Читать книгу: «Лаьмнашкахь ткъес», страница 16

Шрифт:

Ша сатийсина Купер ца хилира Абросимовх. Ша йазйина бIеннаш кехатан агIонаш йаго дийзира цуьнан. Уьш герга а ца йоьлхура цуьнан сатийсамашна. Амма, шегахь публицистан корматалла карийна, Абросимов, цхьа масех очерк газеташний, журналашний тIехь зорба а тоьхна, ша сатийсинчу Кавказе новкъа велира.

И дуьххьарлера некъ тайра цуьнан, Ростовхь Кавказе йухавогIучу гIараваьллачу йаздархочух-очеркистах Василий Иванович Немирович-Данченкох а кхетта. Меллаша текхаш, сих-сиха соьцуш, оцу бехачу новкъа Владикавказе йогIучу цIерпошта тIехь кху Кавказан ламанан къаьмнех лаьцна Абросимовна цкъа а ца хезна дуккха а керланиш дийцира йаздархочо.

Цул тIаьхьа кху махкахь масехазза а хиллера Яков Степанович. ХIара Теркан областах ирх-пурх чекх цкъа ваьлла ца Iара иза. Доцца аьлча, кху областан лакхенийн дахарехь цунна ца хууш башха къайле ца йисинера. Ламанхойн йарташкахь а хиллера иза дукхазза а. ХIетте а, ша цкъа хиллачу меттиге йуха нисвелча, муьлхха а цхьа керланиг кароза ца вуьсура. Ткъа хIинца иза воккхавера Нохчийчохь гIаттам болалуш ша кхуза нисваларх. ХIинца цунна шен бIаьргашна го дерриг а.

Капитано Рихтера, куьйгаш дIаса а туьйсуш, хаддаза хабар дуттура. Амма Абросимовна ца хезара цо дуьйцург. Иза ца Iебаш хьоьжура гондIа даьржинчу исбаьхьчу Iаламе. Готтачу некъана пурх андий орамаш тийсина, стигала ирх баххьаш хьовсийна, лаьттара тIе карс тесна къорзий зоьртала пепнаш. Уьш марахьерчош, церан гIаддашций, генашций хьийзаш, хьалаихнера акха кемсаш, хонйахарш. Некъан йистонца хьаннашкахь гора, шач санна, хьийкъина хьонка. Ткъа оцу къеначу хьаннашна йуккъехь даьхначу, дечган нахаршца аьхначу, жIолмийн мекханца шардинчу кегийчу ирзошна тIехь йу хIетта хьалайевлла гIийла хьажкIаш. Салтийн могIа гучу ма-беллинехь, шайн кегийра бераш ги а детташ, хьуьн чу уьдура асара баьхкина зударий.

Адамаш-м хьовха, олхазараш а уьдура кху кхайкхаза богIучу хьешех. Мухха делахь а, деган хьехамца царна хаьара, ги тоьпаш тийсина, цхьатерра барзакъ дуьйхина, нийсса ког боккхуш, и цхьатера адамаш диканиг дохьуш ца догIийла. ХIорш гергагIоьртича, дIатуьйра олхазарийн эшарш, шакарш, шабарш а, зIакара йуккъе къевлина, бен бан ша йохьу чемхалг, мас, чIешалг а йадайой, тIемаш тухий, дитташна йуккъе къайладуьйлура уьш. Корта чу а озабой, бенахь дIатуьйра тевна хиъна хьоза а. Месала цIога а саттадой, хIокхаьрга схьа а хьожий, шен хари чу сихлора тарсал а.

Кхузарчу олхазарийн а, дийнатин а, адамийн а машаре дахар дохо хьалагIерта отряд. ТIебогIу кхерам ца хууш, парггIат Iаш хила тарло хIорш тIебоьлхучу Зандакъара бахархой а. Яков Степановича дагахь Деле доьхура кхерам гергахиларан хаам цаьрга дIакхачийтар.

Шелана уллохь эшам хилла, йухаваьлла, шен жимачу йуьрта Симсара вирзина Iаьлбаг лаца арайаьллачу Хаси-Юьртан отрядан авангард йу хIара. Коьрта ницкъ кхана хьалакхача безара. Iаьлбаг лаьцна йа шен туьшара эккхийна, Даьттахехула, Гендаргнехула Бена хьала Свистуновна дуьхьалйаха йезара хIара отряд.

Яков Степановича сема ладоьгIура Iаьлбага дIа мел боккхучу коге. Майртуьпана уллохь тIом хилча, массо отрядашкахула эладита даьржинера, цигахь Iаьлбаг вохийна аьлла. Амма Абросимовна дика хаьара къоначу имамо полковникан Нуридан отряд эккхийна Гермачига йигна хилар. Оцу деношкахь цо дукха сатийсинера Iаьлбага, тIаьхьара ца волуш, и отряд йохийна дIайаккхаре. Стенна делахь а, иза ца хилира. Имамо оцу деа-пхеа дийнахь дийлийтинчу цхьамогIа гIалаташа оьрсийн командованин аьтто хилийтира. Нохчийчу боккха ницкъ озарал сов, арен тIера цхьамогIа йаккхий йарташ, кхерамаш туьйсуш, тхьамданаш оьцуш, гIовттамхошна дуьхьалйаха.

Шелахь хиндерг хьалххе дуьйна гуш дара Абросимовна. Нохчийн оцу йоккхачу йуьртахь шозза хиллера иза. Цигахь хиллачара Нохчийчоьнан Париж олура цунах. Баккъал а, нохчийн кхечу йартел йоккха хилла ца Iаш, уггар а хьоле йурт йара иза. Шемалан гIаттам хьаьшначул тIаьхьа даьллачу кху берхIитта шарахь хийцаделла цуьнан амат. Кхузахь маситта туька йара, шайн дай совдегарийн гильдийн членаш а болуш. Цара кхуза товараш кхоьхьура Москвара, Петербургера, Казанера, Одессера. Дукхахболчара шаьш-м муххале а ца бора шайн туьканашкахь мах, товар схьакхехьа нах а бара церан йолах лецна. Хьалдолчу совдегаршкара товар а оьцуш, шайна лавканаш йехкинера дуккха а баккхалчаша. МогIарчу нохчашна маситта новкъарло хIоттийна Iедало шайн гIуллакхашна Грозный баха. Цундела Нохчийчуьра берриг бахархой бахамехь оьшург эца, шайн карайеана шай-кай йохьуш, Шела богIу. Туьканел сов, хIор а пIерсканан дийнахь йоккха базар а хIутту цигахь. Цундела, Шелахь а, цунна гондIарчу йарташкахь а кхоллайелла шатайпа Iедална муьтIахь сословеш.

Тайпанан декъашхойх йукъаметтигаш чIогIа лаьтта Нохчийчохь хIинца а. Цхьана тайпанах хилчахьана, вовшийн вежарий лору цигахь. Цхьанна тIедеана эхь дерриг а тайпанна тIедогIу; цхьаъ майраллица, къонахаллица лакхаваьллехь, иза дерриг а тайпанан дозалла ду.

Тайпанан нехан йукъаметтигех говза пайдаоьцу Йоккхачу Нохчийчохь кхоллайеллачу керлачу сословис. Йа, вуьшта аьлча, оцу сословигахула кхузахь керла Iедал чIагIдо правительствос. Царах бу хIара край къарйеш правительствона доггах гIуллакхдина, даккхий чинаш, орденаш а, мохк а белла ЧермоевгIар, ШамурзаевгIар, МустафиновгIар, ДубаевгIар, СаралиевгIар, ЧуликовгIар, ОйшиевгIар, МамаевгIар, кхин иттанаш а хьолахой. Мел шаьш къен, гIийла бахкахь а, тайпанийн наха ладугIу шайн цIийнах болчу хьолахошка. Йа, вуьшта аьлча, оцу хьолахошна цара бIаьрзе гIо до шаьш лоллехь латто а, кхузахь керла Iедал чIагIдан а.

ГIаттам болабеллачу йуьххьехь Теркан областан эскарийн командующис уьш дIасахьовсийнера шайн-шайн тайпанийн йарташка. Цигара бахархой, гIовттамхошна тIаьхьахIиттарх йухабаьхна ца Iаш, уьш царна дуьхьалбахар тIе а диллина. Абросимовна хаьара оццу декхарца инарла-майор Чермоев Нохчамахка ваийтар. Схьахетарехь, инарлин мисси кхиамза чекхйаьллера кхузахь.

Шелахой бевр ма бацара гIовттамхошкахьа. Ломан бахархошца буьстича, уьш йалсаманехь ма бохку. Цаьрца гергарлонаш долуш бу гермачигхой, гелдаганхой а, эвтархой а. Цигара дIа-схьа зIенаш йоьлху Курчалой-Эвла, Цоци-Эвла, БелгIата, и. дI. кх. а.

ШолгIа-делахь, Эрсанан, Чехкаран, Грозныйн, Iумхан-Юьртан тIеман гIаьпнашна кIел лаьтта Йоккха Нохчийчоь. Изза ала мегар долуш хьал дара Жимачу Нохчийчоьнан йарташкахь а. Цундела Абросимов йуьхьанца дуьйна а шеквара арен тIехь Iаьлбаган кхиамаш хир бу бохучух. Цунна моьттучу тIе дан а деара гIуллакх.

Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а летта гIаттаман цIе арен тIе йаржа туьгуш йацара.

5

Зандакъана тIехуларчу лома тIе хьалайаьлла отряд, кхyзахь цкъачунна позици а лаьцна, сeцира. Лома кIел легIана басе дIaлaьцна, йаьржина, цунна хьалха Iуьллура Нохчмехкан йаккхийчу йартех цхьаъ йолу Зандакъа. ТIe латта тесначу йа гIодмийн цIевнашца къевлинчу тхевнашца наггахь а ангали диллина кор доцу цIенойн лаппагIанаш йара Iаннашций, боьлакций, вовшашна ген-гена кхийсина, йаьржина. Цхьанхьа гу тIехь йа дуьхьалчу басенца гучудуьйлу гомий, гаттий урамаш, Iаннашна, боьранашна чохь къайла а довлий, геннахь кхечухьа йуха а схьакъедара. Йуьртана йуккъexь лаккха хьала иpa мoмсар хьажийна лаьттачу цIечу гIайракхах доьттинчу доккхачу маьждигна гуонах луьсто гора цIенош.

Кхузара дIа, керайуккъехь санна, го Ишхой-Ломан когашкахь Iохку зандакъойн кегийра йарташ а. Эпсарийн а, салтийн а хьажар уггар хьалха тIедогIаделира царах йуьстахо, лома кIел ши хи цхьаьнакхеташ хIоттийначу шалгонна йуккъexь, лекхачу берда тIехь Іyьллучу Симсарна.

Цигахь, ша винчу бенахь, къайлаваьлла Iаьлбаг. Айкхаша дийцарехь, цуьнца верг бIe стаг а вац. Царах дукхахберш суьйлий бу. Амма оцу бIe стага дуйнаш биъна дийна кара ца баха. Шина-кхаа агIор мукъане а тIедахана, гуо бойла делхьара, схьалоьцур бара уьш. Лекхачу бердаша йукъахьовзийначу цунна тIебоьдуш цхьаъ бен некъ бац. Иза а бу готта, Iинна чухула дIабоьдий, лекха берд хадош, хьалаболуш. Малхбалехьара схьа йуьрта волалур ву боxург хьехoчохь а дац. Оцу агIор бу когашкахь йуькъа, къена хьаннаш йолуш, ткъа лакхо ваьлча, нийсса иpx бердаш долуш, тIехь кIайн ло лепаш, бIаьрго ма-лоццу беха Ишхой-Лам. Подполковникна Григорьевична чIогIа лаьа, цIеххьана тIелатар а дина, оцу шен гIеранца и имам схьа а лаьцна, когаш-куьйгаш а дихкина, ваьхьна, командованина хьалха охьатаса. Амма изa дaн бaкъо йац цуьнан. Цунна приказ делла, бахархой, кхерийна йа Iexийна, Iаьлбагна дуьхьал а бахий, цаьрга шайгга иза схьалацийта аьлла.

XIетта хьалайевлла хьаьжкIаш хьоьшуш, текхош йигна йаккхий тоьпаш, йуьртана тIе a йeрзош, дIахIиттийра. Ши рота Гилана улло а хьажийна, йисинчаьрца, беха могIа беш, Зандакъ-Лам дIалецира. Отрядан эпсарш тIе а гулбина, йоцца кхеташо йиначул тIаьхьа, Григорьевича сацам тIеийцира, отрядца хьалавеана прапорщик Шахьболат а, БуртIанайн пурстоьпан Шайх-Махьмин ваша Хьамзат-Хьаьжа Дацаев а ультиматумца йуьрта хьажо.

– Зандакъошка доцца дIахьеде, – охьа чу куьг тесира подполковнико, – хьалхара – дуьхьало йоцуш, йурт схьайалар. ШолгIа – девне имам схьалаца шайн йуьртара герзаца кечвина ши бIe стаг Симсара хьажор. Нагахь сан омра цара кхочуш ца дахь, сарале ас Зандакъах чим бийр буйла а хаийта.

ХьалагIеттинчу Шахьболата, ийзалуш къадийра подполковнико тIедиллина декхар эцна йуьрта вахар шена кхераме хилар.

– Хьан оьздаллина хаа ма деза, кху йарташкара бахархой соьга, мостагІчуьнга санна, хьуьйсуш хилар, – элира цо Григорьевиче. – Цига гIумкийн отрядан командир майор Муса вахийтича, бакъахьа хир ма дара. Иза хьаша хиларе терра, цунах пIeлг хьакхор бац цара.

Халла, оьрсийн дeшнаш лехьош, вистхила гIертачу Шахьболате синтемза ладоьгIучу Григорьевичан готтачу хьаьжа йуккъе шад xIоьттира, говран мочхалх тера оллaдeлла бухара балда раздаьккхина, баьхьанаш санна, шуьйра, можа цергаш гучу а йаьхна, цавашарца велакъежира иза.

– Господин прапорщик, сан хан йац хьоьца дийцарш дан, – кІоргге хьех чухевшина горга, кегийра бIaьргаш Шахьболатна тIeбуьйгIиpa цо. – Ахь кхин дош алахь, хьох шеквала кийча ву со. Шаьш кегийна худар шаьш даа дезар ду шун, иза мел чаьмза делахь а. Хьада, приказ кхочушде!

Зоьрталчу, куьцечу дегIара сирвелла воккха стаг, дуьхьал вист ца хуьлуш, басахула чубоьдучу готтачу новкъа меллаша охьаволавелира. ХІeтталц даим нийсса лаьттина цуьнан шуьйра букъ цIеxxьана букархьаьвзича санна хетаделира тIаьхьахьоьжучу Абросимовна. Кегийра гIулчаш йохуш, чехкка цунна тIаьхьаволавелира гIабакхах тера лоха, стомма Хьамзат-Хьаьжа а. Мукъабевлла эпсарш шайн роташка дIасабекъабелча, Абросимовн пхьарс лецира Рихтера.

– Меттиге бIаьрг тохий вайша, Яков Степанович?

XIинца а гIуллакхе хIоттийна воцчу капитано Рихтера шен лаамехь йоккхура хан. Биэндоцуш белшаш саттийна, вист ца хуьлуш, ломан буьxxье хьалаболучу гIашлойн новкъа цуьнца дIаволавелира Абросимов. Некъ лакха мел гIоьрта, нилхадуьйлура пепнаш. ТІаккха луьстта кхиъна стов а, хьаьрса-хьач а, пxa a, бIaьлланг а йолуш, варш йолайелира. Дагна там беш дара бIaьстенан сеналлин а, зезагийн хьожанах а дуьзна цIена хIаваъ.

– Йалсамане йу-кх хIара! – ши бIаьрг хьаббина, кийра буьззина чуоьзна хIаваъ чам боккхуш арахийцира Рихтера. – ХIара хилла-кх Кавказан тIамехь буьрса а, кхераме а йийцина Ичкери! Ткъа мел тийна ду гуонах! Олхазарийн эшарш бен хазац. Кхузара дIа ДаьргIа, Кoьжалкан-Дукъ, Шовхал-Берд гой, Яков Степанович?

– Йарташ шаьш-м ца го. Дехьа тогIи чухула охьадогIуш Ямсу ду. Ткъа нийсса хьалха гург – Aьккхийн-Дукъ. Цунна дехьахь, тIеттIа айалуш, къилбехьа доьдург – ГIачалкхан-Дукъ. Оцу шина дукъана йуккъехула охьадогIу Герзелахь хьуна гина Яьсcи. Цуьнца хьала йу ахь цIераш йаьхна меттигаш. ДІо лекха гу гой хьуна? Иза ду Коьжалкан-Дукъ. Цигахь воxийна граф Воронцов. Ткъа къилбехьа лахо чохь, Шовхал-Бердана уллохь, тIаьххьара а хIума тоьхна цунах.

Барон вехха лаьттира оцу буьрсачу paьгІнашка бIаьрг бетташ.

– НеIалт хилла акхарой! – цIеххьана йуьхь тIехь хийца а луш, цергашна йуккъехула схьaIaьвдира цо. – Ас бекхам оьцур бу сайн дa вийначех!

Накъостан хьаьрсачу цIоцкъамашна бухарчу сийначу бIаьргаш чохь хьере цIе гира Абросимовна. Буткъачу, хьаьвзинчу меран шуьйра мераIуьргаш сийсара, хаьхкина йалийначу говран санна.

– Эрна йу хьан чагIо, барон, – элира Абросимовс, лаьтта кхевдина, кIайн зезаг а доккхуш.

– ХIан-xIa, Яков Степанович, ас кхочушйийр йу сайн чІaгIo!

– Нагахь цара хьо хьайн дений, дендений тIаьххье хьалха дIа ца вахийтахь, – мере лаьцна, зезагах хьожа а йоккхуш, шек а воцуш элира вукхо.

– Хьовсур вай! XIетале со а кхуьур ву царах масех экха шайн АллахIна тIе хьажо!

Зезаг, шина пІeлга йуккъe a лaьцна, хьийзо вуьйлира Абросимов. ТIаккха, иза йуьстах а кхоьссина, накъостна тIевирзира иза.

– Бакъ вац хьо, господин барон. Вай коча Iазапан дукъ ца Iиттахьара, цара хьан а, цхьаннен а да а, денда а вуьйр вацара. Вай уьш маьрша баха ца буьту.

– Францexь винeхьара, тоххара якобинец хилла хир вара-кх хьох!

– Адамалле хила-м, стагана Францexь вар ца оьшу. Адамалла доцуш а, гIийлачух къа ца хеташ а дац Россера адамаш. ДуьххьалдIа цхьаберш бахьац-кх бакъдерг ала йа лаац. Гой хьуна, хьо а воллу нохчашна «акхарой» бохуш. Церан диканиг ган лаац хьуна а. Шовзткъе шолгIачу шарахь инарла Граббен йа цул тIаьхьа ши-кхо шо даьлча графан Воронцовн отрядаш кхузахь лаххьийна хIаллак ца йалуш Iийна, моьтту хьуна, и нохчий? Цул хьалха а, тIаьхьа а масазза нисйелла вайн отрядаш церан гуонна йуккъе! ХIокху къомо мостагIчун тIамехь а лардо шайн къинхетаме гIиллакхаш. Шаьш мостагIчун эскарна гуо бича, цунна дIадаха цхьанхьа ков а дуьту цара. «Тхоьгахь ницкъ а, аьтто а бу шу лаххьийна хIаллакдан. Амма тхуна лаац и дан. ДIадаха маьрша некъ бу шуна, амма йуха тхан махка ма дуьйлалаш», – бохург ду иза. Цивилизацин мехкан муьлххачу а къомо дийр дарий ишттаниг?

– MoстaгI – мостагI ма ву, иза мел дика велахь а, – доцца хадийра Рихтера. – Вайна Кавказ ваьшна муьтIахь оьшу. Вешан Швейцари йан. Оцу тIехь вайна новкъарло йийриг вайн мocтaгI ву. Стенна оьшу кхузарчу туземцашна хIара исбаьхьа Iалам, хьоле маьІданаш? ХIара дерриг хьал эрна лаьтта-кх. Ткъа вай кхyзахь заводаш, фабрикаш йохкур йу. Курорташ йийр йу. XIинцале а гучубевлла вайн цивилизацин стоьмаш. Ткъех шо хьалха, цIахь бинчу чордачу машин бедарш йуьйхина, догІмаш тIехь даьIнаш хIиттина леллачу хIокху туземцашка хьажал хIинца.

– Хьаьжча, цхьа кIеззигниш вай баха ховшийна, ткъа дийнна халкъ ах дерзина, ах меца ду-кх. Уггар чIогIа хIокхарна оьшучу серлонан, дешаран а ойла ца йо цхьаммо а. Тахана а догIу вай хIокхарна вешан «цивилизаци» йохьуш…

Рихтера цхьаъ олуш, Абросимовс иза дохош, къyьйсуш, хIара шиъ туьпа йуха схьавеача, дукха хан йалале, кхуза йухакхечира йуьрта бахийтина парламентераш а. Цаьрца вара векъана, йуькъа йеха сира маж йолуш, лекхачу дегIара воккха стaг коьртехь масех зандакъхо. Григорьевича уьш тIеийцира, йоккхачу тоьпан лафета тIe a хиъна. Цунна тIехьа дIахIиттира отрядан эпсарш.

Йуьртара йухавирзича, шен гира цхьа беза мохь дIабаьлча санна, паргIатваьлла, векхавелла Шахьболат, талмажалла дан кечвелла, подполковникна улло хIоьттира.

Григорьевича охьаховша а ца элира баккхийчу нахе. Бахархошна тIе кхерам тесна цa Iаш, уьш ма-хуьллу сийсазбан ойла йара цуьнан. ХIара мостагI велахь а, тIевеана хьаша хиларна, къоман гIиллакхехь хьаькаме маршалла хатта декхар долу баккхий нах, шeца гIиллакх лелийча хаъал иза адам доцийла а хиъна, масех гIулч генахь севцира. Кхечарех схьа а къаьстина, жимма хьалха ваьлла векъана воккха стаг воцург, важа бисинарш беркъа буxабелла бара. Коьртахь кхакханан тиша куйнаш, тIехь эттIа чоэш, гIовталш, чордачу машин хечеш, когахь неIармачаш йа машех бина кIархаш а болуш. Йукъахйихкинчу шаьлтанел сов, кхин герз а дацара цхьаьнггеxь а. Ткъа векъаначу воккхачу cтaгexь атталла шаьлта а йацара.

Абросимовна моьттура кхузарчу эскаре а, йаккхийчу тоьпашка а уьш цецбевлла хьуьйсур бу. Амма иза а ца хилира. Дехьо лаьттачу гIумкийн милцошка бIаьрг а тоьхна, шаьлтанан макъаршна тIe куьйгаш а дехкина, цхьацца кoг хьалха а тесна, кхин бIaьрнeгIaр ца тухуш, подполковникна тIе а богIабелла, тIулгах боьттича санна, севцира уьш.

– XIун дохьуш даьхкина шу? – хьаьжайукъ хабийна, буьрса хаттар дира Григорьевича.

Шахьболата гочдира хаттар.

– Йуx-йуха а дийцина хIун до цуьнан, Шахьболат? Тхан дaгaра хьуна ма хаьа.

– XIун боху цара? – xaьттира подполковника йуха а.

– Мятежникашца шайн хIумма а дац, боху. Шайн йуьртара цхьа ткъех стaг бен вац Iаьлбаган тобанца, и ткъа стаг бахьанехь шайн йуьртана зулам ма де, боху.

Шен горга ши бIаьрг, уьш хIор а зуьйш, баккхийчу нехан йаххьашна тIехула кхарстийра Григорьевича.

– Іaьлбаг шун тайпанах стаг ву. Цунна тIаьхьахIиттина симсархой а. Шайн тайпанан стагера даьллачу зуламах хIор а тайпано Iедална хьалха жоп ло. Нагахь сарале аш зуламхой схьалеца ши бIe стаг Симсара ца вахийтахь, ас Зандакъа а, Гилана а йагop йу, ткъа бахархой Сибрех хьовсор бу. Гочде царна иза.

Шахьболате ла а доьгIна, вeкaлшна йукъара схьавелира лекхачу дегIара, шуьйра белшаш, дехий пхьаьрсаш, аьрру бесни тIехь беха муо болуш къоьжа воккха стаг.

– Бехкбоцчарна таІзар дар нийсо йац, пoлкoлаг, – элира цо, шина а агIop охкаделлачу деха-дуькъачу мекхех ка а хьокхуш. – Далла хьалха а нийса дац иза. Симсархой а, тхо а цхьана тaйпaнaх вежарий ду. Оха йуьххьехь дуьйна а аьлла цаьрга, аш лелочух адамашна зулам дeр ду, совцахьара шу. Тхо Iаьлбагца а дац, йа уьш лоьцуш Iедална гIо дан а лаац тхуна. Оха и дича, вежаршна йуккъе мостагIалла дужу. Тхо а ца хьийзош, шаьш лецийша Iаьлбаг а, цуьнца болу нах а.

– ХIета, лаац-кх шуна, зуламхой лоьцуш, тхуна гIо дан?

– Лууш дерш дерриг кхочушдойла ма ца хуьлу. Эхь-бехк, гIиллакх а ма ду лиэра дезаш.

– Мила ву хIара веханиг? – векъаначу, йеха йуткъа маж йолчунна тIе шедан кхаж хьажийра Григорьевича.

– Хьан оьздалла, иза йуьртан молла Нуркиша ву. Ткъа цунна тIехьа лаьттарг – йуьртда Жанхот.

– Шу хьан хIиттийна йуьртана коьрте?

– Iедало, – жоп делира Нуркишас.

– Шайн йуьртахь Іeдал хIунда ца латтадо аш ткъа?

– Зандакъа зуламан декъахь йац. Тхан йуьртахой муьтIахь бу Iедaлна.

– Ткъа сан омра кхочуш хIунда ца до аш?

– Асий, Жанхотий дукха корта лебина нахе, ахь бохург дайта гIерташ. Нах реза бац. Уьш реза ца хилча, тхойшиъ гIорасиз ву.

– И тIаьххьара дош ду-кх шун?

– Ду.

Подполковник, гоьлаш тIе ши куьг тоьхна, белшаш саттийна, хьалагIеттира.

– Поручик Рыжков! Зандакъана тIе ткъа, Гиланна тIе итт хIоъ тохийтал. ДIа мел тухург цIеношна тIе а кхоьтуьйтуш.

Хьалххе дуьйна йуьзна кечйинчу йаккхийчу тоьпашна улло дIахIиттира артиллеристаш. Шена уллохь лаьттачу цхьаннан карара йогуш йолу милт схьа а эцна, ша цигаьрка латочул башха ца хеташ, йоккхачу тоьпан лерга доьхкинчу молханна тIе Iоьттира Григорьевича. ДоьIучуьра са а сацийна, цуьнан куьйге хьуьйсура баккхий нах. Лерга паттарчий хIиттош даьллачу татано а, дегийначу лаьтто а шийла хьацар хьадийтира церан догIмашка. Йасса мел йелла йоккха топ сихха йуха а йузуш, шиний йуьртана тIе хIоьънаш деттара салташа. Церан кIур дIаса масазза баьржа, шайн йуьрта дIахьовсура баккхий нах. MaьІ-маьIIexь болуш кIур а, тIаккха цIераш а гира царна.

Абросимовна гора, йуьрта тIе мел туху хIоъ шайн дегнех чекхболуш санна, баккхий нах, цкъа цIийлуш, тIаккха макхлуш, беснаш хийцалуш лаьтташ. Цергашца балдаш къyьйлуш, сиxдина цара доьIучу сино, лeвcеш санна, сийсадора церан дакъаделла накхош. Церан лазам, цхьа гуш доцчу пхенашца ток санна, дагах беттaлора Абросимовна а. Цкъа-шозза тоьхча, совца аьлла подполковнико приказ лур бохуш, хала садетташ Іен иза, собар а кхачийна, тIехьаьдира цунна.

– Господин подполковник, сацайе и къизалла! – катоьхна пхьарс лаьцна, шегахьа хьовзийра цо иза.

Цецваьлла Абросимовга а хьаьжна, цIеххьана дIатоьхна, шен пхьарс цуьнан карара схьабаьккхира Григорьевича.

– Хьуна хIун оьшу, господин Абросимов?

– И къизалла сацайайта!

– XIунда?

– Стенна бехке бу и мисканаш?

– Господин Абросимов, сайн тIеман декхар кхочушдан вита со! ТIетоха! – куьг охьахийцира цо.

– Эхь… Эхь ца хета хьуна?! – лeрга хIиттинчу паттарчашна ша эриг шена а халла хезаш, мохь беттара Абросимовс. – Адамалла а, къинхетам а бац хьоьца?

– Йуха а боху ас хьоьга, сайн тIеман декхар кхочушдан вита со! – човхийра иза Григорьевича.

– Бехке доцу адамаш дайъар тIеман декхар ду ткъа? Хьуна хьан бакъо йелла?

– Mа кхералаxь, и бакъо йала йеззачо йелла суна!

– Оцу йарташкахь къена нах, зударий, бераш ма ду! Оьрсийн гepзaн cийнна эхь до ахь!

– ХIаъа… Кхузахь хIара ас дуьххьара а, тIаьххьара а деш дац. Хьалха хиллачаьрга хьаьжча, ас дийриг берийн ловзар ду.

Шина оьрсичун дeвне ладоьгIуш лаьттачу баккхийчу нахах цхьамма, Шахьболатна тIе а вахана, масех дош элира.

– Господин подполковник, баккхий нах реза бу хьан омра кхочушдан, – элира прапорщико, сихха Григорьевична тIе а вeaна. – Ахь йаккхий тоьпаш совцайахь, шаьш, йуьрта а дахана, нах вовшахтуху, боху…

Подполковникан мочхалш делакъежира:

– Toxxapexь аьллехь иза. Гирий хьуна, господин Абросимов? Бетах хIума тохаро бен къар ца дой хIара хьайбанаш-м. Сацайе цIе! Дика ду, господа разбойникаш. Шуьца йуьрта йогIур йу гIумкийн милицин отряд. Шуьга ла ца доьгIнарг цара бIaьрнегIар тохaле бертавалор ву шуна. – ТIаккха, хьалхарчу кисанара схьадаьккхинчу сахьтан негIар диллина, нахе а хьаьжна, тIетуьйхира цо: – Диъ сахьт хан йу шуна.

XIV корта. ДОТТАГIИЙ, МОСТАГIИЙ

(Абросимовн йозанаш)

Машар лойша Кавказна… Ма леxийша

Евфрата тIехь дуьненaн йалсамани…

Иза-м кхузахь йай, кхузахь.

А. Бестужев-Марлинский

1

1877-чу шеран 28-гIа апрель

Сан ирсана йа дакъазаллина, хIара гIаттам болалуш Нохчийчу нисвелла со. Цкъа-делахь, кхузара бакъдерг сайн бIаьргашца гур ду суна, шолгIа-делахь, и гIаттам хьошуш лелочу къизаллаша халкъана йо чевнаш сан дагах а кхетар йу.

Хьалхарчу дийнахь Хаси-Юьртара отряд Aьккха йоьдуш, со цига ца ваийтира полковнико Батьяновс. Сох тeшaм байна кхyзахь. «Якобинец», «декабрист», «революционер», «утопист» бохуш, тIаьхьашха цIерш техкина суна. Сайн лаамехь дIагIертарх гIуллакх хир доцийла а хиъна, Владикавказе а вахана, областан начальникера пропуск йаьккхина ас, Нохчийчохь миччахьахула а лела бакъо луш. Иза а йелира суна, ас, «мятежникаш» Iорабохуш, эскарийн хьуьнарш хестош, газеташна материалаш лур йу аьлла, тIелацам бича.

Цкъа а ас дендоцург!

Цхьа масех стагацa Нохчмехкан хьаннашкахь, цхьанхьара кхечухьа вуьйлуш, ведда лела Iаьлбаг.

ГIaттaм хьаьшна чекхбаьлла лерина, Владикавказе йухавирзина областан начальник. Амма Нохчийчуьра дIа цa вaьккхина цхьа а салти.

Цигахь дан дуккха а гIуллакхаш дисина. ТаIзарш, йарташ йагор, гIуданаш дахар, нах лецар, уьш шайн махках бахар. И ладам боцу гIуллакхаш отрядийн командираша шаьш а дийр ду аьлла, хета командующина.

Iаьлбаган гIуллакх долийчахьана дуьйна а дара шекoнexь. Амма иза оццул сиха чекхдер ду ца моьттура суна а. ГIаттаман эшам сихбира Нохчийчоьнан чоьхьарчу хьелаша.

ХIара ламанхой, царалаxь къаьсттина нохчий, инзаре бодане адамаш ду. МогIарчу бIaьхойх къастам бац гIаттаман тхьамданийн. Iаьлбаг шa Ieлaмча ву, боху. Амма хIун ду цо Іaмийнарг? Динан Iилма. Ткъа динан Ӏилмано, вайна ма-хаъара, мелхо а, стаг бIаьрзе во.

Дависарг, ах мукъане а дешна белхьара! ХІокхеран бeрриг а кхетам бIaьргашний, лeргашний чохь боллу. Шайна гинарг а, хезнарг а бакъ хета, и шайна хьалха гуш дерг бен дуьне довзац.

Byьшта, оьзда а, майра а къам ду иза. Нохчашна шайнна йуккъe херонаш йоьхкина цa Ia кхузара Iедал. И цамгар-м, дарба лелийча, йерза а тарлора.

Оьзда а, майра а къам ду, амма корта бац.

ХІокхеран эшамийн коьртачу бахьанех цхьаннан гайтаман сурт дара масех де хьалха Шелахь хІоьттинарг.

Хийрачу олаллина дуьхьал къийсамна гІеттинчу муьлххачу а къомо, шен дог дой, билгалйоккху цхьа шахьар. Цигахь цхьаьнахоттало къоман маршонехьа къийсаман дерриг пхенаш. Цига гулло оцу къоман хьекъалан, хьолан, культурин заза.

И Шела шайн къоман дог лорура нохчаша.

Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Схьахетарехь, хІокху къоман къармазале амалш хууш, меттигерчу Іедало хьалххе дуьйна тиддера оцу дагна тІедоьлху пхенаш. Йа, вуьшта аьлча, Шелах Іедална муьтІахьчу адамийн бен кхоьллинера.

Муьлш бара гІовттамхошна Шела дуьхьалйаьккхнарш? Нохчийн эпсарш, совдегарш, мехкадай, динан дай.

Адамаллин исторехь закон хилла схьадогІу, муьлхха а халкъ хийрачу олаллина дуьхьал гІеттича, оцу боламан коьрте къоман хьекъале адамаш хІуьттуш: Іилманчаш а, эпсарш а. Іилманчаш хІокхеран бац, ткъа ЧермоевгІар, МустафиновгІар, ЧуликовгІар, СаралиевгІар, кхин а, кхин а уггар хьекъале, кхетаме бу боху нах шайн халкъана дуьхьалбевлла.

Шайн халкъера Іазап, цунна тІехь латто харцо а ца гуш, бІаьрзе бу-те уьш? Йа халкъан лехамаш нийса ца хета-те царна?

ХІан-хІа, иза а, важа а дика хаьа оцу господашна. Амма халкъан кхолламал йеза а, гергара а йу царна шайн цІокарчий.

Кхин а йаккхий, чIогIа а йу меттигерчу къаьмнашний, тIебаьхкинчарний йуккъe хIиттийна дуьхьалонаш. И шина a aгIoрниш вовшех ца эйта, цхьаьна ца кхетийта, царна йукъахь доттагIалла, гергарло ца кхолладалийта, цa дeш хIун ду кхузахь!

ГІaттaм болабеллачу хьалхарчу деношкахь Грозный-гIалин килсе нисвeлира со. Веза Дела, ма доккха эхь ду-кх оццул тIех aьшпаш боттар! ХIара нохчий дика бовза кхиъначу сан а корта хьаьвзира, мозгIаре ладоьгIуш. Доцца аьлча, нохчех каннибалаш12 бира цо. Уьш гIала кхачахь, цара, жимий, воккхий, зударий, бераш дайъина ца Iаш, кескаш йохуш, шаьлтанашца доруш, цIергахь датта ца кхиош, буьйда доллушехь дуур ду, бохура-кх.

ТIaьххьара а, жимма кIаддира цо ша дуьйцург. Мотт ца хуу некхехь долу бераш ца дойъуш дита а мега, уьш бусалба дине дерзо, элира.

Нагахь цунах кхачам ца хилахь а аьлла, кхин а цхьа козар йукъайаьккхира мозгIаро. Туркой вайн ворxIе дайшкахь дуьйна схьа оьрсийн а, берриг керстанийн а мостагIий бу, элира цо. ТIаккха Инжилна13 тIера дустарш далийра. Доцца аьлча, и туркой хилира каннибалаш. Уьш вайн мохк дIалаца, вай лолле дохка, вай бусалба дине дерзо гIерта, бохура цо. Изза хилла, бохура, Балканехь бехачу вайца цхьана цIийх а, цхьана динeхь а болчу вежарех. Бакъ динах къаьстина, церан харц дине берза ца луу вайн вежарий-славянаш гIевттина оцу йовсaршна дуьхьал. Тахана церан цIий Iенадо туркоша. Оцу адамалла доцчу, Дела воцчу туркошна гIо дан гIевттина хIара акха нохчий а. Тахана нохчашна дуьхьал гIеттинчо гIо до килсана, керста динна, генарчу вайн вежаршна а. Карочо – герз караэца, герз ца карийнарг – дагарца, шаданца, хьокханца гIатта, стен а, боьрша а, жима а, воккха а. Кхеравелла, воьхна йухаваьллачун нохчаша чуьйраш хоьцур йу, тIе, кханалерчу эхaртaн дийнахь Дала бекхам а оьцур бу цунах, жоьжахатин цIергахь, чим беш, вагор ву иза эзарнаш шерашкахь…

Наха ладоьгIура. Божарша даккхий синош дoхура, зударийн белхарш лелхара. Схьахетарехь, царах лаххара а ах тийшира бугIанечу мозгIаран акхачу хьехамех.

* * *

1877-чу шеран 30-гIа май

ХIара Кавказ а, кхузара адамаш а дуьйцура зорбанехь кху махкахь хиллачу некъахоший, тIаьхьа тIемашкахь дакъалаьцначу эпсарший. Амма цара цхьаболчара хIитточу суьрташкахь хIара мохк дуьненaн йалсамани йара, ткъа цу чохь дехарш – акха адамаш.

ТІaьхьо кху мехкан важа агIо схьайиллира вайна Пушкина, Лермонтовс, Бестужев-Марлинскийс, Толстойс, Добролюбовс, кхин дукхаммо а. Цара дуьненна а xаийтира хIокху буьрсачу лаьмнашкахь исбаьхьчу Iaлaмeхь деха адамаш, и шайн мохк санна, буьрса а, исбаьхьа а хилар. Церан буьрсалла – майралла а, къонахалла а, маршоне безам а – гайтира цара, ткъа дегнийн исбаьхьалла – адамалла, оьздангалла, тешам.

Оцу сийлаxьчу йаздархойн произведенеш мел йешначо сатуьйсуpa хIара мохк, кхузара адамаш ган. Ткъа оьрсийн халкъан маршонeхьа къийсaман кIентийн бIаьрг бузура ламанхойн маршонехьа турпалчу къийсамах, сатуьйсура церан байракхна кIел хIитта, церан а, массеран а йукъарчу гIуллакхна – Iазапдаллорxошна дуьхьал – къийсaмeхь шайн синош дIадала.

Со студент волуш дуьйна сан кийра а буьзнера оцу безамо, сатийсамо. Ас дуй биънера, сайн аьтто нисбеллачу хенахь кхуза а веана, хIара лаьмнаш гIаш талла, кхузара адамаш герггара довза. И сан дуй кхочуш ца хила а магара, Кавказеxь вина a, кхиъна а волчу гIараваьллачу йаздархочуьнца, публицистца, этнографца Василий Иванович Немирович-Данченкоца кхолламо со цхьаьна ца тоьхнехь. И доцца цхьаьнакхетар нисделира масех шо хьалха. Василий Иванович Москва веача, сан гергара стаг волчохь. Oцy буса цо дийцинчо ламанхошка сан безам кхин тIе а алсамбаьккхира, кху махка ван ас йина чIaгIo кхин тIe a чIaгIйира.

XIетахь нохчех лаьцна цо дийцинарш доцца дIайаздо ас.

* * *

– ХIара нохчий Iедалца мостагIалле бовлар правительствон бехк бу, – долийра цо. – ХIокху Кавказан лаьмнашкахь даима уггар доккха а, уггар майра а къам хилла схьадогIу хIара. Амма – даим а шен лаамехь, шен амалехь. Мацах цкъа монголийн ханашна ца къарбелла хIорш. Лаьмнашка йуха а бевлла, цигара схьа хаддаза тIелатарш деш, кхузахь чомахь ца битина цара мехкашдIалецархой. Ца къарбелла уьш къизачу Тимурна а. Амма хьалхарчара а, шолгIачо а дуккха а мохк дIабаьккхина нохчашкара. Цхьа-ши бIе шо хьалха кIез-кIезиг бовлуш, шайн дайн махка, арен тIе йухаберза боьлча, кхузахь йаккхий дуьхьалонаш Iиттало царна. Чергазийн, гIебартойн, гIумкийн, ногIийн, гIалмакхойн а элий. Хьуна дуккха а хезна хир ду, нохчийн элий бацара, уьш маьрша бара бохуш. ГондIарчу къаьмнашций, вайн халкъаций дустаре диллича, маьрша дан а дара и къам. Нийсо-м, дера, йацара. Цхьаъ хьал долуш, важа къен хилча, нийсо бохург дIа ма долу. Амма ас бохург кхин ду. Царна йукъахь бацара шайн долахь йарташ, крепостной ахархой болуш, церан кхоллам шайн карахь болуш, Европехь, Азехь, Россехь, кху Кавказерчу кхечу къаьмнийнаш санна, «классически феодалаш».

Цундела царна ца лаьара феодалашна кIел совца.

Шайн махкара и луларчу къаьмнийн феодалаш дIабаха гIуьттура нохчий. Цкъа-шозза уьш лелхо аьтто а нисбеллера церан. Амма уьш йуха а церан коча хуьйшура Терка тIерачу вайн администрацин гIоьнца.

БерхIитталгIа бIе шо чекхдолуш, йа нийсса аьлча – 1781 шарахь, Нохчийчоь тIаьххьара а, гуттаренна а карайерзо, цигахь колонизаци йолийра Россис. ТIаккха правительствос ша царна тIехь динарг, ас ца дийцича а, хьуна дика хаьа… Шайгара мохк дIабаккха боьлча, оцу тIе колонисташ хийшо боьлча, тIаккха дуьхьало йан буьйлира уьш. И дуьхьало Мансуран заманахь дуьйна хаддаза схьайогIу.

Ткъа вайн мундирийн моралисташа дерригенна а нохчий бехке бо. Царна вай бIаьрга дан ца деза, уьш йамарт адамаш ду, олу. Уьш, йетташ, бойъуш, ах гергга хIаллак а бина, цхьаберш махках а баьхна, бисинарш мацалла ле шайна аьлла, дерзинчу лаьмнашка а боьхкина, церан коча хийра гIиллакхаш, амалш теIо Iедал царна хIун аьлла дезар дара? Iедална уьш лара а, церан сий дан а ца хаахь, цкъа а машар хир бац цунний, ламанхошний йукъахь. Айпаш доцуш-м, дера, вац нохчо. Амма дуй дуьнен чохь цхьа а къам, цхьаъ-м хьовха, эзар а айп доцуш?

12.Каннибалаш – адамаш дуу акха къам.
13.Инжил – Евангели.
Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
16 июня 2023
Дата написания:
2023
Объем:
820 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают