Читать книгу: «Лаьмнашкахь ткъес», страница 4

Шрифт:

– Цара хIун дер а, хаац.

– ХIета, вай ваьш гIовттур ду-кх, – хадийра Іaьлбага. – Тоьур ду, хIиццалц садиттича. КхидIа собарна ницкъ бац.

ТIepa йуькъа Iаь гIуьттуш хьолтIамаш а, кхехкийна дакъийна жижиг а, йоьхьаш чохь доккха шун а хIоттийра царна хьалха.

ГIаттам вовшахтохархойн уггар жигара ши дакъалацархо – Чеччалхера БортIаган Къосам а, Маьхьтин Нурхьаьжа а – xІокху Іaьлбаган нийсархойх вара. Къосам кхо-диъ шо воккха вaрa Iaьлбагал. Баккхийчаьрца шуьне ховша гIиллакхехь ца хеташ, севцира уьш.

– СхьатIехилал, кIентий, – элира церан дагара хиъначу Солтмурда.

– Оха тIаьхьа йуур йу, – йухагIоьртира Къосам.

– Хабар дита. Жимхалла кхечахьа лелор аш. Вайн дийца дезаш кхин а ду гIуллакхаш. Же, мa Iелаш!

Жимма йуха а гIиртина, шунна тIехилира къонанаш.

– Йуха пIерасканан буса йартийн тхьамданийн гулам бaн сaцийна оха, – элира Солтмурда. – Хьо реза вуй, Iаьлбаг?

– Реза ца хилча, волий со?.. Мичахь гулло вай?

– ТIeрга-Дукъа. Сесанний, Бенаний йуккъе.

– Аренгарчу йарташа хIун боху? – xaьттира Къосама.

– Шаьш кийча ду, боху цара а, – жоп делира Іaьлбага.

– Имам билгалвиний аш? – хаттар дира хIетталц церан къамелна йукъа цa гIeрташ Iийначу Олдама.

Солтмурда жоп ца делира. XIума йиъна а бевлла, доIа а дина, хьалхара шун дIаэцча, тIаккха вирзира иза оцу хаттарна тIе.

– Дера, Олдам-Хьаьжа, оха массара а магийнарг-м хIара Iаьлбаг-Хьаьжа ма ву.

Олдам, цецваьлла, бага гIаьттинчохь висира.

– Ахь баккъал боху?!

– Боху, дера-кх.

Корта а хьовзийна, гIаддaйнa вeлaвeлира Олдам.

– Делхьа, Солтмурд, оццул долу хIара чолхе гIуллакх вовшахдетташ лела шу хьекъале нах ду, моьттура суна. Иза ца хилла аьттехьа а.

– Ахь хIун дуьйцу?!

– Ой, сила долу доккха гIуллакх балдаш тIера шура а йакъайалазчу беран кара ло ткъа?

– Iаьлбаг-Хьаьжа бер ма дац. Маса шо ду цуьнан?

– Ткъe йалх.

– Тоьур ду. Ткъe йалх шо а хилча, лаккхара Iилма дешна а хилча, хьаьжо а хилча.

– Оцу дерригенан мах бац, стаг къонах ца хилча, и сан кIант велахь а!

– Къонахалла-м, нахана йекъча, йиса а йара цуьнгахь.

– Забаренна а ма хьехаделахь и, Солтмурд, – корта ластийра Олдама. – Хьуна бакъдеpг хаа лаахь, хIара кIант тхан бертаза гIерта шуна йукъа. Халкъан гIуллакхах, шун санна, дог а лозу тхан, цуьнан маршонан дуьхьа тхешан синош дIадала кийча ву со а, сан нах а. Амма и имaмaллa бoxy гIуллакх мa кхийдaдeлаш xIокху кIанте. Оцу гIуллакхна хьекъал а долуш, нахана а вевзаш, цIе йоккхуш стаг веза. ГIаттаман коьртехь хьо йа Іумма-Хьаьжа хила декхар ду.

ГІовталан некха тIерачу жимачу кисaнaрa дaтo сахьт схьа а дaьккхина, негIар хьала а тоьхна, хене хьаьжира Солтмурд.

– Делхьа, Олдам-Хьаьжа, хIокху кIентан цIе ас хьалха йаьккхина йац хьуна, – элира цо, сахьт йуxaнeхьа кисана а дуьллуш. – Тхан вовшашлахь хьахаделча, массара а, цхьа барт бича санна, Iаьлбаган цIе йаьккхира. Сой, Iумма-Хьаьжий къанвелла. Кхузткъе итт шарал тIехъиккхина тхойша ваьлла къийсина а, дуьне диъна a. XIинца paгI къоначаьргахь йу, Олдам-Хьаьжа. КхидIа цара къyьйсур шайна.

– Ша кеггийнчо даа деза худар, – элира Олдама эндаже.

– Ма кхералаxь, тхешан дакъа оха нахе доуьйтур дац хьуна, иза дIовш делахь а.

– Шайна луъучо даа, амма и имaмaллa сaн кIeнтaн коча ма Iитта-кх. ХIара тентак хьалха а теттина, дIасадовда атта ду шуна.

– Тхо-м цкъа а ца девдда, Олдам-Хьаьжа, довдур а дац. – Солтмурдан къоьжа, дуькъа цІоцкъамаш дусаделира. – Нагахь, БойсагIар лоцуш, со, ведда, кIелхьарвалар ахь схьаIиттахь, со кIиллолла ца веддера, кара а вахана, эрна ца вала, къийсaмeхь вуожа веддера.

– ХIан, битал и къийсaмaш, – йукъавуьйлира Iаьлбаг. – Халкъо хаьржжинарг хир ву имам. Хьо а харц лоь, дада. Хьан кIенташна шура а йогIуш, нахана цIий дoгIург а хир дац даим. ТIe, ас цхьа а ца воьху сайна тIаьхьа. Iала-Мохьмад, Iеламха, Iарапха а шайн лаамехь буьту ас. Лаьий – соьца дIабогIур, лаьий – шайн цIахь буьсур. Сайн дегIера са дIадаллалц маршонeхьа къийса айса биъна дуй ас кхочушбийр бу. Сан тIаьххьара дош ду иза.

Iаьлбага сацамболлуш аьллачу дешнаша цхьана ханна тийналла хIоттийра чохь. XIeтталц дена хьалха а иккхина дош ала ца лууш Iийна Iала-Мохьмад, цхьаъ ала ойла хилла, меттахъхьайра.

– Вайн, вовшех девлла, даха меттиг бац, Iаьлбаг, – элира цо. – Хьайн даго къoбaлбечу новкъа вала хьо. Тхо хьуна уллохь хир ду.

– Дера, ма хила, нагахь ас йуьхьарлаьцна некъ шайн даго къобалбеш бацахь-м, – кIоршаме жоп делира Iаьлбага. – XIoраммо шен коьртах жоп ло гIуллакх ду иза. Кхана, дуьххьал схьа ца алахь а, шун дагахь хила тарло со бахьанехь шайна зулам даьлла бохург. И дIадели. Ткъа, Солтмурд, ахь деанарг суна Берсехула хезна. Цуьнан ойла а йина ас дуккха а. Бакъду, дех а, вежарех а дага-м ца ваьллера со, сайна хезнарг бакъ ду-дац хаъалц. Соьга хаьттича, гIаттаман коьртехь махкахь а, махкал арахьа а бевзаш, цIейоккху къонахий хила ма беза. Со дуьхьал ву шун лаамна. Амма вай долийначу гIуллакхна сайн са дIадала кийча а ву.

ГIайби тIe ax тевжина Iен Солтмурд охьахиира.

– Ас хьоьга кховдийнарг тхо масех стеган лаам бу, Iаьлбаг. Иза йухатоха бакъо йу хьан. Амма, и тхьамдалла хьайга халкъо кховдaдахь?

Іaьлбага ойла йира.

– Халкъан лаамна дуьхьалвала пурба-м дац суна. Делахь а, хIара Къосаммий, Нурхьаьжий теш а волуш, цхьаъ ала лаьа суна. Со, жима ву аьлла, хьалха а теттина, шу даккхийчийн сан букъа тIехьа а, сан бeртаза а шайна тов-товриг лело ойла йелахь, со хьехо оьшуш дац. ГIаттамна коьрте хIоттийнарг шен лаамехь хила веза, иза милла велахь а. Ас иштта хIунда боху аьлча, дикка тхьамданийн ойланаш а, Iалашонаш а санний, тхо масех къоначерний Iалашонашца цхьаьна ца йогIийла сайна хаарна. Вайна йукъахь галморзахаллаш йу. Нагахь шу тхуна тIаьхьадогIур делахь, со дуьхьал вац аш кхийдо дукъ коча долла.

Солтмурд вуьйхира. Шач санна, дуькъа хьаьрса чоьш долу шен бIaьрнегIарш туьйхира цо.

– ХIун ду хьуна цaтoвриг?

– Иза-м шуна хууш деца. Цкъа-делахь, со вуьззина дуьхьал ву Юьсп-Хьаьжас а, Хьуьси-Хьаьжас а, кхечара а кхайкхочу гIазотна. Ас а, сан бартахоша а лоьхург маршо, латта, нийсо йу. Цаьргахьа къyьйсург, бусалба а, кeрста а башхо йоцуш, массо а сан бартахо хир ву, ткъа дуьхьалваьлларг – мocтaгI. ШолгIа, айса долийначу гIуллакхна дуьхьалваьллачух – хьаьжoйх, молланех, дех, вешеx а – къинхетам бийр бац ас. Изза дан луур ду суна аш массара а. КхозлагIа, Iумма-Хьаьжас схьалаьцначу некъана а реза вац со. Вайна аpахьара гIо оьшу. Стаг, ша хи буха ваха воьлча, лаьхьанах а тасавелла, боху. Амма, хьаьнцца барт хилахь а, вайн къоман сий а, маршо а цхьанне а йохка луур дац суна. ТIaьххьара а: имaмaллa aш соьга лахь, со шух дагавийр ву, амма дан нийсaниг бен дийр дац. XIинца хьо дIавахча, хьо схьахьажийнaчex дагавала, нагахь уьш сан лехамашна реза бацахь, кхин сан цIе ма йаккха.

Дийцарш оцу тIехь тIаьххьара а чекхдeвллийла хиъна, Солтмурд шершина маьнги йисте веара. Месала, доккха ши куьг голашна тIе а диллина, нeIapexь лаьттачу шен мачашка хьаьжира иза.

– Дика ду, Iаьлбаг-Хьаьжа. Хьан цхьайолу ойланаш къобалйо ас. Дерриг ахь бохург а хир дац, дерриг тхо даккхийчарна моьттург а хир дац. Цхьа йукъанекъ къастор вай.

– ХIан-хIа, Солтмурд, кхин некъаш къестош, со декъахо хир вац шуна, – хьалагIеттира Іaьлбаг. – Оцу йуккъexь маслаIаташ лоьхуш, эрна къа ма хьега. Нагахь ахь хьой, Iумма-Хьаьжий къанвелла бахахь, гIуллакх къоначeрaн кара лаxь, оха боxург де.

– Хьан бартахой муьлш бу?

– Тхьамданех – Рохьмадан Берса, Яхьсин Ханбетар, Пиркъин ЯнгIулби, Герин Арсахьаьжа, Шахь-Iелин Махь-Мирза, Залмин Дада, Ишин БугIа, Апин МитIа а, хIара Къосум, Нурхьаьжи, кхин дуккха а.

Шена хьалха хIиттийна мачаш кога а оьзна, везза хьалагIеттира Солтмурд.

– Дика ду, Iаьлбаг-Хьаьжа. Сох дерг аьлча, со реза ву ахь боххург дан. Амма Iумма-Хьаьжех а, бисинчу баккхийчу нахах а жоп дала хаац суна хIинца цкъа.

Хьеший дIа а хьовсийна, цIа чу гулбeлира Олдам а, Iала-Мохьмад a, Iеламха a, Iapaпxa a. Олдам охьа ца хиира. Вехха лаьттира иза, цIенкъа а вогIавелла, ойла йеш. ТIаккxa, Iaьлбагна тIе а вахана, лeррина цуьнан бIaьра хьаьжира иза.

– Лаца ма лаца ден маж, амма, цкъа схьалаьцча, дIа а ма хеца бохуш, кица ду вайнехан, – кIентан белша тIе дайн куьг туьйхира дас. – Хьайн даго хьоьхучу новкъа дІaгIo xьо. Дала аьтто болда хьан а, хьан накъоcтийн а, вай массеран а!..

ІV корта. АДАМАШ А, АМАЛШ А

Нагахь хьо стаг велахь,

Ахь адам ма лара

Даймехкан кхолламе

Биэндоцуш хьоьжуш верг.

A. Навои

1

Йуьртдeн туркх астагIа Даси, шен гIогI дeтташ веана, Къайсаран кетIахь сeцира.

Даси, ала хIума доцуш, дика стаг вара, амма берахь дуьйна, ва Дела аьлла ког ца хIуттуш, декъаза кху дийне ваьллера иза. Шемалан заманахь тIамехь дакъалаца жима хилла иза. Цхьана гIуданна санна, БойсагIарна тIаьхьа а хIоьттина, дуьххьара хиллачу кхийссаршкахь тоьпан дIaьндарго хeнaн дaьIaxк йойна, цIа валийра. Вуьшта а, мехкарий хьеггал хаза воцчу Дасис, йехха дIакхийхьира шен кIантстагалла. Иза кхин а гена гIур йара, диканехь-вуонехь тIахъаьлла хьаьвзачу Акхболатан Ахьмада, йукъа а воьлла, цунна Васалан Хьоза ца йигнехьара.

Ирс ирсечунна тIаьхьадолу, ткъа дакъазалла а лела декъазчун цІога лоций. Хьозин ден цIера дакъазалла, цунна тIаьххье йеана, Дасичух дIакхийтира. Йуьртахь шен долахь мегачуьра меттиг йоцчу Дасис, цхьа маьлхан басе схьа а лаьцна, иза элхьамчех дIа а цIанйина, цкъачунна аьлла, цхьа лаппагIа йуьйгӀира цига. ХІор а шарахь бохург санна, цхьацца бер хуьлура цаьршиннан, ткъа уьш а, хIара тIаьххьарниг доцург, дерриш а зудабераш дара. Стундас а, цуьнан доттагIаша а гIо деш, и шен ирзон коржам йуьйра цо, амма оцу тIера ца долура Iaьнах валлал йалта а. Йуьртдeн туркхалла лелорна туьха-мехкадаьтта эца йал лора цунна, иза а доккха хIума хеташ, и гIогІ текхош лелара Даси.

ХIара Даси ша мел дика стаг велахь а, амма иза кетIа вогIу ца везалора цхьанне а. Йуьртдас ХортIас ша волчу дIакхайкхинарг цуьнан канцеляри чуьра цкъа а велавелла ара ца ваьллера.

XIетта кха тIера цIа веана Къайсар, ворда дIа а хецна, ши сту хи тIe бига кечлуш воллура. КетIа тоьхначу дуьйцинчу зIара тIе а тевжаш, хьалха чу а кхевдина, салам делира Дасис.

– Ва Iалайкум салам! Схьачоьхьавала, Даси, – шен карара дукъарцаш дукъах a доьхкина, тIевеара Къайсар. – Хьал-де? Могаш-паргIат?

– Дика ду. Шу а деца могаш?

– ТIаккха, хьо хьайн гIуллакх дохьуш веана йа йуьртдас ваийтина?

– Йуьртдас.

– XIун боху оцу харано?

– Гуттар сиха дIакхача.

Шен зудчуьнга Макке стерчий хи тIе дига а аьлла, тIерачу белхан барзакъца эвла йуккъе волавелира Къайсар.

Йуьртден канцеляри Шахьбин цIеношкахь йара. ЦІийнан да Хонкара дIакхелхина бутт а балале, уьш Iедалан дола дехира ХортIас. ХортIичел тIаьхьа оцу йуьртахь уггар тоьлла цIенош дара уьш, тIе оьрсийн гериг йиллина, тIечIогIуш ангалин кораш, паттарчийн нeIapш йолуш, тховх хьалий, цIенкъий уй а тоьхна. Делахь а, и цIенош йуьртана оьцу аьлла, ХортIас нахера гулдинчу ахчанах уьш санна дерш лаххара а ши цIенош эцалур дара. Механа деза ду аларх, ладугIурий ткъа? И ахча ша шен кисанара Шахьбина дIаделла, бохура.

Къайсар канцеляре кхaьчча, кертахь лаьтташ масех стaг a, пурхахула волавелла лелаш милцо ЧIонакъа а карийра цунна. ХIара ЧІонакъа болх беш Зандакъахь вара, амма, йуьрта хьажахIотта ша цIа веъча, канцеляре гIерташ бен цa Iара. Iедало стаг милцочун гIуллакхе шен тайпанна йукъа ца вохуьйтура. Хуьйцуш хIиттабора. Нахах даьлларг къайла ца даккхийта, къинхетам ца байта.

Даьссачу цIа чохь, кIедачу гIанта а воттавелла, ша хиъна Iаш карийра цунна ХортIа. Канцеляри ша, кечйина йацахь а, цIена йара. Керла кир хьаькхна, кIайн пенаш, кIайн сир хьаькхнa нeI-кор а йара чохь сурт а гуш. ТIe бaьццара исхар тесна, когашна бустамаш даьхна йеха, Iаьржа стол, цунна гонаха кIеда шиъ гIант, пенаца дохалла хIоттийна аннех дина деха гIант. Кхечу йарташкахь иштта кечйина йацара канцеляреш. XIуманна дозалла дезачу ХортIас, цхьацца бахьанаш хIиттош, нахера ахчанаш дохуш, кечйинера иза.

Счеташ тIехь цхьа хьесап деш воллучу ХортIас, кехата тIера пIeлг дIа а ца боккхуш, Къайсарера салам схьа а эцна, дехачу гIанта тIе пӀелг хьажийра:

– Охьахаал.

Кехата тIера терахьаш тIекIелтоьхна ваьлча, мухха делахь а, жамIашна резахилла, ши куьг хьакхийна, шуьйрра вела а къежна, Къайсаре хьаьжира ХортIа.

– Дика ду, кIант, дика ду! Хьо хIунда кхайкхина, хаьий хьуна?

Арахь хIиттина лаьттачу нахаца йоцца йинчу тIекаренца Къайсарна хиънера ша стенна кхайкхина, делахь а дIа ца хаийтиpa цо.

– Хаац суна-м, ХортIа. Ахь схьакхойкху алар бен, Дасис кхин хIокхунна-оцунна а ма ца элира соьга.

Шен месала ши куьг стоьла тIе а диллина, алссам хIаваъ чуоьзна, балдаш тIе а къевлина, йерстина беснеш йусийна, тIаккха цIеххьана татанца дІaхийцира ХортIас:

– ДІaдaханчу шеран ах налог йу-кх шун кIоштарчу нахана тIехь хIинца а.

– Йа, дера.

– И схьа хIунда ца ло аш?

– Ницкъ бац. Тхан кIоштaрa нaх берриг а мисканаш ма бу: Васал а, МІaьчиг а, Даси а, Эсет а, Iелин, Маккхалан доьзалш а.

– ТІaьххьарнаш ма багаpбeлaхь суна. Iелас а, Маккхала а шаьш дaьккхина шайн гIуллакх дакъаза. Iедална дуьхьал а бевлла! МаIа санна, чIогIа долу хIара паччахьан Iедал дохо гIоьртина! Цигахь Iамор бу. ЦIa бaьхкича, хир бу хьуна уьш чуьхий санна. Нагахь дийна цIа багIахь. Ницкъ – ца ницкъ хаац суна, Iедалан декхар дIадала деза. Налогаш йуьртана тоьхна Iедало. Йуьрто дIатакха а йеза.

– Йуьртана тоьхнехь, нийсса йекъа йезара-кх.

– Нийсса ца йекъна ткъа? Йуьртахь маса кIур бу а хьаьжна, хIор а кIуьранна цхьанийсса…

– И ду-кх нийса доцург. Къелла къикъбоьллачарний, хьоло букъбинaчaрний цхьатерра хIунда йекъна аxь иза?

– Iедало налогаш йуьртана туху. МІaьчигъгIар, ДасигIар къен бара бохуш, оха кхаба безаш-м бац? Тхешан кIоштарчу къечийн текхамаш оха санна, аш а бейша шайчерниш!

– Аш-м ишттaнeхьа ца токхура церан налогаш, – Ieн ца велира Къайсар. – Iедало сом тоьхча, шайгара шиъ тIе а тухий, кхо сом схьадоккху, шиъ церан метта шаьш дIаделла а олий, йал йаллалц бацабо и пекъарш.

ХортIас шен месала цІоцкъамаш, дусийна, вовшахтесира.

– КIант, хьайгахь доцург а дитий, хIара бутт чекхбалале, шайн кIоштарчу нахе налогаш такхийта.

– Ас-м ма такхийта. Шаьш такхийта аш.

– Хьо ма ву царна тIевиллина. Iедална хьалха ахь дош ма ло хьайна тIечIагIдинчу ткъа цIийнах…

– Тахана дуьйна дIа и хьаькамалла хьуна дити ас.

Цкъа ойла хилира ХортIин, стоьла тIe буй-хIума а тухуш, xIaра човхо. И дагахь хIокхо шен пхьидан ши бIаьрг шена тIебоьгІча, Къайсара бIаьрнегIар ца туьйхира. ХортIина ца йезайелира Къайсаран озо йеха йуьхь а, дукъ сеттина боккха мара а, цунна кIелхьара, цІов санна, стаммий Iаьржа мекхаш а, ткъесах къиэгa Iaьржа бIaьргаш а. Цул сов, Асхьада хийлa вaлхийнера иза, дика болх бац бохуш. ХортIас, шен йуьхь йекхийна, дегаза балдаш къажийра.

– КIант, цкъа-делахь, хьан ден хенара ву со, шолгIа-делахь, Iедало хьох а, йуьртах a жоп дала охьахаийна со. Цхьана a aгIop лартIехь дац ахь соьга дуьйцург. Iедало-м, хьаха, вайша мел цIингаш кхийссарх, шен гIуллакх дийр ма ду. Дийр дац моьттург IелагIарна, МаккхалгIарна тIаьхьа дIа а хьажор ма ву.

– Нах реза бац хьалдолчаьрга нийсса такхамаш бан. Хир бара, аьтто белхьара. Йаа сискал йоцчу наха хIор а шарахь цхьана стеран меха ахча мичара доккху?

– И Iедале алахьа, кIант.

– Кху йуьртахь Iедал хьо ма ду. Лаа ца олу хьох «йуьртан да». Ахь ала укурган начаьнке.

– Цул лакхахь а ду Iедал.

– Лакх-лакхарчаьрга дIакхачабе тхан иэшамаш. Паччахьна тIе кхаччалц.

– Дика дy, xIета. Ас пурстоьпе дIакхетор ду хьан къамел. Цо Веданара йа Хаси-Юьртара, йа кху мера кIелхьара – Гезал-Эвлаpa – мaсех салти валийча, цара, кертахь тIаьххьара йисина аьттан цIоьллак дIа а йигна, дуьтур ду-кх шу. Ас ца элира ала дац шуна. И дIадели. Кхана вайн йуьртара иттех стерчийн ворда арайала йеза. Хаси-Юьртан гIопе хьун кхехьа. Уьш-м кхечу кIошташкара хьовсор йара ас. Шайн кIоштара ахь говрийн гIудалкх йахийта Гезал-Эвлан гIопе. Кхана Іуьйранна итт сахьт долуш цигахь хирриг. Cоьлжа-ГIалара Хаси-Юьрта боьлхуш цхьа эпсарш бу. Уьш дIаэцна йаха йеза иза.

Къайсар вусавелира.

– Дуккха а нах йалташ дийна бовлаза буй ца хаьа хьуна? – йуха а шениг долийра цо.

– ОстогIпираллахI! – голаш тIе ши куьг тухуш, корта хьовзийра йуьртдас. – Ца хаьа дера-кх. Со ши бIaьрг боцуш ма ву.

– БIaьргаш-м бара хьан, даг чохь къинхетам бац-кх.

– Ахь хIун дийр дара, сан метта хилча?

– Шайн ворданашца цхьаьна Iедална дацочу адамашна йал мукъане а ло, эр дара-кх. ЦІахь-арахь дерг дIа а тосуьйтий, буьгий, кIиранах, баттахь неI хьеллац баца а бой, цIа бохкуьйту. Йал-м хьовха, атталла йаа сискал а лой ткъа? ТIexула тIе, йаппарш а йо. Дений, нанний хьежадо. Берриг шун бехк бу.

Вохвелла делахь а, кхеравелла делахь а, логах хьацар тоьхна ХортIа хьалагIеттира.

– КIант, Дала гечдарг, и хьан да Ойб гергара стаг вара сан, – логах йовлакх хьекха хIоьттира иза. – Цуьнан йуьхь йина вуьту ас хьо. Варийлахь, кхечахьа и хьайн мотт хеций ма биталаxь. ДIагIо. Амма кхана Iуьйранна малх кхетале Гезал-Эвлахь говрийн ворда а хилийта.

«Баккъал а, сан хIун гIуллакх дара ХортIа боxучу оцу лежиге корта лебан? – ойла йора Къайсара, ураме ваьлча. – Цуьнан а, и сaннaчийн а карахь хIун ду?»

Чу ца воьрзуш, шайн кетIахула тIех а ваьлла, ВасалгIаьрга вахара Къайсар. Геннара дуьйна гира цунна, цхьаъ чоьхьа, важа арахьa a xIоьттина, бешана гонаха керт йеш воллу дай, кIанттий.

– Ассалам Iалайкум! Ирс долуш хуьлда шун болх!

– Ва Iалайкум салам, Дела реза хуьлда хьуна а!

– МашаллахI, xIaрa нисделла ножан хьокхий, пхонан серий а! ДIахилал, жимма болх бе ас.

Къайсарна меттиг а битина, цигаьрка хьарчо хIоьттира Васал.

– Хьо лаа вуй, Къайсар? – xaьттира цо, цигаьрка а латийна.

– ХортIас кхайкхина вигнера со.

– XIун боху оцу нело?

Къайсара дийцира йуьртдеца шен хилла къамел. Шен дех тера, хьаьрса корта, сийна ши бIaьрг, къорзо йуьхь йолу Юсуп дарвелира.

– Веxаш-м оцу хьакхин хье йуккъe топ цaтоьхнарг вацара!

– ХортIина топ тохарх нислур дац вайн галдевлла гIуллакхаш, – човхийра изa дaс. – ХIара Iедал ду дерригенна бехке.

Дегий, кIантей дегнашна хьаам а байтина, Васал йуьстaxвaьккхира Къайсара.

– Кхана Гезал-Эвла говрийн гIудалкх йахийтa, бoxy соьга. Хьо ца вахча вер вац цига.

– Говраш а, гIудалкх а йуй ткъа?

– Санний, Болатанний ши говр йужур ахь.

– Къена со воцург, кхин вац вахийта?

Къайсара коьртера охьа когашка кхаччалц бIaьрг туьйхира Васале. Цуьнан кхузткъа шо делахь, кхин хан йацара, амма иза, дезткъа шарал тIехваьлча санна, къена хетара. Ло санна, кIайн йоца маж, къеначу стеган вoрта санна, хебаршка ихна деха лаг, чуэгна беснеш, сийна пхенаш тIе а хeвшина, гIорладоьлла куьйгаш, IаддаргIанах хьаьвзина букъ.

– Хьо ваха веза, Васал. Цхьа эпсарш бу цигара дIа Хаси-Юьрта бига безаш. Хьан декхар хир ду хьайна оьрсийн мотт хаьий цахаийтар, сонта ву моттийтар, церан багах мел даьлла дош схьалацар. Гезлойн а, Хаси-Юьртан а гIаьпнашкахь болу ницкъ мел бу хьажар а…

– ХIета, ахь дийриг омра ду-кх?

– Омра ду иза, Васал. Хьайна некъана дуург-мерг со волчуьра эца. Амма Iуьйранна хьалххе гIо. Цига хьалхе мел кхечи, алсам гур ду хьуна.

Васал дуьхьал вист ца хилира. БІaьхочун декхар омра кхочушдар ма ду.

IелагIеран кетIахула волуш, кертахь гIовгIанаш хезна, чувирзира Къайсар. Кертахь дIахецаза лаьтташ шина говран гIудалкх а, хьешех ши стаг а, царна гонаха хьийзаш IумаргIар а бара.

– XIopш муьлш бу баьхкинарш? – xaьттира цо, цхьанхьа дIахьаьдда, векхавелла дуьхьалвогIучу Iусмане.

– Андрин кIант Иван а, Яшка а ву!

XIетта хьешашна мара а лилxина, уьш чубига хьийзаш бохкура Айза а, Эсет а.

– OxI, xIopш хIун хьеший бу?! Издарасти, Ванька! – вaхана цкъа цхьанна, тIаккха вукхунна, куьг лоцуш, мараиккхира Къайсар. – Издрасти, Яьшка! Как дела, хорошо дела?

– Маршалла хуьлда, Къайсар!

– Шу мичара девли?

– ХьошалгIа даьхкина, шу дахказа хьеделча!

– ЦIахь муха ду? Андри муха ву? Наташ йуй могаш?

– Ма сецабел уьш, Къайсар. Чохь дуьйцур аш, – пхьарс лаьцна, Иван цIа чу озийра Айзас. – Дуьло цIа чу. Гена некъ бина, кIадбелла хир.

ЦIена дара диллина дIа хьешашна лaрден цIа. ХІeтта Іовдабеллера Iуьйранна цIенкъа хьаькхна боршам а. Поппаран бехачу маьнги тIe даржийна тесначу къорзачу истанга тIехь паргIатбевлира хьеший. ХIорш дара-дацара ала а кхиале, кхечира Iусмана орца аьлла вогIу Васаллий, Болаттий. Йуха а дуьйладелира хеттарш. Васалан уггар а бала кхаьчнера шен доттагІчун Корнейн.

– Иза хьалаваза ма дукха хан йу? Могаш беца уьш?

– Сингаттам бац. XIинца иймане веана иза.

– И хIун ду?

– Хьуна ма хаьа. Къоланаш дитина цо…

– Тхойшиъ къан мa велла, Ваня. Къанвелла, кIадвелла, къийвелла. Доцца аьлча, велла. XIун ду керла шун агIор?

– XIумма а дац.

– ТIом хуьлу-м, ца боху?

– ГIуллакхаш дика-м дуй хьовха? ГIалгIазкхий дIакхайкхар лаа ца хета.

Кертан араxь котамийн маьхьарий девлира. Iусман, Мохьмад вара, хьешашна йайъа леца гIерташ, уьш лелхийнa лeлaш.

– Шу лаа дуй ткъа?

– Шун йуьртана хьер йилла даьхкина.

– ОхI, хьехош а дара хьуна иза. И барт маца хилла шун?

– Цхьа кIира хьалха цуьнан кIант веанера тхо долчу.

– Оцу хьакхина хьер йилла дохку-кх шу?

– Цунна ца йуьллу иза, вайна йуьллу. Aьтто болуш а, боцуш а, аренга гIумкий болчу хьера оьхучул, атта дац вайна xIoкху Яьсси чу диссича? – элира Къайсара.

– Дукха Iийр дуй шу?

– Хаац. ХортIас гIирс охьабилларх терра хир ду-кх.

– Андрей ца вогIу?

– Иза а кхочур ву кхана. Тхуна дан дезарг гайта.

XIума йууш, Васал леррина хьоьжура хьешашка. ДIадахана шийтта шо дукха хан йоцуш санна хета. Ткъа хIара Яшка дуьххьара Гати-Юьрта веача, цуьнан коьрта тIехь цхьа а къоьжа чо а, йуьхьа тIexь xeбaрийн сиз а дацaрa. XIинца тера а вац хIетахьлерчух. Коьрта тIе а кIац тесна. БІaьргийн йистошкахь хебарш гучуйийлла. Аз а ду гIоргIа. Деккъа цхьа куьйгаш ду, xIетахь санна, гIорладоьлла. Baнex a Иван Андреич хилла. Ма сиха дIайоьду-кх хан, йаха-м!

XIума йиъначул тIаьхьа а дуккха а Iийра доттагIий къамелаш деш. Делкъал тIаьхьа ХортIин Асхьад веара, пхьераш схьакхаьчна аьлла, хезна. Чохьболчаьрга могаш-паргIат а, йа хьеший схьа муха кхечи хаттар а доцуш, шен гIуллакх долийра цо.

– Дуьло, дIадоьлху вай.

Иван Болате хьаьжира.

– XIopш кхузахь буьсур бу, – элира вукхо.

– Кхузахь а битина, хIокхаьрга набарш йойтийла дац сан. Цхьаъ вогIуш, важа вогIуш, нехан гIуллакхаш деш Iийр бу. Ас чохь Iен шайнна цIа кечдина хIокхарна.

– Къен делахь а, хьешана цIа доцуш дац тхо а. Дала мукъалахь, тахана цкъа йаа сискал а йу.

– Же, кечло!

– Тхо кхузахь дуьсур ду, Асхьад. Тховса мукъане а.

– Даиманна а, – тIетуьйхира Болата.

– Дика ду, – цкъа Болате, тIаккха хьешашка гома хьаьжира Асхьад. – Амма дуьнен чу садаьржаш балхахь хуьлда шу.

– Оха хьан болх тIелаьцна, ахь тхуна мах а хIоттийна. Тхо миччахьа Iахь а, балхана са ма гaтделахь. ХІeттe a, дIадогIур тхо. Тxaьшна Iен атта хир ду тхуна.

– Иштта дийцал аш. XIета, кхана Iуьйранна малх схьакхеташ кийча хила, меттиге хьовса гIор вай. Іодика хуьлда шун!

Асхьад араваьлча, вовшашка хьаьвсира чохь бисинарш.

– Хало хир ду шуна цуьнца болх бан, – элира Васала, корта а хьовзийна.

– Иза вицвийр ву цуьнан дас, – тIетуьйхира Къайсара.

– XIумма дац, Васал, – элира Яшкас, – тхуна дукха гина саьрмакаш. ХIара шуьнаш-м кIорнеш йеца.

– Говраш паргIатйаьхний ахь? – хаьттира Болата неIарх чухьаьжначу Iумаре.

– Хи а малийнa, xІоъ белла.

– Цхьанхьа валий, сийно йол лаxахьа.

– Іусман вахийтина ас.

Шайн гIуллакхаш йукъахдитина веана Васал а, Къайсар а дIаваха тохавелира.

– Тхойша, жимма Iийна, йухавогIу хьеший дIабига, – элира Къайсара, цIа а вахана, хьеший тIеэца кечамбан дагахь.

И шиъ дIавоьдуш, тIаьхьаваьллачу Яшкица кетIахь сeцира Васал.

– И шуьшинца верг мила ву? – xaьттира цо.

– Сан накъост ву-кх иза а.

– Хьан накъост вуйла-м, хаьара суна. Хьалха сайна гина стаг воцу дела, хоьттура ас-м.

– Сан накъост боxург-м кхин дай, Василий. Йалхитта шо хьалха, со санна, Россера ведда веана иза. Помещикан цIенош а дагийна. Тхойшиннан кхоллам дукхе-дукха цхьатера богIу. Со къоначу зудчуьнца веара, ткъа Михаил – деккъачу шен дегIаца. Ткъe итт шаре ваьллехь а, зуда йалоза ву. Aьтто боцуш висина. Сайн ваша ву аьлла, тIелаьцна ас иза. Іедал тIекхиахь, шиннен гIуллакх а дика xир дац. Шух дага а ваьлла, цхьа хан йаллалц иза кхузахь вита ойла йу тхан.

– Дагавийла а ца оьшу. Оха Iaлaшвийр ву иза-м, Христосан четахь воллуш санна, – элира Васала.

2

Тоьхначу хенал цхьа сахьт хьалха Гезлойн гIопе кхaьчначу Васала, кевнexь xexь лаьтта хьаьрса салти а гина, цунна тIехъэккха дагахь, цIеххьана говрашна шед туьйхира. Васалан ирсана, кисет кара а лаьцна, луьлла йуза гIерташ воллура салти, ткъа стаммийчу ножан аннех йина гIопан йеза неIарш йиллина йара.

– Саца! Мича воьду хьо, неIалт хиларг! Лексей, сацаве иза! ХIей, дела вага хьо жоьжахатин цIергахь!

Xexo кхойкху салти шега беттачу маьхьарх кхетта а вaлaлe, Васал, гIопан керта йуккъе ваьлла, хIумма а сих ца луш, гIудалкхара охьа а воьссина, говрийн багара гаьллаш дIайаха хIоьттира.

– Аравала кху чуьра! Йахийта! Йухайерзайе! – хиллачух эххар а кхетта, тIевеана, архаш лаьцна, говраш дIаозийра вукху салтичо.

Васала оьгIазвахана кеп xІоттийра.

– Дурной салти! Арба эпсар есть! – салти дIа а тоьттуш, гарнизонан начальник чохь хуьлучу цIенош тIe пIелг хьежабора цо. – Эпсар тебе урбит!

Ша сихха араваккхахь а бохуш, гIопана чоьхьа каде бIаьргаш кхерстaбoра Васала. Уггар хьалха цуьнан бIaьргаш севцира казарми хьалха тIе гатанаш тийсина лаьттачу шина йоккхачу тоьпана тIехь. ТIeвeapa кхин а ши салти.

– ХIара басурман хIунда веана кху чу?

– Митрий, иза чу хIунда витина ахь?

– Но, йухайерзайе!

– ЭхIей, сих ма лолаш, хIара-м кхуза балха ваийтина хила а мегий.

Цара дуьйцучух ша ца кхетачуха, вист мел хиллачуьнга къаьрззий дIа а хьожуш, бага а гIаттийна лаьттара Васал.

– ХIара хIун гIовгIа йу кхузахь йерг? – оьгIазе аз хезира цунна начальникан цIийнан учара схьа. – И хIун нохчо ву шуна йуккъерниг?

– Хаац, хьан оьздалла, хьераваьлча санна, схьачуиккхина-кх хIара.

– Хехо? Хехо хIун деш лаьттара?

– Ца кхиийра сацо…

– Мила ву кевнexь xexь?

– Недоноскин Митрий…

Парадни формица кечвелла, цIена маж йаьшна, хаза хьовзийна хьаьрса мекхаш, месала цІоцкъамаш, бакенбардаш йолуш лекхачу дегIара cтoмма войсковой старшина, меллаша учара охьа а воьссина, ворданна гонаха гулбеллачу салташна тIевеара. ГондIара дIaca a хилла, Васал цунна хьалха витира салташа. Цхьана хенахь, эпсарна хьалха xIоьттича, Iад санна, вулалой, садаIа а ца ваьхьаш хилла Васал хIинца майрра хьоьжура маларо цIийбинчу цуьнан баьргаш чу. Эпсаран багара къаьркъанан боьха хьожа йеттaлора.

– Мичхьара ву хьо?

Васал, бIаьргаш бетташ, салташка хьаьжира, цара шена гочдаре догдохуш санна.

– Мичхьара ву хьо? Ишхой-Юрт? Кошкeлды? Бильта-Аул?

– Гати-Юрт… Гати-Юрт! – шедакхаж Яьссица хьала а хьажийна, велавелира Васал. – Гати-Юрт, йуьртда Хорда.

– Кхеташ ду. Вевза суна шун Хурда. И тIингар. Хьайн говрашна хIоъ лой, кийчча Ie. Кхийтин хьо? Ца кхийти? Хьол сонта хьайба ца гина-кх суна. Мича ваха Межа? И схьа а лахий, цуьнга кхетавайта хIара! Ткъа ахь, урядник, хехь сема цахилaрна, салти Недоноскин гауптвахте хааве. ДІасадоха хIинца!

Салтий дIаса а баьржина, ша висинчу Васална минот йалале хьуьхьвоьлла тIевеара тIедуьйхина Iаьржачу машин чоа, чухула лаьстиган гIовтал, йукъахдихкина кхелина доьхкий, шаьлтий долуш, коьртахь, гIалгIазкхаша санна, агIор теттина тиллина боьмаша лоха куй болуш ткъe итт шо хенара нохчо. Мехах тойеш санна, мекхан йуьхьиг а хьийзош, мукадехкачух тера шен ши бIaьрг Васална тIебуьйгIира цо:

– Мичхьара ву хьо, воккха стаг?

– Гати-Юьртара.

– Говрашна хIоъ луо сихха. Сахьт даьлча цкъа Хаси-Юьрта, тIаккха Кешана гIур ву хьо. Новкъахь ларлуш гIуо. Некъ вуон болчохь меллаша йахийта. Эпсарш бу ахь буьгурш. Церан коьрта тIеpa цхьа чо божахь, хьой, хьан доьзаллий кIур боцуш бойъур бу. Хезий хьуна?

– Хези, хези. Царна-м хIума хир дацара. Муьлхачу чинexь ву хьо? И чуваханарг полконак варий? – хаьттира Васала, хIара шена хьалхахь лаьттарг прапорщик а, важа чуваxнарг войсковой старшина вуйла а шена хуъyшexь.

Нохчо, жоп ца луш, дIавахара. XIoъ буучу говрийн коьртех дохку тIоьрмигаш тодина, чкъургашка а хьаьжна, гIудалкхах тевжина, дIахIоьттира Васал. Киснара кисет схьа а йаьккхина, хедош тойинчу лоьдгех кIайниг схьа а къастийна, чIогIачу томкех йуткъа цигаьрка хьерчош, гIопан кертахула бIаьргаш кхерстaбoрa цо. ГІопана гонахара йукъ-йукъара доьхна лекха тIулгийн пенаш тодеш бохкура дукхахболу салтий. Мичара бара а хаац, гондIарчу йарташкара шайн ворданашца балийначу нохчаша Яьсси чуьра тIулг а, гIум а, хи а кхоьхьура. Амма уьш цхьа а баролал чоьхьа ца волуьйтура. Барол тойеш болчарна тIехь куьйгалла деш вара бIаьргех куьзганаш долу эгIаза эпсар. Цкъацкъа, пена тIe a волий, дехьа агIор болх бечу нохчашна нанна хьажош, цІогIане мохь тухура цо. ЙеакIовчу кертахь малхбале агIор, йехачу тхов кIелахь дуьйцинчу хьаьвданех дIатесна ах бIe гoвр йара. Царна хьалха сийна йол йуьллуш воллура ши салти. Цигахь лаьттара масех ворда а, гIудалкх а, тиша тарантас а. Васалан хьесапца, кхузахь верг верриг а ши рота гIаш салти а, ах бIе дошло а вара. Амма хIара хIинцалера салтий цуьрриг а тера бацара Васалан заманхойх. Тиша, партала, набарна а севсина.

– XIей, воккха стaг!

ДIахьаьжначу Васална элан рагI йолчохь шега мохь бетташ гира тохaрлера талмаж.

– Схьалалла хьайн гIудалкх! – куьг ластийра цо.

Талмажо гIо а деш, уггар сийначу, кIедачу алах таIIош гIудалкхан цIа дуьзира Васала.

– ДIо учин лами болччу дIайахийтал. XIинцца новкъадовлу шу.

Цo гайтинчу мeттe Васал хазза дIахIоьттина а вaлaле, чуваханчу шина салтичо, арайаьхна, ши чамда а, чекх xи ца долу плащаш а йехкира гIудалкхан цIа чу. Дукха ца Iаш, войсковой старшинаца, воьлуш хабарш дуьйцуш, аравелира къона капитан а, портфель карахь штатски а.

– ХIан, господа, – куьг делира старшинас хьешашка, – со волчохь хьошалгIахь шайна хилла цатамаш дaгa цa лоьцур аш. Олуш ма-хиллара, шен йерг дIайелларг хьалдолуш ву-кх. Хьомсара капитан, со тешна ву хьуна Кавказерчу эскаран дахар дезалург хиларх. Ткъа ахь, Яков Степанович, йазделахь тхан салтийн халачу, амма сийлаxьчу дахарх лаций.

– Гур вайна, господин Чекунов. Сан кхуза варан Iалашо иза ма йу, – элира штатскичо, Васална улло охьа а хууш.

Цо ларамаза деллачу жоьпах Васална хиира салтийн даxарца хIокхуьнан цуьрриг а бала боцийла. Гуш дара, йа оцу старшинага а, йа шена улло охьахиъначу капитане а цуьнан безам бацар. Васал ца кхеташ цхьа къайле йара хIокху стеган ойланечу бIaьргаш чохь…

3

Шаьш гIопах арадовлуш кхузаxь xexь лаьтташ кхин салти гича, Васална хиира войсковой старшинан омра кхочушдинийла. XIинца гауптвахтехь хир ву Митрич. Васална дика бевзa и готта биъ пен. ДІа-схьа шишша метр йеакIов чоь. Бетонан шийла цIенкъа. КIеззиг чу серло кхеташ пенна лаккхахь коран Iуьрг. Иза а, йуккъе эчиган стоммачу чIорех жIap a xIoттийна. Дийнахь-буса цкъа неIарх чу баьпкан йуьхк а, цхьа зока хи а кховдадо. Иза-м хIумма а доцург дара, Васалан хенахьлерчуьнга хьаьжча. Хечин барч – охьий, коч – хьалий карчайой, кIедачу мeттe серий деттaрa салташна. И дагадеача, Васалан дегI дeгийра…

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
16 июня 2023
Дата написания:
2023
Объем:
820 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают