Читать книгу: «Дарц», страница 32

Шрифт:

Шаьш мел къен белахь а, и салтий кхаба хала ца хетара нахана. Царна садетта халаниг кхин дара. Керстанаш шайца цхьана кертахь, цхьана тхов кIел бехаш хилар. Нишка боьлхуш хи ца леладо. ХьотIан гIуллакх ирахь до, атталла хьаштагI чу а ца боьлхуш, букъ берзабой. Зударшна а, берашна а гуш. ТIехь коч йоцуш, ахберзина лела. Маьттаза йаппарш йо. Кертахь шайна хазйелларг схьаоьций, шайн долайоккху. Докъарш, дайш чуьра хьаьжкIаш шайн говрашна йаайо. Оцу дерригенал а лан хала йара йуьртара хIаваъ дуьйлина царах йогIу шатайпа боьха хьожа.

СаьIадана хьаьнца, мичахула, хIyн некъ карийнера, ца хаьара, и салтий йуьртара дIабаха. Хетарехь, уьш кхуза бахкийтинчунна кхузара дIабохург цо а, Iабдис а дуккха а ахча деллачух тера дара. TIe, Iабдин совдегаршкахула йаккхий уьйраш йара Буритахь.

Лаьмнашкахь, генарчу цхьана жимачу кIотарахь къайлаваьлла, масех шо а даьккхина, хIинца ша Iедална вицвелла хир ву аьлла, шен керлачу доьзалца винчу йуьрта цIа вирзинера Соип а. Масех шарахь дIатесна лаьттина ДешигIеран керт-ков тишделлера. Бух бахкабелла, хирцинера бешана гонахара керт. Бешахь коьллаш кхиънера, къух даьллера. Беданан, рагIун тхов тIекхеттера. Бух чу а текхна, разйаьллера хьаштагI а. Шарахь къахьегарх а ларор вацара Соип и йоьхна, тишйелла керт-ков меттахIотто. Амма цунна гIо дира Iусмана а, Овхьада а, Мохьмада а.

ХIокху тIаьхьарчу хенахь йуьртахь кест-кеста хуьлура Овхьад. Россехь массанхьа санна, хIокху областехь а дIатийнера революцин дарц. Кхузара дIабовла ца кхиъна большевикийн, кхечу мелла а демократе партийн куьйгалхой лецнера Iедало. Митингаш, забастовкаш, стачкаш дIатийнера. ХIинца къайлах болх бора революционераша.

Тховса Iелин хIусамехь хьошалгIахь вара Овхьад. Оцу шиннан ойланех, дахаран Iалашонех, дуьнене хьежамех кхеташ стаг вацара, хIокху Гати-Юьртахь-м хьовха, йерриг Нохчмахкахь а. Дуккха шерашкахь каторгашкахь халонаш лайначу, цигахь тайп-тайпана дуккха а адамаш, къаьмнаш, церан гIиллакхаш, амалш, Iер-дахар девзинчу церан дуьнене хьежамаш, кхетам шатайпа бара, вовшашка дийца а, дагавийла а дуккха а хуьлура.

Iусманан хIусамнанас Меданас чомехь чIепалгаш а даийна, тIе чай малийнера. ТIаккха пхьуьйра ламаз дина Iела а, Овхьад а масех де хьалха меттигерчу цхьана газет тIехь Соип-Моллас а, Iаббас-Моллас а нохчийн халкъе а, Зеламхе а, обаргашка а, талорхошка а бина кхайкхам бийцаре бан вуьйлира.

Оцу кхайкхам тIехь динадайша бохура, Хорачара схьаваьлла обарг ГушмацIин Зеламха нохчийн къомана бале ваьлла, къомана бохамаш беш, зуламхо ву, цо схьалаьцна некъ шариIатана дуьхьал бу, дуьненарчу муьлххачу а пачхьалкхо ишттачу зуламхочунна луьра таIзар дийр дара. Зеламхас дийриг цхьана а хьекъалечу, адамалла а, ийман а долчу стага дийр дац. Оцу зуламхочух халкъ маршадаьккхинчу стагана ницкъ болчу Делера йоккха йал хир йу.

Газето зорбатоьхнера чIирхоша байъинчу Зеламхин накъостийн цIерш. Ширчу-Юьртарчу Гехин, Азамат-Юьртарчу Iуспин, Ишхойн-Юьртарчу Жабраилан, Эвтарарчу Висхин, Несарарчу Мусин, Мута-Iелин, Мохьмадан, АтагIарчу Эскин, Гелдаганарчу Зеламхин, Цоци-Эвларчу Оьлснукъин, Экажерчу Эдалгерин, Энгал-Юьртарчу Элахин, Селахин, ГихтIарчу Хьамзатан, Хьасанбекан, Гермачгерчу Берин, Шеларчу Абубакаран, Бийсолтин, Хорачарчу ГушмацIин, Солтамурдан, кхечеран а. Газето йаздора, Зеламха а, цуьнан накъостий а халкъан дуьхьа, къоман маршонан дуьхьа ца бевлла обаргаллин новкъа, уьш, нах байъина, чIирхойн бекхамах шайн синош довдийна лела, уьш талорхой, адамашдайархой, нохчийн а, гIалгIайн а къоман мостагIий бу бохуш.

– Цхьана aгIop, бакълоь Соип-Молла а, Iаббас-Молла а, – элира Овхьада. – Со а вац оцу обаргаший, талорхоший лелочунна реза. Цара Iедалан хьаькам, оьрси, гIалагIазкхи вийча, маситта нохчо, лоций, Сибрех вохуьйту, ткъа цара оьрсий, гIалагIазкхий талийча, царна дина зен нохчийн йарташка бIозза алсам токхуьйту. И талораш бахьанехь баккхий бохамаш хуьлу шайн доьзалшна рицкъа лаха Теркал дехьа балха баханчу мискачу нохчашна. ХIинца-м шен къизаллина и обаргаш, талорхой бехке бо Iедало. Амма и обаргаш а, талорхой а вайна йукъахь боцчу хенахь а ма хьийзийна Iедало нохчийн халкъ. Дезткъа шарахь хаддаза тIом бина Россис хIокху Нохчийчохь. Оцу тIамехь ах халкъ хIаллакдина. Мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисина. Хонкара кхалхийна. Сибрехь мел хIаллакбина. ТIом боцчу, машаречу хенахь халкъехь латто Iазап. Харцонаш. Къизалла. Делахь а, оцу дерригенна а дуьхьал, маршонехьа къийсалур ма дац цхьана майраллица, герзаца, тIамца. Вай кхин некъаш лаха ма деза. Хьекъале, машаре. Соип-Моллас а, Iаббас-Моллас а аьлларг цхьана агIор нийса делахь а, вукху агIор галваьлла и шиъ. Аш схьалаьцна некъ къомана бохаме бу, аш байарх паччахьан хьаькамаш а, салтий а кхачалур бац, паччахьан Iедал а духур дац, аш оьрсашна, гIалагIазкхашна талораш дарах, бекхам а хир бац, уьш вайн махкара ара а бевр бац, аш лелориг шариIатана дуьхьал ду, и некъ дIатасахьара аш алар а ша дара. Aмма Зеламха халкъан мостагI ву, иза вийначунна, цунах халкъ маршадаьккхинчунна Делера йал хир йу бахар йамартло хета суна.

– Бакъ ду иза. И къамел Зеламхе шегга динехьара дика хир дара. Йа нохчийн цхьана гуламехь. Ткъа мостагIчун Iедалан барта, цуьнан лаам кхочушбарца шен къоман стаг сийсазвеш, цунна дуьхьалваьлларг йа кIилло, йа мостагIчунна вохкавелла хила веза.

– Зеламхе дуккха а наха баьхна, хьо бахьана а лоьцуш, Iедале нахана бохамаш ма байта. Соип-Моллас а, кхечара а. Ас а дина и къамел. Хьо маьрша вита дош а даккхий, Iедална тIе гIo. Ца гIахь а, хьаькамаш байар а, талораш дар а дита.

– Аьрстхойн Саламбека диннарг дахьара цо.

– И ца лаьа Зеламхина. Шен ден да, да, ден вежарий, вежарий, шичой байарна Iедална огIазвахана иза. Шен дегIа чохь са мел ду, халкъан мостагIех бекхам оьцур бу ша, олу цо.

– ХIета цо а, и санначара а и шаьш схьалаьцна некъ дIа ца тасахь, вaйн халкъ даим балехь, бохамехь лаьттар ду. Иза а, важа а хилийта бахьанаш мостагIчунна дуьйлуьйту цхьаболчу нохчаша. Ткъа жимма а нохчашкара бахьана даьлча, оьрсийн Iедало вайн халкъ, бIарздой, хьийзадо.

ТIаккха цаьршиннан къамел дукха хан йоццуш Хорачахь хиллачу бохамна тIеделира. Кхабар йуьртана тIедожийна кхуза балийна гIалагIазкхий талораш дан а, зударшца эвхьазбийла а боьлча, царна дуьхьало йинера бахархоша. Церан коьртехь вара йуьртден гIоьнча Амин Товсолта. Шиний агIорхьарчара герз тоьхча, цхьа гIалагIазкхи вийнера, шинна чевнаш йинера. Амма алсам бохам хорачошна хиллера. Оцу девнехь Товсолта а, БацигIарах да а, ши кIант а, лулара жима йоI а дийнера.

– Муха ловр ду иза? – доккха садаьккхира Iелас. – Iедало халкъана тIехь цхьа къиза акхаралла лелийча, Iедална дуьхьал дерриг халкъ гIотту йа цуьнан цхьаболу кIентий гIовтту бекхам эца. Иштта, йеха цхьа зIе хилла, схьадогIу xIapa хIокху тIаьхьарчу шина бIе шарахь. Делахь а, деккъа герзаца, тIамца, майраллица толам баккхалур бац вайга.

Овхьадана чIогIа халахетара нохчийн къоман тхьамданийн барт бохар. Цуьнан дог даьллера шалха цIоганечу нохчийн хьолахойх а. Цхьана aгIop, Россин Iедалца шайн йукъаметтигаш галйаха ца лаьара хьолахошна. Петарбухехь, Москох, Ростох, Новгородехь, Харьковхь, кхечу а шахьаршкахь гIарабевллачу совдегаршца уьйраш йолчу церан шайн товараш цигахь дIадохка а, цигарнаш кхуза схьакхехьа а дезара. Россин банкашкара кредиташ а оьцура цара. Цундела Iедална хьалха къайлах цхьа цIога лестадора хьолахоша.

Вукху агIор, царна новкъа бара хIокху нохчийн мехкан дай хилла, кхузахь когаш хецна паргIатбевлла, охьахевшина оьрсийн, немцойн, англичанийн, французийн, бельгийцийн, эрмалойн хьолахой. Кхузара мехкадаьтта, заводаш, фабрикаш, банкаш, туьканаш шайн долахь хила лаьара. Цундела нохчийн хьолахоша къайлах шалха цIога лестадора Зеламхина а, Iедална реза боцчу, мелла а Iедална дуьхьал болчу муьлххачу нохчашна а хьалха.

Овхьад дIавахча, пхьуьйра ламаз а дина, вирд даккха Iела охьахиъча, «даргI-диргI» аьлла, неIарш тоьхна, вовшашна хьалхавала къуьйсуш, хьуьхьвоьлла садоьIуш, цIа чу иккхира Iусманан ши кIант. Церан йаххьаш тIехь воккхавер а, дозалла а гора. Ша-ша хьалха ала гIepташ, вовшийн дIаса а тоьттуш, шаьш деанарг цхьатерра схьаIанийра цаьршиммо:

– Дада!

– Ва, дада!

– Эвла Зеламха веана!

– Вайга вогIуш ву, боху!

– Хьо волчу!

Iела шайга хаттар дан а кхиале, тIекIел неIарх ара а иккхина, вахара ши кIант.

Геннара схьа говрийн бергийн татанаш а, летачу жIаьлин гIовгIа а хезара. Уьш тIаьхь-тIаьхьа гергагIертара. Шина кIантана цхьаъ тарделла хир ду-кх бохуш, хиъначуьра меттах а ца волуш, суьлхьанаш хьийзош Iapa Iела. Амма дукха хан йалале говрийн бергийн татанаш севцира церан кетIахь.

Аравала дагахь хьала а гIеттина, шена тIе бедарш йуха хIoьттиpa иза. Амма хIapa лелла валале керта-арахь нехан къамелаш хезира кхунна.

2

НеIарх хьалха чуваьлла Доша, Iелига салам а делла, шена тIаьхьа вогIучу хьешана некъ буьтуш, дуьхехь сецира.

– Iела, xIapa Зеламха ву. Хьо ган а лиъна, схьавеана xIapa.

Iелина тIевеара верта а кхоьллина, бIаьргаш а, мара а бен ца гуш, боьмаша башлакх хьарчийна, йуккъерчу дегIара стаг.

– Ассалам Iалайкум, суьйре дика хуьлда хьан, Iела!

– Ва Iалайкум салам, марша вогIийла хьо а, Зеламха, – куьг кховдийра Iелас.

– Маршалла хуьлда хьуна а, Iела, – шен ондачу, доккхачу шина куьйга йукъакъевлира цо Iелин куьг. – Даийта дика а долуш, Дала вон ма доуьйтийла кху хIусамашка.

– Дала могаш-маьрша, диканца дукхавахавойла хьо а. Дала йуьхьIаьржонах, йамартлонах, тешнабехках ларвойла хьо. Делахьа, ма дика ду, Доша, шу даьхкина. Же, дIайаккхалаш тIера сов-ков хIyмa. ОхI, Дала догдика де шуьшиннан…

ТIекхоьллина верта а, коьртах хьарчийна башлакх а цо дIайаьккхича, коьртера когашка кхаччалц Зеламхе бIаьрг туьйхира Iелас. Йуьхьиг охьа а йерзийна коча тесна дошлойн топ, некха тIехь морзахйохуш йихкина патармийн кхо гIап, йукъахйихкина кхелина шаьлта, ши тапча.

– ХIоккхуза валий, охьахаал, Зеламха. Товханна уллохьа. Доша, хьайна а цхьанхьа охьахуийла таръехьа. Iусман, шайн нана могаш йац аьлла йахара Медана. КIант вахийтахьа цунна тIаьхьа.

Йукъахара схьадаьстина цхьадолу герз Дошега дIаделира Зеламхас, амма, ша охьахууш, топ шена улло дIахIоттийра. Бехкалдаханчу цуьнан бIаьргаша шера схьабохура: «Хьох-м тешара со, хIусамда, амма хьо доттагI хиларх, мостагIий дуккха а бу сан. Уьш ма бу даим сема, сакх, ас дIа мел боккху ког тергалбеш. Хьанна хаьа, xIокху минотехь уьш хьан цIенна тIетекхаш бу-бац? Иштта ду обарган дахар – нехачул бIаьрг сирла, лерг сема, хьекъал ира, куьг каде, массо хIуманах ларлуш хила веза иза».

– ТIаккха, Зеламха, доьзалера хабар дуй? Хьан могашалла а муха йу?

– Дала могаш-дика кхобу со-м, Iела. Доьзалера хабар а дац. Шу хоьттуш Iийра со-м Iусмане.

– Дала деллачу хьолехь дохку тхо а.

XIopш вовшашка хьал-де хаьттина, дара-дацара аьлла, бовлучу йукъана араиккхинчу Iусмана шен кхоъ бен боцчу уьстагIех цхьаъ бийна, тилийна чубеана, дукъох боллучу мIерах васхал хьалаоьллира. Шаьш кхоъ вовшашка цхьацца хеттарш деш, къамеле ваьлча, Iелас даим шена дагахь лаьттачун ойла йора. Зеламха вуьйцу хезнера Iелина. Делахь а шен ойланашца иза мила ву, ца хаьара. Иза ша волчу хIунда веана хаа а сагатделлера цуьнан. Haхa дийцарехь, Зеламха oбapг ваьллера зударшна тIехула даьлла дов бахьанехь. Амма луралла хьаьрчина стаг лечкъаш лела, чIирхоша ша витталц, йа валлалц. Доьзалца йуьртах а волий, генна кхелхий а воьдий. Лурбоьллачу нахах наггахь бен ца волу талораш дийриг, ца ваьллачу денна, тIетовжа кхин меттиг ца хилча, дуучу рицкъана, тIедухучу барзакъна, герзана лорий. Иза къехка шена тIе кхин керла цIий дожарх. Цунна ца лаьа Iедал шена дуьхьалдаккха. Шера хаьа шина мостагIчух – чIирхойх а, Iедалх а – ларвала шен ницкъ кхочур боцийла. Лурвоьлла стаг деккъа шен цхьа са дадийна лела. Ткъа Зеламха? Обарг ваьллачул тIаьхьа керла масех цIий хьарчийна цо шех. Iедална зулам дарх-м муххале а ца ларлора иза, мелхо а, цунна дуьхьалваьлла. ХIан-хIа, луралла дац Зеламха Iедална дуьхьалваьккхинарг, къизачу хьаькамех а, цIубдарш санна, халкъах бекхачу хьоладайх а цуьнга бекхам оьцуьйтург. Кхин ду бахьанаш. Ткъа мила ву Зеламха? Нохчийн халкъ шен маршонехьа гIеттича, цуьнан коьрте хIотта а, и санна шайн маршонехьа гIевттинчу кхечу бусалба а, керста а халкъашца цуьнан барт кхолла а, иза паччахьан Iедална дуьхьал дига а ницкъ кхочур барий-те цуьнан? Дийцарехь, xIapa хьекъале велахь а, Iилманан oxIла вац. Майра, хьуьнаре, оьзда, хьекъале, амма бодане нохчо. Хьекъалан пайда ма бац, цунна уллохь Iилма ца хилча. Iилма а эрна ду, цунах пайда эца хьекъал дацахь. И ший а эрна хуьлу, оцу стагехь доьналла дацахь.

Оцу цIарна а цIейаханчу обарган даг чу, хьекъалан кIорге хьажа лаар дара Iелига иза ган сатийсийтинарг. Iела, ларлуш, хеттарш дан вуьйлира хьеше. Ткъа хабаре воцчу Зеламхас йуьхьанца халла бен жоп ца лора хеттаршна. Амма хеттарш тIаьхьо шен деган чевнех хьекхадала доьлча, хецавелира иза.

– XIaн-xIa, луралла дац со а, сан накъостий а арабаьхнарг, – эххар а Iелин хьалхарчу хаттарна жоп делира цо. – Массарна а йолу къеллий, мацаллий, мискаллий хилла а ца Ia со обарг ваьккхинарг. Вайгарчу берриг бохамийн, баланийн, гIайгIанийн нана хIapa Делан неIалт хиларг – паччахьан Iедал – ду, Iела. Къеллина а сатуху. Мацалла а лало. Iожалла а, тахана ца хилахь, кхана хир йу. Халаниг, сацатохалург, собар кхачориг хIун ду аьлча, Iела, цхьаммо хьо сийсазвар, хьо, стаг-м хьовха, адам а цаларар ду. Веданахь гIап мел йу, оцу гIопа чохь эскар мел лаьтта, харцо дIайер йац Нохчмахкара. Ткъа мел йу и гIаьпнаш Нохчийчохь? Нохчийн дегIана дина даьIнаш ду уьш. Царал сов, вaйн мохк, халкъ дегайуккъехула доькъуш, йехкина гIалагIазкхийн йарташ. Хьо ца хилла Ведана-гIопехь, со а хир вацара, цхьа а нохчо а гIyp вацара цига шен лаамехь, амма эшамо вуьгу. Эшам даим а тоьлу къехочун ницкъал. Оцу гIопан баролал чоьхьа туьканаш йу оьрсийн а, вайнехан а совдегарийн. Башха а дац, хьеннан хилча а. Йерриг а цхьа хьакхарчий йу уьш. ТIейуха бедар йеза. Кертахь марс-мангал, бел-шада оьшу. Уьш, цаьргара ца эцча, кхин хуьлийла йац. Кхечухьа-м гIур вара, амма хьо дIакхаьчначохь бухахь изза хьакхарчий карайо-кх. Хьо хилла вац, Iела, Ведана- гIопехь. Дала тIе а ма доуьйтийла хьуна цига вахар. Зуда санна, йукъ а йаьстина, шаьлта салташка а йелла, церан цхьамзанашна кIелхула а ваьлла ваха веза цу чу. Цара боьлуш, Iоьхуш, хьо сийсазвеш йечу йаппаршка ла а доьгIуш. Хьанна хаьа, цара хIун дуьйцу, уьш стенах буьйлу? ДегIах хьуьйсу. Зударшна а… Вайца дерг дерриг а беламе хета царна, дерриг а сийсаздо цара – Дела а, дин а, амалш а, гIиллакхаш а, духар а. Ден да вара тхан бIе цхьа шо долуш. Къоьжа, букар а хьаьвзина. Тхан да а, со а Соьлжа-ГIаларчу набахтехь волуш, шен кхетам бацарна, тхо цIа хецахьара аьлла, дехар эцна шена тIевеача, Веданарчу полконака Добровольскийс, цуьнан сирйелла маж а лаьцна, иза дIаса а лестош, нанна хьежош, йаппарш йинера цунна. Муха хета хьуна иза? Ас марахдаьккхира цунна иза. Оцу гIопан баролал чоьхьа бехачарна шаьш элий, ткъа арахьарнаш лайш хета. Оьрси хилчахьана, цуьнан бакъо йу оцу чохь ваха, ткъа нохчочун – иза эпсар йа цхьа цIармат йелахь. Муьлш бу цу чохь бехарш? Кхахьпанаш! Эхь-бехк а, оьздангалла а йайна кхахьпанаш. Дийнахь-бусий хаддаза маларш муьйлуш, кехатех ловзуш, оьзда мел доцурш лелош! Вайнехан эпсарш бохий ахь, цаьрга терра лела гIерташ, царал а тIехбевлла, гуттар а цIармат лела. Изза ду Шуьйта- гIопехь а, кхечухьа а. Оцу гIаьпнаш чуьра араоьхучу боьхачу хьожано бехдина хIapa вaйн лаьмнаш.

Йуьхьанца оццул сапаргIатчу Зеламхин аз, тIаьхь-тIаьхьа айалуш, чIагIделира, ткъес деттара оьгIазлонах дуьзначу бIаьргаша.

– Иза йу Iедало вайна латто харцо, къизалла, вай сийсаздар. Иза ду, Iела, нах цунна тIеберза цабуьтург, со араваьккхинарг. Цо лерац вайн дайн гIиллакхаш. Вайн ваьшлахь луьсту долу гIуллакх шайга а оьций, дерзоран метта, довхошна йуккъе мостагIалла дожадо. Йуьртан коьрте муьлш хIиттабо Iедало? Нийсо йен йолу хьекъале, оьзда нах ца хIиттабо. Даккхийчу тайпанех, хьалдерг, харц-бакъ ца хьехош, шaьш дIакховдийнарг ден дерш хIиттабо. Иштта бу массо йуьртдай а, къеданаш а, молланаш а. Церан гIоьнчий бу гайнаш йуьзнарш. Уьш берриг а Iедална бохкабелла нах бу. Уьш шегахьа болу дела, вайн мостагIий болу дела Iедало вайна тIехIиттийна. Церан цхьабарт бу! Тхуний, тхан захалшний йуккъе деана дов иштта гена дер дацара, тхан а, махкатIхойн а йуьртдай йукъа ца боьллехь. Цара къайлах лелийнчу хIyьцI-пIуьцIалгаша доьллира тхуна йуккъе мостагIалла. Цара тхох а, оха царах а цхьацца стаг вийра. И шиъ дуьхь-дуьхьал а лерина, тхо нисделлера. Наха тхуна йукъахь машар бичахьана, дIадолуш гIуллакх дара. Амма Iедал дуьйлира йукъа. Тхан йуьртда а, пурстоп Чорний а. Йуьртдас пурстопана тIе мотт баьхьнера, цо тхо Ведана дIадийхира. Пхи стаг. Тхан да а, со а, ден вешин ши кIант Iеламха а, Iизраил а, Солтамурдан доттагI Ушурма а. Дахара тхо, карахь герз а доцуш, тхайна тешнабехк, йамартло йийр йу аьлла дагахь а доцуш. Iедал IаддаIийчахьана, иза дIалистаделла даьлла гIуллакх хеташ. Попан баролал чоьхьа, салташна йуккъехь майравелира Чорний. Когаш, куьйгаш дехкийтина, суна тIара туьйхира… Цигара дIа Соьлжа-ГIала а дигна, суьдехь хенаш а тоьхна, Сибрех хьовсийра. ХIунда? Оха йалийна йоI махкатIхойн йуьртдена шен кIантана йезарна. Иза тхан йуьртден хьаша волу дела. Уьш берриг а Iедалан хьаькамаш, бартахой, сан а, со санначеран а мостагIий болу дела. Тхо кIелхьардоху шаьш бохуш, тхо да мел долу хIума а доьхкина, аблакатана делла ткъа туьма а, хи чу тесча санна, дайра. Баьржина дIабахара, тIера боьрша нах дIабевлла, тхан миска бахам а. Полконака шена дина эхь а, тIебеана бала а ца лабелла, аравелира къена ден да. Сибрехахула хьийзийна, йуха а Соьлжа-ГIала набахти далийра тхо. Дов йуха хатта. Aмма Чорний йуха а тIетаьIира тхан гIуллакхна. Цунна хаьара, оцу чуьра со араваьлча, шена хиндерг. Хьалхалерра хенаш тIехь йисира тхуна. Iизраил набахтехь кхелхира. Со ведира. Сибрех кхеравелла а ца ведира. Iожаллех озавелла а ца ведира. Суна ца дицлора Чорнис сайна тоьхна тIара. Суна ца йицлора Добровольскийс, сайн ден ден сира маж а лаьцна, йина йаппарш. Ца вицлора тхоьгара дIайаьккхина йоI шен кIантана йигна махкатIхойн йуьртда. Цундела ведира со. Ца йицлора Ведана гIап а – и кхахьпанийн, хьакхарчийн тунгаре. Цундела ведира со. Царах нийсонан бекхам эца. Халкъан мостагIех бекхам эца. Сайн дегIа чуьра са дIадаллалц царах лета, уьш къинхетамза хIаллакбан.

– Амма Iедало шен зорбанехь ца боху хьо хьалкъан маршонехьа Iедална дуьхьал къуьйсуш ву. Хьо оьрсашна дуьхьал, оьрсийн Iедална дуьхьал ву, хьо талорхо, адамашдайархо, стешха стаг ву бохуш, кхайкхаво. Хьо цавевзарш теша оцу аьшпех, къаьсттана кхечу къаьмнех адамаш.

Зеламхин бIаьргаш цIеххьана кхоьлира. Куьйга корта а лаьцна, шен гIайгIане ши баьрг цIерга а боьгIна, вехха Iийра иза, ойла йеш. Левси санна, ийалора цуьнан шуьйра накха.

– Хаьа суна. Амма уьш цхьа а бакъ дац, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Со а ца лела хазахеташ. Цхьа минот йац синтем болуш. Наггахь нехан хIусаме нисвелча бен, бовха кхача ца буу ас, кIедачу, бовхачу метта охьа ца вуьжу. Йисина йерриг хан, акхачу экхано санна, хьаннашкахь, лаьмнашкахь токху ас. Йерзинчу стигала кIел, Iай а, бIаьста а – массо а хенахь. Со цхьаъ хилла ца Ia иштта лелаш. Делахь а со адамашдайархо вац. Ас дойурш йамарт жIаьлеш ду, вайнах бойуш, куьйгаш а, муцIарш а цIийх йуьзна лела Iедалан хьаькамаш, церан гIоьнчий. Ас цхьа а стаг ца вийна йамартлонца. Царах бекхам эцале ас цаьрга хьалххе дIакхайкхайо сайн кхел, ахь зулам дитахь, маьрша ву хьо, ца дитахь, ас вуьйр ву хьо олий. Ас къинхетамза бойу, эскарехь гIуллакхдеш а, Iедалан гIуллакхехь а шаьш боццушехь, со лаца, со вен, Iедало сан коьртах кхайкхийна ахча эца сан лар толлуш, леларш, моттбеттарш, йамартхой. Оьрсашца, керстанашца дац сан мостагIалла. Ас цхьа а машаре керста, оьрси ца вийна. Сан тIом паччахьан Iедалца, цуьнан хьаькамашца, церан хьадалчашца, вайна тIехь хIара къизалла латточаьрца бу. Хуьлда уьш бусалбанаш, керстанаш, мунепикъаш. Хуьлда уьш оьрсий, нохчий, гуьржий, суьйлий, хIирий. Хуьлда иза сан да, ваша, кIант! Цаьрца бу сан тIом. Талорашший? ХIаъа, ас талабо нехан цIий Iуьйдуш, хьарам даьхни гулдинарш. Ас паччахьан банкаш кхоьхьу. Ас, хьоладай йийсаре а буьгий, царна тIера ахча доккху. Амма сайн карадогIучух цхьа кепек а сайна пайдехьа ца хьовзадо ас. Мискачу нахана дIадоькъу. Цхьана нохчашна, бусалбанашна декъна ца Iаш, оьрсашна а, кхечарна а доькъу. Мискачарна, вай санна ца хьегахь а, вайга гIурттуш гIело хьоьгучарна. Ткъа Iедало сан коча тоьттучу дерриг а талорашна со бехке ма вац, Iела. Ас некъахой, машаре адамаш ма ца таладо. Халкъан цIий муьйлу хьолахой бен. Банкаш, кассаш талайо. Ша Зеламха ву, шаьш Зеламхин накъостий ду бохуш, оьрсий, нохчий, кхечу къаьмнех нах талош лелаш, цхьа зуламхой бу. Царах дукхахберш Iедало арабаьхна, цуьнан бертахь лелаш а бу. Халкъана хьалха сан сий дайа, халкъ сох тешамза даккха, халкъ суна дуьхьалдаккха. Ишттачарех сайна каравеанчунна луьра таIзар до ас. Цо талийначунна тIе а вуьгий, талийнарг долчу дена йуха а дерзадойтий, цунна хьалхха, йетташ, гIибавоккху. Амма оцу зуламхошна массарна а тIе куьг ца кхочу-кх сан.

– Цхьана aгIop, нийса ву хьо, Зеламха, – шен Iалашонна тIегIерта Iела. – Цхьаммо а хьуна бехкбуьллийла дац. Амма ахь банкаш йохош, хьолахой талош, доькъучу ахчанех адамийн бакъо, къелла меттахIуттур ма йац, Зеламха. Цуьнан ойла йиний ахь? Ахь цхьацца хьаькамаш байарх, паччахьан Iедал духур ма дац. Ахь байъинчеран метта кхин ма балабо, хьалхарчарел а къизанаш, боьханаш хоьржуш. ТIехула тIе, ахь цхьа хьаькам вийча, Iедало бехк боцу итт нохчо воь, бIе Сибрех хьажаво. Хьайна лаа а ца лууш, хаа а ца хууш, адамашна бохам бо ахь. Iедало эххар вуьйр ву хьо. Йа тIамехь, йа цхьаммо йамартло йина, тешнабехк бина. Хьан корта беаначунна берхIитта бIе туьма ахча а, кхо бIе десятина латта а кхайкхийна Iедало. И ахча пачхьалкхан хазнера а, йа хьолахойн кисанара а дац. Нохчийн къехошкара даьккхина ду. И латта а халкъан ду. ХIан, хьол тIаьхьа кхин а цхьа Зеламха гIоттуьйтур вай. Цунах а тIаьххьара изза хир ду. Оцу некъо толор дац вай.

Зеламха гIайгIане велавелира.

– Iела, ахь а иштта аьлча, нехан хIун бехк бу? Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа паччахьан эскарша хIаллакдина адам, йарташ, Сибрех хьийсийна доьзабайнарш – уьш берриг а сан бехкенна хилла хIаллак? Со дуьнена ваьлла шовзткъа шо бен дац. ХIун дан деза ткъа, цхьаболчу молланаша ма-хьеххара, паччахьаш а, Iедал а Делера ду бохуш, цара лелочу харцонашна, къизаллина садетташ ваха веза?

– ХIан-хIа, Зеламха, ас а ца боху иза. Ахь хьаькамаш байарх, паччахьан Iедал духур ма дац. Дезткъа шарахь хаддаза тIом барах, нохчашка ца дохаделла паччахьан Iедал. Вайн махка гIерта оьрсий а ца совцабелла. Россехь дехачу цхьана а халкъе ца дохаделла. Мосазза гIиттина уьш шаьш а, луларчу къаьмнашца цхьаьна а. Амма даим а шайн цIела керчийна уьш Iедало. Оццул доккхачу оьрсийн халкъе а ца дохаделла. Росси чохь деха дерриг а къаьмнаш – бусалба а, керста а – цхьаьна а кхетта, цхьабарт а хилла, гIевттича, тIаккха баккхалур бу толам. Ахь элира-кх, вайгарчу Iазапан, баланийн, бохамийн нана вайна тIера Iедал ду. Кхузахь хьаькамаш байарх, Iедал духур ма дац. И нана мел йу, цуьнан кIорнеш – хьоладай, инарлаш, эпсарш – кхуьур йу. Йайарх кхачалур йоцу и кIорнеш цкъа а дуьнен чу ца йовлийта, йийна, дIайаккха йеза оцу кIорнийн нана – паччахьан Iедал. Иза доха а дина, кхин вешан къехойн Iедал хIоттийча бен, маршо хир йац вайна…

Зеламхин бIаьргаш чуьра гIайгIайне мархаш, оьгIазлонан цIе тIепаза йайра. ХIинца царна чохь йовхо йогура. Сатийсамо, цхьана йукъана деллачу ирсо къагийнера цуьнан йуьхь.

– И ахь дуьйцург суна дуьххьара мичахь хезна, хаьий хьуна? Сибрехь волуш, цхьана оьрсичуьнгара. ТIаккха Шуьйта-гIопехь шина салтичо а дийцира изза. Цхьаъ лор вара. Махсум. Инзаре дика ши стаг вара и ши салти. Къайлах тIеоьхуш, сан шина накъостан чевнаш йерзийра Махсума. Оццул ас дехарш дарах, мах а ца баьккхира.

– ХIинца вуй и шиъ Шуьйтахь?

– Аликсе, лаьцна, Сибрех вахийтира. Махсум вайн махкара дIаваьккхира.

– ХIета, хьуна-м мелла а хууш хилла Россехь хIоьттина хьал. Хетарехь, Россехь керла дарц дала герга ду. Паччахьна а, цуьнан Iедална а дуьхьал герзаца гIовттур ду халкъаш. Церан могIарехь хила деза вай. Мацахлера вайга керстанашна дуьхьал гIазоте кхойкху зама йац хIара. ХIинца кхета доьлла бусалба а, керста а къаьмнаш. Цapна хиъна шайн мостагI мила ву а, доттагI мила ву а. Оьрсашна, гуьржашна, кхечу керста къаьмнашна дуьхьал ойур дац вай вешан герз. Ткъа цаьрца цхьаьна, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна, цуьнан Iедална – дуьхьал ойур ду. Церан а, вешан а маршонан дуьхьа. Оцу муьрехь шен халкъана нийса некъ гайта даккхий хьекъалш долуш, майра, оьзда, доьналле къонахий хила беза, Зеламха. Шен халкъан кхолламан бала болуш, цунах дог лозуш, халкъ а тешаш, халкъо сий а деш болу нах. Хьан сий ду, Нохчийчохь-м хьовха, ДегIастанахь, Гуьржийчохь, ХIирийчохь. Хьо а, хьо санна болу къонахий а кестта оьшур бу вайн халкъана.

Меданас доггаха хьалха биллина кхача а биъна, шаьш паргIатдевлча, хьеше гIуллакх-болх хаьттира Iелас.

– Делахьа, Iела, хьо ган лаар бен, кхин гIуллакх долуш а ца веана со-м. Наха хьо вуьйцу хезча, ган сатесира ас. Дуьне девзина, халонаш лайна, баланаш Iийшина, замано хьекъал делла стаг ву, олу хьуна наха. Хьоьгара хьехар а оьшура суна. Хьо ган а лаьара. Мел дийцича а, Шемалан бIаьхойх нах кIезиг бисина хIинца. Ахь бехк ма билла, Iела, кхечу гIайгIа-баланашна хIокху тIаьхьарчу хенахь доьзалан бала а тIекхетта суна. Доьзалан ойла йечуьра-м цкъа а ца ваьллера со хIокху цхьайтта шарахь. Иза хIокху махкахь болуш а. Хьуна хезна хила мега, стохка Сибрех бахийтина иза.

– Хезна суна. Боккха буй хьан доьзал?

– Сан хIусамнана а, пхи бер а ду. Вешех Солтамурдах йисина Зезаг а, цуьнан кIант а. Ши зуда а, йалх бер а. Ойла йехьа, Iела, генахь, пана махкахь, боьршачу нахана а халчу Сибрехь – йалх бераца ши зуда. Оьрсийн мотт а, йоза-дешар а ца хууш.

– Кехат догIий цаьргара?

– Шозза деана. Ах шо ду ца догIу.

– Мичахь бу уьш?

– Минусинск олучу меттехь. Муха мохк бу-те иза? Хьо хиллий цигахь? ЦхьакIеззигчу хенахь Сибрехь хилла со. Амма и Минусинск йуьйцу ца хезна суна.

– Со а ца хилла Минусинскехь. Цунна малхбалехьа, Нерчинскехь, йаьккхина ас сайн дукхахйолу хан. Оцу шинна йуккъехь, герггарчу хьесапехь, кхузара дIа, Хонкара санна, некъ хир бу. ТIаьххьара деаначу кехато хIyн бохура?

– Йоккхахчу йоIа йаздинера иза. Шаьш могаш а ду, цигара оьрсий чIогIа дика а бу шайца бохуш. Сох лаьцна газеташа йаздинарг доьшу, бохура, цигарчу оьрсаша. Цара шайн цIа хьошалгIа а кхойкхуш, сох лаьцна хабарш дуьйцуьйту, боху. Цхьана меташкано шайна оьрсийн йоза-дешар Iамийна, боху. Массарна а гIеххьачул оьрсийн мотт а Iемина шайна, боху.

– ХIаъа, вайна чIогIа оьшу оьрсийн мотт а, йоза-дешар хаар а. Иза ца хуу стаг хьайбанах тарло, вайн махкара араваьлча. Ткъа Iедало вайн бераш Iамо ишколаш ца йоьллу йарташкахь. Дуьненан Iилманна тIе ца кхочуьйту нохчий. Бодане стаг Iехо атта ма ду. Зуламе гIуллакх серлонгахь ца дало. Амма кIез-кIезиг вайна йукъара а буьйлу дуьненан Iилма Iамийна нах. Бакъду, уьш цхьаберш Iедало ша Iамабо. Ишттанаш, Iедалехьа а бовлий, вайн халкъана коьшкала ховшу. Даим хир дац иштта. МостагIийн карахь делахь а, Iилманах пайда хилаза дуьсур дац халкъ. Вайн халкъана дуьненан Iилма оьшу. Iедале, хьолахошка ша ца Iехадайта. Цара шена тоьхначу буржалех маршадала. Вайна бусалба динан Iилма а оьшу, садоIу хIаваъ санна. И Iилма кIорггера цахаар бахьана долуш, шариIатана йуьстахдуьйлу вай. Дала хьанал динарг а, хьарам динарг а къасто ца хаьа. И ши Iилма халкъана хаахьара, хIapa таханлера зуламаш а, бохамаш а хир бацара вайн махкахь.

Дуьйцурш ца кхачош, пхьуьйра-ламаз тIехтилийтира цаьршимма. Буьйса йуккъе йахча, ламазана хIоьттира.

– Йа АллахI, хIай веза, сийлахь, къинхетаме Дела, – доьхура Зеламхас шен доIанехь. – Нагахь Хьо резавоцург ас дагалацахь, оцу тIера сан ойла йохаелахь, сан куьйгаш, когаш йухаозалахь. Нагахь ас бакъонца дерг, Хьо реза верг дагалацахь, иза кхочушдан суна ницкъ лолахь, сан дог, куьг чIагIделахь, бIаьрг серлабаккхалахь. Йа АллахI, хIай ницкъ болу, комаьрша Дела, йамартлонах, тешнабехках, йуьхьIаьржонах ларвелахь со, сан Iожалла ийманехь йелахь. Харцонашца къуьйсуш, лаамца а, лаамаза а ас леточу къиношна суна гечделахь. Йа Аллах, хIай къинхетаме Дела, ас дIакхоьхьучу хIокху декъазчу новкъа волучух, хIокху харцдуьненахь токхучу а, ловчу а Iазапах, халонех, баланех ларвелахь бусалба а, керста а. Со бахьана долуш махкахдаьхна адамаш могаш-маьрша цIа дерзаделахь, адамашна хилла зенаш беркате меттахIиттаделахь. Беллачарна гечделахь, уьш декъалбелахь, йа АллахI, хIaй тхан сийлахь, воккха, комаьрша, къинхетаме Дела…

Мисканна дика хаьара мацца а цкъа, цхьана дийнахь йа буса, цхьаьннан йамартчу матто шена тешнабехк бийр буйла. Амма ца хаьара, и йамартхо ша тешаш волу стаг хир вуйла. Мискачу нахера Iедало дIадаьккхина берхIитта бIе туьмий, кхо бIе десятина латтий схьа а эцна, цомгаш, кIелвисина Iуьллучу шена тIе Iедалан йолахой балор буйла а, хIинцa санна, доIина куьйгаш лаьцна, Далла дуьхьалхIоьттина Iаччохь, йамартлонца шена тIехьашхула, букъах топ тухур йуйла а…

Эрна дара оцу мисканан доIанаш…

ХIокху минотехь Зеламхина ца хаьара генарчу Минусинскехь шен жима Ахьмад а, Солтамурдан Лом-Iела а велла, Беци а, Зезаг а, диъ бер мара а къуьйлуш, бIарзйелла хьийзаш хилар…

3

БуритIахь набахтехь бархI баттахь латтийча, цхьана дийнахь Iуьйранна шайн кIезигчу сал-палца станце а бигна, корашна аьчган чIораш лаьцначу шатайпачу вагон тIе хьалабехира БецигIар.

Вагонах масех купе йара, неIаршна догIанаш а тухуш. Сени чохь, сих-сиха хийцалуш, хадеш салтий хуьлура. Вагонах цхьана йистерчу купе чохь гаттехь тIекIел дIатарбина Беци, Зезаг, йалх бер, неIарна догIа а ца тухуш, маьрша битинера. Кхечу купеш чуьра тутмакхаш гора царна, салташа уьш нишка буьгуш.

Цхьана баттахь некъ бира цIерпошто. Йуьхьанца – къилбаседа-малхбалехьа, тIаккха – хаддаза малхбалехьа. Корехула арахьаьжча, гора бес-бесара Iалам. Йист ца гуш йаьсса, шера аренаш, раьгIнаш, хьаннаш, даккхий а, кегий а хиш. Даим дIа лерехь дара керчачу чкъургийн цхьанаэшшара татанаш, паровозо, йиш хаьлча санна, доьIу са а, станце кхочуш, хьоькху цIогIа а. Цхьацца станцешкахь паровоз чу хи дуттуш, даго дечиг тIедоккхуш, соций, йехха лаьттара цIерпошт. ТIаккха, меттахйолий, Iаьржа кIур туьйсуш, малхбалехьа дIаоьхура.

Йуьхьанца цIерпоштан некъаца йолу меттигаш, йарташ, хиш, хьаннаш гуш самукъадолуш, кор къуьйсуш, арахьуьйсура бераш. Масех де даьлча, иза кIордийна, цхьацца ловзарш вовшахдетташ, туьйранаш дуьйцуш, хан йойура цара. ХIора дийнахь дийца керла туьйранаш а ца хуьлура, цхьатайпа ловзарш а кIордийра. ХIинца уьш дукхахьолахь набарш йеш Iохкура. Мелла а самукъадолура церан салтичо купе чу кхача беача. ГIаддайна кхача бара иза а. Iаьржа бепиг а, чохь копаста йа берцан Iов кхехкийна сирла чорпа, йа коча худар. Оцу кхачанах боьллера уьш набахтехь. Цабевллачу денна буура. Мацалла кIел ца диса.

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают