Читать книгу: «Дарц», страница 30

Шрифт:

Соипа, шинне куьйга корта а лаьцна, цIенкъа а вогIавелла, жоп ца луш цхьа хан йалийтира.

– Суна ха деш, дукха салтий буйла а хууш, цаьргахь герз дуйла а хууш, шаьшшиъ верна кхерам боллушехь, со кIелхьарваккха царна дуьхьал ма ваьллера и шиъ, нана. ХIетахь царна, со мила ву а, ма ца хаьара, вуьйцу а ма ца хезнера. ХIетте а, и шиъ со бахьана долуш гуш лаьттачу Iожаллина тIевахара. Ткъа цара суна дина вошалла хьуна хаьа. Аюбан, Абубакаран чIир ца йоькхуш велча, эхартахь цаьршинна дуьхьал со муха хIотта веза?

Дешис дийцарх, дехарх, йелхарх, шен сацамна тIера йуха ца велира Соип. ГIаддайна, шена гIоьнна Овхьад кхайкхира Дешис. Дешис динна къамел дира цуьнга Овхьада а. Амма Соип шен сацамна тIера йуха ца волура.

– Дика ду, Соип, – тIаьххьара дерзийра Овхьада шен къамел. – Охашиммо дийцинчух ца кхета хьо йа кхета ца лаьа. Амма ас кхин цхьаъ олу хьоьга. Зеламха нохчийн халкъан майра, оьзда, тешаме, доьналле кIант а, къонах а ву. И хьан санна сонта ойла йолуш oбapг ваьлла иза. Шен вешин йезар йигначарех бекхам оьцуш, царах стаг вийна мостагIалла тIедоьжна цунна. ТIаккха вукхара церан стаг а вийна. ТIаккха Iедал церан девнна йукъагIоьртина. ЗеламхагIар лецна. ТIаккха набахтера вада а ведда, шайн мостагIех а, халкъ Iазапехь латточу Iедалх а бекхам эца араваьлла. Цул тIаьхьа дено-дено мостагIий алсамбуьйлура цуьнан, Зеламхин шен а, цуьнан накъостийн а. Цхьана агIор – чIирхой, вукху агIор – Iедал. Хьалха цуьнца хиллачу тешамечу, майрачу, доьналлечу накъостех масех стаг бен дийна ца висина. ЧIирхоша а, Iедало а байъина. Иза а вуьйр ву. Цхьана итт, бIe эзар стаге дохалур ма дац xIaрa Iедал. Шайн коьртехь хьекъале нах а болуш, маситта эзар гIеттича а, боха ца белла. Тоьпаш йетташ, ирхъухкуш, Сибрех хьийсош а, хIаллакбина. Iедалан карахь ницкъ бу. Законаш, эскарш, полици, жандармери, суд, чиновникаш. Набахтеш, каторгаш, лагерш. Хьолахой, лакхара динадай а Iедалехьа бу. Цундела эрна ма бу Iедална дуьхьал обаргийн къийсам. Эрна хилла а ца Iаш, вайн халкъана зуламе бу. Обаргаша некъахой, хьолахой, гIалагIазкхий талабо, ткъа цара талийнарг мискачу халкъе меттахIоттадойту Iедало. Уьттазза, бIозза алсам. Обаргаша хьаькамаш бойу, ткъа Iедало бехк-гуьнахь доцу миска адамаш Сибрех хьийсадо. Хьо дIакхетар ву Зеламхех. Iедало вийначу хьайн шина доттагIчун чIир йекха. Ткъа Iедало кхана-лама, бутт баьлча, шо даьлча, мацца а цкъа хьо а, Зеламха а вуьйр ву. Хьо вийча пайда, гIo хир дуй ткъа Аюбан, Абубакаран, хьан доьзалшна, нохчийн халкъана?

Мел дийцарх а, Овхьаде берта ца валавелира Соип. Ши бутт хьалха цIера аравелира иза. Дешин бертаза. ДIавоьдуш, герз дацара цуьнгахь. Цхьа кIира даьлча, буьйса йаккха цIа веача, пхоьазза йолу топ а, ворхIазза йолу тапча а, бомба а йара. Дукха хан йалале Къоьзан-Iома уллохь а, Чермойн ломахь а тIом хилла аьлла хезча, Соипах хилларг ца хууш, дуьне гатделла, бIарзйелла хьийзира Деши. Цхьадика, цигахь дийна висинера Соип. Мичахь ву а, цунах хилларг хIун ду а, ца хаьа.

Дешина ша ирсе хетта масех шо чекхдаьллера. ХIинца Аминат а, ши кIaнт а гича, дог Iаьвжара цуьнан…

3

Къоьзан-Iома уллохь байъинчу дошлойн, салтийн, некъан белхалойн доьзалшна гIоьнна Iедало нохчийн йарташкара итт эзар туьма ахча даьккхича, огIазвахана, дог карзахделира Зеламхин. Цо динчунна бехке халкъ ма дац. ХIунда хьийзадо Iедало бехк-гуьнахь доцу миска халкъ? Кертахь оьшучунна кхоош, шерашкахь кепекаш тIекIелйохкуш, наха хьацарца гулдина ахча цаьргара дIадаьккхина! Ахча доцчун кертара кегийчу берашна шурин тIадам боккхуш хилла тIаьххьара бежана, газа-уьстагI дIадигна. Уьш а доцчеран хIусамашкара миска сал-пал дIайаьхьна. И сал-пал аукционе йаьккхича, цхьаммо оьцур йоций хуъушехь. ХIуьттаренна. Иза хууш, цхьаболчу нехан сал-пал, кертахь тIекIел йуттуш, йагийна. ХIуьттаренна. Зударий, бераш делхош. ХIуьттаренна. Дуккха а йарташкахь цхьаболчу нехан цIенош дагийна. ЦIерш туьйсуш а, чу бомбанаш кхуьйсуш а. Обаргашна гIo динчу нехан. Обаргашна кхача беллачу нехан. Зударий, бераш делхош. Борз санна, тIедогIучу шийлачу Iай чубаха хIусам, кIелхIитта тхов боцуш, уьш йерзинчу стигала кIел буьтуш.

ХIан-хIа, Зеламхас бекхамза йуьтур йац Iедалан и акха къизалла. Цо къинхетамза бойур бу и къизалла лелийна хьаькамаш, салтий, гIалагIазкхий, дегIастанхойн дошлой. Моргания, Кибиров, Донагулов. ТIаьхьарниг вуьйр вац. Цуьнан вешина тIехь диннарг дийр ду. Иза дина а Iийр вац. Схьа а лаьцна, вoIуp ву. Уггар хьалха ден дезарг и Кибиров боху хIирийн зуд ду. Цхьана йоццачу хенахь Ведана-округан начальник лаьттина иза. Цига кхин хIоттаваллалц. ХIинца кхин ву начальник. Подполковник Каралов. Муьлхачу къомах схьадаьлла ца хууш, цхьа къутIа. Мекара ду хIара Iедал. Хьалха оьрсийн эпсарш хилла, боху, кхузахь нохчашна и тайпа таIзарш деш. ТIаккха къизалла лело царна кIордийнера, хаац, йа шайгахь товш ца хеттера, хаац. Йа шайн куьйгаш бехдан ца лиънера, хаац, и эхье болх кхечу къаьмнех нахе белла оьрсаша. ДегIастанхошка, хIирашка, гуьржашка, абхазашка, эрмалошка. Нохчашна, гIалгIашна йукъахь а карийна и тайпа чаьлтачаш. Бакъду, хIокхара къайлах бо и болх. Iедална тIе къайлах мотт кхоьхьуш. Ахчанах. Уггар эхье болх бу цара бийриг. Шайн къоман вежарий, бусалба вежарий къайлах бухкучул, герз карахь, даррехь летар гIоле ма йу. Стешха чагIалкхаш!

Зеламхас дукха ойла йина, Iедалх бекхам муха оьцур бара-те бохуш. Иза дан хала ду тахана. Массо а йарташкахь эскарш ду лаьтташ. Уьш а нохчашка шайга кхобуьйту. Шайн хIусамашкахь. Салташна кхача а, мотт-гIайба а латтош. Церан говрашна докъар, хIоъ латтош.

Шен а, халкъан а коьрта мостагIий кхузахь байарх а сатуьйр дац цуьнан. Iедало нахера даьккхина ахча, нахана дина зен меттахIотто деза цо. Iедалера ахча а даьккхина. Оццул ахча кхузарчу банкашкахь хир дац. Зеламха уьш тало воьлчахьана, дукха ахча ца дуьту банкашкахь. Россин къилбехьарчу шахьаршкахь Iалашдо. Москох, Петарбухе дIадаьхьнарш а бу. Йаккхий йоцчу харжашна банкашкахь дитинарг а, лардеш, чохь Iалашдо. Церан неIарш а, догIанаш а борзан ду. Ха а алсамдаьккхина.

Дуккха а ойла йинчул тIаьхьа Зеламхас сацам бира кIирандийнахь Соьлжа-ГIалара йармарка тало. Цига мах бан богIу гондIарчу шахьаршкара совдегарш а. ХIирийчуьра, ДегIастанара, ГIебартара, Ставрополера. Кхин генара а. Шайн товар дохка а, кхузара шайна оьшург эца а. Масех совдегар талийча а, атта гуллур ду цуьнга итт эзар туьма. Иза кIезиг хир ду. Иза нахера даьккхина ахча ду. Цул совнаха, нехан цIенош дохийна, даьхни дигна, сал-пал йаьхьна. И дерриг меттахIотто итт эзар туьма кIезиг хир ду. Лаххара а ткъа эзар туьма дезар ду.

ГIалара цхьа банк тало йеза. Уьш йиъ йу цигахь. Царах дукха ахча хуьлуш шиъ йу, боху. И шиъ мичахь йу, хаьа Зеламхина. Цхьаъ – Александран урамехь, хьолахой сакъера гуллучу гIалин бешана дуьхьал. ШолгIаниг, мацах Зеламха шен мостагI Вербицкий вен Iалашо йолуш ваханчу «Франция» отелана бухахь йу. Хьалхарниг, Азовско-Донски коммерчески банк, тало аьтто болчахь йу. Беша уллохь.

Йамарка а, банк а цхьана дийнахь талийча, Iедало орца цхьана агIор дерзийча, вукхарна шайн гIуллакх дина дIабаха аьтто хила тарлора. Амма цхьана дийнахь шина тобане бекъна гIали чу бига накъостий бац Зеламхин. Цундела йармарка хьалхайаккха сацам хилира цуьнан. Иза кхиаме чекхдаларан тешам болуш гIуллакх ду. Банкаца дерг тIаьхьа дийр ду цо.

Амма хала хир ду и Iалашо кхочушйан. Хьалха-м масех йа маситта стаг цхьаьна а кхетий, боьлхура уьш ишттачу гIуллакхе. ХIинца хала хир ду. Массо йуьртахь, некъашкахь салтий, гIалагIазкхий лаьтта. Жимма а шаьш шек болу стаг, сацавой, дегIах хьуьйсу. Лоций, вуьгу.

Цул совнаха, хьалхалера накъостий а бац Зеламхин. Ши шо гepггa хьалха цуьнца ГIизлара баханчарех а бац. Саламбек, Аюб, Абубакар, Жабраил. Кхин дуккха а. ГIизлара рейд йеш, шина отрядан коьртехь вара Саламбек а, Аюб а. Зеламха, шех санна, тешара цаьршиннах. ХIинца вац и шиъ. Кхин дуккха а.

Ярмаркера совдегарш тало ткъа стаг къастийра Зеламхас. Царах ши тоба йира. Церан коьрте уггар майра, доьналле виъ стаг а хIоттийра. Ткъа стаг цхьаьна-м хьовха, пхиппа цхьаьна гIали чу ваха а кхераме дара. Говрашкахь бахар а дихкира. ГIуллакх чекхдаьлча, говраш ярмаркехь шортта хир йу. ГIали чу хьалхарчу суьйранна даха дезар ду. Шайн хьешашкахь цхьацца-шишшаммо цхьаьна буьйса а йаьккхина, шолгIачу дийнахь базар тойеллачу хенахь билгалйинчу меттиге дIагулдала. Ярмарке ворданашкахь догIур ду, герз вордан чохь гIодмашна йа алана кIел дIа а лачкъийна. ГIуллакх эха сохьтехь чекхдоккхур ду. ТIаккха ярмарке баьхкинчу нехан говрашкахь чехкка цигара дIадовла деза. Шайн говрашна тIекхаьчча, ярмаркера лецна говраш дIахеца.

Цхьаьнакхета меттиг – Дубин-Эвлан йистехь.

Дерриг а дийцина, лерина, терзанца санна, оьзна дара. Шена накъостий къастош, Соипан цIе ца йаьккхинера Зеламхас. Цунах вас хилла, Зеламхина тIевеара иза:

– Зеламха, Соьлжа-ГIала буьгучарна йукъахь сан цIе ма ца йаьккхира ахь?

– Хьо ца вуьгу ас сайца.

– ХIунда?

– Ца вуьгу.

– Сох ца теша хьо?

– И дага хIунда деана хьуна? Хьенан ву а, мила ву а ца хуучу хенахь салташкара ас схьа ца ваьккхина хьо?

Соипан йуьхь цIийелира.

– Хьан ненан хьо цхьаъ бен вац. Хьан ши бер ду. Тхо кхерамна тIедоьлху. Цхьа а дийна вуьсий а, хаац.

– Чермойн ломахь бацара кхерам?

– ХIинца санна бацара. ХIетахь вайна мостагI гуш вара. Вай тIаме даханера. Кханалерниг шатайпа ду.

– Со дIакъаьстар вац хьох, Зеламха. Чермойн ломахь тIaьxxьapa ваша а вийна, цхьа висина хьо. Иза пхийтта шо жима вара сол. Цуьнан метта хьан ваша ву со.

Зеламхас мел дуьхьало йарх, ша бохучунна тIера ца велира Соип. Цунна хIун дийр ду а ца хиъна, иза ларвар тIе а диллина, Бетарсолтех дIатуьйхира Зеламхас.

Оцу буса цкъа ШерипагIеран Деналбек волчу вахара Зеламха. Цуьнан жима доттагI Асланбек цигахь вацара. Полтавехь кадетийн корпусехь доьшуш вара иза.

– Кехат догIий сан доттагIчуьнгара?

– Сих-сиха.

– Муха ду цуьнан гIуллакхаш?

– Дика доьшуш ву ша бохуш, йаздо. Оьрсийниг боцург, кхин масех мотт Iамош ву. Шен xIopa кехат тIехь хьо а хотту.

– Дала дукха вахавойла иза. Къонах хир ву цунах. Дуьххьара бIаьрг кхетча, хиира суна, цунах къонах хир вуйла. Болатан бос, Iаьржа, хьекъале бIаьргаш. Айхьа цуьнга кехат мосазза йаздо, соьгара маршалла диллалахь.

Сибрех болу Зеламхин доьзал цIаберзоран гIайгIа беш бара вежарий ШериповгIар. Шаьш дIасабевлла ца лелара, Петарбухехь а, Москох а лоруш волчу адвокатехула МутушагIеран Ахьматханехула гIайгIа бора цара.

– Пачхьалкхан Думехь лоруш волчу масех депутатаца къамел хилла Ахьматханан. Суьдашна, прокурорашна тIехь тергам латточу юстицин министро дош делла цунна хьан доьзална тоьхна хан лахйан. Йа вуьшта аьлча, цунна тоьхна пхи шо хан шина шаре йало. И ши шо хан кхочуш йоллу. Дала мукъалахь, кестта цIабоьрзур бу хьан доьзал.

Деналбек волчохь дукха ца хьелуш, йуьстахчу, боданечу урамашкахула гIалех ара а ваьлла, Соьлже вахара иза. Цигахь бехаш бара Зеламхин уггаре а тешаме хьеший, вежарий – IодагIеран Юнус а, Юсуп а. Тховса буьйса йаккха цара дIасабекънера кхузахь Зеламхин накъостий. Зеламхас дагалаьцнарг дерриг хаьара шина вешина. Дагара ца хаийтахь а, муха доьрзур ца хууш, сагатлуш, буьйса йуккъе йаххалц цхьацца дуьйцуш, хан йайъина, охьавижира и шиъ.

Зеламха дикка Iийра наб ца кхеташ. Деналбека дийцинчух боккха кхаъ хиллера цунна. Ша марша вер ву бохучух-м дог диллинера цо. Iожалла а йара, xIopa дийнахь гo горгбеш, тIегIерташ. Беци, Зезаг берашца цхьаьна цIа бирзича, ша велча а, шек ца волура иза. Набаро бIаьрнегIарш даздина тIетеIош, бераш дуьхьалтуьйсура. ТIаккха, халла хаалуш балдаш делакъажийна, наб кхийтира цунна.

4

Зеламхас йоккхачу къайлехь кечйинера хIapa рейд. Цуьнан накъосташна а, кхин масех стагана а хаьара иза йармарка тало кечлуш хилар. Мухха делахь а, царах цхьаммо ша тешачуьнга дийцинера цунах лаьцна. Кица ду-кх, хьох-м тешара ша, хьо тешачух ца теша-кх бохуш. Цхьаьнга къайлах дийцинарг, къайлах кхечуьнга дуьйцуш, иза атагIойн ЮшаIан лере кхаьчнера. Цо, сихха дадийна, Морганияна тIедаьхьира и хабар. Амма хьалха Аюб итт туьманах воьхкинехь, шена шовзткъе итт туьма кара схьа ца делча, Зеламха ца воьхкира цо.

И мах бира цаьршимма 1911-чу шеран октябран 15-чу буса. Шеца Дагестански гIашлойн полкан кхо рота а, гIалагIазкхийн ши сотни а, суьйлийн йалхитта дошло а волуш, вахана, Соьлжина го лецира полковнико. Гунаш тIе пулеметаш хIиттийра, йуьртара арадовлу дерриг а некъаш дIакъевлира. ТIаккха ЮшаI хьалха а волуш, IодагIеран цIеношна тIейахара поручикан Епифановн рота. Поручикана IодагIеран цIа а гайтина, ЮшаI къайлавелира. Морганияс йерриг куп дIалацийтира салташка а, гIалагIазкхашка а.

Салташна летачу жIаьлийн гIoвгIaнo самайаьккхира йерриг йурт. ХIун дара а хаац, йуьрта салтий баьхкича, карзахдовлура жIаьлеш. Уьш лаа ца летий хиъна, вуьшта а набарна сема Зеламха а, иза ларвеш хIетта наб озийна хIусамда Юнус а цхьатерра хьалаиккхира Iуьллучуьра. Миччахьа а буьйсанна охьавуьжуш, шен герз катоьхча, схьаэца аьтто болуш охьадуьллура Зеламхас. Бедарш тIе а йуьйхина, патармийн гIап а, шаьлта а йукъах а йихкина, маузер коча а тесна, доьхкарх ши бомба дIа а тесна, топ схьа а эцна, аравала кечвелира Зеламха. ХIусамда цуьнца дIагIоьртира.

– Хьо чохь саца, – дуьхьал куьг тесира цунна Зеламхас. – Соьца дIавагIахь, вуьйр ву хьо! ЦIахь сецча, лацар бен, хIyммa а дийр дац.

Зеламха, ара а иккхина, топ йуьйлина беша а ваьлла, дIахьаьдира.

Оцу деношкахь хаддаза догIа доьлхуш, латта тIунделла, хатт летара когех. Ткъех гIулч гена а валале салташна тIеIоттавелира иза. ТIедачу лаьтта охьабийша ца лууш, тоьпаш хьалха а хьажийна, голаш тIе лахбелла Iapa уьш.

Зеламхех лаьцна дуккха а легендаш йара, Россехь-м хьовха, генна дозанал арахьа а лелаш. Цуьнан майралла а, доьналла а цхьанна къайле а йацара. Цунна тоьхча, топ а, тур-шаьлта а ца лета. Мел чIогIачу, боккхачу гонна йукъахьовзийча а, жин санна, цхьанна а ца гуш, салташна йукъахула чекхволий, дIавоьду. Хьажарца цо адамийн эс, бIаьрса дIаоьцу, лелачуьра цIий сацадо, меженаш лахайо. Иза, олхазаран суьрта а воьрзий, тIома волу, шена луъучу экхан суьрте воьрзий, хьаннашкахула кхерста йа цIерачу хьайбанийн суьрта воьрзий, йарташкахула лела бохуш.

Оцу легендах чIогIа тешара бодане салтий. Топ карахь, борз санна, Зеламха цIеххьана шайна хьалха хIоьттича, кхерабелла, тIехьа хьовса а ца баьхьаш, вовшашца хьалхабовла къуьйсуш, дIабевдира уьш. Зеламхина хаьара, кхечу агIор дIагIоьртича, цигахь кIелонехь кхин салтий хир буйла. Цара хIун дер а, ца хаьа, хIокху кхерабеллачу салташца цхьаьна кху меттигана генаваьлча., тоьла шена аьлла, царна йукъа а ийна, хьалха дIаведира иза. Кхерабелла салтий совцо гIерташ, царна дуьхьал а ваьлла, мохь хьоькхура поручика Епифановс. Цуьнан белшаш тIерачу погонах хиира Зеламхина иза эпсар а, оцу салтийн командир а хилар. Шен болар ца лагIдеш, дага тIе а лаьцна, топ тоьхна иза а, кхин цхьа салти а вожийра цо. Шайн эпсар вийча, цхьацца агIор дIаса а баьржина, Зеламхина некъ маьрша битира салташа.

Царах кIелхьарваьлла Зеламха, кхечу кIелонна тIенисвелира. Цигара схьа маьхьарий хьоькхуш, тоьпаш йетта боьлча, хиира цунна уьш суьйлийн дошлой хилар. Салташна-м цаваьллачу денна бен ца тухура цо. Уьш шайн лаамехь ца лелара цунна тIаьхьатоллуш. Уьш нуьцкъах балийнера кхуза, ткъа суьйлийн дошлой шайн лаамехь баьхкина. Зеламха ца Iевелира царна тIе ца тухуш. Церан маьхьарий хезча, йуккъе мосазза а топ туьйхира цо.

Салташкара-м, цара цкъа топ кхоьссина а, новкъарло ца хилира цунна. Амма суьйлаша тоьхначу тоьпийн дIаьндаргаша, цхьа а дегIах ца хьакхалуш, чоин тIемаш а, пхьуьйшаш а, цаца санна, динера цуьнан. Ша-м зен-зулам ца хуьлуш, кIелхьарваьллера иза. Накъостех хилларг цахааро сагатдора. Нагахь санна уьш буьйса йаккха севцца хIусамаш айкхо йийцинехь, берриг кIелхьарбевлла хир ма бац. Йа цхьана Зеламхина тIаьхьатоллуш лелла-те иза? Иштта делахь-м, накъосташна кхерам хилла хир бац.

Урамашкахула а ца воьдуш, нехан бошмашкахула, ларлуш вахана, Делан къинхетамца, кхин цхьана а кIелонна тIе ца нислуш, йуьртах аравелира Зеламха. Йуьртал арахьа, йуьстах лаьттачу цIенна тIе а вахана, хIусамдега говр йийхира цо.

Чехкара-гIопана уллохула, АтагIахула дIа, герга бара цара цхьаьнакхета йиллинчу мeттиге некъ. Чехкарахь салтийн гарнизон йара. Цундела АтагIана малхбале aгIopхьа дIа а вирзина, кхаш тIехула дIаволавелира Зеламха. ДогIанаша тIадийна латта кIадделлачу кхаш тIехула хала дара говрана. Урх дIа а хецна, говр паргIат йаха шен лаамехь а йитина, ойланашка велира иза. Шен ницкъ ма-кхоччу къайлах вовшахтоьхнера цо xIapa операци. ХIора накъост цхьацца схьалоцуш, цуьнан дерриг дахар теллича, массо тешаме каравора цунна. Вежарша Юнуса а, Юсупа а мотт ца баьхьна аьлла, Къуръан тIехь дуй баа ваьхьара вара иза. Амма муха хиъна полковникна хIокхо вовшахтоьхна гIуллакх, xIapa буьйса йаккха IодагIаьргахь сацар а? Накъостех цхьаммо шен вешига, доттагIчуьнга дийцина те? Ткъа цара шаьш тешачаьрга дийцина-те? Йа Зеламха Соьлже, IодагIеран керта вогIуш гина-те? Мел ойла йарх а, оцу хеттаршна жоьпаш ца карадора цунна.

Шаьш цхьаьнакхета билгалйинчу меттиге кхаьчча, цигахь берриг накъостий карийча, цхьана aгIор, сапаргIатделира цуьнан. Амма, вукху агIop, дагахьбаллам а бисира. Ша оццул лерина кечйина операци кхиамза йисина. Цо чIогIа чIагIо ма йинера Iедало талийнчу нахана хилла зен-зулам меттахIотто. ХIинца мичара доккхур ду цо оццул дукха ахча?..

5

Соьлжа-юьртах оьрсаша Старая Сунжа олу. Соьлжа-ГIалина пхи-йалх чаккхарма уллохь йолу иза нохчийн йаккхийчу йартех а йацара. Оцу йуьртахь бехаш ши эзар гергга бахархой бара. Инарла Ермоловс Грозный-гIап хIоттош, цигара дIайаьхначу йартех бисинчу бахархоша йиллина керла йурт йара иза.

14–15-чу октябран буса цигахь хиллачо дарвинчу Михеевс цкъа хьалха чIогIа барт туьйхира Морганияна. Зеламха ткъа обаргаца цигахь хилла оцу буса. Ткъа шен карахь боккхачу барамехь агентура йолчу Морганияна ца хиъна Зеламхица и разбойникаш хилар. Зеламхина тIаьхьа а ваьлла, важа ткъа разбойник кIелхьарвалийтина. Кхо рота салташна а, ши сотни гIалагIазкхашна а, йалхитта суьйлийн дошлошна а йуккъера а бевлла бахана. Цхьана разбойникан дегIа тIера атталла мерцхалг а ца долуш. Зеламхас ша цхьаммо вийна поручик Епифанов а, цхьа салти а.

И Соьлжа разбойникийн бен лоруш йу Ермоловн заманахь дуьйна. И санна, оьрсийн тIеман чIагIонашна уллохь, йаккхийчу тоьпийн биргIанашна кIел лаьттачу нохчийн йартех машаре йарташ олура цу заманахь. Машаре йара, оьрсийн эскаршна герзаца дуьхьало йан ницкъ бацарна. Царна уллохь, гIаьпнашкахь, эскарийн гарнизонаш, оцу йарташна тIе ниша а лаьцна, йаккхий тоьпаш лаьттара. ТIе, уьш йуккъе а къовлуш, гIалагIазкхийн станицаш йехкинера. Амма оцу йарташа ницкъ ма-кхоччу гIo дора колонизаторшна дуьхьал тIом бечу шайн халкъана. Кхузара бIаьхой боьлхура нохчийн эскаре, нохчийн дуккха а разведчикаш кхузарчу йарташкара хуьлура. Цаьргахула барт а бой, нохчашкахьа уьдура оьрсийн салтий. И дерриг хууш, оьрсийн командованис хьийзайора кхузара йарташ. Вукху aгIop, Шемала а хьийзайора уьш, оьрсашца машар хIунда бу шун, царна дуьхьал хIунда ца гIовтту шу бохуш. ТIеман иттаннаш шерашкахь, олуш ма-хиллара, шина цIарна йуккъехь лаьттира и йарташ.

Соьлжана луьра таIзар дар Морганияна тIедуьллуш, леррина омра даьккхира Михеевс. Цунах кхачам а ца хилла, ша веара иза Соьлже. Делкъан хенахь ша кхуза кхаьчча, йуьртан маьждиган майдана гулбелла бахархой карийра цунна. Къена а, къона а. Зударий а цхьаьна гулбинера. Полковнико хьалххе гIайгIа бинера оцу гIуллакхан. Делан таIзарна санна, шийла, цIемза де дара тахана. Берриг а ирахь лаьттара. ТIедоьлхучу догIанна кIел. Къена нах – хьалха. Къонанаш – тIехьа. Зударий цхьана aгIop, тIеттIа а таьIна.

Михеевна тIехIотта, бea бIогIамна тIе аннаш а тоьхна, чардакх кечдинера. Къена вацахь а, Морганияс пхьарс лаьцна хьалаваьккхира инарла. Цунна тIе четар лаьцна, ша улло дIахIоьттира. Чардакхна хьалха а, шина агIор а дIахIиттира инарлин адъютанташ, пурстопаш, гондIарчу йартийн йуьртдай а. Майданахь лаьтташ масех бIе божарий, зударий гича, резахилла, шен дуькъачу, хьaьpсачу мекхех хьажо пIелг хьаькхна, цIоцкъамаш айдина, адамашна тIехула бIаьрг кхарстийра инарлас. Вовшашка лохха къамелаш деш лаьтта божарий а, зударий а дIатийра.

– Шуьца къамел доцца хир ду сан. Дукха дийцарх а, хаза дийцарх а, кхета хьекъал дац шуьгахь. Дала эс, кхетам дIаэцна адамаш ду шу. Разбойникаш чубитинчу, паччахьан эскаршна герзаца дуьхьало йиначу, паччахьан эскаран эпсар, салти вийначу йа иза а, важа а дан разбойникашна гIо динчу нахана а, йуьртана а Iедало хIун таIзар дийр ду хаийта, гулдина шу. Кхузарчу йуьртдена а, шуна а дукха дика хаьа, Зеламха а, цуьнан ткъа разбойник а хьенан хIусамашкахь хилла. Зеламха хьенан хIусамехь хилла, тхуна хаьа. Важа ткъа разбойникаш буьйса йоккхуш хьаьнгахь хилла, ца хаьа. Аш а ца буьйцу уьш тIеэцна нах. Шун йуьртдас а ца буьйцу. Цундела шун йуьртда оцу даржера дIавоккху ас. Йуьртда шаьш харжа шуна йелла бакъо а дIайоккху ас. Тахана дуьйна дIа аш хоржур вац йуьртда, иза Iедало хIоттор ву. Разбойникаш тIеэцначу нехан цIерш хаьа суна, делахь а тхоьгахь цхьа а тоьшалла дац. Цундела законаш ца талхо а, зударех, берех къинхетам бина а, и нах таIзарза буьту ас. Амма Зеламха тIеэцначу вежарийн IодаевгIеран цIенойх а, кхечу гIишлойх а чим бийр бу. Ткъа вежарий IодаевгIар Сибрех каторге бохуьйтур бу. Мел ханна – иза суьдо къастор ду.

Соьлжахошна хаьара, оцу буса Зеламхин ткъа накъост хьенан хIусамашкахь хилла. Морганияс мел кхерамаш тийсарх а, цара дIа ца бийцира шайн йуьртахой. Шайн йурт сийначу цIарах йагийча а, шаьш дерриг а доьзалшца цхьаьна сийначу Сибрех дахийтича а, буьйцур бацара. Кхера-м, дера, кхоьрура. Зударех а, берех а къа а хетара, царах дегнаш а Iийжара. Амма Зеламхин накъостий тIеэцна итт доьзал Iедале дIа а бийцина, церан цIенош а дагадайтина, уьш Сибрех а бахийтина, йуьртана эхь дечул, мел къиза а, луьра а таIзар тIеэца кийча бара уьш. Ткъа Зеламха тIеэцна IодагIар йуьртахоша ца бийцинера. И мотт арахьарчу стага баьхьнера Iедална тIе. Соьлжахошна карор ву иза. Мацца карийна а. ТIаккха цуьнан хьакъ дIа а лур ду цара.

Далла дуьхьал а ма хетийла иза, вежаршна IодаевгIарна таIзар а дина, кхиберш таIзарза бита инарлин сацам хезча, сапаргIат делира соьлжахойн. Цара Зеламха тIеэцар Iедална хууш ма ду. Муха ца хаьа, салташна а гуш, церан xIycaмepa apa а ваьлла, иза вахана хилча. Цундела и ши цIа кIелхьардаккха ницкъ бац цаьргахь. Ши цIа а дагийна, ши доьзал махках а баьккхина, итт доьзал кIелхьарбалар а Делан къинхетам бу. IодагIеран доьзалш, Сибрех бахийтахь а, шайна тоьхна хан а йаьккхина, Делан къинхетамца цIа боьрзур бу. Йуьртахоша гIo дийр ду царна цIенош а, гIишлош а, даьхни а меттахIитто. TIe, шаьш таIзарх кIелхьарбевр боцийла хуучу вежарша шайн кертара даьхни а, хIусамашкара мелла а мехала сал-пал а селхана буса кIелхьарйаьхна.

Инарла дIавахара шен замошца, омра кхочушдар Морганияна тIe а диллина.

Цхьа сахьт даьлча, хIаваъ къардеш, татанаш девлира IодагIеран шина кертахь. Цкъа пироксилинца лелхийтира церан цIенош а, керташкара гIишлош а. ТIаккха, ирахь йисинарш, тIе мехкадаьтта а детташ, йагош, чим бира…

XXIII корта. Гонна йуккъехь

Цу серийн тускарахь

Накхармоза ва санна,

Дууш мерза дара хьо,

Малх кхета ва дуьне.

Кийрахь стим баьттIа

ДоIаха ва санна,

Хьо къахьлург хилла-кха,

Кийрара дог доьхча…

Халкъан илли

1

Зеламхин гIуллакхаш, ва Дела аьлла, ца нислора xIoкху тIаьхьарчу кхаа шарахь. Бенойн дукъахь ГушмацIа а, Солтамурд а вийчахьана дуьйна схьа.

ХIетталц кхиамца чекхдовлура цо дагалаьцна дерриг а гIуллакхаш. Хьоле некъахой а талош, йийсаре а балош, цаьргара йасакх а йоккхуш. Банкаш а, кассаш а талош. Шен, халкъан а мостагIий – Добровольский, Митник, Чернов, Галаев… – бойуш а. Оцу кхаа шарахь кхиам хилла цуьнан кхаа гIуллакх тIехь. Андронников, Долидзе вуьйш а, Донагуловх бекхам оьцуш а, Соьлжа-ГIалин станцера касса талош а. Амма Долидзе а, цуьнан команда а хIаллакйеш, боккха бохам хилла цунна. ТIаьххьара ваша Бийсолта а вийна. Мел тIаьхьаталларх, Михеевн нуц йийсаре а ца лацавелла. Иза ша а, накъостий а Делан къинхетамца Iожаллех кIелхьарбевлла. Амма хIетахь а, хьалха Чермойн ломахь а кхочуш ца хилла цуьнан коьрта Iалашо. Шарль Акс йийсаре лацар а, ярмарка талор а.

Иза хилла ца Iapa Зеламхин догдохийнарг. И ши гIуллакх бахьана долуш дуккха а нахана зуламаш ма дина Iедало. Долидзен команда а, инженераш а, некъан белхалой а цо байъича, Зеламхин гергара бIе везткъе итт стаг, лаьцна, Сибрех вахийтина. Оцу нахана Iедало дина зенаш меттахIитто ницкъ ца кхаьчна цуьнан. Ткъа Соьлжехь цуьнан кхиамза дисина гIуллакх бахьана долуш, даим а цуьнан тешаме хьеший хилла IодагIеран Юсуп, Юнус Сибрех вахийтина. Церан цIенош дагийна. ДIабаханчу баттахь ворхI эвлайаъ, лаьцна, Россе дIавигна. Шайн доьзалшца цхьаьна. Уьш а xIapa Зеламха бахьана долуш лецна ша, боху Iедало.

Уьш хIокху цхьана шарахь лецнарш, набахтешкахь бахкораш, Сибрех каторге бахийтинарш бу. Ткъа Зеламха обарг ваьлчахьана дуьйна цхьайтта шарахь, иза бехке а веш, иза бахьана а лоьцуш, Iедало бохамаш бинарш мел дукха бу! Церан къа хьаьрчина-те цунах? Зударийн, берийн, къеначеран?

Цхьа чIогIа бехк баьлларг, халкъана зуламе ваьлларг бен стаг ма ца вийна цо. Уьш а дукхахберш паччахьан эпсарш, хьаькамаш бу. Бакъду, Зезаг бахьана долуш, ЭльсангIарах ши стаг вийна цо. Цара а вийна ЗеламхагIарах шиъ. Ца хууш кхетта, Зеламхин карах СаркагIеран кIант а велла. Iедалан айкхаш а, йамарт нах а байъина. Зеламхас ша а, цуьнан накъосташа а. Бехк-гуьнахь доцу стаг ца вийна цо цхьа а.

Цуьнан да а, ваша а вийнера Iедална вохкавеллачу бенойн Буццус. Цушиннан чIир йоькхуш, Буццусан ваша Межед вийра Зеламхас. Кхин цхьаъ вен везаш а ву. ГушмацIас, Зеламхас, Солтамурда цхьа а тайпа новкъарло ма ца йинера БуццусагIарна-м хьовха, атталла, бенойн тайпанна а. БуццусагIар Iедална бохкабеллера. Ахчанах. Дуьненан хьолах. Цундела бутт хьалха нохчийн йарташкара итт эзар туьма доккхуш, Буццусан цIийнан нахера кепек а ца даьккхинера Iедало. Уьш шен йалхой, лайш хиларна. И тайпа йамартхой байа ма беза. Лаха а лохуш. Церан xIy дайа. КIур байа. Шайн гергарчара а, тайпанан наха а ца совцабо уьш. Царна дика хаьа уьш кхахьпанаш дуйла. ХIетте а ца совцабо уьш. Ткъа Зеламхас байъича, цуьнга чIир кхайкхайо. Нийса ма дац иза. Шайн хьерадаьлла зуд ден деза долчара.

Зеламха кIадвелла. КIадвелла ца Ia. ГIелвелла. Оцу цхьайтта шаро гIелвина. Дийнахь-буса а йамартлонах, тешнабехках ларвала гIерташ, даим дIа сема, сакх ваьхна. Наггахь нехан хIусамехь бовха кхача буу цо, кIедачу метта охьа а вуьжу иза. Ткъа дукхахйолу хан меца, шелехь, йерзинчу стигала кIел охьавуьжуш йоккху. Могашалла а йац хьалхалерниг. Да а, ваша а вийчахьана, даго сагатдо. Хьалхе ма ду иза. Цуьнан шовзткъа шо а бен ма дац. Халонаша, бохамаша, баланаша хеназа къанвина. Массарех хаьдда, цхьа висина. Доьзалера хабар а дац. БapxI баттахь БуритIахь латтийна, Сибрех бигна. Наггахь кехат дoгIypa цаьргара. Шаьш могаш ду, дика Iаш ду, шайна са ма гатде олий. ТIаккха масех кехат деара, кхечу агIор дуьйцуш. Шаьш Iаламат вочу хьолехь ду. Хьо бахьанехь шайгахь xIapa бала хIунда латтабо ахь, обаргалла дIа а тесна, Iедална, хьаькамашна тIе а вахана, хIокху балех тхо хьалха хIунда ца доху ахь бохуш.

Оцу кехатах цецвелира Зеламха. Бецис а, Зезага а муха йаздойтур ду и тайпа кехаташ? Цул йаккхий халонаш, баланаш собаре ма лайна цара. Цкъа а шайн дагара ца хоуьйтуш. Зеламхин дог иракарахIиттош. Йа пана Сибрехь кегийчу берашца цхьалха йисча, собар кхачийна-те цаьршиннан? Иштта масех кехат шега кхаьчча, шеквелира иза. Баккъал а, меттигерчу жандармерис доьшура БецигIеран кехаташ. Уьш дIа а дохий, шайгара кхин йаздора. Уьш дара Зеламхе кхочурш.

Соьлжехь эшам хиллачул тIаьхьа дуьненах дог даьллера цуьнан. Цхьа а ваша а вац. Хьалхалера тешаме, майра, доьналле накъостий а, берриг бохург санна, дIабевлла. Iедало байъина а, чIирхоша байъина а. ДегIо сиркхонаш лехьайо. Даге лазарш детта. ДоIаха а, хьер а лозу. Шен дегIе садаIийта лаьара цунна. Йарташкахь а, кIотаршкахь а саца кхераме дара. Массанхьа салтий лаьттара. ТIе, Зеламхина хаьара къайлах шена дуьхьал нохчий вовшахтухуш хилар. Шен чIирхой а, ахчанах да-нана духкур долу йовсарш а. Цхьаберш бевзара цунна. Амма цунна цабевзарш а бара дуккха а.

Бутт сов хан йара иза хIокху хьехахь къайлаваьлла. Хорачана кхо чаккхарма генахь. Хулхулон лакхенца. ТIулган лекхачу, легIанчу бердана йуккъехь. Кхуза халла хьалавалало. Хьехан бертиг готта йу, чоь – шуьйра, йеха. Кхузахь мотт-гIайба, йай, кад-Iайг, самовар, ахьар, дакъийна жижиг, дума, туьха, кхидолу кхачанан сурсаташ а ду. Цхьана сонехь аннех бина готта маьнга а бу. Экха-м кхачалур дацара кхуза. Лахара хьала а, лакхара охьа а. ХIетте а хьехан бертиг серагех дуьйцинчу жимачу зIараца дIакъовлу цо. Цунна шина а aгIop тIулгаш схьа а дохуш, ши Iyьpг даьккхина. Хьанна хаьа, xIapa хIусам салташна карайахь, тIом бан а ма беза цо.

Зеламха кхузахь вуйла Бетарсолтина, Жамаьлдана, Соипана хаьа. ХIора кхоалгIачу буса Соип вoгIy кхуза, цунна оьшург дохьуш. Цаьршиммо барт бинчу ишарца, лаха Хулхуло чохь а соций, хаам бо цо. ТIаккха хьеха хьалаволу. Цкъацкъа буса хи эца Хулхуло чу вуссу Зеламха. Наггахь хьехан берте охьа а хуий, Хулхуло чу а, дуьхьал болчу лекхачу лома а бIаьрг бетташ, шен дахаран ойла йо цо. И маьрша лекха лаьмнаш, къена хьаннаш, шера аренаш. Доккха ду xIapa дуьне. Aмма цунна гатделла. Гатдина…

2

Хорачара шовзткъа шо хенара Мусхьабан Асхьаб, кхиболу шен йуьртахой санна, лаьттаца къахьоьгуш вехара. Нахал хьоле а йа къен а вацара. Нехан санна, цхьа урд латта а, ши сту а, масех бежана а, газа-уьстагI а. Нехачул оьшуш доцуш цIенош а. Нах санна, Далла Iамал йеш а вара. Амма, дог Iарждина, кийрахь хьагI, къизалла, сутаралла йара цуьнца. Шечул совбаьлла нехан бахам бацахь а, шениг санна нехан бахам хилар а ца лалора цуьнга. Нехачул сов бежана, газа-уьстагI хилийта гIepташ, дукха къахьоьгура цо. Цуьнгахь ши бала бара – нехан долчун а, шен доцчун а. Йуьртарчу цхьанна диканиг хилча, дог Iаржлора, бохам хилча, дог доьлура цуьнан.

Цхьа стаг дика ву, оьзда ву, къонах ву аьлча а, ца лалора. Шен нийсарчу, бераллехь шеца левзинчу, цхьаьна кхиъначу Зеламхина майра ву, оьзда ву, къонах ву бохуш, махкахь гIаравалар а ца лалора. Иза вен шен ницкъ кхаьчча, шегахь майралла а, доьналла а хилча, ша вийча, иза къайладер дуйла а хиъча, бIаьрнегIар ца тухуш, Зеламха вуьйр вара цо. Амма Дала цунна ницкъ ца беллера. Иза лоха, эгIаза стаг вара. Дала цунна майралла а ца йеллера. Иза кIиллo, цIоьллак, гIизбе стаг вара. Цундела, ша йуьстах а вуьсуш, Зеламха кхечара вере сатуьйсура цо. Салташа, чIирхоша, хьаъа а – кхечара.

Цхьана буса гергарниг волчохь тIаьххьалц сакъоьруш а Iийна, цIа вогIуш, ткъех гIулч шена хьалха воьдуш стаг гира цунна. Дукха сирла дацахь а, беттаса дара. Лерина хьаьжча, оцу стеган цхьана белшах кхозуш топ, вукху белшах кхозуш дуьзна таьлсаш а гира цунна. Асхьабана йуьхьа дуьхьал ца хьаьжча а, букъах а, боларх а, дeгI лелорах а бевзара шен йуьртахой. И стаг Хорачара вацара. Цкъа дагадеара цунна, иза цхьанна къола дина, воьдуш ву-те аьлла. ХIан-хIа, къола дина воьду стаг йуьртан уггар боккхачу урамехула иштта маьрша гIyp вац. Обарг ву-те? Зеламхин накъост? Асхьабан хье цIеххьана самабелира. Бутт сов хан йу Зеламхин хабар доцу. Цхьанхьа къайлаваьлла, иза дIатийна Iен. Хорачана гондIарчу лаьмнашкахь ву бохуш, хабар а ду.

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают