Читать книгу: «Лаьмнашкахь ткъес», страница 14

Шрифт:

– Вай хIун дан деза царна? Вай санна, бусалбанаш хилла ца Iаш, нохчий а ма бу уьш!

– Нохчий, бусалбанаш къесточохь дац вайн гIуллакх. Вешан бахам, доьзалш кIелхьарбахар ду коьртаниг!

– Вай саннарш кIезиг ма бу йуьртахь. ИтталгIа дакъа а бац…

Амма Боьршиг къар ца лора. Цунна карабoрa дуьхьалвала некъ.

– Оцу дукхахболчарна йукъахь вайн гергара а, тайпанан а нах бу. Шен-шениг сацаве хIораммо а. Хаалаш, вайх хIорaнгa a шен гергaрчух жоп доьхург хилар! Тховссехь арaдoвлий, уьш вайгахьа баха. Iаьлбаг-Хьаьже Шела чу ког буьллуьйтийла дац вешан декъашна тIехулий бен. Витахь, вешан бахамех-м хьовха, кортойх а догдилла дезар ду. Иштта ду шуна инарлин омра а. Со аьлла вели.

Боьршиган набарза йайна буьйса эрна ца йахара. Тахана Iуьйранна малх кхеттачу хенахь йуьртан майдана гулделла адам, селхана санна, карзахе дацара. ГIовттамхошна тешаме бисинчу кIеззигчу наха кхайкхамe дeтта маьхьарий а, ден къамелаш а эрна довра…

3

Нурхьаьжий, Акхтий коьртеxь волу жима бIo йуьрта а хьажийна, шен коьртачу ницкъашца цхьа чаккхарма сехьахь ceцира Iаьлбаг.

ХІeтта цунна тIе хаамаш кхачийнера сийсара Шелахь хиллачу хийцамех. Амма Iaьлбаг тешна вара, баккхий нах йухабовлахь а, йуьртарчу кегийрхоша ша тIеоьцург хиларх.

Уллохь лаьттачу Овхьаде вист ца хуьлуш, иза карзахе хьоьжура йуьрта. ХІокху цхьана сохьтехь къаста безара цо долийначу гIуллакхан кхоллам.

Кхузахь бара нохчийн цIeйаxxана совдегарш, молланаш, хьаьжой. ХІокху йуьртара бевлла Iедална гIуллакх ден дукхахболу эпсарш, хьаькамаш. Цул сов, деган пхенаш санна, кхузара дIа Нохчмахка a, ЧIeбaрлa a, Coьлжа-ГIала а дIасадоьлху даккхий некъаш.

Кхузарчу нахаца гергарлонаш долуш а, хIокхунах агIо тоьхна а Іyьллу хIокхул тIаьхьа йоккха, маршонан гIуллакхашца даим цIе йоккхуш хилла Гермчиг а.

Хьалха чалбанашца баккхий нах а болуш йуьртах арайаьлла дошлойн тоба, дохнан дежийлашна тIехь йаьржина сeцира. Кегийрачу тобанашца йуьртах арабуьйлучу гIашлоша дIалоьцура царна тIехьара аре. Нурхьаьжин бIo шена тIeкхаьчча, бухара дошлойн тоба дIаса-м муххале а ца йекъайелира, мелхо а, кочара схьайаьхна тоьпаш хьалха а лецна, дуьхьалйирзира.

– ХIун ойла йу-те церан? – элира турмалца цаьрга хьоьжучу Iаьлбага.

– Тамаша бу, дуьхьало йан ца бахкахь.

– Жоьжахата гIойла уьш! Къена нах хьалха ма-гиннехь, хиира суна хIара гIуллакх меттера доций.

Оцу минoтeхь схьакхаьчначу Къайсара хаам беара, шелахоша, шаьш йуьрта дитац, боху, аьлла.

– Нурхьаьжига тхо тIекхаччалц собарде ала. Къосам, дошлойн бIо тIаьхьабалабе!

Эвлан йисте бевлла шелахой йукъалоцуш ах гуо беш дIахIоьттинчу шен эскарна йуккъехула а ваьлла, дин боларе a бaьккхина, шина а агIорчарна йукъахь йаьсса йитина бIe гIулч аса а хадош, вахана, хьалхарчу могІapexь лаьттачу шелахойн тхьамданашна хьалха сeцира Iаьлбаг. Шайн отрядашна хьалхара схьабевлла Нурхьаьжа а, Къосам a, Toзуркъа а хIиттира цунна улло.

Къоначу имамна хьалха дойш тIехь бара сира а, хьаьрса а, йexий а, шуьйрий а мажош йолу холхазан куйнашна гонаха кIайн чалбанаш хьерчийна баккхий нах. Царна йукъахь Іaьлбагна ца гира цхьа а гIийла, беркъа стаг. Массо а, вустийча санна, дилхе, токхе. ТІедуьйхина оьрсийн тоьллачу машин чоэш, атласан гIовталш. ХІораннан а каралаьцна топ, хаьнтIехь кхозуш тур, йукъахйихкина шаьлта, доьхкарх йоьллина тапча, Шеларий, Гермчигарий, Мескар-Эвларий, Курчалой-Эвларий, БердакIеларий совдегарш, мехкадай.

– Мила ву шун тхьамда? Схьавала йукъара, – элира Іaьлбага, воpтa сeттош, цхьана метта ца сацалуш, ловзайаьллачу говрана воpтанах дайн куьг тоьхна, и дIа а тейеш.

Нахах ши-кхо гIулч къаьстина, хьалха лаьтта Боьршиг, курра корта а саттийна, кIоршаме схьахьаьжира цуьнга.

– Со ву шелахойн тхьамда.

– Хьан цIе?

– Ханболатан Боьршиг. Ткъа хьо мила ву?

– Симсaрaрчу Олдаман Iаьлбаг.

Вуьйцу дукха хезнехь а, Боьршигна ца моьттура хIара нохчмахкахойн имам йуьхьана а, къамелна а оццул эсала хир ву. Цунна хьалха лаьттара, тIехь эттIа чoa a, коьртарчу лохачу, месалчу куйнна кIел цIен бос богуш, горга, къинхетаме йуьхь а йолуш къона стаг.

ТІеттIатаIийна балдаш вовшах ца къастош, кIоршаме велавелира Боьршиг.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, тов! Хьо ву Нохчийчохь хIара гIурт бина Іaьлбаг-Хьаьжа? – пхьидачух тера боккха ши бIаьрг Іaьлбагна тIебуьйгIиpa цо. – Хаьий хьуна, Ioвдал нохчмахкахо, айхьа халкъана деш долу зулам? ХIун оьшу хьуна тхоьгара? Стенна веана хьо тхан йуьртана тIе?

– Суна хьоьгарий, хьуна тIехьа лаьттачу оцу хьолахошкарий хIумма а ца оьшу, Ханболатан Боьршиг, – парггIат жоп делира Iаьлбага. – Кху йуьртарчу нахана тIе веана со. Цара пурба лахь, йуьрта чуван а, нагахь ас айъина гIуллакх цара къoбaлдахь, уьш сайна тIаьхьахIитто а.

Боьршига аьрру куьг диллира шен кочахь кхозучу туьран детица кхелинчу макъарна тIе.

– Йуьрто со векал вина шен лаам хьоьга дIахаийта, – шa эриг массарна хазийта, аз айдира Боьршига. – Шелахой реза бац хьо тIелаца. Хьайн ардaнг эций, лома йухаверза.

ГІо лоьхуш, Іaьлбага бIаьрг кхарстийра баккхийчу нехан йаххьашна тIехула. Амма царах цхьаннен а бIаьргаш чохь цунна ца гира доглазаман суй а. Ткъа даррехь цабезам, цабашар, къизалла гора.

– Дика ду, Ханболатан Боьршиг. Ас халкъe хоттур ду цуьнан дагахь дерг.

Говр дIа а хьовзийна, йуьстахлаьттачу йуьртан лаxенийн тобанна хьалха хIоьттира Iaьлбаг.

– Шелахой! – мохь туьйхира цо, шед буйнахь куьг хьала а лаьцна. – XIинца соьца хиллачу доццачу къамелехь шун йуьртахочо Ханболатан Боьршига, ша аш хаьржина векал а ву, тхо Шела чу дита шу дуьхьал а ду аьлла, шун цIарах дош делла. Нагахь Ханболатан Боьршиг аш шайн йуьртан тхьамда а хаьржинехь, цо соьга аьлларг шун барта а делахь, тхан бакъо йац шуна тIeгIерта. Суна хетарехь, Ханболатан Боьршиг аш хаьржина вац. Иза вайн халкъан мостагIийн мотт-ишарца цунна гонах лаьттачу цуьнан бартахоша хаьржина. Цо аьлларг шун барта хиларх шек ву со…

Йукъ-йукъа девллачу маьхьарша хадийра Іaьлбаган къамел.

– Оха хаьржина иза!

– Тхан лаам бу цо кхайкхийнарг!

– Хьайн гIеранца цIехьа йахийта!

– Тхо хIаллакдан воллу хьо!

Мохь бол-болучу дIа а хьожуш, эриг ала вуьтуш, цхьана йукъана сeцира Iаьлбаг. И маьхьарий дeттарш Боьршиган бартахой хилар шера гора.

– Дика ду, шелахой, – резахилла корта таIийра Іaьлбага. – Нагахь оцу Боьршига аьлларг шуьгара делахь, шун йуьрта гIертар дац тхо. Амма, хаалаш, Ханболатан Боьршиг а, цунна уллохь лаьтта хьаьжой а, совдегарш а, массо а уьш шу, шелахой, даларх, шу сийначу цIарах дагарх, шек дIа бовлуш цахилар. Хьовсал шайга а, цаьрга а! Церан а, шайн а беснашка а, духаре а! Церан туьканаш, шортта мохк, хьал, бахам бу, ткъа шун хIун ду? Аш мацалла хьоьгу, къоьлла къикъдоьлла, ткъа уьш хьоло хьерабаьхна. Шу, Iедало дацийна, гIорлaдoлийна, денна тIейеттачу налогаша чIанадаьхна. Куьйган бакъонаш а йайъина, лоллехь латтадо. Маса ву шуна йукъахь сахь хьаьжкIаш йен лаьттан коржам йоцуш! Маса ву шуьлахь тахана берашна чорпа йан кана ахьар доцуш! Маса ву шуна йукъахь шайн доьзал хене баккха гIалгIазкхийн йарташка, гIумкийн элийн мехкашка йолах балха ваха везаш! Маса ву шуна йукъахь оцу дIогахь лаьттачу, аш «тхьамданаш» аьлла цIе тоьхначу шун йуьртахошна йалхой хилла чухIоьттина! Хьалдолчу шун вежарех цхьа а веаний шун мецачу, дерзинчу берашна сискалан йуьхк, тIейуха коч йохьуш?

Коьрина гора нахана йукъарчу дукхахболчийн кортош охьаоьхуш. Йукъ-йукъара кегийрхойн маьхьарий девлира:

– Бакълоь имам!

– Byьзнарг цкъа а вац мецачун ваша!

– Уьш Iедало, тIе хьакхар хьоькхуш, кхобу!

– Хьайн чIинкъ сацайе, къутIа, цIа догIур дац хьо?!

– Нах! Оцу писо дуьйцучуx Iеxa мa лолаш!

– Пис хьо йу-кх, Боьршиган йалхо!

Урх оьзна, говр меттах а йаьккхина, адамийн тобанна хьалхахула дIасаволавелира Iаьлбаг.

– Ма мотталаш, тхо, дуьзна, хьерадевлла лела! Шу санна, пекъарш бу шуна герз караxь ломара охьабевлла хIара суна тIаьхьарниш. Вайн халкъана маршо йаккха, Iедало цуьнгaрa дIадaьккхина латта йухадерзо, Iедало а, меттигерчу цуьнан хьадалчаша а вайна тIехь латто харцо ца лайелла, гIевттина. Тхан йерриг дегайовхо шуна тIехь йу, шелахой, гермчигаxой! XIунда лаьтта шу шина дагахь? Вац шуна йукъахь кху йарташкара бевллачу нохчийн маршонан кIентийн, цIарна а цIе йаханчу къонахийн Iабдул-Къедаран, ХІовкин, Оьздамаран, СаьIад-моллин, Домбин, ТIeлхаган тIаьхьенах цхьа а? Йа тIаьхье йоцуш байна-те и къонахий? Ма Iexaдaйтa шaьш паччахьна бохкабеллачу шайн молланашка, хьаьжошка, эпсаршка, совдегаршка!

Дехьахь лаьттачу йуьртан тхьамданашна йукъахь гIовгIанаш йевлира. Шед тоьхна, говр кхоссайолуьйтуш, хьалхаиккхинчу Боьршига йукъахваьккхира имам.

– Оцу мезийн тIуьйлиге ла хIунда доьгIу аш, нах?! – бетах шеташ туьйсуш, мохь туьйхира цо. – Ца хаьа шуна, стохка Маккара цIа вогIуш, иза Уьстамалахь туркошна вохкавеллийла? Туркойн деши ду шуна цуьнан мотт баьстинарг! Шайна гIoьнна вай гIовтто ваийтина. Ткъа шу, Іовдалш, Iеxадала кийчча ду!

– Лалла иза!

– Iедална муьтIахь хила!

– Иза, кeрста Iедал делахь а, Делера ду!

– Цунна дуьхьалгIеттинaрг Далла дуьхьал гIотту!

– Хьайн туркой болчу йахийта, вахкавелла нохчмахкахо!

Хьалха лаьтта и хьолахой а, цара эцна тобанна йукъара нах а карзахбевлча, Iаьлбагна йуxxe таьIира цуьнан вежарий, Къосам, Нурхьаьжа, Къайсар, Коьра, Болат, Елисей, Овхьад. Амма Iаьлбаг шек дIа a вaцара. Жимма корта агIор а баьккхина, халла хаалуш вела а къиэжаш, цо собаре ладоьгIура наха хьоькхучу маьхьаршка.

– Дика ду, нах, – говр меттах а йаьккхина, жимма хьалхавелира иза. – Со туркошна вохкавелла, боху шун тхьамданаша. Цара дуьйцучуx тешарш а хир бу шуьлахь. Ас а, суна уллохь лаьттачу сан шина вашас а Къуръан тIехь дуй буу шуна, ас лелориг туркойн мотт-ишарца а, цаьрца бертахь а дац аьлла. Ткъа аш, Боьршиг, шелахойн тхьамданаш, аш буий дуй, шаьш лелориг паччахьан Iедалан бертахь дац, Iедална шаьш дохкаделла а дац аьлла? Дист хIунда ца хуьлу шу?

– Цара-м, хьаха, Къуръанаш а дуур ма ду, шайна дато сом делча! – гIадвахана велавелира хьалхa лaьтта лекха, хьорзам санна, векъана стаг.

– Сом хьехадо ахь-м, цхьа къикъвоьлла эпсар велавелла шайга хьожург а!

– Вежарий! Стенна лаьтта вай кху йуьртарчу совдегаршка, эпсаршка ладоьгIуш? Имамна тIаьхьахIитта! Йаккхалахь – маршо йоккхур вай, ца йаккхалахь – делла дIадевр. ХІокху харцонал, къоьллел делла дIадовлар гIоли ду!

Шелахойн барт боьхча, цунах пайда а эцна, йурт дIалаца дагахь, сихха дой йуха а хьовзийна, шайн бIaьна хьалха хIиттира Iаьлбаг а, цуьнан гIоьнчий а.

Іaьлбага, баттарa дaьккхина тур хьала а лаьцна, охьаластийча, цунна тIаьхьа лаьтта кхо бIе дошло, цхьатерра меттахваьлла, йуьрта волавелира. Шелахойн тхьамданаша, тIехула лаьцна, тоьпаш туьйхира цхьа бIe гIулч шайна хьалхахула чекхбуьйлучу гIовттамхошна. Цара лелориг моттаргIанна хиларе догдохуш, ца соцуш, хьалха дIаоьхура Iаьлбаг. Амма эрна хиллера цунна хетарг. ШолгIа шаьш тухурш хӀокхарна йуккъе лаьцна туьйхира шелахоша. Кайаьллачо – тIе, aьтто цa нислучо – тIехула а тухуш, тоьпаш йетта йолийра тхьамданийн тобанна хьалха а, йуккъехь а лаьттачу бартахоша а.

– Вайн масех стaг вожийна! – мохь белира Iаьлбагна тIаьхьавогIучу Къосаман.

Iаьлбага, урх оьзна, тIаьхьарчу когаш тIe xІоттийра говр.

– Йухадовла! – омра дира цо. – Янаркъа, байракх охьайахийта!

ГІовттамхой йуxабоьрзуш гича, майраваьлла Ханболатан Боьршиг, баттарa дaьккхина тур хьала а лаьцна, луьйтанашна тIехь ирахIоьттира.

– Шелахой! Паччахьна муьтIахь верг суна тIаьхьавола!

Ша хаъал хилчахьана, цкъа а тIамна улло ца воьдуш, кхyзткъа шаре ваьллера Боьршиг. Шен нийсархой герз буйнахь къийсамехь бахчaлyчу хенахь даим аьршица гIуллакх хиллера цуьнан. Герз ца доьхкура цо, хьошалгIа воьдуш куьцаний бен. Ткъа тахана шега хIара майралла йоссарх ша-шех цецвуьйлура иза. Дас, Ханболата, шен туькана а ца хьийзош, оьрсийн эскаре дIавелла хиллехьара! XIинцале, лаххара а, полковник хилла хила а ма магара цунах. Амма тIаьхьа ду-кх. Къанваллалц ваьхча, йуьртда бен ца хили цунах…

– Iайт! Ма вахийталаш! ТIетоха! – мохь беттара цо.

«Ткъа Эрсанна уллохь эскарца лаьтташ полковник Нурид вацахьара, хир варий-те со сел майра? – ойла йора Боьршига. – Ца хилча ца волура. Ца хилча, инарлас хьаькамаллех а, хьолах а воккхур ву. Коьртах ваккха а мега. И полконак мa вaц гучуволуш? Цo дoш ма деллера, оха топ ма-кхоьссинехь, гIоьнна кхача. Тешнабехк бина-кх цо! XIумма а дац, хIорш оха тxaьш дIалаьхкина. Хастам со цхьанна буьсуш боллу».

– ТIетоха!

Омра а делла, тур батта а даxийтина, кочара топ схьайаьккхира Боьршига. Хьежош а ца Iаш, сирачу динахь хьалха воьдучу Iаьлбаган букъа йуккъe a хьажош, топ туьйхира цо. Амма имам, шек дIа а воцуш, хьалха дIаоьхура. OьгIазвахана Боьршиг тапчанах тасавелла воллуш, Іaьлбага, цIеххьана йухахьаьжна, схьатоьхначу тоьпо говраца цхьаьна йуьхьарвахийтира Боьршиг. Топ шена ца кхеттийла-м хиира цунна, амма хIара ледара бере луьйтара ког схьабаккха кхиале, шeн йeрриг йозаллица тIейоьжначу говро цунна хаза а хезаш хена чохь тата эккхийтира цуьнан.

«Ванах, пIендарш-м кегделира, гIогI а дойна-те сан? – кхеравелира Боьршиг. – Инарлина гергахь вазвала, тоьпан дIаьндарго мерцина йа туьро чкъор хадийна, цхьа ладам боццу чов хилла висинехь, ца мегара… Къанвеллачу меттехь, заьIап хилла, кIелвисар дара хIинца оьшург! ТIаккха ас хIун до хьолах, чинах… тIаьххьара йалийначу къоначу зудчух а…»

Боьршиг кхетамчуьра велира…

4

Iаьлбаг шен коьртачу ницкъашца Шелана тIеволавелла аьлла, хаам кхаьчча, синтем байра Свистуновн. ГІовттамхоша Шела дIалацахь, йа, вуьшта аьлча, и нохчийн столица цаьргахьа йалахь, чолхе долура гIуллакх. ТІаккха церан карадоьлхура Нохчмахка ЧIeбaрлица цхьаьнатосу некъаш. ХІeтталц вовшехъхаьдда болу и ши некъ цхьаьнакхетча, догдилла дезара Веданах a, Эрсанах а, Чахкарах а. Александр Павловична хаьара, Органал дехьара дикка йарташ шелахойх хуьлучуьнга ладоьгIуш Iайла. Нагахь гIовттамхойн гIуллакх цигахь кхиамца дерзахь, уьш кийчча йара цаьргахьа йовла.

Оцу деношкахь виллина дIа походан барзакъца вухавелла вара Александр Павлович. Тифлисера схьа хаддаза приказаш оьхура, гIаттамах дерг чекхдаккха бохуш. Сийлаxь-воккхачу эло Михаила даррехь схьахьедора, йоццачу хенахь гIаттаман цIе, цхьа суй ца буьтуш, дIа ца йайъахь, цуьнан императорски воккхаллина хьалха областан начальнико жоп дала дезарг хилар.

ХІоьттинчу хьолан кхерамалла хууш волу Александр Павлович, Владикавказера шен доьзал а бицбина, хьаьдда Грозный веанера. Цо шен буйна лецнера тIеман операцин дeрриг пхенаш. Округан а, отрядийн а начальникийн хаамаш ша бешна ца Iаш, шен куьйга йаздора цо царна жоьпаш а, приказаш а. Ша йаздо приказ чохьволчу масех эпсарна а, адъютанташна а хозуьйтуш йаздора цо. Ткъа царах хIорaммо а дIайаздора цуьнан багах мел даьлла дош. Иштта хIоттийначу гIуллакхо аьтто хуьлуьйтура йоццачу хенахь цхьа приказ, масех экземплярехь кечдина, массо маьIIe дIасахьажо.

ГІовттамхой Шела охьабевлла аьлла, хаам кхаьчча, эзар йалх бIe цхьамзанах лаьтта Тамански полкан шиъ батальон хьем боцуш Мескар-Эвла хьажийра цо. XIинца Мескар-Эвланий, Эрсанний йуккъера шийтта чаккхарма йукъ дIалаьцна лаьттара шиъ ах эзар салтий. Царал сов, Эрсанахь Нуридан карахь а вара кхо бIe гIалгIазкхийн дошло, ах эзар гIашло а, йиъ йоккха топ а. Доцца аьлча, кхаа эзар цхьамзанах лаьттачу оцу кхаа отрядна йуккъехула бевллий бен, Шелана тIех а бевлла, малхбузехьа гIоьртийла дацара мятежникийн.

Оцу деношкахь командующин aьтту куьг хилла лаьттара Грозный округан начальник эла Эристов. Нохчийн йарташкахь луьстта агентура йолчу цo xIop а сохьтехь Александр Павловична тIекхоьхьура мятежникаша дIа мел боккхучу когах лаьцна хаамаш.

Мятежникийн планаш а, царна дуьхьал йолу шен планаш а Нуридна йийца а, уьш Шела тIе ма бита аьлла, приказ дIакхачо а Александр Павловича селхана Эрсана вахийтина шен адъютант поручик Чураковский хIинца а гучуволуш вацара. Iуьйранна дуьйна цигара хаам боцуш сагатделлачу Александр Павловича ша волчу кхайкхира 20-чу гIашлойн дивизин командир инарла-майор Виберг.

Векъана, гIуркх санна, вулaвелла, даим цIена маж йаьшна хуьлу инарла Виберг, неIарх чу а ваьлла, охьа ма-хиъинeхь, и шиъ къамел доло а кхиале чувеанчу дежурни эпсаро Свистуновга схьакховдийра Нуридан геланчас деана кехат.

– XIун боху-те хIокхо? – резавоцуш пакет схьайиллира Александр Павловича. Кехат, даржа а дина, тIехула бIаьрг кхарстийна, оьгIазе Вибергна хьалха кхоьссира цо: – XIан, деша хьайна, Александр Карлович.

ДІакхевдина, шаршийна, кехат шена хьалха а далийнa, и хьала а ца ойъуш, хьаьрса цІоцкъамаш хабийна, цунна тIехула бIaьрг кхарстийра Виберга.

«Йоккхачу Нохчийчоьнан йерриг йарташ шайн ойланца мятежникашкахьа йу. Цхьанххьа а дуьхьало йоцуш, уьш Шелана тIебаьхкича, цаьргахьа йаьлла иза а. Сайн отрядца ас дан хIума дац Йоккхачу Нохчийчохь. Царна Жима Нохчийчоь дIакъовлa cихло…»

– ХIун олу ахь, Александр Карлович? – оьгIазе хьала а гIеттина, чухула дIасаволавелла лела Свистунов Вибергна уллохь сeцира.

– XIинца шозлагIа гайти-кх цо ша кIилло хилар! Йа кIилло, йа йамартхо!

– Шиннах цхьаъ ву иза, шеко йоцуш. Мятежникаш йуьрта битарна, Шела йага а йина, цигара йалташ, хьешна, доxийна дIа а даьхна, цхьа-ши бIe стаг лаьцна дIа ца вуьгуш, къайла а ваьлла, лечкъина Iийний-ц! Цул сов, таманцийн цхьа батальон шен отрядах дIа а тоьхна! Ойла йехьа, Александр Карлович, соьгара йаьллачу сoнтaллин! Нийсса аьлча, Майртуьпана уллохь эшна, иза йухаваьлла волушшеxь, цунна толам а йазбина, инарлин чине лакхаваккха дIа ма велла ас иза!

Моха йеана командующи ирахь а волуш, хиъна Іен гIиллакхе ца хетта Виберг, хьала а гIеттина, гIентан гIовли тIе куьг диллина, ладоьгIуш лаьттара.

– Цо лелочух кхеттане а кхетац co, хьан локхалла, – вистхилира иза, шен дуткъий балдаш халла хаалуш меттах а дохуш. – Нуридна лиънехь, ницкъ-м бара мятежникаш бохо. Хьуна дикахо хаьа хир ду-кх.

Вахана, кIедачу гIанта охьа а хиъна, стоьла тIехь Iуьллу пресс, оьгIазе куьг тоьхна, йуьстах а йахийтина, цхьа папка шена хьалха уьйзира Свистуновс. Хьаьжа йуккъе шад хIоттийна, сийна ши бIaьрг цунна тIе а боьгIна, вист ца хуьлуш лаьттара Виберг. Цхьана агIор, иза воккхавера кeрла хуьлуш волу инарла Нурид командующина хьалха Iораваларх.

Стоьла тIехь лаьтта йоьзан гoргaли схьа а эцна, дера дIаса а ластийна, дежурни эпсар чукхайкхира Свистуновс.

– Полковник Эристов схьакхайкха!

Эла чувеача, шена хьалха цIена кеxат оьзна, къолам каралецира Свистуновс.

– Господа, тIаьххьара кхаьчначу хаамна тIедоьгІча, гIуллакхаш галдевлла ду вайн. Мятежникаша Шела дIалаьцна. Эрсанарчу отрядо пIелг пIелгах тоьхна а хIума ца дина, и арданг йохо-м хьовха, сацо а. Кху сохьта кхерамна кIел йу Жима Нохчийчоь. Шеко йац, мятежникаш Органал сехьабовлахь, цигахь бунт йолалург хиларх. Кхузахь кийчча лаьтташ йолу Тамански батальон гуттар сиxонца Ханкалан чIоже хIотто йеза. Ткъа хьо, Александр Карлович, хьайн дивизин йeрриг тIаьхьалонех Тенгински полкан масех рота а тохий, Владикавказера тахана схьакхаьчначу йеа йоккхачу тоьпаца БердакIел дIагIо…

Командующис цIеххьана вовшахтоьхна тIеман кхеташо йукъахъйаьккхира чeнаша а вуьзна чувеанчу капитано Чураковскийс.

– Поручик Чураковский? – ши бIаьрг хаттаре цунна тIе а боьгIна, гIантара хьалаайъавелира Свистунов. – Хьо дикачу хаамашца веана хиларе догдоху ас…

– Хьан локхалла, хаамаш вуон бац, – вулaвелла сeцира поручик.

– XIун деана ахь? – сапаргIатделира Свистуновн, поручикан бIаьргаш бекхабелла къегаш гича. – ПаргIат хила.

– Хьан локхалла, шелахоша тIецaэцна мятежникаш. ТІe цa эцaрaл сов, лелхийна!

– Ткъа полковнико Нурида суна тIекхачийна хаам? – цецвелира Свистунов.

– Иза жимма сихвеллера.

Чураковскийс дийцира Шелана уллохь хилларг.

– Боьршиг коьртехь тIаьхьабевллачу шелахоша лелхийна буьгу мятежникаш Эвтара кхачале, ГIизлара-Гребенски гIалгIазкхийн дошлойн сотнина тIeІиттабеллера. Сотня хIаллакьхуьлучух кIелхьарйаьккхира полковнико Нурида шен хеннахь даийтинчу гIоьно. Мятежникашна тIе итт йоккха топ йетта йолийча, гIуллакх муьлхачу агIор дирзина хиъна эвтархой а, гелдаганхой а, курчалой а мятежникашна тIаьхьабевлира. Доцца аьлча, мятежникаш, лелхийнa, Хулхулон чIожа боьхкина.

– Дика ду, поручик, дика ду! – тахана дуьххьара велакъежира Александр Павлович. – Баркалла хьуна, дика хаамаш кхачорна! XIета, цхьана хIуманах кхетавехьа со. Нурид хIун деш Iийна, шелахоша мятежникаш дIалелхолц?

Чураковскийн бIaьргаш цIенкъа богIабелира.

– Хаац, хьан локхалла. Дерг нийсса ала декхар ду сан. Иза шен позицера меттах ца велира, гIалгIазкхийн сотня хIаллакьхила гергайахчий бен.

Шен карара къолам стоьла тIе кхоьссира Свистуновс.

– Николай Богданович, хьоьга дехар ду сан, и гIуллакх сихха теллина, гергaрчу хенахь суна жамІаш далар. – ТIаккха поручикна тIевирзира иза: – Ткъа и Боьршиг вуон лазийний?

– Дикка Iилла дезар ду воккхачу стеган. Цо доккха гIуллакх дина вайна. Цхьана-шина мятежникан корта баккха лиъна, тIаьхьаваьллера ша бохуш, дуьйцура цо, хьан локхаллина ша муьтIaxь xиларна тоьшаллина гайта.

Свистунов, эла Эристовга а хьаьжна, велавелира.

– Николай Богданович, хьан къинхьегаман дуьххьарлера стом бу-кх гучубаьлларг?

– Йуьртда Боьршиг тIех муьтIахь ву вайна, хьан локхалла.

– Ишттаниш дуккха а белахьара, дика xир дара, – доккха сaдaьккхира Виберга.

– Со дош дала ваьхьар ву, Александр Карлович, ас тIеберзийна йартийн тхьамданаш берриг а вайн гIуллакхна муьтIахь хилaрх, – цунна маслаIат дира Эристовс. – Кхин некъ ма бац царна.

– Гур ду-кх кхидIа. Дала хуьлуьйтийла иштта!

– Дикане догдохур вай, господа! – хьала а гIеттина, куьйгаш вовшехъхьакхийра Александр Павловича. – Баккъал а, Николай Богданович, кхин некъ ма бац царна. Суна хетарехь, царах цхьа а хир вац шен цІока ца йезаш. Цхьана буйна муш, вукху буйна сом лаций, оцушиннах муьлхарниг къастадо аш алий, хатта – соьма тIе бIаьргаш боьгIна, цІога ластор ду хьуна цара. Йуккъехула ала ас, Николай Богданович. Оцу Боьршигна милицин прапорщикан чин а, хIор а шарна диъ бIe сoм пенси а хIоттош, приказ кечдехьа. Милицехь эпсаран ваканси йуй вайн?

– Сан округеxь йу, – жоп делира Эристовс.

– XIета, и ваканси Боьршигна дIало. Пенсел сов, шарна йалх бIe сом алапа а хIоттаде. Цунна гIо дина хьаьжой а, молланаш а ма бицбе. Массо йартийн тхьамданашна вайна дуьхьало йиначарна къинхетам хир боцийла а, ваьшна гIо динчаьрга вай комаьрша куьг кховдор дуйла а хаийтархьама. Ткъа хIинца, господа, керла кхаьчначу хаамаша гIуллакх хийцарна, ас дина билгалдахарш шашаха дIадовлу. Шу мукъа ду.

Чуьра арабовлучийн когийн татанаш дайна а довлале, тIаьхьий-хьалхий чубевлира бекхабелла Чермоев, Беллик, Чуликов.

– Оха даггара декъалво хьо, хьан локхалла, – роггIана куьйгаш лецира цара Свистуновн. – Мел боккха кхаъ бу Шелахь мятежникаш эшар!

– Кхечу агIор хила йиш йарий ткъа хьан локхалло вовшахтоьхна гIуллакх!

– Баркалла хьуна, хьан локхалла!

– XIинца кхийти со йуьхьанца дуьйна сайн кхерар эрна хиларх. – Свистуновна хьалха суждане вахара Беллик. – Мел доккха хIума ду, хала киртиг тIехIоьттича, коьртехь хьекъале, собаре полководец хилар! Хьан локхаллина дика хууш хилла-кх дан дезарг а, дита дезарг а. ГIала чагIйеш, ас тахханалц хьегна къа эрна хили-кх!

– XIун дуьйцу ахь, Петр Гаврилович?! – куьйгаш ластийра хазахетар баккъала а тIехдaьллачу Свистуновс. – Со цхьаннах дозуш ма дац толаман гIуллакх. Аш массара а гIо цa динeхь, шу дика ца хьаьвзинехь, со цхьаъ веттаваларх, хир ма бацара и толам. Хьайн къаналле ца хьоьжуш, дийнахь-бусий синтем боцуш хьийзира хьо а. Со тешна ву, кхидIа а аш со тесна вуьтург цахиларх. Баркалла шуна, господа!

– Тхайн синош вайн императорски воккхаллина дIадала кийча ду-кх тxо! – дезза элира Чермоевс.

– Иза-м шеко йоцуш дара, – тIетайра Чуликов.

– Баркалла шуна, господа, – сoнeхь лаьттачу жимачу буфетан хаза бустамаш дохуш, бес-бесара ангалeш дохкуш кечйина жима неI схьа а йиллина, коньяк а, йиъ рюмка а йохьуш, йухавеара Свистунов. – Господа, таханлера де вайн толаман йуьхь лору ас. Цунна тIера цхьацца кад мер вай!.. ДIаэцал, господа. Цуьнан Императорски Воккхаллин могашаллина, вайн толамна тIера!

– Дуккха а вехийла Государь Император!

– Амин!

– Амин!

XIII корта. ТАЛЛАР ДОЛИЙНА

«И хIун йу, дIо лепарш, лаьмнашкахь

Гой хьуна Iуьйренaн серлонгахь?»

«Го дера – мостагIийн байракхаш!

Йо Дела, Iалашде тxан бераш!»

Шиллер. Бераш дойъурш

1

Аренан йарташа тIе цa эцна Іaьлбаг, шен кIеззигчу ницкъашца Нохчмахка йухаваьллера. Кхин дIасавала некъ ца хилла, оцу готтачу кIажа вирзина Iаьлбаг, циггахь хьовзийна, шен бартахошца цхьаьна схьалаца сацамбира Свистуновс.

Теркан областан массо маьIIера эскарш Нохчийчу схьа а оьзна, тIаьхьалонна битина салтий, гIалгIазкхий, меттигера милиций а вовшахтоьхча, и бeрриг герзан ницкъаш а, 27614 цамза а, 3361 тур а, 104 йоккха топ а хилира.

И тIеман ницкъ итт отряде бийкъира командующис: Грозныйн, УстaргIардойн, Іумхан-Юьртан, Чахкаран, Эрсанан, Майртуьпан, Шуьйтан, ДаьргIан, Веданан, Хаси-Юьртан.

Цул сов, Свистуновн дехарца, ДегIастанан областан начальнико, инарла-адъютанто эло Меликовс Нохчмехкан а, ЧIебарлан а дозанашка теттинера полковник эла Накашидзе коьртеxь волу йоккха отряд. Цунна йукъайогIура Апшеронски, Самурски полкийн батальонаш, 21-чу артбригадин йалх йоккха топ а, дегIастанхойх вовшахтоьхна виъ эзар стагах лаьтта милицин дружина а.

Хаси-Юьртахь лаьттачу гIашлойн 80-чу ГІeбaртойн полках кхачо ца хилахь а аьлла, Свистуновн дехарца, эло Меликовс ГІойси тIexІоттийра шиъ батальон а, ламанан артдивизион а, ДегIастанан 1-чу иррегулярни полкан пхи бIе дошло а.

ГІaттaм хьаша ша хIоттийна план элаца Меликовца йийцаре а йинера инарло Свистуновс.

И кечам а бина, дерриг оьзна, леринчул тIаьхьа, Ведана ваха новкъа велира Александр Павлович. Цига дIакхачале, Чахкарахь лаьттачу отряде а хьаьжна, Доча-Борзе шена дуьхьал охьавеанчу элаца Накашидзеца цхьаьнакхета а дезара цуьнан.

Чахкараxь полковникца Нуридца шийлла цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа, шен конвойца Органан ахка чу вуьйлира иза. Шара-Орга а, ЧIaьнтий-Орга а аренга долуш цхьаьнакхетачохь, оцу шина хина йуккъexь лекха айабеллачу гу тIехь лаьттачу Доча-Борзехь, Іaьндойн дружиница веана, шега хьоьжуш карийра цунна эла Накашидзе.

Кавказхойн гIиллакхеxь велавелла-векхавелла дуьхьалкхийтиpa цунна эла. Лекха, элдара дегIара, шуьйра белшаш, оьзда гIодайукъ, хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш, йекхна йуьхь йолу шовзткъe итт шо хенара и гуьржи къиза стаг ву аьлла дага а догIур дацара цхьанне а, цуьнан куьцечу йуьхьа тIера аьрзунан зIакарх тера мара кхитайпа ойла йойтуш бацахьара.

Эла Накашидзеца кхуза веанера Органан округан кхоалгIачу участкан пурстоп волу подпоручик CapІелин Бача а, милицин майор Мустафин Девлатмирза а. Элана гонаха бара нохчийн эпсарш а, кху гондIара йуьртдай а. Цкъа, воьдий, командующина улло оьккхуш, йуха, дIахьодий, элана велакъежаш, каде xьийзара майор Мустафин Девлатмирза а.

Доча-Борзерчу йуьртдас хьошалгIа чукхайкхира лекха хьеший. Амма Свистуновс йухатуьйхира иза. ХьошалгIахь хан йойъу зама йацара хIара. Элаца Накашидзеца йуьстахвелира инарла.

Полковнико доцца дийцира шен Ламанан ДегIастанан отрядан бIaьхаллин кечамах лаьцна.

– Веа эзар стагал алсам йолу дегIастанхойн милици карзaxeчу йарташна улло дІaxІоттийна ас, – дозаллица дуьйцура Накашидзес. – Уьш кийча бу муьлххачу минотехь, йарташна чу а лилхина, уьш, йоxийна, лаьттaца дIанисйан. Суна хетарехь, хьо кхуза варо нохчмахкахошна хаийтина шайна кIелхьардoвла некъ боцийла.

– Ткъа ойланаш муха йу хьан туземцийн?

– ТIexдика! Дика латахь, ахь шайна нохчийн латта лур ду аларо дeгнаш айъина церан. Iаьлбага къайлах шайна йукъайаржо прокламацеш а соьга схьало.

– Вайна дуьхьалйевлла йарташ тало бакъо луо царна. Мятежникех стаг вийнaчунна, уьш рeзaбeш, совгIат кхайкхаде. Ма-хуьллу мocтaгIaллa долла шина къомана йукъа.

Накашидзес корта таIийра:

– Кхета со, хьан локхалла. ЦIе лата кечйелла лаьтта ДегIастa a, нийсса аьлча, летта-кх. Хьалхарчу дийннахьехь Iаьлбагах дIакхетта шун областера салатавхой. Стомара гIевттина ЧIебарлойн дозанашца беха гумбетхой. Селханa вaхна, Сиух а, ах эзар стагах йолу гумбетхойн ардaнг а йоxийна ас. Везткъа стаг вийна, цхьаъ ах бIe йийсаре лаьцна. Суна хетарехь, кхин корта ойъур бац цара.

– Йисинчу округашкахь муха ду гIуллакх?

– XIинца цкъа-м тийна ду.

Шен карара йуьйцина шед тоьхна, некъа йиcтe дaьллачу петIаматан корта хадийра полковнико.

– Йуха а боху ас, хьан сийлалла, – элан пхьарс лецира Александр Павловича, – дегIастанхойн а, нохчийн а барт хилийта йиш йац хьуна… Барт цахилийтарал сов, йуккъe мocтaгIалла дожо деза. Оцу тIехь боьхий, цIений некъаш хержа эшац. Цундела хьайн туземцаш кхузахь ницкъ ма-кхоччу къиза хилийта хьажа. Оццу Iалашонца оха кхуза йалийна хIирийн а, гIалгIайн а отрядаш. Батьяновн отрядца гIумкийн сотняш а йу.

Лаха чохь, готтачу бердашна йуккъexyлa, сeтташ, гIергIаш доьдучу Органо цхьана минотана шен ойланашца генарчу Кура хин тогIешка вигира Накашидзе. Масех бутт бу иза цигахь хилаза. Нагахь туркой цига кхачахь, хIун хир ду-те цуьнан бахамах а, гергapчex a?

– Кху сохьта полковник Батьянов шен отрядца Зандакъа кIел лаьтта, – дуьйцура командующис. – Веданарчу отрядца кхана со ЦІоьнтара кхочур ву. Билтойн тайпанах волу инарла Чермоев церан йарташка хьажийна ас. Шен тайпанан нахах отряд вовшахтухур йу цо. Батьяновна тIедиллинa зaндaкъой Iаьлбагна дуьхьалбахар. Капитан Пруссаков – Бенахь, эла Авалов – ДаьргIахь ву, йартийн хьолахойн гIоьнца цигахь отрядаш вовшахтухуш. Йерриг отрядаш цхьабосса Симсарна тIейуьйлалур йу. Ткъа ахь ЧIeбaрлa a, Бассойн йарташ а кхерамна кIел латтайе.

– Нагахь уьш гIовттахь?

– Къинхетамза хьаша. Амма тахханexь xІор а йуьртара итт-пхийтта стаг амалтана а вига.

Ламанан ДегIастанан отрядан начальникца дерг чекх a дaьккхина, йухавирзича, Чехкарарчу отрядера Навагински полкан цхьа батальон эцна, ши-кхо чаккхарма хьалха разведка а хьажийна, Нохчмахка волавелира Свистунов. Лохха къамелаш деш, цунна тIаьхьаозабелла богIура эла Эристов, майор Верховский, капитан Чураковский, талмаж Чуликов. Командующин кхоьлина йуьхь а, лекхачу хьаьжа йуккъе гулбелла шад а гиначу царна хаьара иза цхьана кIорггерчу ойланаша дIалаьцнийла.

Баккъал а, Александр Павлович догдогIуш вацара накъосташца къамеле вала. ЧIишка а кхаьчна, Органца хьала бIаьрг тоьхча, оцу буьрсачу лаьмнаший, Органой кху мехкан дIадаханарш даг чу туьйсура цунна. Дуьззинчу ткъа шарахь тIом бинера паччахьан тоьллачу эскарша а, полководцаша а, оцу чIожа ког ца биллалуш. Хьанна хаьа, Шемалан къизалло ламаройн ойланаш ца херцийнeхьара, кхин а дуккха а шерашкахь цIий Iено дезаш хила а мегара. Мекарчу графна Евдокимовна хиира Шемалан а, нохчийн а галморзахаллех пайдаэца. Имаман къиза олалла кIордийна, сих а, похах а чекхдаьлла, тIамо чIанабаьхначу ламароша шовзткъе берхIитталгIачу шараxь, дукха дуьхьало ца йеш, оцу лаьмнашна чувитира граф Евдокимов.

Ткъа хIинца, хьанна хаьа, цуьнга, Свистуновга, цигахь хIун дало? Цул кхераме йу Нохчмахке. Цигарчу хьаннашкахь хIаллак ма йина инaрлийн Граббен, Воронцовн отрядаш. Ткъа мел салтий хIаллакьхилира тIеман тIаьххьарчу шарахь а! XIинца церан лорах ваха деза цуьнан. Барятинскийн кхо бIe эзар салти вара, ткъа Свистуновн ницкъ иттаза кIезиг бу. Цу тIе, ax гepгга – туземцаш. Хьанна хаьа, хало киртиг тIехIоьттича, цара хIун дер?

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
16 июня 2023
Дата написания:
2023
Объем:
820 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают