана. ГIенах дуьхьалхIуьттура Хадижат а, бераш а. Суламбек а, Арслан а. И гIан йукъахдаьккхира цуьнан, гIовгIа йоккхуш догIа а даьккхина, цIовзош, аьчган неI а йиллина, чубаьхкинчу набахтин надзиратело а, салташа а. Уьш шега бист ца хуьлуьйтуш, хьала а гIеттина, царна хьалхавелира Саламбек.

Цара гена а ца вигира Саламбек. Набахтин кертахь тангIалкх йара. Цунах кхозуш махо лестош муш а, кIел хIоттийна гIант а.

Iожаллина кечвала шена ах сахьт хан йийхира Саламбека.

XIopa минотехь кхерамехь ду обарган дахар. Iожаллин чов хилла воьжначунна. Йасин деша молла ца хуьлу акха хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Цундела Зеламхас а, цуьнан накъосташа а дагахь Iамийнера Йасин а, велларг дIавуллуш доьшу Къуръанан айаташ а. Саламбекана а дагахь хаьара Йасин а, айаташ а. Чаьлтачаша шен дехар кхочушдича, тангIалкхашна кIелхьарчу гIанта охьа а хиъна, лохачу мукъамехь паргIат Йасин а, цунна тIаьхьа масех айат а дешна, дехха доIа а дина, хьалагIеттира. ТIаккха тIаьххьара а стигала бIаьргтуьйхира Саламбека. Стигалахь серлабаьлла, буьззина кхетта бутт а, канашца дIасакхуьйсуш даржийча санна, даьржина лепаш седарчий а, царалахь къаьсттана лепа сахуьлу седа а. И стигал, бутт, седарчий тIаьххьара гора цунна. Цо тIаьххьара а кийра уьйзура хIapa шийла, цIена хIаваъ а.

Саламбекана йелла ах сахьт хан чекхйаьлча, цунна тIе ши гIулч йаьккхира чаьлтачо. Амма Саламбека, дуьхьал куьг а тесна, сацийра иза:

– Сох куьг ма Iотта. Ас айсса кхочушдийр ду хьан декхар.

Саламбекана ца лаьара дуьненахь шен тIаьххьарчу минотехь оцу керстане, мостагIчуьнга шех куьйгаш Iиттийта.

ТангIалкха кIел гIант а нисдина, цунна тIе хьала а ваьлла, чIагIалла зуьйш муш охьаозийра цо. Муш чIогIа, саба хьаькхна шера бара. Шаршад цкъа дIаса а озийна, шен логах а тесна, озийна лога тIе хьала а къевлина, чIоггIа цергаш тIеттIа а таIийна, когашца гIант дIа а харцийна, охьаоллавелира. Садукъделла, коьрте лазарш детташ, пхенаш ийзош, масех минотехь тангIалкха кIел дIасахьийзира цуьнан деза дегI. Амма цхьа а узар ца долуш, шен са дIаделира цо.

Цуьнан дегIера са дIадаларх тешначу чаьлтачо, салтийн гIоьнца муш а хадийна, охьадаьккхина дакъа, пена улло охьа а диллина, йуьхь дIахьулйеш, тIе тиша ши гали тесира.

ШолгIачу дийнахь СагIопше гергарчу нахе хаам бина, цаьрга дIаделира Саламбекан дакъа…

7

Шела шатайпа коьрта шахьар йу Нохчийчоьнан. Нохчийн кхечу йаккхийчу йартел дукха йоккха а йац иза. Шела коьрта шахьар лараран бух болуш бахьанаш ду. Соьлжа-ГIалина а, гIалагIазкхийн станицашна а генахь, Iаьржачу ломан когашкахь, шерачу арахь йиллина шира йурт йу иза. Цунна гонаха йу нохчийн йаккхий йарташ Гермачига а, Курчалой-Эвла а, Эвтара а, Гелдагана а, Сиржа-Эвла а, АтагIа а, Майртуп а, Мескар-Эвла а, Цоци-Юрт а, БIачи-Юрт а, Iаларой-Эвла а, кхиерш а. Малхбалехьара схьа Нохчмахкара цунна тIебогIуш масех некъ а бу.

Шелахь бу нохчийн баккхий Iеламнах, цIейаххана совдегарш, эпсарш, дохнадай, мехкадай. Кхузахь йу йаккхий туьканаш, пIерасканан дийнахь йоккха базар а хуьлу, оцу йарташкара а, Iаьндара а, генарчу йарташкара а адамаш гуллуш.

Кхузара маьждиг а ду нохчийн кхечу йарташкарчу маьждигел доккха а, хаза а. Тахана, пIерасканан дийнахь, рузбан-ламазе дукха адамаш гулделла кхуза. Шелара а, гондIарчу йарташкара а. Соип-Моллин хьехамашка ладогIа.

Соип-Моллица цхьа гIуллакх хилла, Шела веана Овхьад а нисвелира рузбане. Цуьнга тергалдаделира хIокху Делан цIа чохь а адамаша шайна йукъахь нийсо йеш цахилар. Дерриг а адамаш цхьатера бакъонаш йолуш кхоьллина ша, боху Дала. Къениг, мисканиг, гIийланиг тIехьа ма тетта, иза охьатаIо, лахван ма гIерта. Мелхо а, цуьнан дог эца, цуьнца гIиллакх леладе. Хьайн хьолах, даржах, ницкъах теший, даг чу куралла ма йоссийта. Уьш дерриг хьуна делларг а Ша ву, хьо кураваьллачу дийнахь уьш хьоьгара дIадаха ницкъ берг а Ша ву, боху Дала. Тахана хIокху маьждиг чохь болу берриг а нах шаьш Делах тешаш а, Делах кхоьруш а бу бохуш, Цунна Iамал йан баьхкина. Амма Дала бохург деш бац. Хьолахой, хьажой, таронаш йерш а хьалхарчу могIаршкахь, ткъа гIийланаш, къенаш, мисканаш – тIехьарчу могIаршкахь, дуьхехь, бу.

Лекха, стоммочу дегIахь, тIейуьйхина баьццара оба а, коьртахь туркойн цIен пес а йолуш волу маьждиган имам Овта-Хьаьжа хьалха а ваьлла, ламазаш дира. Овта-Хьаьжа ворхIазза Макка ХьаьжцIа вахана, ткъа цуьнан кIант Шамсуддин-Хьаьжа – уьссазза. Овта-Хьаьжа дукха хенахь дуьйна Шела-йуьртан къеда ву, ткъа Шамсуддин-Хьаьжа – Гермачигахь. Овхьада ойла йо: цкъа а, шозза а ХьаьжцIа ваха ахча-м дендийр дара, ворхIазза, уьссазза цига ваха ахча мичара даьлла дена а, кIантана а?..

Ламазаш чекхдевлча, нехан дехаршца хьехам бан минбар чу хьалавелира Соип-Молла. Берриг а накха дIалаьцначу шен кIайчу можах дай куьг хьаькхна, хьехам дIаболийра цо:

– Къуръан чохь а, Iалайсалам, Пайхамаран хьадисашкахь а дийцина, дуьне доха гергадахча, адамашна гундолу даккхий Iаламаташ. Цкъа Маьхьди вуссур ву дуьнен чу, цо адамаш ийманехь нисдийр ду, царна йукъахь барт, машар бина, нийсо йина, беркате, машаре дахар кхуллур ду. ТIаккха цхьа хан йаьлча, адамаш ийманах доьхча, Дала царна таIзар дан Даджал воссор ву дуьнен чу, цо боьха мел дерг даржош, адамаш тиларчу дуьгур ду. ТIаккха, адамех къинхетам бина, йуха дуьнен чу воуьйтур ву, Iалайсалам, Iийса-пайхамар. Цо, Даджал а вийна, ийман меттахIоттор ду. Амма адамаш йуха а Iесадевр ду. Дала царна таIзарна малхбалехьара схьа, Йаджуд, Маджуд цIерш йолуш, цхьа къиза ши стаг воуьйтур ву, цара адамаш кхин тIе а тиларчу дохур ду. ТIаккха Дала малхбузехьара схьа малх кхоьтуьйтур бу, дуьненах цIе латор йу. Оцу цIергахь цхьа дийнат гучудер ду, адамийн мотт а буьйцуш. ТIаккха Делан омрица Исрапил-малико, дуьне-Iалам къардеш, зурманца хаам кхайкхор бу, дуьне духу аьлла. ТIаккха дуьне духур ду.

Уьш йаккхий билгалонаш йу хIара дуьне тIаьххьара а дохаран. Амма дуьне дохар цIеххьана хир дац, иза адамаша шаьш кIез-кIезиг дохош, духур ду. Цуьнан билгалонаш йийцина, Iалайсалам, вайн пайхамара. Бусалба динан Iилма хууш, кхетаме нах, хенан йохалла кIезиг хуьлуш, дIабевр бу. Вахош долу маларш даьржар ду, уьш молурш алсамбевр бу. Церан доьзалш эс доцуш, догIмаш сакхт хир бу. Бусалба дин хьехар, бусалба дино бохург кхочушдар цунна хьакъдоцчу, ийман доцчу нахехь хир ду. Цара бусалба динах севдагалла лелор йу, хьарам некъашца хьал-бахам гулбийр бу. Хьекъалечу, кхетам болчу, ийман долчу, оьздачу нехан сий-пусар хир дац. Шайна цхьа пайда ца хилча, Делан дуьхьа, мелан дуьхьа вовшашна гIодийраш хир бац. Боьрша нах шайн зударийн когаш кIел хир бу, бераш шайн дай-наношна дуьхьалдевр ду. Боьхачу, оьздабоцчу, йамартчу, стешхачу нехан халкъана йукъахь сий хир ду. Далла Iамал дIа а тесна, адамаш синкъерамашка, иллешка, эшаршка, пондаршка, жиргIанашка доьрзур ду. Делан дош а дицдина, эхарт а дицдина, адамаш дуьненна тIаьхьадевр ду, масех гIатт долуш цIенош дийр ду, царна чохь Далла Iамал йийр йац, синкъерамашка гулбелла, пондарш, эшарш лоькхур йу. Кегийрхошна шайн дай, къенанаш сонта хетар бу, церан сий-пусар хир дац. Тешаме, догцIена, ийманехь адамаш кIезиг хир ду, иштта адам цхьана йуьртахь, цхьана шахьарахь ду аьлла хезча, адамаш цецдийр ду. Питанаш, адамаш дайар, мостагIаллаш алсамдевр ду. Боьршачу нахана тIехь чилланан духарш, куьйгех а, багахь а деши лелор ду. Делах ца тешачу Даджалан тобанах наха халкъ тиларчу дуьгур ду. Делан йозанаш, Iалайсалам, пайхамаран суннаш дицдийр ду. Iедал ийман доцчу, хьекъал а, кхетам а боцчу, йамартчу, къизачу адамийн карахь хир ду, бакъдерг олуш а, бакъонехьа а, нийсонехьа а къуьйсу нах цара хIаллакбийр бу. Кегийрхой Iеса хир бу, цара къилахь мел дерг, хьарам мел дерг, боьха мел дерг лелор ду. Адамашна йукъара барт бухур бу, безам-марзо дIайер йу. Делан некъа тIера дIабевллачу нехан сий хир ду. Оцу наха Делах тешаш, Делах кхоьруш, ийманехь болу нах эсах девлла адамаш лорур ду. Зударша шайн коьртара месаш бес-бесарчу куьце йохур йу, церан духарш чекх са а гуш, догIмашна тIелетта, эхье меженаш гуш хир ду. Майранаш а, зударий а вовшашца хьарам, йамарт, даррехь зина лелош хир бу. Адамаш хьекъалечу нахах дагадийр дац, хьекъал доцчу, оьзда боцчу, ийманехь боцчу нахе ладугIуш, царна тIаьхьахIуьттур ду. Исламан а, Къуръанан а цIе йовр йу, цара хьоьхург дицдийр ду. Далла Iамал йар эхье гIуллакх лорур ду…

Лерина ладоьгIучу нахана йуккъехь цхьаццанхьа белхар хезара. Овхьадана уллорчу цхьаммо, велхаран къурдаш а деш, мара ийзабора.

– Iалайсалам, вайн пайхамара кхойтта бIе шо хьалха йийцина и билгалонаш гучуйуьйлу вайна йуккъехь. Йиша-вешина йуккъера марзонаш херлуш, хедаш йу, доьзалшкахь хьалхалера барт бац. Баккхийчу, хьекъалечу, Iилма долчу нахах дагабовлуш, цаьрга ладугIуш бац кегийрхой. Дай-наношка ладугIуш дац бераш. Делан дош тергалдеш бац дуккха а нах. Дала бусалбанашна тIедехкина пераз ламазаш до, марханаш а кхобу дуккха а наха, амма цаьрца цхьаьна, Дала ма де аьлла, дихкина зуламе гIуллакхаш а леладо. Нахана моьтту, шаьш пераз пхи ламаз а дича, ткъе итт марха а кхаьбча, важа шаьш лелош долу зуламаш, лето къинош Дала шайна гечдийр ду. И нах Iехабелла, царна моьттург бакъ дац! Вайн махкахь къоланаш, талораш, адамаш дайар, кхидолу зуламаш даьржина. Айхьа къахьегна, хьацарца ца даьккхина рицкъа хьуна хьарам ду, боху Дала. Ахь шена ца йинчу Iамална ша гечдийр ду хьуна, амма ахь лачкъийна, мулкан да кхерийна, вийна хьайн доладаьккхина нехан хьакъ, рицкъа хьуна гечдан шен бакъо йац, эхартахь ахь цунах жоп дала деза, жоьжахатехь Iазап такха деза, боху Дала. Нахана моьтту, керста адамаш талор, дайар къилахь дац. Дела массарна а цхьаъ ву. Дуьненара дерриг адамаш Цо кхоьллина. Оцу керстанашна рицкъа делларг а Дела ву. Керстанан долаллина тIе куьйгаш кхийдийначо, лачкъийначо, цунах пайдаэцначо Далла хьалха жоп лур ду. Махкахь алсамдуьйлу адамаш дайар. ЧIиран мостагIалла доцуш наггахь бен йурт йац Нохчийчохь. Шена хаа а хууш, бусалба вийначунна Дела оьгIазвоьду, Дала цунна неIалт олу, иза даим а жоьжахатин Iазапехь хир ву, боху Къуръан чохь4. Йуха а боху Къуръан чохь, цхьа адам дер а, дуьненара дерриг адамаш дайар а Дала цхьатерра лору5. Iалайсалам, вайн пайхамара аьлла, адам дийнарг, хIара дуьне дохийнарг санна, бехке хир ву Далла хьалха. Стаг вийначунна санна, Iазап лур ду Дала стаг вен гIо диначунна а. Ша вен, шен доьзал бен тIелеттарг вийначунна гечдийр ду Дала, нагахь санна шен са, шен доьзал кIелхьарбаккха цунна кхин некъ ца бисинехь. Бусалба а, керста а адамийн рицкъанна, долаллина тIе куьйгаш ма кхийдаде, бусалба а, керста а адамаш ма дайа. Оцу къоланаш дечу, талораш дечу, адамаш дойучу цхьа кIеззигчу нохчаша вайн къоман сий дойу, луларчу къаьмнашлахь вайн къоме цабезам, цатешам кхуллу. Делах тешаш а, Делах кхоьруш а волчу стага дийр ма дац и зуламаш…

Соип-Моллин хьехам чекхбаьлча, цхьана йукъана тийналла хIоьттира маьждиг чохь. Овхьадана уллохь шен мара ийзийнчу стага, хьала а гIеттина, Соип-Молле хаттар делира:

– Соип-Молла, цхьаболчу Iеламнаха олуш хезна суна: стага летийнчу къиношна Дала гечдийр ду, нагахь санна и стаг, ша динчу вочу гIуллакхашна дохко а ваьлла, ша валале ийманехь нислахь. Со къона волуш, сайн дeгIexь ницкъ болуш, Далла Iамал йар ледара хилла сан, къоланаш деш а лелла. Оцу айса бинчу некъана дохковаьлла, Далла сайна хуу Iамал а йеш, гIийла-мискачарна caгIa а луш, гIуллакхашца нахана, йуьртана гIo а деш, схьавогIу со хIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь. Оцу цхьаболчу Iеламнаха ма-дийццара, ас летийнчу къиношна Дала гечдийр дуй-те суна?

Соип-Молла, корта а ластош, велакъежира:

– Шена луург дан ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву АллахI. Амма иза нийса хьукма деш а ву. Далла Iамал йеш, Цо бусалбанашна тIедехкина декхарш кхочуш а деш, хьанала къа а хьоьгуш, хьарамчух лар а луш, дуьненахь йаккха шена тоьхна хан текхна, Шена дуьхьал веана стаг а, ткъа Ша бусалбанашна тIедехкина декхарш кхочуш а ца деш, Шена Iамал а ца йеш, хьарамчух лар а ца луш, къоланаш, талораш а деш, адамаш а дойуш, дуьненахь хан а текхна, Шена дуьхьал веана стаг а Дала цхьана даржехь нисвича, нийса хир ду аьлла, хетий шуна? ТIаккха-м Дела нийса кхел йеш хир ма вац! Ша дуьненахь летийнчу къинойх Далла хьалха жоп дала деза хIора адамо, царна догIу Iазап такха деза жоьжахатехь. Дуккха а къинош летийначара дуккха а Iазап токхур ду, кIезиг къинош летийначара – кIезиг. Ткъа шен дахарехь ша летийнчу къиношна ша валале дохко а ваьлла, шахIадат далийча, Дала цунна и къинош гечдо бохуш, хьоьга дийцина Iеламнах йа шаьш галбевлла, йа хьо царах нийса ца кхетта. Делах ца тешаш йа Дела цхьаъ ца веш, Iалайсалам, Мухьаммад пайхамар къобал а ца веш, къинош а летош, дуьненахь хан а йаьккхина, Iожалла тIехIоьттича, дохкодевлла, цара шахIадат далийча, Дала гечдийраш кхин адамаш ду. Дала, Iалайсалам, вайн пайхамар Мухьаммад бусалба дин кхайкхо ваийтале, дуьнен чу Къуръан а доссадале, жIарашна Iамал йеш, даьхна адамаш. Ткъа Дала бусалба дин кхайкхо, Iалайсалам, Мухьаммад-пайхамар ваийтинчул тIаьхьа, Дала цуьнгахула Къуръан доссийнчул тIаьхьа цхьа эзар кхо бIе шо даьлла. Оцу эзар кхаа бIе шарахь хIора дийнахь адамашна хьоьхуш ду Къуръано а, Iалайсалам, пайхамаран хьадисаша а, шapиIатo а бохург. ХIетте а Далла Iамал а ца йеш, Дала бусалбанашна тIедехкина декхарш кхочуш а ца деш, иймане а ца воьрзуш, дуьненахь хан а йаьккхина, шена тIе Iожалла хIоьттича, кхеравелла, дохко а ваьлла, шахIадат далийначунна ца гечдо Дала, гечдийр а дац. Нехан хьакъ диъначо, ша дуьненахь а волуш, дIатакха деза долчу дена, иза къинтIера ваккха а веза. ТIаккха Делан къинхетаме дог дохийла хир йу цуьнан…

Кхин масех стеган хаттаршна Соип-Моллас жоьпаш делча, маьждиг чу веаначу цхьана стага, Овта-Хьаьжин лере а вахана, цуьнга масех дош элира.

– ЛадогIал, нах! – мохь туьйхира Овта-Хьаьжас. – Селхана Iуьйранна сатоссучу хенахь БуритIарчу набахтехь, ирх а оьллина, къиза вийна вайнаха сий деш, лоруш хилла гIалгIайн халкъан майра, оьзда, доьналле, тешаме кIант Госа-Хьаьжин Саламбек. Соип-Молла, доIа дехьа…

ДоIина тIаьхьа Саламбекана докъа ламаз а дина, кхоьлинчу йаххьашца маьждигера дIасабахара нах…

***

ЧIогIа къайлах

ЦУЬНАН ИМПЕРАТОРСКИ ВОККХАЛЛИН

КАВКАЗЕХЬ HAMEСТHИКAH ГIОЬНЧЕ

1911 шо, 4 май

№ 21

Буру-гIала

Эскаран отрядан начальнико полковника Морганияс хаам бина соьга, Зеламха революцин гIуллакхна йукъаозо 60 гергга студенто (царах дукхахберш эрмалой бy) сацам тIеэцна хиларх. Оцу Iалашонца шайн пхи стаг Нохчийчу вахийтина цара. Шелан вахархочуьнца Боршигов Шаидца дехха дийцарш динчул тIаьхьа, 19-чу апрелехь, цо Зеламхина тIебигна уьш. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш, пхеа студентал совнаха, кхин а 22 стаг хилла. Царна йукъахь – вайн ши агент а. Цигахь студенташа дехар дина Зеламхе, кестта Россин, Китайн тIом хир бу, тIаккха Россехь революци хир йу, оцу революцина гIо дахьара ахь бохуш. Зеламхина бомбанаш йелла цара. Зеламха шайх тешийта, цунна дош делла цара со а, сан гIоьнча инарла-майор Степанов а вен, эскаран дакъош, тIеман гIирсаш тIехь болу цIерпошт а, тIайш а лелхийта, дуккха а ахча тIехь долуш йоьлхучу цIерпоштех Зеламхе нийса хаамаш бан, цо кIело йинчу меттигехь Востингаузан тормозашца цIерпошт сацо а.

Цул совнаха, Гуьмсе станцин начальникан барт хилла, стачкийн комитетан куьйгалхошца дуккха а ахча дIасахьош йолу цIерпошт маца новкъа йолу цаьргахула Зеламхе хаийта. Почташ а, банкаш а талор йу ша, амма цхьа а стаг йийсаре вуьгур вац ша, аьлла Зеламхас.

Оцу бартахойн план Теркан областан жандармийн урхалле а, полицига а, тIеман отрядашка а йовзийтина ас, церан декхарш а гайтина.

Инарла-лейтенант Михеев

XXI корта. Керла бохамаш

МостагIаша го бина,

Со йукъа хьовзийна,

Iожала тIегIерта,

Дера ка детташ.

Гонаха бIаьрг бетташ,

Ас орца лоьху…

Халкъан илли

1

Зеламхина дуьхьал дIайолийна муьлхха а кампани эхьечу чаккхенца йоьрзура Михеевн. ХIинца Зеламха эвххьаза кхерстара Нохчийчохь а, ГIaлгIaйчoхь а. Ткъа луларчу областашкахь а, губернешкахь а цо лелориг Михеевс тидаме ца оьцура. Цигахь Зеламхас лелочух Михеевга жоп ца доьхура. Шен областехь хуьлурш а тоьу цунна. Михеевна моьттура, ша Зеламхин доьзал амалтана а лаьцна, набахти чу кхоьссича, зударий, бераш цигахь хьийзорна кхоьруш, иза мелла а кIадлур ву, шен лаамехь Iедална тIевогIур ву. Мичара! Мелхо а, карзахваьлла. Михеевна, областан начальникна, кхерамаш тийса а воьлла. Цкъа кехат даийтира цо, ша доьзална дуьхьал Михеев йийсаре вуьгур ву аьлла. И кехат йуьхьанца хьесапе ца эца гIиртира Михеев. Иза наггахь бен гIали чуьра ара ца волура. ТIаккха а уллохь дуккха а барамехь ха долуш. Цундела Михеев ца кхоьрура ша йийсаре вигарна. Делахь а, цкъацкъа, оцу кехато шен бертаза сагатдора цуьнан. Балхахь а, балха вогIуш а, цIа воьдуш а. Буса охьавижча а, Iуьйранна самаваьлча а. Зеламхас хIуъа а ма до. Масала, Соьлжа-ГIаларчу хьолечу совдегаре Шавеловга, шена ахчанца йасакх такха, ца такхахь, ша бекхам оьцур бу аьлла, шозза кехат йаздинера Зеламхас. Совдегаро ларамаза дитира иза. Йасакх ца йеллера, жоп а ца йаздинера. TIаккха Зеламхас, шеца ши накъост а волуш, дийнан делккъехь вахана, корехула чу бомбанаш кхийсина, лелхийтинера совдегаран цIенош. ЦIахь ша ларвеш ха делахь а, Зеламхас ишттаниг дарна а кхоьрура. ТIаккха эскаран йоккха гарнизон, полици, жандармери йолчу гIали чу а веана, ишттаниг дан хIуттур вац иза олий, шена маслаIат а дора Михеевс.

4.Къуръан, 4 Сура, 93 айат.
5.Къуръан, 5 Сура, 32 айат.
Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают