Читать книгу: «Кхолламан цхьа де», страница 3

Шрифт:

Цхьа бутт хан йара Муса генна лаьмнашка лесхозе колхозна хьун хьакха вахана. ПхийтталгІа шо бен доцчу цуьнан-м ницкъ, дера, бацара хьаннаш хедо, уьш ломан басешкахула охьа хи йисте текхо, чехкачу хи чу а туьйсуш, охьахьийсо, лахахь схьалеца, аратекхо. Амма цІахь Іен йиш йацара. Цуьнан да кхузткъе итт шо хенара къена стаг ву. Иштта къена йу десте а. Оцу кхааннен кхин гергара а, йуьртара а стаг вац хІокху агІор. Йа уьш мича махкахь бу а ца хаьа. Цхьадика, хІорш кхоъ хІинццалц могаш лаьттира. Схьадалийначу хьалхарчу шина-кхаа баттахь шаьш цІера йеанчу ши гали хьаьжкІех гІетакх деш Іийра. ТІаккха, кхаш тІера кІен, мекхан кан лехьош, акха стоьмаш бууш а, кІел ца диса гІиртира. Іа тІедеача, йалтех буьртиг боцуш дисира. Йалта хаьдда бисинчу хьалхарчу баттахь чекхйелира церан мискачу йийбарх йохка а, хийца а мегаш йолу массо а хІума. ХІинца болх бийр бу бохург хьехочохь а дацара. Іа ма дара. Дохнан фермехь ца бича, кхин болх а ма бацара.Хилча а, къеначу шимма болх муха бийр бара? Ткъа десте – десте йу. Уьш дика бехачу хенахь а, меракІантаца къиза хилла иза. ХІинца, къелло гатбича, уггар а карзахйаьллера. Да чохь воц-воцчухула Муса хьийзавора цо, сагІа деха гІо бохуш. Цо дуьххьара шега и дешнаш аьлча, Іадийча санна висира Муса. СагІа деха! Нохчаша даим а иэхье деринарг! Йа цунна а, йа цуьнан вархІе дена а ца гина сагІа доьхуш нохчо! Мусас дуьхьало йира. ТІаккха церан жимачу доьзалехь дов доладелира. Бакъду, шен зудчунна а, кІантана а йукъахь долу дов дена ца хаьара. Мусас дукха садиттинера дестечуьнгахьара хуьлучу цатемашна. Къеначу ден дог ца доьхчахьана. Ша бахьана долуш цаьршинна йуккъе вас ца йоьжчахьана, шена цатам хиларх могуьйтура Мусас, амма дестечо хІинца тІеІуьттург дан йишйоцуш гІуллакх дара. Мацалла велча a.

– Цхьанна гахь, тІаьхьарчу тІаьхьенна а тІехтохам хир бу. Ас дийр дац иза, нана, – йухагІоьртира Муса.

– Мацалла дала деза вай? Йа къена со, таьлсаш коча а тийсина, арайаларе догдоху ахь? Йа, хьо цІа хиъна а Іаш, хьан къена да хІитта веза нехан неІаре? – тІейегалора цунна десте. – Вайнах боццуче гІуо. Районехь Іаш цхьа а нохчо вац. Йуьрта йуккъе а ца хьийзаш, йистошкахула хІума йеха. Адам дика ду. Жима хьо неІаре хІоьттича, кхалла хІума ца луш вуьтур вац.

Муса вист ца хилира. ДІа ойла йича, цхьана aгІop бакълоьрадесте. СагІа дехар эхь ду бохуш, кху чу а дийшина, мацалла дала йиш-м йац. Шена хьалхара да вохуьйтийла а ма дац. Дависарг-йаІ, Мусал хьалха кхечо дІадолийна мукъане а делара. Мусана ца лаьара и иэхье гІуллакх шегахула дуьххьара къомана тІеэца. Хьанна хаьа, къайллах иштта цхьаццанхьа кхин берш лелаш хила а ма мега? Цо динарг диса а ма тарло цхьанне а ца хууш. Амма – хаахь? XIaн-xIa, дуьйцийла а йац! Цулла-м, мацалла валар гІолехь йу…

Масех де делира цуьнан даг чохь къийсаман дарц хьийзаш. Де-дийне мел дели, ойла дестечо аьллачунна тІетийжара. Бакъду, шен дуьхьа а, йа дестечун дуьхьа данне а дацара цуьнан ойла хуьйцург. ТІаьхь-тІаьхьа гІеллуш, мажлуш кІелвуьсуш лаьтта шен къена да гича, дог дешара цуьнан.

«ХІан-xIa, кІелхьарвала некъ лаха беза, – сацамбира цо тІаьххьара а, – хІара мацалла а валийтина, мацца а цкъа кхуьнан йа сайн вежаршна тІекхаьчча, ас хІун ала деза?»

И сацам хиллачу шолгІачу дийнахь, Іуьйрре гІеттина, пхьаьрса кІел тІоьрмиг лаьцна, кху йуьрта веара Муса. Цхьана урамехула масазза а дІасавахара иза, масазза а цхьацца цІенойн кетІахь сецира. Амма даго ца вуьтура, кевнах чоьхьа а ваьлла, неІаре а вахана, хІусамдайшка куьг кховдо. Іожалла! Стенна кхоьру иза цунах? ХІун ду шен, шен доьзалан, шен къоман а сийл деза? Сий дайна вехачул-м, валар гІоли ма йу! Вала хІунда ле? Буьйсанна ара а вуьйлуш, йолчуьра лачкъийча? СагІа доьхучул-м, къоладар тоьлу!

Оцу ойланаша Іехош, шена хаа а ца луш йуьртах араваьккхинаМуса йуьрта йисттехь лаьттачу цхьана дехачу, тишачу божална тІеІоттавелира. Баьсса тІоьрмиг карахь дестечунна хьалха гІойла а ма дац. ТІехула тІе, уьш кхоъ меца дара. Миччара йаьккхина a, пхьуьйранна хІума йахьа йезара. Ткъа, хьанна хаьа, оцу божалахь каро а ма мега пайдехьа дерг. ДІогахула котамаш лела йежаш. Божална чуьра хур-тІур деш араиккхи ши хьакха. Цхьа хІума ца хилча, хьийзар ма йацара уьш оцу чу. Ма дика хир дара оцу чохь цунна хІоаш карийча!

Муса божали чу велира. ЦІенкъара нехийн баьрзнаш кегош кхин а шиъ хьакха йоллура. БІаьргаш жимма боданах боьлча, Мусана хиира и баьрзнаш мацах цкъа гурахь буракаш, жІаьнкаш, копастанаш цІанйеш дІатийсинчу лоьдгех хилла буйла. Бехк а ца хилла хьакхарчийн уьш кегорах.

Муса чуваьлча, шайн болх битина, хьалатаьІира ши хьакха. Цхьаннан кІомсаршна йукъалаьцна йоккха кІайн бурак йара. Мусан ши бІаьрг серлабелира. Хьакхин багахь дерг жовхІар хиллехь-м, тергал а дийр дацара цо. Цунна гург дийнна бахам бара. Цуьнан меца са йухадерзо ницкъ болуш. Шен цергех тесначу хих къурд бина, божалан неІ тІе а чІаьгІна, хьаьвдех хьокха а баьккхина, тІеволавелира иза. Дуткъий, доца цІагарш хьала а саттийна, хур-хур деш дІаиккхира ши хьакха. Масазза а хьокха тоьхча, эххар багара бурак охьатесира хьакхано. Схьаэцна, хечех хьаькхна, тІера шеташ дІа а йаьхна, Іуьйшуш хан ца йойъуш йиъна чекхйаьккхира цо. ТІаккха, неІ йиллина, ши хьакха ара а хецна, баьрзнаш тІехь цаьршиннан меттиг дІалецира. Дуьххьара карийначу жимчу бурако дог-ойла гІаттийра цуьнан. Нехаш кегор-м эрна хир дац! Таханенна десте Іеххол хІума карайахьара. Кхана цхьа гІайгІа бийр бара цо. Ши жІаьнк! Копастанан дог! ХІан-xIa, хІара болх иштта каде хилахь, церан хІусамехь масех дийнахь йаа хІума хир йу!

Цхьа-ши сахьт далале, Мусан тІоьрмиг йуьккъелц буьзира. Амма, шена карийначу хІонсах бІаьрмециг вуьйлуш, цо кхин дІа а кегайора нехаш. ХІан-хІа, кхин карийча, цуьнга йахьалур йац. Тоийта деза. Кхана йуха а вогІур ву иза. Амма хІара меттиг къайлехь латто йеза. Нагахь цхьанна хаалахь, адамаш гІертар ду кхуза. ТІаккха цара цхьана дийнахь къажбийр бу хІара баьрзнаш.

Муса кхийринарг хила а хилира. Иза мел къайлехь латто гІертарх нахана хиира цо и беркат мичхьара кхоьхьу. Кхо де далале наха иссаза тІекІелдехира и баьрзнаш. Церан доьзал йуха а меца бисира. ХІинца, къола ца дича, кхин некъ бацара кІелхьарвала.

– Дада, вай иштта мацалла дала Іийна девр дуй-те? – элира цо цхьана суьйранна шен дега.

– Ца Іийна хІун дийр ду вай… Со къена ву, хьо жима ву. Болх Далла тІе а биллина, совцур вай. Рицкъанаш Делехь ду, – суьлхьанаш хьийзочуьра йукъах а ца волуш, жоп делира цо.

– Наха, къоладой а, шайна рицкъа лоху. Изза дийр ду ас а.

Ден керара суьлхьанаш охьадийгира.

– ХІун элира ахь? – тевжина Іачуьра охьахиира иза. – Къола? Хьанна дан воллура хьо къола? Хьо хьера-м ца ваьлла?

Дена тІейеана моха сихха дІайелира, кІант шена дуьхьал вист ца хилча.

– Варийлахь, Муса, кхин цкъа а хьайна дага ма даийталахь иза. Къоладар дика гІуллакх дац. Бусалба динехь дихкина иза, нохчийн гІиллакхехь а оьзда дац иза. Хьо хьенан хІун лачкъо воллура? Кхузара бахархой а ма бу шайна дита а, вайна дала а доцуш. Шаьш оццул хала бохккушехь, шайн долчух вайна дакъа дан а гІерта. Эхь ма дара вайна, оццул дикачу оцу адамийн рицкъанна тІе къайлах куьг кховдийча.

– Ас неханиг лачкъор йац, ткъа колхозниг лачкъор йу…, – халла къаьсташ вистхилира Муса.

– Цуьнан хІун башхо йу? Колхоз а, пачхьалкх а адамийн йу. Дерриге а ду адамийн къинхьегамца ІаІийна. ТІехула тІе, колхозо а, пачхьалкхо а до вайна гІо. Колхозо лучух хене ца девлла вай дІайаханчу аьхка а, гурахь а? Варийлахь, мегар дац хьуна. ТІехь дола дан да-нана доцчара хІуъа леладарх, иза хаза ду ма мотталахь. Иэхь ду хьуна иза. Вай кхоъ бен дац, башха, мацделча, делха бераш дац. ХІинцца бІаьсте тІейогІур йу, тІаккха нитташ, хохаш гучубевр бу.

Хьовзийна чекхдаьхна суьлхьанаш, хьарча а дина, гІовталан кисана а таІийна, тІаккха дехха доІа а дина, йуха а цунна тІевирзира да.

– ДагадогІий хьуна, кІант, хьо доьшуш волуш, буьйсанна ахь суна дІайаханчу паччахьан заманахь адамашкахь, къаьмнашкахь латтийначу Іазапах лаьцна, революцис вайн махкахь советан Іeдал хІотторах лаьцна кинижкаш тІера хабарш дийцина? – хаьттира цо Мусага.

ДагадогІу дера-кх. Цхьа-ши шо хьалха ма дара иза. Цкъа иза «Чрезвычайный комиссар» йоьшуш волуш дена гира цунна тІехь нохчийн суьрташ. Цо дийхира и книга шена хозуьйтуш йешар. Ши бІаьрг хьаббой, меллаша суьлхьанаш а хьийзош, вист ца хуьлуш, резахуьлий, наггахь корта а таІош, леррина ладоьгІуш Іара иза.

Цкъа Муса, кІадвелла, сецча, цо дийцира шаьш, нохчийн къехоша, советан Іедалехьа къийсам латторах, шена цкъа Орджоникидзе гарах лаьцна, кхин, кхин дуккха а.

– Ткъех шо хьалха, йокъанаш хилла мацалла хІоьттира Украинехь. Мацаллех бевдда, хене бовла рицкъа лоьхуш, вайн махка баьржира Украинера, Кубанера дуккха а нах. Божарий, зударий, бераш. Доьзалшца цхьаьна. Меца, берзина. Нохчийчохь ца хІоьттинера мацалла. Лаьмнашкахь Іалашбеллера бахам. Цундела гІертара уьш цига. Амма сов сискал йолуш нохчий а бацара. ХІинца тІедаьхкинчу вайгахь а, кху бухахь долчу къомехь а долу хьал хІоьттинера Нохчийчохь. Бакъду, вай кхуза дукха далийна. Вайна тІебаьхкина гІалгІазкхий кІезиг бара. Уьш вайна тІе шайн лаамехь баьхкинера, ткъа вай –нуьцкъах схьадалийна. Со хІун ала гІерта аьлча, оццул шаьш гІаддайна болушшехь, цкъа а, цхьаммо а нехан хІуманна тІе куьг ца кховдийра цара. Лачкъа а ца йора, йеха а ца йоьхура. Цара болх бора. Къахетара мисканех. Меца, дерзина бераш гича, дог дешара. ДуьххьалдІа йуучух болх бора цара.

Амма хала дара царна а, тхуна а. Мисканаш, хІинца вай санна, массо а шайн синошкахьа бевллера уьш. Наношна совдевллера шайн бераш. Церан ницкъ бацара царна кхача латто, уьш дузо, уьш мецачу Іожаллех кІелхьардаха. Ткъа бер хьоме хІума йу. Гуш лаьтташшехь уьш мацалла далийта ца лаьара наношна. Цундела цара лоьхура уьш гуттаренна а шайна тІелаца нах. Бераш доцчу доьзало схьаоьцура уьш. Гор, Муса йаІ, ирс долуш ву хьо и наной ца гина! Кхечу къомана йукъахь, девзаш доцчу адамийн кара бер дІа а лой, маьхьарца йуьртах йолура нана. Бер тІелоцуш стаг ца карийча, иза буса эвла йуккъе, йа некъа йистте охьа а дуьллий, шена цуьнан мохь хазарна кхоьруш, шина куьйга лергаш а къовлий, къаьхьа бІаьрхиш а Іенош, Іадийча санна дІахьаьдда йоьду нана гича, цунах дог Іаьвжий, боьлхура тІеман цІергахь бахчабелла йуьртара къонахий.

ДагайогІий хьуна ПетІамат, Элижа, Мархет а? Вайна тІехула агІор басахь цІенош долуш волчу Кераман Жабраил? Хьаьрса а волуш, нохчийн мотт шера а ца бийцалуш? ХІетахь, иштта вайн йуьртахь дисина, оцу наха кхиийна бераш дара хьуна уьш. И дерриге а цахуучунна моьтту и бераш оцу нехан ду, и нах оцу берийн дай-наной бу. Кхин а дуккха а дисира иштта бераш. Амма, ши-кхо шо даьлча, меца хан дІайаьлча, йуха а баьхкина, цхьадолу бераш шайн дай-наноша дІадигира. Уьш диъ дисира. Хьанна хаьа, церан наной белла хила а мегара. Масех жима зуда, вайнахе маре а йахана, шайн доьзал а болийна, вайна йуккъехь йисира.

Да, ойлане ваьлла, цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира.

– Гой хьуна, Муса, цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта. ХІара пачхьалкх – вайн цІа ду, ткъа хІокхунна чохь деха къаьмнаш цхьа нана-доьзал бу. Йиша-вешех цхьанна цхьа бохам, цхьа халахетар хилча, бисинарш цунна гІоьнна, цуьнан догъэца гІоьрта. Иштта, шайн ницкъ ма-кхоччу, вайна гІо дан гІерташ, вайн лазамна дарба лоьхуш лела кху мехкан къаьмнаш а. Царна йамарт хилча, нийса хир дуй? Хьуна дагадеанарг дика хІума дац. Тахана тІамехь дакъалоцуш ду дерриге адам. Герз лело хьуьнаре волу массо стаг тІамехь ву. ЦІахь бисина зударий а, къена нах а царна дуург, тІедухург, герз латтош ду. ЦІахь долчу вай болх ца бахь, вайн барт ца хилахь, вайн къоланаш дан долахь, толам баккхалур бац вайн пачхьалкхе. Меца а, шийла а дуьсур ду. Вуо-м а хьоьгур ду, лийр а ду. Амма, йерриге халонаш ловш, сатухуш хила деза вай. Вайначул мел хала ду тІамехь болчарна. Ахь дІа ладоьгІча, цхьа а доьзал бац кхузахь тІамо да, кІант, ваша вайъаза. Цхьа а доьзал бац кхузахь кийра буззалц сискал гуш. Цара садетта. ХІетте а, оццул холчохь шаьш бохккушехь, цара шайн ницкъ кхочу гІо до вайна. Царна къола дан гІертар дика ма дац. Иэхь ма ду иза. Далла а, Іедална а хьалха гІиллакх доцург ма ду ахь дагалаьцнарг. Сатоха деза, собаре хила веза, Муса.

Мусас сатуьйхира. Цул тІаьхьа дукха хан йалале цунна хезира, хьун хьакха лесхозе нах бохуьйту бохуш. Баттахь болх бан цига воьдучунна ши пунт хьаьжкІаш, кийла моз а, кийла даьтта а лора. Цига ваха сацамхилира Мусан. Бакъду, колхозан председатель Сапар дикка йухагІиртира, иза цига ца вахийта гІерташ. Жима ву, бохура. Амма мичахь бара цунна цига бахийта баккхийниш? Бан а бацара-кх. Зударшка далург Мусага а далур ма ду. Муса къар ца лой хиъча, эххар а резахилира Сапар. Шена йелла продукт йерриге цІахь а йитина, накъосташна тІаьхьа а хІоьттина, лесхозе вахара Муса. Цхьадика, цуьнца цига баьхкинчу оьрсийн зударшкахь а, гІиргІазойн баккхийчу нахехь а жимма хІума йара. Иза цІахь доьхна хьал дитина веанийла хуучу цара, шайгахь йолчух кІез-мезиг луш, меца ца витира иза.

Хьун хьакха вахана бутт кхочуш, стомара лулахоша цуьнга хабар кхачийра, да-нана чІогІа цомгаш больницехь Іуьллу, чехкка цІа кхача аьлла.

ХІинца иза больницин корехь ву. Цкъа, водий, десте чохь Іуьллучу цІийнан коре хІутту, тІаккха да волчу вогІу. Оцу шина корана йуккъехь некъ биллина цо. Амма корах чухьежар бен, кхин цаьрга вистхуьлийла дац. Десте гуттар а чІогІа йу. Иза синкхетамехь йац. Муса коре хьаьвзича, Мохьмад, цкъа халла охьа а хиъна, вистхилира. Амма Мусана ца хезара цо дуьйцург. Мохьмад йуха а дІатевжира. Муса вехха хьийжира кІайчу гІайбех халла бен ца къаьстачу ден кІайчу може, мокхачу йуьхь тІерачу буткъбеллачу мере, нур дайначу бІаьргашка… Коьрте хьийза цхьаъ цхьаннел ирча тайп-тайпана ойланаш. Беснешна тІехула охьаледара дуьра бІаьрхиш. Садукъдан санна, логе хІуьттура хораман шад. Цо беснешна тІе куьг хьоькху, мара ийзабо. Амма лиэдачуьра сацац йа ши бІаьрг а, йа мара а. Маржа дуьне йаІ! Леш доллу-кх и шиъ. Іожалла-м хІоранна а тІехІотта йезаш киртиг ма йу. Дай-наной а даим лаьтташ ма дац. Мацца лей а, цкъа ле уьш. Муса ша а лийр ву цкъа. И дац цуьнан дагна бала бинарг. Цуьнан ши бІаьрг догІанах белхориг, цуьнга са уьйзуьйтург кхин ду. Даймахке, доьзалшка, йиша-веше сатуьйсуш, леш доллучу цаьршиннах къахета. И шиъ делча, цо хІун дийр ду цаьршинна? Больницера цІа дига деза, дІадолла кечдан деза, дІадолла а деза. Мила вер ву цунна улло? Хьан дийр ду цуьнан жимачу дагна маслаІат? Муха воьрзур ву иза шийлачу, йаьссачу, къечу хІусаме ша? ХІун хир ду цунах цаьршиннал тІаьхьа? Мичахь бу-те цуьнан йижарий? Дийна вуй-те ШахІид? Хаац-кх царна тахана Муса дедоьхна хьийзийла.

Кийрара мохь ца балийта гІерташ, дог къуьйлура цо. Дехьо коре хьийзачу Іалхех а эхь хетара велха. Муса жима ма вац, цуьнан пхийтталгІа шо ду. Хаза хир ма дац, иза воьлхуш гича. Амма, амма ма чІогІа кийра хьаьвзина хІара бала! Логе хьалагІерта иза, кхин дІа сецалац иза…

Везан Дела, хаац-кх цхьанне а хІокхуьнан кийрара къаьхьа бала. Мохь аьлла ша велхале, Іалхина генавала гІоьртина, больницина гуонах йолчу баролна тІехьоду иза. Амма цуьнан ницкъ ца кхочу оцу масех секундехь сатоха.

Цуьнан кийрара къора мохь болу…

Дог йухадерза ца туьгуш, букъ тоьхна, пенах корта а таІийна, вехха лаьтта иза цигахь. Цунна ца хаало Іалха шена тІевогІуш а, цо шен белша тІе куьг дуьллуш а.

– Ма велха, кІант, – хеза цунна, генараь санна. – Ма велха. Хьо жима велахь, а нохчочуьнгахь товш дац велхар. Дика тІедеача – куравала а ца веза, бохам тІебеача – велха а ца веза. Халонна тІеІоттавелча, гор вужуш ца хуьлу, ткъа берриге ницкъ тІе а гулбой, текхаш вахана а, хьалха дІавоьду! Хьалаайбал хьайн корта!

Мусан букъа тІехьахула дІа куьг а дохуьйтий, иза шена тІеозаво Іалхас. ТІаккха, цуьнан пхьарс а лоций, цуьнца цхьаьна больницехьа дІаволало.

– ЦІе хІун йу хьан?

– Муса йу.

– Гой хьуна, Муса, хьо оцу шина коре хьийзаш, тергалвеш Іийра со. Суна гира, кийра хьаьвзинчу балано бІарзвина, сайх къаьхкина хьо йуьстахволуш а. Стаг даим могаш а ца лаьтта, даим дийна а ца лаьтта. Амма, цомгаш хиларх, чІогІа цамгар кхетарх даим леш а ца хуьлу. Суна тахана гина хьан да-нана. Нана чІогІа йу, амма Мохьмад гІолехь ву. Да-нана даим лаьтташ дац. Церан дай-наной белла, сайниш а лийр бу, вай дерриг а лийр ду. Иштта ма ду дуьне. Хьуна иза хаьа. Хьо бІарзвинарг кхин ду. И ший лахь, айхьа царна а хІун дийр ду-те, царал тІаьхьа хьайх а хІун хир ду-те бохуш, ойланаш йеш, бІарзвелла хьийза хьо. Оцу Дала мукъалахь, и шиъ толур ду. Амма, Дала шайна тоьхна оьмар чекх а йаьлла, и шиъ лахь а, церан вежарша, кІенташа лелон дерг лелош, и шиъ дІа а дуллур ду ас, ткъа хьо хьайн нахана тІекхаччалц, сайн кІентан санна, хьан дола а дийр ду. Хьуна оьшучохь да а, вежарий а хир ду тхо кхо ваша. Вохий ма хьийза.ТІехула тІе, хьуна цхьанна тІехІоьттина ца Іa xIapa де. Цомгаш хилларг, кху чохь лоьраша дика дарбанаш а леладой, товой аравоккху. Да-нана деллачу берийн Іедало дола до. Ца гина хьуна эвла чу вуллучохь гуонаха беш йолуш долу даккхий, дехий, кІайн цІенош? Интернат йу иза. Нохчийн маситта бер ду цигахь кхобуш. Даа а, тІедуха а ло царна, хаза чохь Іен цІенош ду, кІеда, цІена мотт-гІайба йу, хьоьхуш хьехархой бу. Ша мел холчохь делахь а, Іедало витац стаг бохамехь тесна. Вало, хІинца вайша Мохьмад волчу гІур ву.

Йехачу цІеначу сени чу ваьлча, цаьршинна дуьхьалкхийтира лор-йиша.

– Шуна хІун оьшу, накъостий?

– Цомгашчу воккхачу стагана тІехІотта лаьара тхойшинна.

– Мила ву иза?

– Покровкера Мохьмад.

– Фамили?

– Хаац суна. Зуда а, майра а цхьаьний далийна и шиъ. Суна хетарехь, воккха стаг и дІо неІ йолчу палатехь ву.

Лорйишас корта хьовзийра.

– Мегар дац цунна тІеваха. Къамелдар дика дац цунна.

– Амма, цунна тІе ца хІиттича, цадовлуш хьал хІоьттина-кх тхан.

– ХІан-хІа, мегар дац. Кхетий хьо, иза хІинца а чІогІа ву.

Лорйишин пхьарс а лаьцна, иза а эцна, дехьо а ваьлла, цуьнца лохха къамел дан хІоьттира Іалха. Наггахь Мусагахьа бІаьрг тухуш, корта а теІош, Іалхе ладоьгІуш лаьттара лорйиша.

ТІаккха, дежурки чу а йахана, ши халат йохьуш, сихха йухайирзира.

– Сагатдо ахь, жима стаг? – хаьттира цо, халат тІейуха Мусана гІо а деш. – Баккхий нах кестта, то а белла, цІа богІур бу. Воккха стаг вуьззина къонах ву. Оццул чІогІа кхетта цамгар иэший цо. Тахана хІума а кхаьллина, метта охьа а хуу. Са ма гатде, диканиг. Кестта цІа догІур ду и шиъ. Жимма ахь сатоьхчахьана, дерриг а дика хир ду.

ХІун дара а хаац, Іалхин а, оцу догцІеначу оьрсийн йоьІан а дешнаша сапаргІат даьккхира Мусан. Лесхозехь наха шен дола деш, церан мах хадо ца хиира цунна. ХІетахь иза бохамехь вацара, ткъа хІинца бохам тІехІоьттича, цунна хьалха ша висина моьттинчу хенахь хааделира Мусана ша цхьа воцийла а, адамийн дикалла а.

ХІара шиъ чукхаьчча, Іалхас делла салам дІа а оьцуш, хьалаайъавала гІоьртира Мохьмад. Амма Іалха, цуьнан оза куьг схьа а лаьцна, белша тІе дайн куьг диллина, саца а вина, уллохь лаьттачу гІанта тІе охьахиира.

Мохьмадца цхьаьна палатехь Іуьллуш кхин а кхоъ стаг вара. Іалхина бІаьрг ма-кхийтти хиира уьш мича къомах бу. Доккха сира ши мекх а, озачу йуьхьа тІехь боккха, беха мара а болуш волу воккха стаг гуьржи вара. Цунна дуьхьал маьнги тІехь коьртахь къорза пес йерг узбек вара. Сонерчу маьнги тІехь нохчийн жима кІант Іуьллура.

Мохьмадна уллорчу тумбочкина тІехь а, чохь а миска даарш дара. Іаьржачу бепиган йуьхк а, узбекийн кхаллар а, йакъийначу кемсийн кан а, масех Іаж а.

– Воккхачу стагана тІаьхьадаьхкина шу? – хаьттира гуьржичо. – Дика даьхкина. Дика адам ду Мохьмад. Оьзда стаг ву. Схьа чувалийначу хенахь гІуллакх дика дацара сан махкахочун. Амма тхо, кавказски къена нах, мокхаз санна, чІогІа ду. Тхо лийр дац шуна, шайна паргІат Іелаш. Шу цІа дирзича, Мохьмад волчу хьошалгІа вогІур ву со. ТІаккха тхойша цхьаьний сан даймахка Кахете, гІур ву. Цигахь сан ширачу доттагІаша тхойшинна хьалха хІоттор йу чагІарх йуьзна чури. Тхаьшшинна хачапуриш йууш, тІе чагІар муьйлуш, чангула а лоькхуш, гуржийн мехкаршца хелхавийр ву. Амма сан генацвале реза вац чагІар мала. Шен цІархочо шайна дихкина, боху. ХІумма а дац. Ишттачу дийнахь маларх къа хир дац. Амма хелха-м вер ву. Тхан йуьртарчу уггар хазачу йоІаца! ХІан, генацвале?

Мохьмада, виэла а къежаш, корта хьийзабора.

– ХІара кхо стаг а, кху чуйогІу и оьрсий йоІ а ца хиллехь, чІогІа бІооьшур бара сан, – элира цо, гуьржичун къамел сецча. – Шайна тІаьхьабеанчу кхачанех ах суна схьало.Ткъа и йоІ, ша балха йогІуш, суна хІума ца йохьуш ца йеана цкъа а. Хьашт дац, ас йуур йац аьлча а, ца Іа. Хьайн зудчунна ло олий, дехьа чу йохьуьйту. Цхьацца забарш йеш, сан догъиэца гІерта берриге а. ХІара гуьржи ву самукъане стаг. Масазза а Нохчийчохь хилла ша, боху. ДІогахь Іуьллучу узбекан зуда йац. Ша товелча, цхьа жима зуда а йалийна, со ловзарга кхойкхур ву бохуш забарш йо цо. Дика адамаш ду. Вайх чІогІа къахета царна. ХІокхара цамгар йаййина сан.

Чувеанчу шиннан дукха Іойла доцийла хууш, къамел сацийна, дІатийра Мохьмадан накъостий.

* * *

«Гор, ШахІид йаІ, ма халачу хьоле вожийна-кх ахь со! – ойла йора Іалхас, Мохьмадан лекхачу, хебаршка ихначу догучу хьаьжа тІе шен шийла куьг а диллина. – Хьанна моьттура, хьан доьзал суна кху хьолехь карор бу. Хьо дийна ву, хьо шайна тІекхочур ву моьттуш, xIopш Іa, ткъа хьо, хьо вина, хьо кхиийна нана-нохчийн латта цхьана къацахетарша хьайгара дІа а даькхина, хьо байлахь витинийла хууш санна, генарчу белорусски латто шен кийра тІеэцна…»

…ДІайаханчу аьхка фронтехь хьалхатеІачу советски эскаршца цхьаьна июнан тІаьххьарчу деношкахь Бобруйска улло кхечира Іалха гІуллакхдеш волу инарлин И.А.Плиевн дошлойн-механизированни группа. Цхьана суьйранна церан участкехь тІом соцунгІа а хилла, жимма садаІа меттиг йаьлла, шен эскадронца жимачу кІотарахь садаІа сецначу Іалхина тІевалийра цунна вевзаш воцу къона сержант.

– Накъост капитан, хьо нохчо вуй? – хаьттира цо, маршалла хаттар а доцуш.

– Ву. ХІунда хоьтту ахь?

Нохчийн а, гІалгІайн а халкъаш махках даьхначул тІаьхьа оцу къаьмнех болчу салташний, эпсаршний тІехь шатайпа тергам латтабора эскаршкахь гІуллакхдечу пачхьалкхан кхерамазаллин органийн белхалоша. Ткъа вуьшта, кхечу къаьмнех болчу бІаьхаллин накъосташца вошалла ларделира цхьа а тайпа хийцам боцуш. ХІетте а, органаша къайлах лелочу эладитанаша кІез-кІезиг буллуш цатемаш буллура цхьаццаннийн дегнаш чу. Дукха хан йалале массо фронтера нохчех, гІалгІайх а могІара бІаьхой тыле дІабигира. Изза кхоллам эпсаршна тІе а кхочур буйла хууш, шайн полкан штабера стаг веача, йа ша цига дІакхайкхича, дог духура Іалхин.

– Кхузара дІа генайоццуш цхьана йуьртахь чІогІа чевнаш хилла Іуьллуш сан доттагІ ву… Нохчо ву иза. Тахана хилла цунна чевнаш. Валарна кхерам болуш хьал ду… Ша валале йа ша тыле дІавигале, шена тІе цхьа нохчо кхачор дехна цо соьга. Цунна цхьанхьахула-м хезна кху полкехь хьо хилар. Кхетий хьо, накъост капитан, лачкъийна вигна а, хьо а воцуш цунна тІе йухаверза йиш йац сан… Хьайна хаахьара, тхойшинна вовшийн мел чІогІа дукхавеза. Тхан дивизин разведкин начальник ву иза. Іаламат майра, каде, хьуьнаре, догдика… ТІом болабеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна схьа даим а цхьаьна ву тхойша. Хьайна хаахьара, иза мел дика кІант ву…

– Генахь вуй иза? – хаьттира Іалхас.

– Пхи-йалх километр.

Сихха полкан командирна тІе а вахана, шена тIeІоттаделла гІуллакх цуьнга дІадийцира Іалхас. Вуьшта а Іалха догдоьхна лелий хуучу полковнико, дуьхьало ца йеш, оцу буьйсанна мукъа витира иза. Говрашкахь воьду хІара шиъ ах сахьт далале дІакхечира йаьгна чим хилла лаьтттачу хьуьнна йуккъерчу жимачу йуьрта. Ларамаза дийна дисинчу деккъачу цхьана цІа чохь Іуьллура чІогІа чевнаш хилла масех салти. Узарш деш, синкхетамах а бевлла, харцлуьйш Іохкучу царна гуонах хьийзаш лорйиша а, капитанан чинехь хирург а вара. Баьрччехь, кІел сийна буц а йаржийна, оцу тІетесначу плащ-палатки тІехь, берриге накха а, хьаж а бинташца дІа а лаьцна Іуьллучу дархочунна тІевигира иза сержанто. Дархо, ши бІаьрг а биллина, Іалхега хьаьжира. Цуьнан дог-ойла айъалур йацара-те аьлла, салам делира Іалхас.

– Ва Іалайкум салам! Бехк ма биллалахь, со хьала ца гІаттарна…

Дархочо са чуоьзча, цуьнан накха иэтІачу левсих тарлора.

– Лейтенант Магомадов, хьуна къамелдар зуламе ду! – схьа мохь туьйхира корехь лаьттачу капитана-хирурго. – Хьо тыле дІа хьажавале, хьуо кхоош хьайн дегІе жимма ницкъ баийта. ХІинца-хІинц машина кхочу бохуш ладоьгІуш Іа со.

Лейтенант велакъежира:

– Алексей Михайлович, со Іожаллех цкъа а ца кхийриний хьайна хуъушехь, хІунда дуьйцу ахь иза? Со кхузахь вуьсур волуш ма ву. Цул, со а витина, шу дІадахале, жимма къамелаш де вай…, – дархочо шен ши бІаьрг сержанте хьажийра. – Баркалла хьуна, Вася. Шуна кхета хала болчу тхоьгарчу балано кхайкхийти соьга хІара махкахо сайна тІе. Айхьа суна мел доккха гІуллакх дина, мел боккха там бина хьайна хаахьара, Вася… Тхо, нохчий, жима халкъ ду. Цундела эскарехь гІуллакхдеш берш а кІезиг бу… Эзарнаш километрашка йахйеллачу фронтехь масех миллион бІаьхошна йукъахь цхьацца-шишша массанхьа a баьржина сан махкахой каро хала ду… Амма, даима санна, хьо ларий хьайна тІедиллинчу халачу декхарца… Баркалла хьуна, Вася. ХІинца, ахь бехк ца биллахь, ас кху сайн махкахочуьнцатхешан ненан маттахь къамел дийр ду… Хьайн цІе йийцахьа…, – Іалхе хьалахьаьжира дархо.

– Іалха йу сан цІе.

– Мичара ву хьо?

– Веданара.

Дархо цхьана минотана садоІуш дІатийра.

– Суна хетарехь, сан оьмар миноташка йирзина. Цундела сайна ала луург хьоьга сихха дІаала гІоьртур ву со… Нохчий шайн даймахкахь, шайн йарташкахь бехаш хилча-м, вайх хилларг вайн доьзалшка дІахоуьйтур дара накъосташа, командованис… ХІинца со а, хьо а валарх, вайн доьзалшна хуур дац. Уьш мичахь бу а, дийна бу-бац а ца хаьа вайшинна… И ду соьга хьо схьакхайкхийтинарг… Сан дехар ду хьоьга ас йоху цІераш дІайазйар…

Арахь машинан тата хезча, сихха корах арахьожура лор. Амма цо ладоьгІу машина гучу ца йолура.

– Со Бенара ву. Фамили – Магомадов йу тхан, цІе – ШахІид йу. Кхузткъе итт шо хенара да ву сан Мохьмад цІе йолуш. Нана йац… Десте йу Бесира цІе йолуш. Элита а, Белита а цІераш йолуш сол йоккха шиъ йиша а, дейтта-пхийтта шо хенара Муса цІе йолуш цхьа ваша а ву. Ший а йиша Бенахь марехь йу, Ахьмад а, Іадиз а цІераш йолчу шина стагехь. Хьо валаза дийна вайн нахана тІекхачахь, и сан нах а лахий, цаьрга сох хилларг дийцалахь…– ШахІидан ницкъ тІаьхь-тІаьхьа оьшуш, аз, гІеллуш, хеда дуьйлира. – Ткъа вайн нахе беана бала, бохам… Цуьнан ойла йан воьлча, хьерваллаза вуьсу… Амма вайн халкъ мацца а цкъа шен махка цІа доьрзур ду. Мацца дирзина а, цІа доьрзур ду… Хено къастор ду дерриг a… Партис иштта дуьтур дац и гІуллакх… Вай теша цунах. Ткъа вайнахана бохам бинарш таІзарх кІелхьара а бевр бац…

Іалха, мацца а цкъа шаьш вайн дай баьхначу лаьтта тІе цІа дирзича, тхан йуьртан кешнийн кевне, гу тІе, сан безамна цхьа жимо гІайракхан тІулг богІа, алалахь…

– ХІан-xIa, ШахІид, ахь санна, ас а лоцур йу и къиза Іожалла. Со а тешна ву, вайн халкъе беанчу иэрчачу бохамо хІара дуьне а къахьдина, хьо хьуо Іожаллин бага гІиртина хилар. Изза до ас а кху деношкахь, амма, хьо санна, ирсе ца хилла со…

– Лейтенант, къамел ма дехьа…, – йукъагІоьртира лор. Амма иза ШахІида сацийра.

– ХІумма а дац, Алеша… Цхьа масех минот бен ца йисина…

ШахІид вала герга вуйла хиъначу Іалхас цуьнан корта меллаша хьала а айбина, шен кара биллира.

– Вася… сан доттагІ!

Шен цІе йаьккхича, сержант ШахІидна хьалхха гора вуьйжира.

– ХІун боху ахь, ШахІид?

– Хьуна хаьа-кх, Вася, тхан халкъана тІехь динарг… Тхо йамарт, кІилло а хилла-м ца дина цунна и таІзар…Тхан жима халкъ… Жимачунна халахетийта атта ма ду… Нагахь тхан халкъана хьо волчохь цхьамма вуон дош алахь… тхоьгахьа гІо даккхалахь… Тхуна йамарт, кІилло нах дара ма алийталахь…

– Ахь хІун дуьйцу, ШахІид! Хьан эр дара шуна харцдерг? Дукха хенахь дуьйна, дерриге а дуьненна хууш ма ду шун халкъ майра, тешаме, доьналла долуш хилар!

– Баркалла хьуна, Вася… Со теша хьох, сайн вешех санна… Іалха… со леш воллу… Вайн дайн гІиллакхехь дІаволлалахь со… Виц ма лолахь – Нохчийчоь… Нохчийн кІенташка дохий ма хьийза ала… Цул а йаккхий халонаш тІеІиттайаларх, вайн дай а ца боьхна… Дала хьукма долда… вайн халкъана тІехь и харцо лелийначарна!…

ШахІидан дешнаша гуонах дерг дерриге а дицдина, цхьана минотана шен ойланашца гена нохчийн лаьмнашка, винчу йуьрта вахара Іалха. Нохчийн уггар ширачу йартех цхьаъ. Буьрсачу Шемалан столице. ГІараваьллачу харачойн Зеламхас дуьххьара шен бекхаман куьг айбинчу меттиге. Цигахь вина, цигахь ваьхна Шемалан тоьллачу наибех цхьаъ хилла волу Іалхин денденда Эдал. Іаьлбаг-Хьаьжин гІаттамехь дакъалоцуш вийна Іалхин денда. Деникинцех леташ Соьлжа-ГІалина уллохь воьжна Іалхин деваша. И санна йу нохчийн муьлххачу а доьзалан биографи. Нохчийн халкъо бІеннаш шерашкахь шайн цІийца хьандина и исбаьхьа лаьмнаш дІадаьхна цаьргара. Ванах, кхин гур доцуш ду-те Іалхина ша вина, бераллахь левзина и хьоме лаьмнаш, хьаннаш…

Оцу къаьхьачу ойланех Іалха йукъахваьккхира ШахІидан малделлачу дегІо…

– ШахІид!? ШахІид!? – мохь белира сержантан. –Велла! Хьо турпалх а къинхетам ца бин-кх Іожалло! ШахІид, сан доттагІ, сан ваша, ламанан кура леча… Суна хаьара, ахь Іожалла лоьхийла… Сан ницкъ ца кхечира хьо ларван… Ва, неІалт хуьлда хьан цІеначу даг чу дІовш доьттинчунна!

Шайн халкъ бехк-гуьнахь доцуш махках даьккхинчул тІаьхьа йерриг фронташкахь а, партизанийн боламашкахь а дера а, турпала а летара нохчий. Оцу тІе уьш тоьттура масех бахьано. Шайн халкъана тІекхоьллина и харцо а, дина иэхь а ца лалуш, тІеман арахь Іожалла лоьхуш летара. Даймахкана йамарт хилла боху нохчийн халкъана тиллина цІе харц хилар хаийта гІерташ. ТІамехь болчу нохчийн кІенташа турпала хьуьнарш, Даймахкана тешам а гайтича, бехк-гуьнахь доцуш и харцо тІе а кхоьллина, махках даьккхинчу халкъана тІера и харцо дІайаккхаре догдохуш а. Амма, шен халкъана эхь дина, цунна харц таІзар дина аьлла, мостагІашкахьа ца волура цхьа а.

Халкъ таІзардеш махках даьккхинчул тІаьхьа тІамехь хьуьнарш гайтинчу нохчашна орденаш йалар а, турпалхочун цІе тиллар а сацийра. Фронтан командованис йа Москвахь чекх ца бовлуьйтура уьш. Цундела, эскаран, дивизини, йа полкан командованин хьехаршца, орденна а, йа турпалхочун цІарна а хьуьнар гайтинчу цхьаболчу нохчийн эпсарша шаьш кхечу къомах йазбойтура – гуьржий, хІирий, гІезалой, гІумкий, суьйлий, и. дІ.кх. а. Иштта цхьа могІа хІилланашца толаман де тІекхаччалц тІамехь бисира дуккха а нохчий,

Іалхин ца дийзира цхьа а хІилла лело. ШахІид дІавоьллинчул тІаьхьа цхьа бутт баьлча, тІамехь луьра чов хилла, йеххачу хенахь госпиталехь а Іиллина, йуха фронте ваха ца магош, цІа хьажийра.

ЦІа мичахь ду-м ца хаьара…

… Іалхас доккха садаьккхира. Цхьа кІира хьалха хиънера Іалхина ШахІидан доьзал Покровкехь хилар. Цунна и хиъначу хенахь Мохьмад а, Бесират а чІогІа цомгаш дара, ткъа Муса лесхозехь вара. Цомгашниш больнице а балийна, Муса цІа кхайкхира Іалхас. Амма ШахІидах хилларг Мохьмаде дІахоуьйтийла дацара иза товелла верззалц.

Возрастное ограничение:
16+
Дата выхода на Литрес:
14 июля 2023
Дата написания:
2023
Объем:
160 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают

Новинка
Черновик
4,9
160