Читать книгу: «Дарц», страница 26

Шрифт:

Зеламха турмалца лерина хьоьжура тIай тIе кхочучу отряде. Говрашкахь хьалхаваьлла масех эпсар вара. Царах шиъ, Андронников а, Донагулов а, вевзира Зеламхина. Цигаьркаш уьйзуш, вовшашца къамеле ваьлла, шеквоцуш вогIура и шиъ.

– Уггар хьалха эпсарш бойур бу вай. Ас Андронниковна тухур йу, ткъа ахь, Азамат, Донагуловна тоха. Мохьмад, ахь а, Бийсолтас а, барт а бай, шаьшшинна цхьацца къаставе.

– Э, Зеламха, со реза вац ахь бохучунна! Андронников суна вита веза!

– ХIан-xIa, Азамат, цо сан доьзал йийсаре бигна. Иза вен чIагIо йина ас.

– Ткъа суна шина гIалагIазкхичуьнга йеттийтина цо! Куьйгаш а, когаш а дехкийтина. Ша тIе а хIоьттина. ЧIоггIа тоха а бохуш. Коьртах, чоьже, чукIеле тоха а бохуш. Там хилла вела а воьлуш, говрах терсаш. ХIан-xIa, Зеламха, и гуьржи ас вуьйр ву. ТIе, тхан Несара округан начальник волчу цо дукха зударий, бераш делхийна. Важа суьйли, Донагулов, вехьа ахь. Иза а ма вара цуьнца хьан доьзал йийсаре лоцуш. Цуьнца хийцалуш, Бецера а, Зезагера а лем оьцуш а. Цуьнан суьйлаша дукха дог этIийна хьан доьзалан.

– Дика ду, Азамат. Андронников хьуна вуьту ас.

ТIаккха, ши бIаьрг лаьмнашна тIехула стигала хьала а боьгIна, даржийна ши куьг доIина хьалалецира Зеламхас:

– ХIай АллахI, хара дуьне-Iалам кхоьллина ницкъ болу тхан Дела! Айхьа кхоьллинчу синошна лаьттахь, хи чохь рицкъа латто къинхетаме, комаьрша Дела! ГIийлачунна, мискачунна, дедоьхначунна орцахволу Дела! Бохаме, халоне нисвеллачунна собар ло Дела! Хьо воцург кхин Дела цахиларх дог тешначу, Ахь ваийтина Хьан лай Мухьаммад пайхамар бакъвинчу, Aхь декъалбина эвлайааш къобалбинчу, Ахь гайтинчу некъахь тхешан ницкъ ма-кхоччу нисдала гIертачу тхох къинхетам белахь, тахана тхуна орцахвалалахь! Нагахь тахана тхо харцонна арадевллехь, тхан бIаьрса бIарзделахь, тхан куьйгаш лахаделахь, тхан дегнаш чу кхерам тасалахь! Нагахь тхан некъ Ахь къобалбеш белахь, тхан бIаьрса серладаккхалахь, тхан куьйгаш чIагIделахь, тхан дегнашна собар лолахь! Хьан бакъ динан мостагIаша бIарздинчу тхуна хIокху керстанех бекхам эца ницкъ лолахь! Хьо воцург орцахвала да воцуш, гIo дан накъост воцуш, хIокху керстанийн Iедало акхаройн амалшка дерзийна, кIелхIотта тхов боцуш, лаьмнашкахула, хьаннашкахула меца, дерзина лелачу тхуна гIo делахь, хIай АллахI, тхан ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша Дела!..

ТIай тIекхьаьчча гIаш а бевлла, говрийн архаш лаьцна схьабуьйлабелира эпсарш. Массарна а хьалха вогIура Андронников а, Донагулов а. Цаьршинна тIаьхьа – полковник Курдиев.

– Курдиевна хIун до вай? – хаьттира Мохьмада.

Зеламхина ца дицлора шена кIеззиг а дина дика. Цуьнан кIант Мохьмад, лайлахула ца вахалуш, кIадвелла соьцуш гича, Курдиевс схьа а эцна, говра тIе а ваьккхина, шена хьалха охьахаийнера. Иза ца дицделлера Зеламхина.

– Курдиев ма хьеве.

Цкъа Донагуловн шина бIаьрга йуккъе ниша лецира Зеламхас. Цуьнан хье баржийна дIатаса. ТIаккха даг тIе хьажийра. Амма тоьпан лаг ца узура цо. Оцу шинхьа тоьхча, сихха лийр дара и дахкаделла суьйли! Цуьнан сихха са даккха ца лаьа Зеламхина. Цуьнга xIapa дуьне къаьхьа даийта деза. ХIокху Iедало Зеламхин доьзале санна. Велла а, дийна а воцуш. Мича тоха-те? Ши эпсар тIай йуккъе кхечира. ЦIеххьана дагадеара Зеламхина мича тоха йеза. Донагуловн зуда хаза йу, боху. Цунна дукхайезаш. Иза мел дукхайезахь а, цунна уллора дIаваьлча, кхин зударий а беза, боху. Дийцарехь, и Донагулов зударшца лела кхахьпа ду. И боьршаллин билгало дIа а йаьккхина, ша дуьненахь йоккхучу ханна зударех, самукъанех дIахадо веза иза…

– АллахIу акбар!

Цхьатерра йиъ топ йелира. Андронников а, кхин ши эпсар а охьавуьйжира. Донагулов, чукIела ши куьг а таIийна, цкъа шалха вахара, тIаккха меллаша голаш тIе охьалахвелира. Оццу хенахь кхо топ йелира накъостийн а. ТIаккха шинххьа а сацам боцуш тIеетта йолийра. Омра дала эпсарш синкхетамехь боцуш, цхьана ханна боьхна хьийзира салтий. Говрашкара гIалагIазкхий а, дегIастанхой а, гIаш салтий а, цхьаьнаийна, уьйриг хилла, керчара. Белларш а, чевнаш хилларш а тергал ца беш, уьш хьоьшуш, тIехула лелхаш, ловчкъа меттиг лоьхуш бевдда лелара уьш. Эххар а эпсарш саметта баьхкича, церан омрица чхернаш тIехьа а, оьрнаш чу а левчкъина, цхьа а Iалашо а, низам а доцуш хIаваэ а, дIaca а тоьпаш йетта буьйлира. Болх бан йолайелира масех пулемет а. Амма цара шарахь герз диттича а, кIелонехь болчу ЗеламхагIарна хила зен дацара. Цара дIатуху цхьа а дIаьндарг эрна ца йоьдура. Белла йа чевнаш хилла, охьаоьгура мостагIий. Чевнаш хиллачара узарш дора, орца доьхуш, маьхьарий хьоькхура. Йуьхьанца уьш тергал а ца бора цхьаммо а. Оцу хьовр-зIоврах пайда а эцна, маххьаш охьа а тийсина, шайн говраш хаьхкина, дIабахара кхуза нуьцкъах балийна гIалгIай.

ТIулган бердашна тIе герз деттар эрна дуйла а хиъна, шайна кхин а алсам дараш хилале, байъинарш а, чевнаш хилларш а говраш тIе а бехкина, йухайирзира отряд.

Иза тоьпан дIаьндарг тIе ца кхоче генайаьлча, биргIа йохйеллачу тоьпан хен лаьтта а хIоттийна, отрядан тIаьххьара салти гучуьра валлалц цунна тIаьхьахьоьжуш лаьттира Зеламха. ТIаккха, тIом болабалале санна, ши куьг доIина а лаьцна, лаьмнашна тIехула дIa стигала ши бIаьрг а боьгIна, мохь туьйхира цо:

– ХIай АллахI, тхан ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша Дела! Оха хастам бо-кх хьуна, оцу керстанашна тIехь толам баккха ахь тхуна ницкъ баларна!

Важа кхо накъост шайна тIе схьавеача, лаьмнашка хьалавахара Зеламха.

Iассан чIожахь тийналла хIоьттира, цкъа а тIом ца хилча санна.

***

TEPКAH ОБЛАСТАН НАЧАЛЬНИКЕ

1910 шо, 22 сентябрь

№ 1678

Буру-гIала

РАПОРТ

Хьан локхалле хоуьйту, 20-чу сентябрехь Гушмазукаев Зеламхин доьзал йийсаре балийна йогIучу Дагестански полкан йалх сотнина делкъан хенахь, цIорхойн тайпана Ерш-кIотарна уллохь, Iacca-хин готтачу чIожахь кIело а йина, Зеламхин обаргаш тIелатар.

Исс сохьтехь хиллачу тIамехь байъина: Несаран округан начальник, гвардин ротмистр эла Андронников, Кавказски саперни батальонан поручик Афанасьев, Дагестански полкан йолхалгIачу сотнин 5 дошло, Теркан милицин милиционер Циганков, некъ гойтуш хьалхаваьлла цIорхо Мишхиев, шамхойн тайпанан цхьа стаг. Чевнаш йина: Дагестански полкан йолхалгIачу сотнин командирана ротмистрана Донагуловна йиъ чов йина, оцу сотнин пхеа дошлочунна а, Теркан милицин милиционерана Козловна а чевнаш йина. Итт говр йийна, йеанна чевнаш йина.

ТIеман дакъалацархоша дийцарехь, цхьа обарг вийна, цхьанна чов а йина. И ший а накъосташа шайца дIаваьхьна.

Несара округан

начальникан гIоьнча

ХХ корта. Халкъан кIант

ДоттагIий уьш бу-кха, вайн гIоьмаш шайн коча эцнарш…

Хисроу

1

Iассан тIай тIехь хиллачу тIеман жамIаша карзахваьккхинера инарла Михеев. ХIара тIаьххьара операцин кхоллархо а, цуьнан коьртехь хилла а эла Андронников вийна. Кхин масех эпсар а, ах бIе сов салтий а, гIалагIазкхий а байъина. Чевнаш хилларш кхин а дукха бу. Бaйъина а, чевнаш хилла а дегIастанхой, кхиболу туземцаш цо хьесапе а ца оьцу. Андронниковн уггар йоккха дегайовхо хилла ротмистр Донагулов? Массарна а хаьа, Зеламхас иза, ца вуьйш, чов а йина, хIунда витина! Боьршачу стеган уггар дозаллин меже а аьтта, витина! Иштта дийна вуьсучул, веллехь гIоли йара цунна. ХIинца дуьненан самукъанах дIахаьдда иза.

Инарла карзахваьккхинарг кхин дара. Андронниковн хьехамех а тешна, цунна тIе а тевжина, наместникана ша делла дош, шен коча эцна тIелацамаш а. ХIинца цунна дуьхьал муха хIотта веза иза? Йалх разбойнико а, цхьана бератIорзано а йухабаьхна рота салтий, гIалагIазкхийн а, дегIастанхойн а дошлойн ши бIо! Йухабаьхна ца Iийна. Оцу ворхIанна хьалхара эхье бевдда. Шен ирс ду веллачу Андронниковн. Дийна висинехь, оцу эхьан сет тIехь лело дезара цуьнан ша велла дуьненара дIаваллалц!

Шен кабинета чуьра дIа йолчу неIарехула зала чу а ваьлла, хьаьжайукъ хабийна, бурсане хьаьрса цIоцкъамаш а дусийна, дуткъий балдаш тIеттIа а таIийна, вахана, стоьла улло дIахIоьттира иза. Начальник чувеача, хьалагIевттира зала чуьра нах. ГIалгIайн йартийн йуьртдай, имамаш, къеданаш, халкъо лоруш болу къаной а. Михеевс, вист а ца хуьлуш, охьаховша аьлла, куьг ластийра цаьрга. ТIаккха царна тIехула оьгIазе бIаьрг туьйхира цо. Холхазан куйнаш, туркойн песаш, Iаьрбийн чалбанаш. Детица бустамаш кхелина гозарш йолу машин чоэш, исхаран, атлазан гIовталш, башлакхаш. Iаьржа, кIайн, цIен гIина диллина а, йехий, йоций, шуьйра а мажош. Тайп-тайпана тодина мекхаш.

Зала чохь тийналла хIоьттича, парггIат, буьрсса къамел долийра Михеевс:

– Цуьнан Воккхалло паччахьо, цуьнан Iедало, пачхьалкхо тешам белла йуьртдай, имамаш, къеданаш хIиттийнера шу йарташкахь. ШолгIа, шайн къомах, цуьнан кхолламах жоп дала дезаш, цунах дог лаза дезаш, иза бохамех лардан декхар долуш, халкъан баьччанаш ду шу. Амма паччахьна а, халкъана а хьалха шайн декхарш кхочуш ца дина аш. Паччахьна а, халкъана а хьалха зуламе ледарлонаш йийлийтина аш. Шун дехаршца гIалгIайн халкъана тIера дуккха а пачхьалкхан декхарш дIадаьхна Iедало. ГIалгIашна бакъо йеллера гIалагIазкхийн махкахь латта лело а, цигахь баха а. ТIаьххьара а, шу реза долу Андронников шун округан начальник хIоттийра. Аш тIелаьцнера пачхьалкхан законаш лера а, кхочушдан а, пачхьалкхан декхарш такха а, шайн махкара зуламаш совцо а. Амма уьш а, пачхьалкхана хьалха кхин дуккха а шайн декхарш а аш кхочуш ца до. Мелхо а, дуьхьалдевлла. Шайна тIера пачхьалкхан хьалхалера декхарш гечдича, керланаш а шайна гечдийр ду моттахь, Iехаделла шу. Цхьа кепек а гечдийр дац. Аш тIелаьцнера шайн махкахь зуламаш совцо. Уьш, мелхо а, алсамдевлла. Гобаьккхина талораш, къоланаш ду. Некъашкахула оьрсий дIасабаха ца буьту, лечкъабо, бойу. Зеламха а, цуьнан разбойникаш а шун йарташкахь хуьлу. Уьш шайн йарташка ца буьтучу меттана, мелхо а, ларбо аш. Ши де хьалха Iассан тIай тIехь Андронников отрядана кIело йинчу Зеламхица пхи гIалгIа хилла. Уьш пхиъ а, кхиболу гIалгIайн разбойникаш а муьлш бу, хаьа шуна. Муха ца хаьа, шун хIусамашкахь буьйсанаш йохуш а, аш царна герз а, даар-малар а латтош хилча. Шайна тIера пачхьалкхан декхарш дIатакха ши кIира хан йу шуна. И хан чекхйалале аш декхарш ца такхахь, ас, йарташка эскарш а дахкийтина, керташкара даьхни, сал-пал нуй хьаькхна дIадохьуьйтур ду шун. ТIе, шуьга кхабийта йарташка салтий а хIиттор бу. Оццу хенахь шайн коьрта разбойник Саламбек а, Iacca тIай тIехь Зеламхица хилла пхи разбойник а схьа ца лахь, мацца а цкъа Зеламхин а, цуьнан разбойникийн а лар чуеана йарташ чим беш йагор йу, цигара бахархой Сибрех бохуьйтур бу. Цаьрца цхьаьна Сибрех бохуьйтурш шуна йукъахь хила а мега. ХIинца тIаьххьара а. Шу дерриг а шайн даржашкара дIадоху ас. Шун меттана кхин хIиттор бу. Мелла а хьекъаленаш. Шайн декхарш цкъачунна шайн гIоьнчашна тIедахка.

Михеев, кхин вист ца хуьлуш дIа а хьаьвзина, нийсса гIулч йоккхуш, вахана, ша зала чувеанчу неIарехула къайлавелира.

ГIалгIайн тхьамданаш, дегнаш доьхна, йарташка бирзира…

2

Ша тоьхна ши кIира хан чекхйаллалц а ца Iийра Михеев. ГIалгIайн йарташкахь уггар карзахечарна йа обаргаш бевллачу йарташна кхерамаш тийса вуьйлира иза. Уггар хьалха декъаза кхаж белира Саламбекан йуьртан – СагIопшан. Йуьрте Саламбек схьавоьхура Iедало. Нагахь санна иза схьа ца лахь, берриг а бахархой Сибрех а бахийтина, йурт йаго кхерамаш туьйсура.

Ткъа арахь октябрь лаьттара. Ткъевне, шийла, йочане. Лаьмнашка дуьллу ло а церан когашка кхаьчнера. Оцу мискачу нехан мискачу хIусамашка гIертара шийла Ia. Нах боьхна хьийзара. Йуьртахо Iедале дIа а велла, шаьш а, шайн доьзалш а таIзарх, бохамах кIелхьардаха а ца лаьара. Саламбекан а ма бу доьзал. Зуда а, кегий бераш а. Шен лаамехь, хазахета ма ца ваьллера иза обарг. Халкъана орцахваьллера. Халкъан дуьхьа хьаннашкахула, лаьмнашкахула, экха санна, кхерсташ лела. ДIатосу цхьа гIулч а, цхьа минот а тешаме йоцуш. Iедалан харцонаша, къизалло – цхьана aгIop, къелло, эшамо – вукху aгIop, ма теттина иза оцу новкъа. Саламбек церан йуьртахо, ваша хилла ма ца Ia. Иза гIалгIайн декъазчу халкъан кIант ма ву.

Амма йурт йохайахь, зударий, бераш, къенанаш, цомгашнаш, заьIапнаш йерзинчу стигал кIел буьсу. ХIокху махкахь битича а, уьш хьан тIелоцур бу? Массо а ма ву холчохь, къен, шaйн доьзалшна халла сискал тарйан гIерташ. Буса шайн бераш охьадийшо мотт-гIайба а ца тоьуш. Ткъа хIокху шийлачу Iай махках а баьхна, Сибрех дIабигахь? Берий-м хьовха, баккхийчеран а дац тIедуха а, когадуха а. Новкъахь дIакхаччалц даа йалта а. Сибрех дIа а кхачале, новкъахь лийр ду. Цигахь Ia шийла ду, боху. ДIатесначу туйна лаьтта кхачале ша а беш. Ши аьрша кIорге латта гIорадо, цкъацкъа иза аьхка а ца дастало, боху. Iай сеш, жIаьлеш салазашна а дужий, дIасалела, боху. Уьш дерриг а гина, лайна нах ма бу кхузахь. Цундела, шаьш хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, боьхна хьийза CaгIoпшepa нах. Саламбек Iедале дIавелча, гIалгIайн къомана а эхь хуьлу. Иза бIешерашкахь дуьйцур ду. ХIокху йуьртана неIалт а кхайкхош. КIарлагIан лам хIоттор бу. Амма йурт йагайойтийла а дац. Бехк-гуьнахь а доцу нах бойуьйтийла а, зударий, бераш Сибрех дуьгийтийла а йац. Хьанна хаьа, зударий а, бераш а мацалла дала доьлча, Саламбекана а, йуьртан тхьамданашна а неIалт кхайкхораш а бевр бу…

Йуьртан тхьамданаша шаьш цхьаьнакхеттачохь иза дийцаре дора, шаьш набарна охьабуьйшуш а, Iуьйранна самабевлча а, цуьнан ойла йора. Эххар а цара сацам бира шен а, йуьртан а кхоллам Саламбеке шегга къастабайта.

XIapa буьйса йекхна йара, йуккъе баьллачу батто а, стигалахь даьржинчу седарчаша а серладаьккхинера дуьне. Некъашца хIиттинчу хишна тIехула буткъа ша лацабеллера. Михеевс даржех бохийна йуьртда Орцха а, имам Межед а, къеда Iелаха а, вовшашца лохха къамелаш а деш, Саламбекан кертан ринжа а диллина, керта буьйлира.

Саламбекан керт-ков могIарчу гIалгIайнчул хийцам болуш дацара. Тхов тIе гериг йиллина, деха пурхе долуш лоха цIенош. Кертахь цхьана aгIop дохнан божал а, paгIy а. Йуьстаха хIоттийна серагех буьйцина хьаьжкIех буьзна до а. Цунна уллохь котамийн кIара а. Йовхачу хенахь пеш йаго йина тхов-кIело.

ХIорш кхоъ керта ваьлча, кочара зIе йекош, чукхийсалуш, дера летадуьйлира paгIy кIелахь дихкина Iаьржа, доккха жан-жIаьла. Пурха ваьллачу шийтта шо хенарчу кIанта човхийна дIатедира иза.

– Ва-а, Хадижат!

– XIa-вай! – чуьра схьа йист а хуьлуш, араелира Саламбекан хIусамнана.

– Хьо цIахь йуй?

– Дера, йу. Схьадуьйла!

– Буьйса дика хуьлда шун, Хадижат!

– Марша догIийла шу а, Орцха!

– Делера къинхетам, беркат ма оьшийла кху кертара!

– Дела резахуьлда шуна а, Межед! Схьачудовлал, Iелаха!

Йуьртарчу таро йолчу нехан цхьа масех цIа доцург, берриг а бахархойн хIусамаш, цара цхьабарт бина кечйича санна, цхьатера йара чохь. Шочах йуьйцина черт буха а йиллина, тIехула истангаш тийсина поппаран маьнга. Цуьнан цхьана маьIIехь тIекIел йоьттина мотт-гIайба. Чухула стомма кIурз биллина, бертиг Iаржйелла шуьйра товха. Дуьхехь хIоттийнчу дехачу гIанта тIехь цIестан кIудал а, гIyммaгIa а. Баьрчерчу пенах тоьхна борах куз, вукху пенах тоьхна бустамашца кечдина къорза истанг а. Пенах терхешца хIиттийна кхийра пхьегIаш.

– Ma дика ду шу даьхкина! ЦIеранаш муха бу, шу дeppиг а могаш дуй, сингаттам боцуш дуй? – хьийзара Хадижат.

Хьеший паргIатбевлча, царна хьалха хох кхорзуш чам тобина кхехкийна кхоьаш а, чуьйнан экъанна кIел дика йеттина сискал а хIоттийра хIусамнанас. Кхача биъна бевлча, шура а тоьхна, тIе даьтта а дуьллуш тодина гIалмакхойн чай а малийра.

Йуьртахь лоруш волу xIapa кхо стаг керта ваьлча, Саламбекана бохам хилла-те, и хаийта баьхкина-те аьлла, дегIе шело хьаьдира Хадижатана. Иштта хилча, уггар хьалха мapваша волчу гIур бара хIорш аьлла, цкъа шена маслаIат дира цо. ТIаккха вовшашца забарш а йеш, кхача баа боьлча, гуттар а сапаргIатделира.

– ТIаккха, Орцха, догIуш а доцу шу, цхьаьна а кхетта, схьадахкар лаа дуй?

Буру-гIала дIа а гулдина, инарлас шайга дина къамел а, селхана йуьртан гуламехь пурстопа йуьртахошка дина къамел а, шаьш хIун дан деза ца хууш, шайн доьхна хьийзар а дийцира Орцхас.

– И дерриг а суна хезна, – элира Хадижата. – ХIинца шу xIyн лууш даьхкина? Саламбек Iедална тIеваха лаьа шуна? Нагахь санна и лууш шу даьхкинехь, сан марвешех дагадовла деза шу.

– ХIан-хIа, Хадижат, Саламбек Iедале дIавалар тхуна дага а ца деана, – мохь белира Межедан. – Иза ца дан, йурт йагийта а, дерриг а Сибрех даха а реза ду тхо. И тхан сацам Саламбеке дIакхето лууш даьхкина.

– Иштта сиха Саламбек карор вац тхуна. Иза цIа веача, цуьнга дийцахьа вайн хилла къамел, – тIетуьйхира Iелахана.

Саламбекан а, йуьртан а кхоллам къастор гIиллакхе Хадижатана тIе а диллина, шайн йаьIни тIера беза мохь оцу гIорасизчу зудчун коча а боьллина, паргIатбевлла, дIабахара йуьртан тхьамданаш.

Оцу къамелан ойла йеш, и буьйса набарза йаьккхира Хадижата. Цо хIун ала деза майрачуьнга? Шен берийн дега? Iедална тIе а гIой, хьо вейтий, йурт бохамах кIелхьарйаккха, ала деза? Йа йурт йохайайтий, зударий а, бераш а Сибрех бахийтий, хьайн дегI, хьайн са кIелхьардаккха, ала деза? Хьалхарниг дича, цуьнан майра, берийн да хIаллакьхуьлу, ткъа шолгIаниг дича, зударийн, берийн, къеначеран къила, неIалта кIел вужу, хIокхеран доьзална а, тIаьхьенна а тIехь цкъа а дIадер доцуш доккха неIалт дуьсу.

Хадижатана дика вевза шен майра. Йахь, оьздангалла йу цуьнгахь, къинхетаме, догцIена ву иза. Ша бахьана долуш йуьртарчу цхьана стагана бохам ца хилийта, шен са дIалур долуш ма ву иза.

Хадижат йоьхна хьийзара, цуьнан дог буйна доьллинчу хьозанан санна детталора…

3

Саламбек наггахь вогIура шен доьзална тIе. Хадижатна вoгIyp вац аьлла хеттачу хенахь. Уггар Iаьржа, цIемза буьйса а къастайой. Iедалан само артйеллачу хенахь. Пурстоп а, цуьнан стражникаш а, айкхаш а мичахь, хIун деш бу а, толлий. Йуьртара адамаш набарна дIатийначу хенахь. Иза цIа веача, шийтта шо хенарчу кIанта Iалихана арахь ха дора, набарна охьа а ца вуьжуш. Доьзалца буьйса а йоккхий, шен маддоьлла духар цIенчуьнца а хуьйций, сатоссуш йуьртара араволура Саламбек. Йуьртахоша а ларвора иза кхерамах.

Тховса цIеххьана цIа веара Саламбек. Бераш кхачанах а дузийна, уьш охьа а дийшийна, Хадижат охьайижа кечйеллачу хенахь, цаьршиммо барт бинчу ишарехь бешехьа корах бай пIелг туьйхира. Хадижат, Iалихан неIарехьа дIахьаьдира. HeIapнa боьллина гIуй дIа а баьккхина, араиккхира и шиъ.

Шена маракхеттачу Iалиханна белша тIе куьг а диллина, чуваьлла Саламбек, набарш кхетта Iуьллучу жимачу кхаа бере бIаьрг а тоьхна, сацавелча, цунна маракхийтира Хадижат.

Шена тIера схьайаьхна тужурка, башлакх, куй пенах тоьхначу хьостамах хьала а оьллина, маьнги йисте охьахиира Саламбек.

– Хьо цIахь хилла дукха хан а ма йацара, Саламбек. Лaa дуй хьо иштта сиха цIавар?

– ХIокху итт шарахь хиллачарел совдаьлла, галдаьлла хIумма а дац. Селхана йуьртан гуламехь пурстопа дина къамел а хезна, веана.

Хадижата дийцира йуьртан тхьамданаш ша йолчу бахкар а, шайн хилла къамел а.

– Чехкка гIой, Суламбек а, Арслан а схьакхайкхал, – элира Саламбека, Хадижате лерина ла а доьгIна.

– Цаьршиннах хIун до ахь?

– ГIуллакх ду. И шиъ схьавеача, хуур ду хьуна.

Ша майрачуьнца xIapa халонаш йоькъуш, ловш йелахь а, дуккха а гIуллакхашна тIехь иза шех дагавийлахь а, хеттарш деш цкъа а кIорге ца гIертара Хадижат. Дийца дезарг, дийца мегарг, нагахь санна иза шен накъостийн къайле йацахь, цуьнга ша дуьйцура Саламбека. Цундела кхин хеттарш ца деш, шен коьрта доккха, довха кортали а тиллина, иза дегIах хьарчийна, калош йуьйхина, араелира иза.

Саламбек аьрстхо вара. Аьрстхой шатайпа тукхум дара йа нохчий а, йа гIалгIай а боцуш. Церан мотт нохчийн а, гIалгIайн а шина маттана йуккъера бу, ала мегар дара, и ший а мотт шера буьйцура цара.

Нохчийн къомо иттаннаш шерашкахь шен маршонехьа тIом беш аьрстхой даим нохчашца бара, царна улло а хIиттина, церан а, шайн а йукъара маршо а, йукъара даймохк а ларбеш. Цундела 1865-чу шарахь паччахьан Iедало нохчийн уггар къармазе пхи эзар доьзал Хонкара кхалхош, цаьрца цхьаьна аьрстхой а кхалхийра. Официале хаамашца даймахкахь бисинарг бIе ткъе итт доьзал бара, уьш а, къена а, къен а, дукха бераш долуш а хиларна, битинера. ТIаьхьа дуккха а аьрстхой къайллах даймахка цIа бирзира. Уьш нохчашна а, гIалгIашна а йукъа а баьржина, царах эбелира. Цхьаболчара шаьш нохчий ду олура, кхечара гIалгIай ду олура.

Суламбек воккхахволу ваша вара Саламбекан, ткъа Арслан церан гарах стаг вара. Гергарлонна тIе даьккхича, цул гергара дуккха а шичой, маьхчой бара Саламбекан, амма Арслан бераллехь дуьйна зевелла, вешел а тешаме, майра, доьналле, оьзда доттагI вара Саламбекан. Арслан цуьнан накъост хилла обарг лелаш вацахь а, цо ларвора Саламбек, Хадижатан а, берийн а дола а дора. Цуьнгахула Саламбекана хаьара округерчу Iедало а, эскарша а дIа мел боккху ког, йамартхой, Iедалан айкхаш муьлш бу а.

Саламбек ойлане ваьлла Iаш, хьалха схьакхечира Арслан. Иза зоьрталчу дегIахь, болатан басахь йуьхь-сибат долуш, цIена ламанхойн куьцехь Саламбекан хенара стаг вара. Ши доттагI вовшашна мара а иккхина, хьал-де хоьттуш воллуш, Суламбек а схьакхечира. Хадижата сихха кхача хIоттийра царна хьалха. Чай меллачул тIаьхьа ша цIеххьана цIаваран бахьана дийцира Саламбека.

– Арслан, кхана Буру-гIала ваха веза хьо, – элира цо тIаьххьара.

– ХIунда?

– Адвокат Башир волчу.

– Цуьнца хIун гIуллакх нисделла вайн?

– Инарла Михеевс гIалгIайн тхьамданашка а, ткъа пурстопа вайн йуьртахошка а дина къамелаш шу хууш ду.

– Хаьа тхуна. Иза дуьххьара а ма дац. Дийца кIордийча, совцур бу.

– ХIан-хIа, Арслан, хIинца совцур бац уьш. Iacca тIай тIехь Зеламхас динчо карзахдаьккхина Iедал. Тхоьца дерг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха аьлла, Петарбухера омра кхаьчна Михеевга. Кхуза кхечу областашкара а эскарш даладо, боху. Йарташ йохор йу, нах, лоьцуш, Сибрех хьийсор бу. Со бахьана долуш йуьртарчу цхьана стагана, цхьана гIалгIачунна бохам хила, ца лаьа суна.

– Хьан хIун ойла йу?

– Iедална тIеваха.

– Цара вуьйр ву-кх хьо, Саламбек!

– Мацца велла а, цкъа валаза ца волу. Сан сацам хилла баьлла. Со вийча, халкъ бохамах кIелхьардер ду. Тховса дийна ву со, кхана сох хиндерг Дела воцчунна ца хаьа. Ирсе, маршоне, синтеме сатуьйсийла дIадаьлла сан. Берийн дуьхьа вехийла-м лаьара. Амма вайна луург а, вайн сатийсамаш а кхочушхуьлуш ма бац. Дала азаллехь йаздинчух кIелхьарвер вац цхьа а. Цундела сайн кхоллам Делан кхеле а биллина, Iедална тIегIyp ву со. Цхьа хIума ду суна ца дезаш. Ирх а оьллина вер. Вайна дуьйцу ма хезна, шовзткъе шийтта шо хьалха гIалгIай паччахьан Iедална дуьхьал гIевттича, церан коьртехь хилла Арчакера Чандар, МозургIеран Мохьмад, БexoгIeран Жаластукх, АшиевгIеран Башир, МугугIеран Урусби ирхъоьллира Iедало, ткъе вуьрхIитта стаг, тоьпийн чIоьраш детташ, масех бIе салтичун шина могIанна йуккъехула чекх а ваьккхина, тIаккха Сибрех вахийтира бохуш. И эхь сайна тIехь хIотто ца лаьа суна. Башир инарлина тIе а вахийтина, цуьнгара дош даккха деза, со ирхъоьллина вуьйр вац, тоьпаш а тоьхна вуьйр ву аьлла. ШолгIа, гIалгIашка Зеламха схьавоьху Iедало. Соьга а боху иза схьало. Зеламха вайн йуьртахо а, гIалгIа а вац. Шен дегIах жоп цо ша лур ду. Цунна йамартло йийр йац ас. Шайга лацалахь, Зеламха схьалаца, берта валахь, бертахь тIевалаве, ала инарле. Ас Iедална тIе гIo бохуш, дехарш дарх, Зеламхас соьга ладугIур дац. Инарле и къамел дар тIедиллахьа Баширна.

– Шаьш лецна буьгу нах новкъахь бойу цара. Вада гIоьртинера, дуьхьало йинера олий, – элира Арслана.

– ХIун башхо йу? Новкъахь вийча а, дIакхаьчча вийча а? Коьртаниг ирхцаоллар ду. Дала мукъалахь, кIилло, стешха, йамарт ца хилла со. Сайн накъосташна а, йуьртахошна а, халкъана а тешаме хилла. Сайна а, шуна а, къомана а эхь дина ца велчахьана, кхидерш цхьана а хьесапе дац.

– Айхьа бинчу некъана дохковаьлла, хьайн лаамехь тIевахча, Iедало къинхетам бан а ма мега, – маслаIате дог дехира Суламбека.

– Дала кхел йиннарг хир ду. Сайн лаамехь Iедална тIевоьду со, амма айса бинчу некъана дохковаьлла ца воьду. Ас харцонна дуьхьал къийсина. Ас халкъан мостагIех бекхам эцна. Сайна ирс а, аьтто а ца лехна. ХIумма а дохко а ца ваьлла.

ТIаьххьалц цхьацца дуьйцуш Iийна Суламбек а, Арслан а кIета кхаччалц новкъа а ваьккхина, Саламбек а, Хадижат а, охьа а ца хууш, вовшашна бIаьра а догIаделла, лаьттира цхьана минотехь. Саламбека, вела а къежна, ши куьг даржийра. Хадижат, мара а кхетта, цуьнан шуьйрачу некха тIе корта а таIийна, аз ца долуьйтуш, белшаш йегош, са уьйзуш, йилхира…

4

Михеевс ирх ца олла, тоьпаш тоьхна вен дош делира Саламбекана. И дош Башира шена тIекхачийча, доьзалан а, гергарчеран а Iодика а йина, пурстопана тIеваха Саламбек араваьлча, йерриг йурт гIеттира иза новкъа ваккха. Массарна а хаьара иза шайна кхин гур воцийла. Зударий боьлхура, къонахойх цхьаберш цуьнан дог-ойла айа гIертара, вуьш бист ца хуьлуш, цунна мара а лелхаш, кортош таIабой, йуьстахбовлура.

Хала-м дера дара Саламбекана йуьртахойх къаста. ХIокху итт шарахь уьш наггахь бен ца гуш, царах къаьстана леллера иза. Оцу итт шарахь цунна цкъа а ца гина нах а бара йуьртахь. Делахь а оцу итт шарахь, тахана цагинарг кхана гур ву, олийла дара. ХIинца и дог дохийла а дIайаьллера цуьнан. Итт шарахь Iожалла лийлира цуьнан кIажаш а хьоьшуш, цунна тIаьхьайаьлла. Амма цо Iожаллина тIехь толамаш бохура. Шен де тIекхаччалц. Иза Iеминера цуьнца къийса а, ловза а. Ткъа хIинца иза гуттаренна а къаьсташ ву йуьртах а, йуьртахойх а. Велла, кешнашка дIавуьгу стаг санна. Кхана йа лама цунна тоьпаш тухур йу. Пенаца дIа а хIоттийна. Дуьхьало йойла а, кIелхьарволийла а хир дац. Йа иза гIертар а вац кIелхьарвала. ХIинца Iожалла тоьлур йу. Иза-м даим а ма тоьлла адамел. Собаре йу иза, амма шен минот тIекхаьчча, къиза ка туху. ТIаккха Саламбекан дакъа гергарчаьрга схьалур ду…

Саламбека шен герз дIаделира пурстопе. ТIаккха пурстопа шина говран гIудалкха тIехь Буру-гIала дIавигира. Инарлица барт ма-хиллара, гIоьмаш а ца тухуш, уллохь ха а доцуш. Цигахь набахти чу воьллира иза. Шакъаьсттинчу камера чу. Камерах ах лаьттан бухайахана ларма йара. ТIехула цемент хьаьхна, тIулгийн стаммий пенаш. Кхо аьрша йеакIов чоь. Цхьана маьIIехь готта, бекъа аьчган маьнга, когаш цементаца цIенкъа а къевлина. Лакхахь аьчган чIораш а лаьцна, ангали тIе модаш лацайелла готта кор. Чиркх бац. Дийнахь-буса цхьа герка Iаьржа кхаллар а, кхузза чорпа а ло. Чорпа аьлча а, жIаьло а дуур доцуш, цхьа шатайпа доьша. Иза-м камерах а, набахтин а неIарш йиллина йитича а, ха дIадаьккхича а, водур вацара. ТIаьхьа вада ма ца веанера иза шен лаамехь хIокху чу. ХIетте а, стеган коьртан локхалле терра неIарх даьккхинчу жимачу Iуьргехула сих-сиха чухьоьжура надзиратель.

Саламбекана моьттура, суд а, кхел а йоцуш, сихха шена тоьпаш тухур йу. Амма xIapa хIокху тIулган кошахь латто бутт кхоччуш боллура. Саламбек мел доьналле, собаре велахь а, даим дIа ладегIар сингаттаме дара цунна. ХIетте а, иза дохко ца ваьллера ша йаьккхинчу гIулчана. Мелхо а, са паргIатдаьллера цуьнан. XIоpa минотехь лерг сема, бIаьрг сирла, Iожалле ладоьгIуш йаьккхина итт шо хан хала йара. ХIинца иза паргIат ву. ХIун бен ду, кхана велча а, итт, ткъа шо, ах бIе шо даьлча, велча а. Цуьнан шовзткъе пхи шо ду. Кхин итт, пхийтта шо даьлча, къанлур ву, тIаккха, цамгарша хьерчош, лийр ву. Ткъа хIинца иза бахьанехь халкъ хьийзор дац.

Зеламхе сих-сиха олура цо: «Ваьш бахьанехь адамаш а ца хьийзадойтуш, Iедална тIе гIo вай?» Зеламхина ца лаьара. Iожаллех кхерар а дацара иза. Оцу итт шарахь мел хала, кхераме киртиг тIехIоттарх, цкъа а доьналлех воьхна ца гина цунна Зеламха. Оьрсийн паччахьаша нохчийн халкъ хьийзадо ши бIе шо ду, бохура цо. Шен да, цуьнан да, масех да дуьнен чу а валале дуьйна схьа. Шена чохь са мел ду, xIapa Делан а, нохчийн халкъан а мостагIий бойур бу ша, олура. ХIинца Зеламхина а гатбина нохчийн, гIалгIайн мохк. Иза ХIирийчохь ву. Алагирехь. Инарла Михеевн мера кIел. Саламбек левеш, xIоpa дийнахь хоьтту цуьнга, Зеламха мичахь ву бохуш. Амма Саламбека ца йуьйцу иза волу меттиг. Шаьлтанца асанаш, жижигаш дохуш, ша верича а, йуьйцур йац.

ХIора дийнахь набахтин цхьана цIа чу лемана вуьгура Саламбек. Буса гIаттавой а вуьгура. РогIехь, цуьнгара лем оьцуш, ши эпсар хуьлура. Саламбек цецвуьйлура оцу шиммо лелочух. Шиммо а цхьа хеттарш дора, xIoкхуьнан жоьпаш дIа а йаздора. Хьо обарг маца ваьлла, хIунда ваьлла? Муьлхачу талорашкахь дакъалаьцна, маса стаг вийна ахь? Хьан накъостий муьлш бара, хIинца уьш мичахь бу? Шуьца уьйр йолу нах муьлш бара, йарташкахь шу хьанна тIедуьссура?

Саламбекана хаьара, Зеламхех а, шен накъостех а Iедална хIун хаьа йа хIун ца хаьа. Цундела Iедална хууш дерг, цхьа а къайладаккха ца гIерташ, дерриг а дIадуьйцура Саламбека.

– Зеламхин тобанехь даим а хуьлуш верг тхо цхьа масех стаг вара. АтагIара Аюб, Абубакар, Ишхойн-Эвлара Жабраил, ГихтIара Хьамзат, Хьасанбек, Гелдаганара Зеламха, Цоцин-Эвлара Оьлсанкъа. Кхиберш тхо цхьанхьа хIонце доьлхуш, тхан тобанах схьакхетара. Цхьана денна-буьйсанна. Тхуна ца хаьара церан цIерш а, уьш мичара бу а. TIе, цара бIаьргаш а, мара а доцурш гучохь ца дуьтуш, йаххьаш дIахьулйора.

– Иза хIунда дора?

– Вовшийн ца бовзийта.

– Цабевзачу нахаца иштта кхерамечу гIуллакхана арадовлура шу?

– Тхуна тIебалочарна бевзара и нах. Зеламхина а бевзара. Тхо дисинчарна а, царна а вовшийн ца девзара.

– Тамашийна хIyмa ду иза. Со ца кхета цунах.

– Кхузахь тамашийна хIумма а дац. Цхьанхьа оха тIелатар дича, йа вуьшта, йийсаре лаьцна вигча, йа тIаьхьа, цхьа хан йаьлча, накъостий Iедале йа мостагIашка дIа ца бийцийта дора оха иза. Цундела суна а ца бевза и нах. ГIуллакх чекхдаьлча, тхох дIакъаьстара уьш. Наггахь верг тIаьхьа тхох схьакхеташ меттиг а нислора. Дукхахберш, шайн кара хIонц йеача, йуха гучу ца бовлура.

Тавричанин – жан долахо Месяцев Архип – йийсаре вигарна тIекхаьчча, къамел дехо хилира цаьршиннан.

– Къастийна тавричанийн жаш хIунда дуьгура аш? Уьш санна жаш долуш гIалагIазкхий, ногIий, суьйлий, гIумкий ма бара?

– ХIокху махкара нохчий, гIалгIай дIa а бахий, Сибрех кхалхабе аьлла, дехар эцна шайн стаг Мамонтов цара Петарбухе вахийтар хиънера тхуна.

– Месяцев Архип хIунда къастийнера?

– Оха ца къастийнера иза.

– Хьан къастийнера?

– Хаси-Юьртан округан начальнико полковнико Котляровскийс.

Даим вусавелла хуьлу эпсар велавелира:

– ХIара бегаш бен меттиг йац, Саламбек.

– Бегаш ца бо ас. Тхо Месяцевна тIехьехна ца Iаш, иза йийсаре вало тхуна гIо дира Котляровскийс.

Эпсар йуха а вусавелира.

– Бехке воцчу оьрсийн эпсарна тIе харц эладита кхоьллича, айхьа жоп дала дезий, хаьий хьуна? Россин законашца ши шо хан йогIу хьуна.

– Эладита дац ас дуьйцург, Котляровский обаргехула Умакаев Юнусехула къайлах декъашхо вара тхан.

– Муха?

– Оха Месяцев вуьгуш, тIаьхьа орца цадоккхург Котляровскийна кхо эзар сом ахча дала дош деллера Зеламхас.

– Шен дош кхочушдирий Зеламхас?

– Дуьззина.

– Месяцев а вигна, важа тавричанаш йийсаре ца буьгуш, хIунда севцира шу?

– Кхечара шаьш маьрша дуьтург ахча лора тхуна.

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают