Читать книгу: «ЧIир. Роман», страница 3

Шрифт:

– Дика ду. – Руслан цецваьккхинера Микаилан чулацаме къамела. Руслан кхийтира жима велахь а, Микаилна дахаран маьIна дан хууш хиларах.

– Микаил, ахь Кантех дада олура? ХIинца хIун эр ду ахь цунах?

– Дада, со кхета хьоьх, амма хьо соьх а кхета. Кху йалхийтта шеран йохаллехь Кантас шен безам, шен комаьршалла ца кхоош, лелийна со, бовзийтина суна нохчаллин лехамаш, кхиийна соьхь Даймахке безам. Цо даима а олуш дара соьга, мацца вахана а, Даймахка цIа ваха веза.

– Микаил, тIаккха со ца кхета, стенна оьшуш хилла цунна иза ша дерриге а? Нагахь санна бер дезаш иза хиллехь, бер хилийта эзар аьтто ма бара цуьнан, хьо ца лачкъийча а. ХIун бахьана долуш, къаьсттина со дакъазаваьккхина цо нийсса йалхийтта шарна?

– Дада, суна иза ца хаьа, амма Канта цхьаьна а адамна вуо дийр долуш стаг воций-м хаьа суна. Дика стаг ву иза. Кхин ала хIума дац сан цуьнан хьокъехь.

– Хьо нийса луьйш хила а мега, Микаил. Дуккха а шераш хьалха, со зуламхоша лачкъийначу хенахь, царна йукъахь и цхьаъ бен вацара йуьхьтIехь туьтмIаьжиг йоцуш. И цхьаъ вара тхоьца къинхетаме. Цо тхуна тIехь Iазап ца латтадора, йаа хIума а лора. Дукха ойла йинера ас цу хьокъехь, ткъа цул совнаха кхин цхьа хIума а ду – нагахь санна цунна хьо суна каро ца лиънехь, цо цкъа а могуьйтур дацара ша телевизор чохь гайта, цул совнаха хьо цхьаьна а волуш. Йа иза боккъалла а Iовдал хила веза, йа соьга шу лахийта лууш хила веза.

– Дада, ас кхин цхьа хIума а эр ду хьоьга – Канта чIогIа хьекъале стаг ву хьуна.

– ТIаккха хIунда лиъна цунна соьга хьо лехийта?

– Суна ца хаьа!

– Хуур дац дер хьуна. Со а ма вац кху хьолах кхеташ.

– Пхи минот йалале дерриге а хаьа аьтто бу-кх вайшинан.

– Микаил, цкъа хьалха ламаз дан лаьара суна, кхузахь меттиг йелахь нагахь санна.

– Дер йу. ДIогахь жима гIишло гуш йуй хьуна? Цу чохь маьждиг ду хьуна. Йалх шо кхаьчначу хенахь дуьйна Кантас хIора пIераскан дийнахь вуьгура со цига. Ас ламаз а Iамийра, иштта Iаьрбойн мотт а. Суна КъорIан деша а хаьа.

– Дела реза хуьлда цунна.

Руслан кхетара, бакъ дерг тIе ца эцча, ша ца волий – Кантас дукха диканаш дина кхуьнан кIантана, амма хIун Iалашо хилла цуьнан жима бер дегара лачкъош? Иза йоккха къайле йара. Микаил карийна воккхавеш велахь а, амма Канте болчу цабезамах цIанбелла бацара хIинца а Русланан кийра.

Маьждигехь ламаз а эцна, ламаз дан дIахIоьттира Руслан, ткъа цунна улло лаьттара Микаил. Русланна дуьххьара гуш буйнал бен ца хилла Микаил, хIинца шен деца нийсса вара.

– АлхьамдулиллахIи! Ахь диначунна реза ву-кх со, АллахI! – дерзийра шен ламаз Руслана.

Микаил хIинца а Iаьбна вацара шен ненан суьртах. Иза вехха хьоьжура цуьнан эсала амате. И сурт карахь долуш, ненан карахь куьйг долуш санна хетара Микаилна. Ткъа Русланан ойланашкахь йуха а Канта вара. Иза кхетара зуламе стаго ишта лерина терго йеш кIант кхиор вацара…

Меллаша маьждигера аравелира Руслан а, Микаил а.

– Микаил, вайшиъ чоьхьаваьлча, Кантин чоь гайталахь суна, ткъа хьуо дIанехьа вала. Кантица шеца къамел дан лаьа суна, цуьнан бIаьра а хьоьжуш.

Руслана иза оьгIазлонца аьлла доццушшехь, Микаилан синтем бацара.

– Дада… дика хир ма ду ша дерриге а дуй?

– Дер хир ду, Микаил! Са ма гатде ахь.

И шиъ чоьхьавелира. Руслана доккха са даьккхира. Микаилан неIаран тIам озо дагахь куьйг дIакховдийча, иза сацийра Руслана:

– Собар дехьа, Микаил. Жимма хан йеза суна. Кхетий хьо соьх?

– Дер кхета, дада. Вайшиъ цхьанхьа а сиха ма вац – реза хилира Микаил.

Руслан йуха а вехха хьоьжура кIентан бIаьра. Дахар шина декъе декъаделлера. Цхьа дакъа йаханчу заманехь диссира, ткъа шолгIаниг Кантица къамел хиллачу мIаьргонехь долалур ду. Руслан ирзу долчу агIор дIавахана, бай тIе охьалахвелира, ткъа цIеххьана самадаьллачу иэса марсайаьккхинера кийрахь йаьлла цIе. БIаьргаш хьалха хIоьттира хIара дуьххьара эскаре кхаьчна денош.

Корта III


Руслан эскарехь


I

Руслан берхIитта шо кхаьчча, массо а нийсархой санна эскаре кхайкхира. Даймохк ларбар шен сийлахь доккха декхара хетара цунна, ткъа уггаре а чIогIа Афганистане кхача лаьара, мостагIашца нийсачу къиссамехь шен доьналла гайта.

Руслан билгалйиначу хенахь тIеман комиссар Воронин волчу веара. Военком схьакхаччалц хан йойуш, ингалс меттан Iаматан агIонаш дIалуьстуш Iаш вара Руслан, амма Воронин дукха ца Iаш схьакхечира.

– Хьо соьга хьоьжуш вуй, жима стаг? – хаьттира шовзткъе итт шаре ваьлла хила тарлучу гIеметтахIоьттина стага.

– Ву, накъост подполковник! – хьалаиккхира Руслан.

– ЭхI! Хьажахь, цуьнга тIемало! Хьан фамили….да велла йуьссийла хьо, контузи! ХIун йара хьан фамили?

– Дадиев ву со.

– Ван а ма ву Дадиев! Чоьхьавала тIаккха.

– Гражданкехь висса лууш хир вара хьо?

– Дер вац, товарищ подполковник!

– Кхиор ву хьо соьх и товарищ подполковник ала, собар дехьа, хьо эскарехь а вацара. Дорофеевс Iамийна хир ву хьо. И дер йу борз. ХIинца а вуй хIара хьалха санна къовламе?

– Тхоьца чIогIа дика ву иза. Оха массара а лоруш а ву.

– Хаьа суна. Цуьнан студенташ къаьсттина дика хуьлу: Калашников автомат вовшахйаккха а, йуха вовшахтасса а чIогIа дика хаьа царна. Хьуна мел хан оьшу автомат вовшахтасса?

– Пхийтта секонд тоьур йу.

– Пхийтта секонд?

– ХIаъ, товарищ подполковник.

– Уггаре а тоьлла гайтаман мел норматив йу хаьий хьуна?

– Хаьа. БерхIитта секондера ткъе итт секонде кхаччалц.

– ТIаккха? Стенна йеш йу ахь ишта сихо?

– Муха стенна? Товарищ подполковник? Масане хуьлу тIам тIехь.

– ТIом стенна буьйцу ахь? Хьо тIом бан воьдуш ву, йа эскаре воьдуш ву? – эпсар ойланашка вахара. – Дика ду тIаккха. Мичахь лаьа хьуна тIеман декхара дIакхехьа?

– Афганехь, товарищ подполковник.

– Вай, хьо валла… кхин цхьа турпалхо гучувели хьуна! – элира Воронина, цигаьрка а узуш. – Ас диъ шо даьккхина цигахь. Гуш дуй хьуна суна хилларг? – оьгIазе гайтира Воронина шен астагIа ког.

– Ду.

– Цигахь мини тIехь иккхинера со. Соьца дерг-м къаьстина даьллера. Ас и некъ хаьржина дукха хан йу. Ткъа хьо хьан ца вуьту цига ца вахча? Стенна оьшу хьуна Афган?

– Хьо хила ма хилла цигахь. Хьо а хилла, кхин болу вайн кегий нах а хилла. Суна а ма лаьа шуна санна сайн Даймохк ларба.

– Цигахь. И дика элира ахь, цундела дIахаийла хьуна Даймохк цигахь ларбеш ца хуьлу, Даймохк кхузахь ларбеш хуьлу. Нехан махкахь цIий Iанор иза Даймохк ларбар дац хьуна, цундела дика ладогIал соьга, къонахчо къонахчуьнга санна къамел дийр ду вайшиммо.

– Дика ду – элира – Воронина дуьйцучух хIинца а башха кхеташ воцучу Руслана.

– Цхьа шо даьлча, со пенси дIавоьдуш ву. Массо а адамашкара санна диканиг а, вуониг а даьлла хила тарло соьгара. Шовзткъе итт шо ду сан. АхбIешарахь дуьнен чохь ваьхна со. Цхьа ког коша а бахана ву ала мегар ду. Ас сайна дош делла кху шарахь сайн ницкъ кхочург дан хьо санна болу кIентий цу Афгане ца кхачийта? Хьо кхеттий соьх?

– Со санна болу стенна боху ахь? Со нахал эшна ву?

– Вац. Йа эшна а вац, йа тоьлла а вац. Хьо буобер ду. ХIан! Гуш дуй хьуна? – Воронина кегий кIентийн суьртийн пачка охьакхоьссира стоьла тIе. – ХIара бераш кхин дуьнен чохь дац хьуна. Уьш массо а Афганистанехь белла. Царех виъ хьо санна да-нана доцуш кхиъна вара. Цига ца кхаьчнехь, уьш хIинцале зударий а бахкийна, шайн доьзалш а болуш, ирсе Iаш хир бара хьуна, амма церан дахар бехк-гуьнах доцуш кагдина, цу неIалт хиллачу тIамо. Массо а соьга ларлур вац цу тIамах, амма хьо санна долу буобераш цига ца кхачийта сайн ницкъ кхочур дийр ду ас. Дукха дуьйцу ас, сайн а хьан а хан йойуш. Доцца аьлча, цхьа бутт баьлча, Сахалине саьлтий бу дIахьовсо безаш. Иза чIогIа гена меттиг йу, къаьсттина Афганистанна генахь йу иза. Цигахь стройбатехь хьайн тIеман декхара дIакхоьхьур ду ахь, ахча а доккхур ду хьайна, иза карор ду хьуна эскарера ваьлча. Цу тIехь вайшинан къамел чекх а даьлла, иза вайшинна йукъахь бен хилла а дац. Кхеттий хьо? ХIинца мокъа ву хьуна хьо.

Цхьа тамашийна кийра басабелча санна хеташ аравелира Руслан. Цуьнан чIогIа боккха лаам ма бара Афганистане кхача. Амма Воронинс дуьйцучух а кхета мегар дара – подполковник кхунна дика болх хилийта лууш ма вара. Цул совнаха, хIинца берхIиттара ваьлча бен ца кхийтира Руслан буобер бохучу дешан маьIнех. Иза пIелг санна цхьалха ма вара, цундела вала сиха а вацара. Руслана сатуьйсура эскарера ваьлча зуда йало. Йалорхьама а ца йалош, боккъалла а йезайелла йало. Кхуьнан ден а, ненан а санна безам а, марзо а хилийта шайн доьзалехь. Нанас цхьа хаза дуьйцура кхуьнга жима волчу хенахь шаьш доьзал кхолларах лаьцна, шайна йукъахь хиллачу безамах, марзонах, ларамах лаьцна. Цхьанакхеттачу дийнахь дуьйна вовшашна муьтIахь хилла и шиъ, Эхарта а цьаьнаэшшара дирзира, ул-уллохь кошан баьрзнаш а долуш. Да-нана дагадеана, лазаман шело хьаьдира Русланан кийра. Кешнашка ваха ойла хилира…

II

Соьлжа-ГIалин аэропортера стигла айделира доккха Ил-86 кема. Илюминаторчухула куьйг ластош, хьомечу гIалин Iадика йира Руслана, ткъа цул тIаьхьа набарна тевжира. Хабаровск гIалин аэропортехь бен сама ца велира Руслан. Соьлжа-ГIалара дукхох болу призывникаш кхузахь охьабиссира, ткъа Руслан Къилба-Сахалинске кхаччалц дIаваха везаш вара. Совнаха гIар-тата доцуш, цхьа кIеда охьалахделира кема. Массо а хьалаиккхира сиха охьавосса, ткъа Руслан цхьанхьа а сиха вацара. Иза дегайовхонца, собаре хьоьжура шен дахаран керлачу агIоне, ткъа къона дог дуьзна дара сирлачу сатийсамах а, дахаре йолчу шовкъах а.

Массарел а тIаьхьа охьавоьссира Руслан. Эпсараша хIинцале могIаре дIахIиттийнера призывникаш. Фамили йоккхуш, мохь тухуш, цхьацца схьакхойкхура цара, ткъа йуха виъ-виъ йа, иттех дIавуьгура. Цхьаьна капитана Дадиевн фамили йеккхира. Руслан могIарера аравелира. Сихонца цунах бIаьрг туьйхира капитана, ша биначу харжамах реза хуьлуш санна, ткъа йуха омра дира:

– ТIаьхьа хIотта! И шиъ «уазик» чухиира.

– Со капитан Гончаров ву, биргIанаш йохкучу ротин командир. Рота йоккха йац вайн – ткъе итт стаг бен вац. Царех пхийтта «дед» ву, итт «черпак» а ву, шу пхи «салага» а ву. Низамаш чIогIа буьрса ду тхан. Салагаш бIаьргаш Iарждой хьийзаш хуьлу. Делкъе йечу хенахь, мацалла стоьла хьалха набараш кхета царна. Гуш ду уьш баккхийчара хьийзош хилар. Амма царех кхоьру уьш Iарз дан. Цхьаммо а бакъ дерг ца дуьйцу – йа охьакхетта олу, йа Iоттавелла олу. Ма-дарра аьлча цхьаьнна а хIумма а йа хезаш а, йа гуш а дац. Саьлти, хьо ладугIуш вуй соьга?

– Ву.

– Ву ма ала. Кхетта, товарищ капитан ала.

– Кхетта, товарищ капитан!

– ХIинца нийса эли. Тхан керла командир дисбатера веана ву. Хьалха кхечу кепара дара ша дерриге а. Гундаревс массарна а дIахаийтира – къона саьлтийшна вас йиначунна ша могуьйтур дац аьлла. Штабан куьйгалхо, Гуров майор а ву цуьнан сий деш хIинцале, ткъа лахара даржашкахь берш-м ас бийца а ца буьйцу. Цо дош делла вайн часть Генарчу Малхбалехь уггаре а тоьлла хуьлуьйтур йу аьлла, ткъа ца ша делла дош даима а кхочуш дина. КIира бен дац иза веана, амма хIинцале хила ма беззара низам дIахIоттийна. Доцца аьлча, со суо а ву хьуна Соьлжа-ГIалара. Цигара Катайама йевзий хьуна?

– Йевза, товарищ капитан.

– Суна хаьа хьо ледар хир воций. И пхийтта «дед» дIавахча, суна тешам болуш взводан замком оьшу. Кхетий хьо?

– Кхета, товарищ капитан.

– Спортаца гергарло дуй хьан?

– Ду. Боксан шолгIа разряд йу сан.

– Мастер спорта стенна ца йаьккхира ахь?

– Деша хIоьттинчул тIаьхьа, бицепсаш а ца кхиош, хьекъал кхио сацам бира ас.

Цу жоьпа чIогIа самукъадаьккхира капитанан.

– Дадиев, вай хIинца часте схьакхочуш ду. БиргIанаш йахкаран эскар хIун йу кестта кхетар ву хьо. Аса цхьа хIума эр ду хьоьга – хьо вуо ца лелахь, вайшинан йукъаметтигаш дика хир йу хьуна, ткъа вуо лелахь дика хир йац. Кхин цхьа хIума ду – ши йарус йолу пхийтта маьнга бу вайн. Уггаре а лахахь «дедыш» дIабуьйшу, ткъа лаккхахь кхин берш. Цхьа маьнга бу беса – хьайниг, иза шолгIачу ярусехь бу. Ахшо хьалха сан замком взвода вара Кутуев бохуш нохчо. Дер ма борз йара иза йан. Кхо де а далале, лахарчу маьнги тIехь вижна Iуьллуш вара иза. Кхеттий хьо со хIун ала гIерта, рядовой Дадиев?

– Кхетта, товарищ капитан!

Уьш тIеман часте схьакхечира. Ха деш волчу саьлтичо кевнаш схьадиллира. Итт минот йалале роте схьакхечира уьш.

– Кравцов! Лаккхара сержант Кравцов, схьавола кхуза!

– ДIавогIуш ву, товарищ капитан! – тIевеара хьаьрсачу аматехь волу, леккхачу дегIехь жима стаг.

– ХIара керла бIаьхо ву хьуна. ДIавуьжу меттиг а, кхин дерг а гойтур ахь цунна, ткъа цул тIаьхьа массо а делкъе йан аравоккхур ву ахь. Кхеттий хьо?

– Кхетта, товарищ капитан.

Капитан Гончаров къайлаволлушшехь, Кравцован йуьхь цабезамо макхйира.

– МерIуьрг, кху минотехь дуьйна массо а салагаш санна тIома вер ву хьо.

И хаттар риторически дара. Кравцовна моьттура Руслана «хIаъ» олуш цхьа гIам-гIим дийр ду, ткъа цо иза Iадош тIе мохь хьокхур бу:

– ХIаъ ца бохуш, дика ду товарищ лаккхара сержант ала! Амма Руслан кхин вистхилар доцуш, ластийна шен тIоьрмиг маьнги тIе охьа а кхоьссина, Кравцовна йуххе дIахIоьттира:

– Цкъа делахь, со мерIуьрг йац хьуна, сан цIе Руслан йу хьуна. ШолгIа делахь, тIома вала, со авиационни полкехь вац хьуна, ткъа нагахь санна хьо стигла вала лууш велахь, хьуна цхьа а хало йоцуш ас ши тIам бийр бу хьуна. Кхеттий хьо?

Каптеркехь лаьттачу Гончаров капитанна хезаш дара и къамел.

– ХIара дара-кх суна оьшург. – элира цо дагахь, ткъа йуха саьлтийшна хезаш оьгIазе мохь туьйхира цо:

– Кравцов, Дадиев! Совцаде шайн къамелаш!

Кравцов цергаш хьекхош лаьттара, Руслане а хьоьжуш.

Цхьаьна могIарехь делкъе йан доьлхучу хенахь, Русланна гира Кравцов кхин болчу саьлтишна тIе а воьдуш, цхьаъ дуьйцуш, ткъа уьш цо дуьйцучунах реза болуш, кортош теIош бара, ткъа царех цхьаммо, массарна а хезаш элира:

– Дер хIете, салагаш тIаккха йиссинарш а майра йевлла лелар йу.

Массо а кхийтира керла бIаьхо Iаморан хьокъехь хIара къамел хиларан. Ткъа Руслана башха ойла а ца йира, цунна чIогIа наб йогIура.

Делкъе а йина йухадогIуш, Руслан керлачу бIаьхошна йукъара цхьанна тIевахара.

– Муха йу хьан цIе?

– Виктор

– Мичара ву хьо?

– Кировера ву. Хьо мичара ву?

– Со Соьлжа-ГIалара ву. БIаьргана хIун дина хьан?

– Вожденихула экзамен дIалуш вара со. Дукха меллаша воьдуш хиларна, бетах мийра кхийтира.

– Ца кхета со и хIун экзамен йу?

– Муха эр дара хьоьга… доцца аьлча, хIора буса баккхийнаш хуьлу-кх шайн самукъадоккхуш, йа тхоьга машенаш хехка олу, йа Iуьйранна нIаьна санна Iеха деза.

– Со йуха а ца кхета ахь дуьйцучух. И хIун къамел ду нIаьна санна Iеха деза бохург, ткъа машен хахка йеза бохург хIун ду?

– Масала, цхьа кIира хьалха, тхо роте схьадалийначу хенахь, хьалхарчу буса Кравцовс хаьттира машен лело бакъо хьенан йу? Ас жоп делира сайн йу аьлла. Машен йига хаьий хьуна хаьттира цо, ткъа ас жоп делира хаьа сайна аьлла, тIаккха цо со диълар а хIоттийна, суна тIехууш элира – дIахахка машен, ас хьалхара сихалла латийна хьуна. Меллаша йига машен. Со дIаволавелира. Йуха ша йоьалгIачу сихалле ваьлла элира цо, ткъа со ца кхийтира сихох такха везаш хилар. ТIаккха цо со саца а вина, шен ницкъ мел бу сан бетах мира туьйхира, ткъа йуха Iуьйранна марта дан а ца магийра цо суна, цундела делкъеллалц мацалла вала хьийзаш вара со.

– Ткъа шахматы хIун бохург ду?

– Кравцовс хаьттира шахматех ловза хууш мила ву? Рязановс а, Бердяевс а хазахетта куьйгаш айдира, шаьшинга ловза боху моьттуш, ткъа Кравцовс элира – дIогара кубрик гуш йуй шуна? Аьнгали кара а эций, цIенкъа цIанйе, лепаш хилийта иза. Са хиллалц цIенкъа горгамш хьийкхира цара, хIете а билгалйиначу ханна ца ларийра, цундела хьуна ма-гарра муцIарш а йохийна хьийзаш бу.

– ЛадогIал соьга, Витек! Цкъа делахь, шун муцIарш йац, шун йаьххьаш йу, массо а адамийн санна. ШолгIа делахь, таханлерачу дийнахь дуьйна цхьа а шахматех ловзуш а вац, машен хохкуш а вац, йа нIаьна санна Iоьхуш а вац. Хьо кхеттий?

– Ши бIаьрг а къарзийна, Iадийча санна лаьттара Витек.

– Руслан, хьо лартIахь вуй? Цара вай дойур ма ду тIаккха…

– Ас аьлларг дехьа! Кхана-лама баркалла эр ду ахь суна. – йукъахдеккхира цуьнан къамел Руслана.

– Дика ду! – ца ваьлла реза хилира Витек, цунах дош хир доций ша кхеташ воллушшехь.

Суьйренан таллам биначул тIаьхьа, капитан Гончаровс массеран а буьйса декъала а йина араволуш Руслане а хьаьжна элира:

– Дала аьтто бойла хьан, Дадиев!

ДIадуьйша омра диначул тIаьхьа, салагаш сиха шайн метта хьалабевлира. Руслан маьнги тIера йургIа дIасхьа а ца даржош, йуьхь-куьйг дIадила сехьа чувелира. Цигахь хезира цунна Кравцовн буьрса аз:

– Синош, дIахIиттал могIаре! Мичахь йу и керла йеана йолу боьха хIума?

– ХIан… хан тIекхечи – ойла йира Руслана. Хьалхарчу ярусера меттиг йоккху хан бокъалла а тIекхаьчнера.

Руслан меллаша чоьхьавелира. Цунна гира Кравцовна хьалха лаьтта виъ бIаьхо.

– Шу виъ сихонца шайн маьнганашна тIе схьала а довлий, дIадуьйша. Аш кхин цкъа а машенаш хоьхкур йац! – элира Руслана.

– ХIун элира ахь? – Iуьргара лаьхьанаш санна, гучубевлира баккхийнаш.

– Шуна хезнарг элира-кх. – кIоршаме жоп делира Руслана, ткъа йуха кхеравеллачу Витекана тIевахара иза, цуьнан жимма а сатеда.

Русланна гира шена тоха Кравцовс айдина куьйг. Руслан охьатаьIира, ткъа цу мIаьргонехь Кравцовн моччахалах буй тоьхна, иза вожийра цо. Минот йалале тIеведда волу кхин сержант, буй къовла а ца ларош Кравцовна улло охьавуьйжира, Руслана тоьхна тIара бахьана долуш.

Тийналла йоьссира казармехь. Цхьа а ваьхьаш вацара Русланна улло гIорта а. Тийналла йохош кхин цкъа омра дира Руслана массаьрга а дIадийша аьлла, ткъа ша Кравцовн маьнга мичахь бу а хаьттина, цу тIе хьала а ваьлла дIавижира. Руслан велакъежира, Гончаровна хазахетар дуй хууш. Русланна хезаш дара казармичуьра къамелаш:

– Шарахь вай мел лелийнарг эрна хилла, жима кIанта оцу кепара ша дерриге а дохо?

– И кIант бакъ долуш, боксер ву шуна. Вай вейтта массо а цхьаьна тIекхетахь къарвала а мега иза, ткъа вуьшта-м цо Iойла дойур ду вайн. Хьуна ца гира цо хьо муха вожийра, ша кино чохь санна. Иштта Сальков а вожийра. Цхьаьна кIирнахь собар дан деза вай Рыжий схьакхаччалц. Цо шен метте дIахIоттор йу салага. ТIехула тIе Соьлжа-ГIалара а ма ву иза. ДагадогIий хьуна Кутуевс мел чIогIа хьийзош вара Рыжий? Хьакъ долуш хьийзош хиллехь а, амма вайна цунах гIоле ма ца хуьлура. Рыжийга дIаэр ду вай хIара Соьлжа-ГIалара ву, тIаккха цо цу мIаьргонехь хIаллак вийр ма ву иза.

Руслан кхийтира Рыжийца дерг къасто дезаш хилар.

– ХIумма а дацара иза-м. Рыжий а цхьаъ хир ву-кх. Гича хуур ду-кх – набарна тевжира Руслан, дукха ойланаш ца йеш.

III

…Капитан Гончаров саьлтий хьалагIовтта итт минот йиссинчу хенахь вогIура даима а. Уггаре а хьалха цо самайоккхура сержантски состав, ткъа цунна йукъара уггаре а хьалха Кравцов самавоккхура цо. Гончаровс иза башха лоруш вацахь а, амма шена тIедиллинарг кхочуш деш вара лаккхара сержант. Цуьнан маьнги улло вахча, Гончаров цецваьллера, шена гуш дерг гIан ду моьттуш – Кравцовн метта вижина Iуьллуш вара Дадиев.

– Де ма эша хьан, сан махкахо, ма ледар вац-кх хьо! – велакъежира капитан.

Хилларг шена хIун ду ца хууш санна, сиха йуьстах велира Гончаров, ткъа йуха самайеккхира сержантски состав.

ШолIгачу кIирнахь Руслан тIетаьIIина тIеман баххаш Iамош вара. Денош мIаьргонаш санна дIалелхара. Цхьаьна дийнахь, мокъа хан йолчура садаIа маьнги тIе охьавижиначу Русланна наб озийнера. ГIенахь цунна дуьхьал тессира шен логах ирачу мIаранашца тассайелла Iаламат йоккха маккхал. Цо лазийна самаваьккхиначу Русланна гира шена тIехь лаьтташ волу ца вевза цхьа стаг. Цуьнан цабезамо разйаьккхинчу йуьхьтIера оьгIазе хьоьжура хIорд санна сийна ши бIаьрг. Цу бIаьргийн шелонехь хаалуш дара иза диканна араваьлла ца хилар. Руслан легаштIера а лаьцна, цуьнан садукъдеш вара иза. Руслан хьалагIатта гIоьртира, амма лам санна долчу цу стеган дегIо меттахвала а ца вуьтура иза. Хетарехь иза ши метр леккха а, бIе кила йозалла йолуш а вара. Русланна цкъа а гина дацара ишта даккхий адамаш.

ТIедарчех йуьзна йуьхь йолуш, гIодайуккъелц верзина ваьлла иза ша вампIал санна вара. Вистхилар доцуш, Руслан цхьаьна куьйга маьнги тIера хьала а айвина, такхийна пена йисте дIагIортийра цо. Садукълуш волчу Русланна гуш цуьнан и къорза йуьхь бен кхин хIумма а дацара. УргIал Руслан пенах а таIийна, кхин гIелвалар доцуш лаьттара, хетарехь цо ишта масех сахьт доккхур дара, кхин меттах ца волуш. БIаьргаш хьалха хIоьттинчу пардонехула Русланна гуш дара белакъежаш лаьтта «дедыш». Цара сатийсина мIаьрго ма йара иза – Русланна хуьлу бекхам ган. Садукъделла лаьттачу Русланна хезира:

– Рыжий, сенлуш ма ву иза! ДIахеца иза! Лийр ма ву и. Русланна моттаделера шена тIе лаьтташ даккхийчу тIемашца доккха малик ду. Цу мIаьргонехь кхетамчу веара иза. Де доьхна экха санна шийлачу цIенкъахь Iуьллуш вара иза, шена хиллачух ца кхеташ, ткъа йуха меллаша дагаэха доладелира хилларг. БIаьргаш схьабиллича, цунна гира толамхочун велакъажарца шега хьоьжуш лаьтта цхьа хьаьрса ургIал.

Рыжийн букъа тIехьа лаьтта Кравцов а, кхин берш а гича, дагадеара Русланна мел хилларг. Рыжий хIумма а шекваьлла йа ша диначунна дохковаьлла вацара. Русланан кийрахь кхерстира цабезаман алу. Адаман кепара вухуш, цу мIаьргонехь цIий Iано хьаьгна, къиза экха хилира цунах. Саьлтий болчу агIор дIатассавелира иза. Самукъадаьлла терсара уьш, амма церан белар цIеххьана сецира, Руслана гоьзанчана тIехьаьдда, цуьнгара урс даьккхича.

ЦIийх дуьзначу бIаьргашца, урс даьккхина тIеволавелира Руслан Рыжийна.

– КIентий, атас!!! – мохь белира цхьаьнга. Массо а уллора дIасхьаведда, ша виссира Рыжий. Кхеравелла, мохь оьхуш шолгIачу яруса тIе хьалакхоссавелира иза, амма Руслан саца дагахь вацара. Бекхамо вахийна, хьере винера иза. Рыжий дIасхьауьдура, ша мича эккхар ву ца хууш, эххар а казармера араведира иза, ткъа цунна тIаьхьа, урсаца ведда воьдура Руслан. Массо а Iадийна хьоьжура цаьрга, амма цIеххьана, Русланан некъ хадийра цхьаммо, цуьнан карара урс охьа а дожош. Иза хиллера капитан Власов – йерриге а тIеман частан дозалла.

– Саьлти, хьо хьерваьлла? – хаьттира цо Руслане.

ХIетахь бен ца кхийтира Руслан ша боккъалла а доккхачу зуламна бисте кхаьчна хиларах.

– КъинтIера вала суна, товарищ капитан – элира Руслана, ткъа йуха лаьттара урс схьаэцна, иза меллаша шен казарме дIавахара.

Дукха ойла йира Руслана. Минот йаьллехь, стаг вийна, цIий Iанош вара иза. Русланна ца хаьара цуьнан цIе муха йу а, иза мила ву а, иза шен боккъалла воккха а, луьра а мостагIа хилар доцург. Роте схьавеъча, гоьзанче урс дIаделира Руслана.

– Руслан, суна хьан гIуллакх телхина даьлла моьттура. – Ведда дуьхьал веара цунна Витек. – ма боьха хIума хиллера иза. Хьо сенвелла аьлла мохь ца тоьхнехь, хьо вуьйш вара-кх цо. Хьо мел чIогIа сенвеллера ца хаьа хьуна.

– Витек, со хIетахь сацийна ца хиллехь, ас ма вара иза вуьйш. Ма хала ду суна цунах теша.

– Цунах-м эхь дацара вийча а! Хьо наб кхетта хилар шена гуш доллушшехь, хьо сама а ца ваьккхира-кх цо. Боьха хIума йу иза, шеко йоцуш.

– Собар дехьа, Витек. Адаман са даккхар инзаре доккха къа ма ду. Соьга паргIат дуьне даалур ма дацара, иза вен а вийна… Витек, соьга цкъа а цхьа а адам делур ма дац.

Ткъа Рыжий-м шен дагахь хIинцале бекхаман Iалашо хIоттийна Iаш вара. Дуьтур дац ша аьлла, сацам бинера цо, мел беза мах дIабелла а.

Цхьа сахьт далале, роте ведда чуиккхира капитан Гончаров. Цо сихонца тIедожийра Русланна канцеляри ша волчу чувола аьлла.

– Суна ша дерриге а хууш ду. ХIинца командирана тIеваха везаш ву со, цу хьокъехь жоп дала. Ас дIадуьйцур ду цуьнга хьо мила ву а, Рыжий мила ву а. Йуха цо ша волчу кхойкхур ву хьо. Вист ца хуьлуш, командире ладогIа. Рыжий вайн ротера дIаваккха хьожур ву со. Зулам бен кхин пайда бац цунах. Да велла аьлла, къахетта отпуске вахийтинера ас иза, амма массарна а бале ваьлла ву иза къоначарна а, къеначарна а.

Гончаров командир волчура схьавеъча, гуш дара командира цунна дов дина хилар.

– Дадиев, ас цуьнга ша дерриге а дIадийцина хьуна – хьо мила ву а, Рыжий муха стаг ву а. Вало, хIинца иза хьоьга хьоьжуш ву хьуна. Эскаран гIиллакхца догIуш маршалла а хаттий, чоьхьа вала. Делах тешна ву-кх хьо!

Руслан шен эткаш а цIанйина, духар а нисдина, штаб йолчу агIор дIавахара. Доккха са а даьккхина, командиран неI туьйхира цо.

– Чоьхьа вала! – дийкира командиран къора аз.

– Товарищ подполковник, саьлти Дадиев хьан омранца схьакхаьчна!

Гундаревс Руслане дIа а ца хьожуш масех кехатана куьйг йаздира, ткъа цул тIаьхьа бен ца элира:

– ПаргIат!

– Хьан кехаташка хьаьжнера со, цундела сан къамел доцца хир ду. – элира Гундаревс. Со суо а ву берийн цIийнахь кхиъна. Хьо берийн цIийнахь кхиъна вацахь а, амма да-нана доцу буобер ду. Со эскаре вахара, ткъа цул тIаьхьа тIеман училище деша хIоьттира, эпсар а хилира соьх, ткъа хIинца хьуна ма-гарра командиран дарже а кхечи со. Муьлхха а саьлти, сайн сих даьлла сайн бер санна хета суна. Ткъе пхеа шарахь эпсар волуш, ас цхьа а саьлти йа набахте а, йа дисбате а ца вахийтина. ГIалат массаьргара а долуш хуьлу, со кхета. Йалх шо хьалха со майор волчу хенахь цхьа саьлти набахте дIахьажо везаш вара ас. Хьо санна нохчо вара иза а. Цо-м доккха зулам ца динера. Ахь тахана минот йаьллехь стаг вара вуьйш, ткъа иза цкъа а цхьаненна а зен-зулам дина вацара. И нохчо сержант ха деш волчу хенахь, вижина а виссина, цуьнан саьлтийша столови чохь горгамаш ца хьаькхнера.

Iуьйранна боьха чоь гиначу ас, массарна а хьалха цуьнга элира:

– Хьан саьлтий бахьана долуш йу хIара чоь боьха, цундела ахь хIинца горгам хьокхур йу кхуза чохь.

Цхьа бутт бен бацара цунна эскарехь баккха биссинарг. Цо ша цкъа а горгам караоьцур йац элира, тIаккха ас иза кхерийра омра кхочуш ца дарна, набахте вохуьйтур ву аьлла, амма сержанта хIумма а ца вухуш, жоп делира:

– Тоьпаш тоха а мегар ду хьуна, амма ас горгам хьокхур йац. Со чIогIа воьхнера, и гIуллакх нийса муха къастор ду ца хууш, хIунда аьлча сан иза набахте вахийта дезаш хьал кхолладеллера боккъалла а. Ас саьлтийшка элира сайна хи чохь ведар а, горгам а схьайа. Меллаша пхьуйшаш хьалакарчийна, со цIенкъа горгам хьакха волавелира. Сержант макхвелла лаьттара, ткъа йуха шена а саьлтишкара горгам а йехна, соьца нийсса горгам хьакха волавелира иза. Оцу кепара сержанта а майора а цхьаьна горгамаш хьокхуш, чоь дIацIанйира. Сан а, цуьнан а дахарехь дуьххьара а, тIаьххьара а хилла хIума дара иза. Иза эскарера ваьлча, со суо вахара иза новкъаваккха, цул совнаха институте деша хIуттуш, дика рекомендаци а йазйира аса цунна. Ас и хьоьга стенна дуьйцуш ду? Хьо институтехь дика доьшуш хиларе терра, хьайна лиъча дахарехь шортта кхиамаш бохур бу ахь. Дахаро башха ловзош лелийна вац хьо, хьо цунах кхеташ ву а моьтту суна. Доцца аьлча, дисбате йа, набахте кхача атта ду хьуна, амма суна ца лаьа хьо цига кхачийта. Нагахь санна сержанташа йа, эпсараша дина омра ахь кхочуш ца дахь, хьо чуволла тарло. Иза ца хилийта, ас хьуна хIинцале лахарчу сержантан цIе лур йу. Капитан Гончаровна а иза хазахетар ду аьлла хета суна. Реза вуй хьо сержант хила?

– Реза ву, товарищ подполковник! – хазахетарца жоп делира Руслана.

– Даздаран хьелашкахь кхайкхош хуьлура и санна дерг, амма тахана ишта нисделла хIара гIуллакх – велакъежира Гундарев.

Русланан дахарехь хийцалуш дIаэхнера сирла а, ирча а мIаьргонаш. Карарчу хенахь бер санна воккхавеш вара иза. ХIинцале бевзинера Русланна эскаран чам, цхьацца хIуманан маьIна дан а ларийнера иза. Цкъа а ца моьттура цунна ишта сиха сержантан цIе шена лур йу, цундела Руслана хIоттийна коьрта Iалашо йара – ротера дедовщина орамца дIайаккхар.

Гундаревгара погонаш схьаэцна, кхин дIа хIун дан деза ца хууш, лаьттара Руслан.

– ТIаккха, Дадиев? Итт минот тоьур йуй хьуна погонаш тIетега? Йа ас тега йеза хьуна уьш? – велавелира командир.

– Дика ду, товарищ подполковник!

– Дика хIун ду? Соьга тега боху ахь? – забар йора командира.

– Ца боху дера, товарищ подполковник. Айса тоьгур йу ас.

ХIетахь дуьйна ден а, кIентан а санна тешаме, йовха йукъаметтигаш кхоллайелира царна йукъахь. Ма-дарра аьлча, Гундарев массо а саьлтийшца вара тIекаре а, дика а.

Командир волчура керлачу погонашца араваьлла Дадиев гича, Гончаров цецваьллера.

– Хьоьгара суна цхьа шиша йогIу хьуна, Дадиев.

– Дика ду, товарищ капитан, амма со ца кхийтира…

– Кхетта йа, ца кхетта?

– Ца кхетта, товарищ капитан, стенна йогIу соьгара шиша?

– Хьо вуо лелла аьлла командира суна дов дина, ткъа хьоьх сержант вина. Нийсо мичахь йу?

Гончаровна моьттура цу забарах Дадиев велалур ву, амма иза бос байна лаьттара.

– Дадиев, хIун хилла хьуна?

– Ойла йира ас… нагахь санна Рыжийн вада аьтто ца баьллехь хIун хир дара? ХIетахь цунна тIекхаьчна ма ваьллера со, оцу мIаьргонехь цу капитана со сацийна ца хиллехь. ХIетахь къаьсташ хилла-кх сан кхане а, сан дахар а – корта оллийна, вистхилира Руслан.

– Хьо сацийна волу капитан Власов тIеман училищера дуьйна сан хилла накъост ву, цундела тхойшинне йан йеза ахь шиша. И боьха хIума массо а хIуман тIехь соьл тоьлла йу, рота а йу цуьнан дикаллица цIейаххана. Бакъ дерг дийцича сан санна къаркъа мала ницкъа-м ца тоьу цуьнан – Русланан самукъадаккха гIертара Гончаров. – амма хIинца со тешна ву, вайн рота уггаре а тоьлла хир йу аьлла а, иштта мокъа деношкахь ротехь вовшийн батош йохор йоций хууш паргIат садаIа сайн аьтто хир бу аьлла а. Ларор вуй хьо, Дадиев?

– Ларор ву, товарищ капитан! – жоьпаллица дIахьедира Руслана.

– Масех де даьлча, аса Рыжий дIавоккхур ву вайн ротера. Цунна бIаьрахьалха ца нисвала хьажа. Кхин цхьаьнца а девне а ма вала. Дика дуй, Руслан?

– ДIа ма ваккха Рыжий вайн ротера. Масане хуьлу, бийца мотт каро а мега тхуна.

– Карор бац хьуна цуьнца бийца мотт, Руслан. Хьуна иза адам ду ма моьтту, ткъа иза адам ма дац. Хьоьгахь санна адамалла ма йац цуьнгахь. Ахшо хьалха вехна а волуш, цхьаьна саьлтичун Шелеповн пхьарс чуьрабаьккхинера цо. Къарс аьлла иза каглуш массарнна а хезинера. Иза ротехь а волуш паргIат наб кхетар йац суна. Хьо цуьнца кхин девне ца валахь а, амма иза чIогIа мекара ву, цундела шуьшиъ цхьаьна ротехь вита мегар дац, ткъа иза аса сайна тIелоцу.

Капитана ма-аллара, итт де даьлча, Рыжий кхечу роте дехьаваьккхира. Массара а доккха са даьккхира, ткъа Руслан отделенин куьйгалла дан волавелира. ШолгIачу дийнахь Кравцов а, Дадиев а шена тIекхайкхира Гончаровс.

– Накъостий сержанташ! Вайн коьрта бала ротера дIабаьккхина вай, амма кхин цхьаъ биссина – шун йукъаметтигаш. Суна шина къонахчо санна дош дала деза аш таханлерачу дийнахь дуьйна вовшашна гIо дийр ду аьлла. Кхеттий шуьшиъ? – ши сержант вистхуьлуш вацара.

– Кхеттий шуьшиъ? – мохь туьйхира Гончаровс.

Сержанташа цхьаьнаэшшара жоп делира:

– Кхетта, товарищ капитан!

– Дика ду! Кравцов, хьо эскарехь тIеман декхара дIакхехьна валлалц замкомвзвода вуьссуш ву хьуна.

Кравцов хазахеташ вара, хIунда аьлча иза кхоьрура Руслана шегара дарж схьадаккхарна. Шена иза хууш долу дела Гончаровс хьалхе барт бинера цу хьокъехь Русланаца.

Цу дийнахь дуьйна ротера дахар маьрша а, самукъне а хорше дирзира. Цхьаммо а цхьанне а ницкъ ца беш, вовшийн ларам болуш къахьоьгура саьлтийша. Сарахь массара а цхьаьна пхьор диначул тIаьхьа, гитара лакха охьаховшура саьлтий. Амма массо а сингаттаме вара Рыжийх лаьцна цхьацца хабарш хезаш хиларна. Цо дуккхозза а аьлла бохуш дуьйцура ша Руслан вуьйр ву. Гончаровна хазахеташ къамелаш дацара уьш, хIунда аьлча цунна хаьара маларах кхетча, мел чIогIа хьерволуш ву Рыжий.

400 ₽
Возрастное ограничение:
18+
Дата выхода на Литрес:
07 сентября 2022
Объем:
300 стр. 34 иллюстрации
ISBN:
9785005693969
Правообладатель:
Издательские решения
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают