Читать книгу: «Дарц», страница 21

Шрифт:

Зеламхина дуьхьал генеральни операци йан таллархойн ханна отряд вовшахтоьхча, майраваьллачу Дудниковс, Хорача а вахана, йурт йаго кхерам туьйсуш, Зеламха а, цуьнан доьзал а къайлабевлла меттиг йийца бохуш, хьийзийнера цигара бахархой. Цхьа цIа дагийнера цо, нах кхеро. И хаам шега кхаьчча, сихха Хорача вахара Зеламха. Дукхахдерг шен цхьаъ бен воцчу жимачу вешина Бийсолтина сагатделла.

Малх чубуза лахбелча, шен ши накъост эвла йистехь а витина, йуьрта вахара Зеламха. Урамехь иза тIенисвелча, цхьаболу йуьртахой, хазахетий, тIекерабовлий хьаьвзара, шайн хIусаме воьхура, амма дукхахберш, доцца хьал-де а хоттий, дIакъаста сихлора. Царна бехк а ца буьллура Зеламхас. Иза а, цуьнан да а, вежарий а бахьана долуш дуккха а бохамаш ловра хорачоша.

ЭлсангIарах къаьстина, тIе латта тесна тхов а, готта нeI а, жима ши кор а, лоха уче а йолчу лаппагIи чохь шаьш дехаш дара Билкъис а, Бийсолта а. Говрара чу а воьссина, цуьнан урх кертан хьокхи тIе а тесна, иза керта ваьлча, дера леташ, схьакхийсалора бунна хьалха аьчган зIенаца дихкина доккха, Iаьржа жIаьла. Цуьнан гIовгIa йаьлча, цIа чуьра араиккхинчу Бийсолтас, човхийна, дIатедира иза. ТIаккха, ведда тIе а веана, вешина маракхийтира Бийсолта. Керта-арахь гIовгIа йаьлча, кхераелла Билкъис, кIантана тIаьххье уча а йаьлла, бIаьргашна тIехула куьг а лаьцна, Зеламхе а хьаьжна, иза вевзича, йедда тIе а йеана, меракIант къевллина мара а воьллина, шен сирбелла корта цуьнан шуьйрачу, ондачу некха тIе а таIийна, йист ца хуьлуш, йелха хIоьттира. Билкъис доггаха йоьлхура, сатен ца туьгуш. Иштта доггаха йелха дукха а, даккхий а бахьанаш дара цуьнан. Билкъисан кIентан дена ГушмацIина а, цуьнан шен дена Элсанна а йуккъе бархI шо хьалха, вовшийн нах а байъина, мостагIалла доьллера. И мостагIалла бахьана долуш шина цIарна йуккъехь йисина Билкъис, ша хIун дер ца хууш, бIарзйелла хьийзира оцу масех шарахь. ХIусамда а, цуьнан ши кIант а обарг ваьлча, зударий Iедало хьийзо болийча, шен кIантаца ден цIа дIайахара иза.

Амма и хан биллина дIа кийрахь ша болуш йаьккхира цо. Цхьана aгIop, Iедало сагатдора цуьнан, вукху aгIop, ЗеламхагIеран мостагIаша шен кIантана бохам барна кхоьрура. Оцу сингаттамаша хеназа къанйина, къежйина, IаддаргIа санна, букар хьаьвзинера иза. И дерриг а дика хуучу Зеламхас, цуьнан декъазчу кхолламна ша бехке хеташ, пханарш тIе а хевшина, бакъабеллачу букъах а, сирбеллачу цуьнан коьртах а, вист а ца хуьлуш, дай куьг хьоькхура. БархI шо хьалха Зеламхел дукха йоккха ца хеташ, дуьзна, куьце дегI долуш, тIахъаьлла зуда ма йара иза.

Ткъа Бийсолта, садукъо санна, къамкъаргехула хьалагIерта къаьхьа шад а, бIаьргаш Iийжош схьагIерта бIаьрхиш а сецош, цаьршинга а хьоьжуш, вист ца хуьлуш, йуьстах лаьттара. Масех минотехь йилхина, шен дог а Iабийна, кийра а бассийна, Зеламха цIа чу вигира Билкъиса.

Зеламхина сискал а, хьонкех бина жахар а баийна, тIаккха Дудниковс йуьртахь динарг дийцира Билкъиса. Шена тIе а кхойкхуш, цхьацца чу а вуьгуш, йуьртара боьрша нах лебира начальнико. Зеламха а, цуьнан доьзал а болу меттиг аш ца йийцахь, ша йурт йагор йу бохуш, царна кхерамаш а туьйсуш. Лебинчара, шаьш уьш болу меттиг ца йийцира бохуш, чIагIонаш йора. ГIалгIайн махкахь, Iасса- хин лакхенгахь, цхьанхьа лаьмнашкахь бу бохуш хазар бен, цхьанна а ца хаьара уьш болу меттиг. Хьанна хаьа, цхьаъ айкх валаза Iийна хир ма вац. Адамех а тешам бац хIокху хьеречу заманахь.

МаьркIажан ламаз а дина, шен карахь долу ахча Билкъисе а делла, дIаваха кечвеллачу Зеламхех хьаьрчира Бийсолта:

– Ваши, хьайца дIавигахьа со…

Цецваьлла а, воьхна а хьаьвзира Зеламха. ПхуьйтталгIа шо доладеллехь а, иза хIинца а бер дара.

– ГIуллакх хир дац цунах, Бийсолта.

– ХIунда?

– Цкъа-делахь, хьо жима ву. Ткъа сан дахар, дийцалур доцуш, Iаламат хала ду. Цхьа минот а, цхьа гIулч а тешаме йоцуш. ДIа ког мел баьккхинчохь – йамартлонаш, кIелонаш. Набарза буьйсанаш. Мацвелча, баа кхача боцуш, хьагвелча мала хи доцуш де-буьйса такха дезаш меттигаш дукха нисло. Хьо хIинца а бер ду, хьоьга лалур йац и халонаш. ШолгIа-делахь, хьан нана къанйелла, хьо воцург тIетовжа верас вац цуьнан.

– Цуьнан вежарий, йижарий бу, ваша. Хьо цхьаъ бен, сан йиша-ваша а дац. Кхин хуьлийла а дац. Муслимат, Энист, Мохьмад, Лом-Iела, Iумар-Iела ларбан хьуна накъост веза. Наггахь бен хьо цаьрца ца хуьлу. Бецина а, Зезагна а гIоьнча оьшу. Со жима вац, ваша, сан пхуьйтталгIа шо ду. Баба реза йу со хьоьца дIаваийта…

Зеламха дестечуьнга хьаьжира.

– Шуьшиннан барт хилахь, со дуьхьал йац. Бийсолтин пхуьйтталгIа шо ду. Пхийтта шо дуьзча, иза ларван стаг вац кхузахь…

Зеламха хIинца кхийтира Билкъисан дагахь долчух. Зеламхина тIехь масех чIир йу. Иза вен аьтто ца нислуш лела мостагIий. Ткъа Бийсолта маьрша вуьту. Пхийтта шо кхаччалц. ТIаккха герз лело а, тIаме ваха а бакъо хуьлу кIентан. ХIетталц иза бер лору нохчийн гIиллакхехь. Пхийтта шо дуззалц божабер йукъа ца догIу чIирана. Бийсолтин пхийтта шо дуьзча, цуьнца Зеламхин чIир нисйан бакъо йу мостагIийн. Иза воцург ваша а, вежарийн кIентий а бац Зеламхин. Ткъа Бийсолтин пхуьйтталгIа шо делахь а, иза хIинца а бер ду. Йуьхьа тIе а, мера кIел а пхьаьрчоьш а довлаза. Зеламхин дахар мел хала делахь а, шена уллохь хилча, и жима ваша мостагIех ларван атта хир ду цунна.

– Дика ду, Билкъис. Соьца хала-м хир ду Бийсолтина. Делахь а кхузахь цхьа вехачул, соьца а, сан накъосташца а тешаме хир ду хIокхунна. Хьан наха хIинццалц дика дола дина хIокхуьнан. Тоьур ду, Дела реза хуьлда царна. ХIета, сиха кечло.

Зеламхас шеца дIавигира Бийсолта. Цхьана волу цхьа ваша…

4

Зеламха вина меттиг уггар хазачарех цхьаъ йара Нохчийчохь, амма цул хаза меттиг дуьненахь йан а йац, хила йиш а йац, моьттура цунна. Ша обарган некъа валлалц цунна Хорачана гондIара меттигаш а, аьхка жа дажо воьдуш хилла Къоьзан-Iам а бен, кхидолу нохчийн лаьмнаш ца гинера. Обарг ваьлла, кхерста воьлча, цунна гира цкъа хьалха ЧIебарлан, тIаккха Органан а, Iассан а лакхенашца долу нохчийн а, гIалгIайн а лаьмнаш. ТIаккха хиира цунна ша винчу меттиган мискалла.

Лаьмнаш-м массанхьа а цхьатера дара. Цкъа а тIера ло а, ша а ца бешаш, ира баххьаш мархех чекхдаьхна, сийначу стигала хьала а доьгIна. Церан лакхенга хьалаваьлча, генна лакхахь йаьржина, хIиттина йа керчаш гора бамба санна кIайн, кIеда мархаш. Царна тIехула волавелла вахалур волуш санна, хеталора. ТIулган тархашца хьийзаш, лакхара чуIенаш, лах-лахахь цхьаьнакхетий, даккхийчу татолашка а доьрзий, хьалахьаьжча лакхе ца гучу гаттийчу чIажаш чохь Iаламан буьрсачу ницкъе а доьрзий, даккхий чхернаш хьалха дIакерчош, ца карчалучунна тIехула кхийсалуш, аренан маршоне сихделла уьду хиш. Лаьмнийн басешкахь а, когашкахь а адамаша дезар оьцуш, йа дезар эца церан ницкъ боцуш кхиъна лекха, йуькъа, къена хьаннаш. ТогIешкахь бацо сендина, бес-бесарчу зезагаша къарздина ирзош. Цхьаццанхьа оцу Iаламо куц деллачу ирзошна йуккъехь хиш хIиттина кегий Iаьмнаш. Оцу лаьмнашкахь го тайп-тайпана акхарой, олхазарш. Черчий, сеш, лунаш, акха гезарий, уьстагIий. Тархийн баххьашна тIе охьахевшина а, сийначу стигалахь, мархашна кIел хIаваэхь хьийза а аьрзунаш, лечарчий, куьйранаш. Дерригенан сурт хIотто а, дийца а хуур дац.

Зеламхина дика девзина кхузара лаьмнаш а, исбаьхьа Iалам а. Акхарой бен ца лелало некъаш, хьехаш, ширачу гIишлойн херцораш а, массо бIов а.

Зеламха ца Iебаш хьоьжура оцу исбаьхьачу, амма буьрсачу Iаламе. Кхузахь иза цецвохург и Iалам дацара. Иза-м ницкъ болчу Дала кхоьллинера. Зеламха цецвуьйлург а, къайленна тIaьхьa цакхуьург а кхин дара. Кхузахь адамаша шайн куьйгашца кхоьллинарг. Йарташкахь а, царна гонаха а стаг гIаш а халла бен хьала ца валалучу лаьмнийн баххьаш тIехь йина бIаьвнаш. Цкъа-делахь, бIов йуттуш биллина xIopa а тIулг, нийсачу меттехь а маситта стаге меттахбаккхалур боцуш, боккха бу. ШолгIа-делахь, и xIopa тIулг, шера цостуш, беакIов тобина бу. И болх беш хала а, дукха а къахьега деза. И болх-м xIopа дийнахь къахьоьгуш, шарахь а, итт шарахь а кхочушбийр бара. Амма оцу лаьмнийн баххьашка уьш хьала а муха даьхна, нийса хьажош дIа а муха дехкина? Уьш вовшашца къовлуш, йукъа йоьттинарг а хIун йу? Цунах ца кхетара Зеламха, мел дукха ойлайарх.

И бIаьвнаш дукха йара кхузарчу лаьмнашкахь. Лахахь бух шуьйра, лакха мел йолу гатйеш, биъсенара, бухь ира а болуш. Цхьайерш – масех гIат а долуш. БIаьвна чу цхьаъ бен неI йацара, амма кораш масех дара. Кораш аьлча а, гаттий Iуьргаш. Баккхийчу наха дуьйцура Зеламхина, цхьана заманахь, мостагIий йарташна тIелетча, бахархоша, оцу бIаьвнаш чу а къовлалой, тIом беш хилла бохуш. Зеламхас ойла йора: ванах, массо а заманахь а, тахана санна, вовшашца къиза, тIемаш беш, вовшийн дойуш хилла-кх адамаш. Маьрша, машаре даха йиш йоцуш…

Кхузахь гора шогачу тIулгех доьттинчу цIенойн йа кхечу гIуллакхна лерина йинчу гIишлойн йисина херцораш. ТIулгаш тIе карс йаьлла, цхьайерш коьллаша хьулйина. Къаьст-къаьстана а, цхьана гулахь а – кешнаш. Заманан йохалла меттигаш текхаш а, хин Iоврaшa а даьстинчу кешнаш чохь шуьйра, йаккхий, стаммий тIулгийн экъанаш гора. Уьш упханийн метта йохкуш хилла хир йу аьлла, ойла йира Зеламхас. Хетарехь, оцу заманахь и бIаьвнаш йинарш а, оцу кешнашка дIадоьхкина а адамаш наьрташ хилла хир ду, ца хилча, оццул даккхийчу тIулгех и бIаьвнаш йалур а йацара цаьрга.

5

Iасса хин лакхенца, мелла а йаккхийчу йарташна йуьстах лекхачу лаьмнашна йуккъехь, хин жимачу тогIехь масех цIийнах лаьттачу гIалгIайн кIотарахь Зеламхин доьзал болу шо гергга хан йара. Хетарехь, кхузахь гIалгIай бехаш хилла масех бIе шо хьалха дуьйна. Цунна тоьшалла дара оцу жимачу тогIехь, гIарол санна, лаьтта лекха ши бIов.

Селхана Аюб вара кхуза ван везаш. Иза ца веача, цунна сагатделла, кхуза богIу цхьана болу готта некъ тергалбеш, лекхачу торха тIе охьа а хиъна, Зеламха Ieн ши сахьт сов хан йаьллера. Аюбах дог а диллина, малх гIушлакха баьлча, делкъан ламаз дан а, делкъе йан а цIа веара иза. Керта-арахь кхо ког болчу аьчган очакха кIел йогуш цIе а, цу тIе оьллина, йуькъа Iаь туьйсуш кхехкаш, чуьйнан йай а бара. Голаш тIе а лахйелла, текха чохь ахьаран межаргех хьолтIамаш йеш йоллура Беци. ЦIестан йоккхачу чари чохь бедарш йуьттуш йолчу Зезагна уллохь хабарш дуьйцуш хиъна Iapa хIорш тIебиссинчу xIyсаман нана. Дехьо ловзуш бераш дара. Цхьана тобанехь – Муслимат а, Энист а, вукху тобанехь – Мохьмад а, Лом-Iела а, шина а тобанца кхузара церан нийсархой а. ХIокху кIотарара и сурт гича, моьттур дара дуьненахь цхьанххьа а герз а дац, паччахьаш, Iедал, эскарш, набахтеш а йац, адамашна йукъахь мостагIалла а дац, ткъа Бецин а, Зезаган а кийрахь бала а бац.

Бийсолта цIахь вацара. ХIокхеран ши йетт а, кIотарарчу нехан бежанаш а лохкий, Iуьйранна лаьмнашка воьдура иза. Бежанашна-м Iy ца оьшура. Лаьмнашкахь талла а, нийсалла герз кхийса а воьдура Бийсолта. Стомара кIентан кхиамаш ша зийра Зеламхас. Жима велахь а, Бийсолтин куьг чIогIа, бIаьрг сирла карийра цунна.

Зеламхина сихха хаьара Iедало шена дуьхьал дIа мел баьккхина ког. Кхо де далале хиира цунна Буру-гIалахь хьолахойн гуламехь хилла сацам а, областан начальникан омра а, цо Вербицкийна тIедехкина декхарш а. Гуьмсе базарахь хилларг оцу дийннахьехь хиира. ХIинца Вербицкийн отряд шена тIаьхьа таллар доло кечлуш хилар а хаьара. Газеташ тIехь зорба тоьхнарг Аюба доьшура цунна. Бакъду, газеташ обаргашна тIекхачале, дукхахьолахь, цхьана кIиранна ширлора.

Делкъан ламаз а дина, пхьор а диъна дIатевжина, цхьана сохьтехь са а даьIна, турмал коча а тесна, ша хьалха хиъна Iийначу лома тIe хьалавелира Зеламха. Цо сих-сиха турмал лоцура ломан терхешна тIехула сетташ, хьийзаш хьала болчу, кхуза богIуш цхьаъ бен боцчу готтачу некъа тIе. Эххар а оцу новкъахь гучувелира ши бере. И шиъ некъаца гIарол деш волу хIорш тIебиссинчу хIусамдайн кIант Торшхо а, Аюб а бен хуьлийла а дацара.

Аюб кхачанах кхетийтина вуза а вина, цуьнца йуьстахвелира Зеламха.

– ХIинца схьадийцал, хIун ду керла? – хаьттира цо Аюбе, цIа чохь шаьшшиъ цхьа висча.

– Вербицкийн отрядан коьрта ницкъаш Органца а, Iассаца а хьала лаьмнашка татта кечбеш бу. Гуьмсерчу базарахь адамаш дайъина Ардабьевскийн отряд Хаси-Юьртахь йу. Схьахетарехь, иза Яркхсуций, Ямансуций хьала Нохчмахка гIорта там бу. АрентIарчу цхьацца йарташкара нах лоьцуш бу.

– Кхин хIун ду?

– Газеташ деана ас.

Ара а ваьлла, говран тIоьрмиг чуьра масех газет дохьуш веара Аюб. ГIеххьачул дика оьрсийн йоза-дешар а, мотт а хаьара Аюбана. Амма новкъахь шаьш оьрсий совцийча, церан мотт шена ма-хаъара шера ца буьйцуш, гуттар а маьттазбоккхий, буьйцура цо.

– ХIокху цхьана газет тIехь бахархошка а, обаргашка а Вербицкийс бина кхайкхам а, хьоьга хьайгга, хьан цIарах йаздина кехат а ду, – шина кхайкхаман чулацам Зеламхина боцца дIa а бийцина, Зеламхе йаздина кехат, цхьа дош а ца дуьтуш, гочдира Аюба:

«ХIинца, Зеламха, хьоьга!

Хьан цIе йевза йерриг а Россехь. Амма иза хIумма а хьуна хастаме ца йевза, хьан цIe хьуна эхье йоккху массанхьа а. Хьайн да а, ваша а вала а витина, йамарт, стешха кIилло санна, тIеман арара веддера хьо. Коьллаш йукъа а, тIулгашна тIехьа а лечкъаш, дIаьвшечу лаьхьано санна, дукха адамаш дайъина ахь, оцу тIехьара схьа гучуваьлча, тIе эткан кIажа а хьовзийна, хьайн корта, аьтта, вичIабоккхур буйла хууш. ТIаме а вахана, цигахь майралла а, доьналла а гайтина, паччахье хьайх къинхетам байта аьтто нисбеллера хьан, амма хIетахь ахь иза ца дира, стешха борз сана, цIога а таIийна, лечкъина Iийра. Ткъа хIинца къанделла, кан хилла жIаьла санна, хьесталуш, балхамаш беш, Iедалан хьаькамашка хьайна гечдар, къинхетам боьхуш, дехарш до ахь.

Хьаькамаша хьайн дехарна делла жоп хаьа хьуна. Со кхета, нохчийн дерриг а халкъана хьо къонах хета. Нагахь санна нохчийн халкъана ма-хеттара хьо къонах велахь, нагахь санна айхьа лелориг зударийн шарбал а йоцуш, боьршачу стеган хеча йелахь, нагахь санна хьайн дегIаца жимма а эхь а, доьналла а ларделлехь, сан, эскаран старшинан Вербицкийн, кхайкхамна жоп луш, сох лата меттиг а, хан а билгалъйан йеза ахь. Хьан накъостийн барамехь сайца накъостий а болуш, ахь йиллинчу меттиге, ахь тоьхначу хенахь хьох лата цига дIавогIур ву со. Хьоьца разбойникаш алсам мел хили, дика хир ду, ас лаххьийна бойур бу уьш. Ас оьрсийн эпсаран тешаме дош ло хьуна вайшинна йукъахь хинболчу бартах ца воха. Вайшиннан девна йукъа хьан чIирхой а буьтур бац ас. Тоьур ду аш вовшийн Iенийна цIий.

Амма лата йиллинчу меттиге, билгалйинчу хенахь хьо дIа ца вагIахь, суна карор ву хьо, ведда, дIаваха гIертачу Хонкара хьо дIагIахь а. ТIаккха соьгарчу къинхетаме дог ма дахалахь, ас ирхъуллур ву хьо. Майрачу нохчийн къоман хьакъволу боьрша стаг хьо хилар, хьо кIилло зуда цахилар гайта, Зеламха. Хьайн сацам буьйцуш, соьга, эскаран старшинага Вербицкийга, БуритIа кехат йазде».

Зеламхас леррина ладуьйгIира. Цуьнан йуьхьа тIе хьаьжча, ца хаалора иза огIазвахар а, дарвалар а. Цкъацкъа, корта а хьовзабой, велаозавора. Ша кехат дешна ваьлча, цуьнга хьаьжира Аюб.

– Кхин хIумма а йаздиний вайх лаьцна?

– Цхьана эпсаро жимма йаздина кхечу газет тIехь.

– Дешал.

«ХIокху тIаьххьарчу хенахь разбойниках Зеламхех лаьцна бакъдолчунна аьттехьа а доцу хабарш даьржина меттигерчу интеллигенцина йукъахь. Зеламха лакхара дешар а дешна, кIорггера Iилма а, хьекъал а долуш, цхьана а ницкъах ца кхоьруш, турпала стаг ву, иза, эпсаран духар тIе а духий, гIаланийн урамашкахула маьрша волалой лела, хьаькамийн хIусамашка а воьду, иштта дIa кхин а дуьйцу. Зеламхин схьавалар а, дахар а, амалш а, гIиллакхаш а суна дика хаьа. И разбойник Ведана-округерчу Хорачахь вина могIарера нохчо, бежIу ву, цхьанххьа а цхьа а дешар дешна а, цхьа Iилма хууш а вац, оьрсийн мотт хаъане а ца хаьа. Майраллех а, турпалаллех а хIумма а дац цуьнца. Ша цхьа кIилло, пекъар хилар гайтира цо 1908-чу шеран 31-чу августехь сан партизанийн командица хиллачу тасадаларехь. Сан партизанаша вийна шен да а, ваша а, кхо накъост а витина, тхуна дуьхьал цкъа топ а ца кхуссуш, иза охьа а тесна, эхье веддера иза. Цхьанхьа къайленгахь кIело а йина йа геннара схьа а тIетоха майра ву иза. Зеламха хIинццалц схьа ца лацарна, иза дийна леларна бехке цунна гIо до, иза ларво бодане, бIаьрзе халкъ а, цуьнца дерг чекхдаккха ца хуу Iедал а ду».

– И йаздинарг хIун эпсар ву хаьий хьуна?

– Стохка беной вайна дуьхьалбаьхна ГIоьрдала участкан пурстоп.

– ХIинца мичахь ву иза?

– ХIокху ГIалгIайчохь цхьанхьа пурстоп ву бохуш, хезна суна.

Зеламхас къамел паргIат дахь а, Аюбана гора цуьнан хьаьжа йуккъе хIоьттина шад а, дусаделла цIоцкъамаш а, йукъ-кара чIоггIа тIеттIатаIайо цергаш а. Зеламхин дог, дарделла, кхехкара.

– Вербицкий мичахула лела, вайна хууш ду. И эпсар а каро веза. ХIинца, охьа а вижий, дика садаIа, суьйранна Соьлжа-ГIала ваха новкъа вер ву вайша.

Аюба, хIунда аьлла, ца хаьттира цуьнга. Аюбана хаьара, хIунда воьду. Зеламхас шен дагахь кхел йинера Вербицкийна…

ХVII корта. Операци

АллахIан новкъахь шайна дуьхьал тIом бечаьрца тIом белаш, шаьш тIекхаьчначохь уьш байалаш, шаьш цара арадаьхначуьра уьш арабахалаш…

Къуръан. 2 Сура, 190-191 айат

1

Зеламха собаре стаг вара. Шена хазахетар хилча, иза дуьйцуш воьлуш а ца хуьлура, халахетар, бохам хилча, иза балхош, цIийзаш а, чIеIаш а ца лелара. Иза а, важа а шен кийрахь къовла а, дагара ца хаийта а доьналла дара цуьнгахь. Вербицкийн кехат дешча, оьгIазлоно буьзна, кIеж туьйсуш, кхехкара цуьнан кийра. Нохчийн халкъана хьалха-м хьовха, Кавказан, йерриг а Россин халкъашна хьалха эхь динера цунна Вербицкийс. Иза дуьтийла ма йац. Цунна хьакъ доллу жоп дала ма деза Зеламхас. Иза реза ву атаманах лата. Муха ца хуьлу. Зеламхас шеца цхьа а накъост вуьгур вац. Ша бахьана долуш накъосташна бохам хуьлийла ца лаьа цунна. TIe, Вербицкийс шех цхьаннах лата вола а ма боху. Зеламха ша летар ву цунах. Зеламха ма ву оцу хьакхано сийсазвинарг. Шен куьйга бекхам оьцур бу цо.

ХIаъа, Вербицкийна жоп йаздан дезара. Аюба йаздича а тарлора, гIаддайча. Аюб шозза набахтешкахь, Сибрехь ссылкехь хилла. Шоззе а ведда цIа веана. ШозлагIа цIа веача, хIетахь Зеламхин тобанехь хиллачу Абубакарехула обаргех схьакхетта. Аюб хьекъале, доза доцуш майра кIант ву. Цунна оьрсийн йоза-дешар а, мотт а хаьа. Зеламхин аьтту куьг ду иза. Добровольскийга, Галаевга, Дудниковга, кхечаьрга а йаздина кехаташ Аюба а, Бетарсолтас а йаздина цунна. Ткъа Пачхьалкхан Думе МутушгIеран Ахьматхана йаздина. Ахьматхан, Петарбухехь а, Москох а лоруш, гIараваьлла абалкат ву. Иза тахана хIокху махкахь вац. Германа-махкахь ву, боху. Иза цIа верзаре хьоьжуш Iойла ма дац Зеламхин. Вербицкийна сихха жоп дала деза. Газетехула. Россин массо маьIIехь довзийта. И жоп говзачу оьрсийн маттахь хила деза. Иштта йаздан хьан-хьанна а хуур дац.

Дикка ойла йинчул тIаьхьа ШерипгIеран Жамаьлдин Деналбекана тIехь сецира Зеламха. Иза Соьлжа-ГIалахь вехаш ву. Цуьнан хIусамехь кест-кеста хуьлу Зеламха. Вежарша везаш тIеоьцу иза. Шайх дагаваьлча, хьекъале хьехар а ло. Зеламхин де эшча, дукхазза а гIо а дина.

Сатаса гергадахча, ТIехьа-МартантIе кхечира Зеламха а, Аюб а. Цигахь Аюб шех дIакъастийра Зеламхас. Аренца ког дIа мел баьккхинчохь салтийн, гIалагIазкхийн ха лаьттара. Цхьанна атта дара царах ларвала а, кIелхьарвала а.

Садаьржаш, Шалаже кхаьчча, шена тешамечу стеган хIусамехь де даккха сецна Зеламха, маьркIажал тIаьхьа Соьлжа-ГIала новкъа велира.

ШерипагIеран Жамаьлда Шуьйта уллорчу цхьана жимачу йуьртара схьаваьллера. Паччахьан эпсар волу иза, Шелана гонахарчу йартийн пурстоп хIоттийча, ломара шен доьзал охьа а балийна, Сиржа-Эвлахь ков-керт денйина, цигахь ваха охьахиънера. Амма оьрсийн лаккхара дешар дешна цуьнан кIентий Деналбек, Назарбек, Заурбек, Майрбек Соьлжа-ГIалахь бехаш а, балхахь а бара. Жамаьлдин доьзалехь доттагI вара Зеламхин – Жамаьлдин жимахволу кIант Асланбек. И доттагIалла диъ шо хьалха тасаделлера цаьршиннан. Болатан басахь Iаьржа месаш, седарчех догу Iаьржа бIаьргаш, аьрзун санна, майра хьажар – цIена нохчочун йуьхь-сибат долчу оцу кIанте, дуьххьара бIаьрг ма-кхийтти, безам баханера Зеламхин. ХIинца Асланбекан шийтта шо дара.

Говр Соьлжехь хьешашкахь а йитина, гIаш гIали йукъа вахара Зеламха. Цхьадика, сирла беттаса долуш, урамашкахь ца тилалуш дIакхечира иза. ЦIенойн ков а, корийн неIарш а тIекъевлина дара. Амма корийн нeIapш йуккъехула, херошкахула, ара йуткъа серлонан асанаш гора. Зеламхас шаьш хьалххе билгалйинчу ишарехь кор туьйхира. Ши минот йалале ков а даьстина, Зеламха чоьхьаваьккхира Деналбека. Иза волчохь даим а хьеший лаьттара. Цхьадика, тховса кхузахь цхьа а хьаша вацара, цуьнан ваша Асланбек воцург.

Нохчийн къоман интеллигенцин тоба жима йара, цуьнан векалш куьйгийн пIелгаш тIехь а багарлур болуш. Газета тIехь Вербицкийн кехат дешча, иза шен-шен цIарах долуш санна, халахеттера хIоранна а. Халахетта ца Iapa, царах уггар либерале волчунна а даг чу оьгIазло йоьссинера. Зеламха гучу ма-велли, хиира Деналбекана, иза кхуза хIунда веана.

Пхьор даъалц, ша деана гIуллакх Зеламхас а ца дуьйцура, ткъа хIусамдас а ца хоьттура. Зеламха чувогIуш, стоьла тIе чиркх а хIоттийна книжка йоьшуш волу Асланбек, хьешана мара а иккхина, шен книжка тергал а ца йеш, цунна тIе а вогIавелла лаьттара. Шен жимачу доттагIчуьнца къамел долийра Зеламхас:

– ТIаккха, берзан кIеза, муха ду хьан гIуллакхаш?

– Дика ду.

– И хIун кинашка йу ахь йоьшург?

– Деша ваха кечам беш ву со.

– Мичхьа?

– Полтаве.

– Иза мичахь йу?

– Генахь йу. Москохал а генахь.

– Цига гена ца вахча, кхузахь йац ишкол?

– Эпсарийн Iилма Iамо воьду со. Иза Iамош ишкол йац кхузахь.

Зеламха, корта а хьовзийна, велавелира.

– Обаргашна дуьхьал тIом бан Iама воьду хьо?

– Сан да эпсар ву, амма иза цкъа а обаргашна дуьхьал ца ваьлла. Мелхо а, хьан доттагI ву иза.

– Кхин Iилма Iамо хIунда ца воьду хьо? Инженеран, абалкатан?

– Суна тIеман дешар Iамо лаьа.

– ХIунда?

– Паччахьан Iедалх нохчийн халкъ маьршадаккха.

– ХIета, обарг хила ойла йу-кх хьан? Обаргана цхьа а дешар ца оьшу! Цуьнан ишкол хьаннашкахь, лаьмнашкахь йу. Соьца дIавола, ас Iaмop ду хьуна тIеман дешар.

– ХIан-хIа, обарг хир вац со. Обаргашка маьршадаккхалур дац нохчийн халкъ. Уьш кIезиг бу.

– Ахь хIун дийр ду ткъа?

– Дерриг халкъ, ламанан дерриг а халкъаш а гIовттийна, Шемал санна, церан коьрте хIуттур ву со.

КIант, шена тIе а озийна, маракъевлира Зеламхас.

– Борз хир йу хьох, Асланбек! Амма дерриг а ламанан халкъаш а гIовттийна, ткъе пхеа шарахь тIом бинчу Шемале а ца эшаделла паччахьан Iедал. Цуьнан хьаькамаш байа беза. Кхин некъ бац…

Пхьор диъначул тIаьхьа шен гIуллакх дийцира Зеламхас:

– Полковник Добровольский хьакха дара. Полковник Галаев уггар къиза экха дара. Дудников чагIалкх йу. Амма цара а, кхечара а, шаьш со вен гIертахь а, цхьаммо а со сийсаз ца вина. Суна, зуда йу, кIилло йу, ца аьлла. Царна хаьара, со кIилло баба йоцийла. Ткъа Вербицкий бохучу оцу кхахьпано, со кIилло баба йу аьлла. Аьлла а ца Iийна. Газет тIе а йаздина, йерриг Россехула дIакхайкхийна. Ас хоуьйтур ду оцу зуьдана, со кIилло баба йоцийла! Сан цIарах жоп йазде оцу кхахьпане. Иза газете дIало. Вербицкийн кхайкхам санна, йерриг а Россина довзийта. Со цхьаъ цхьаннах лата вер ву цуьнца. Сайца цхьа а накъост а воцуш. Цо къасттийнчу герзаца. Тешнабехк, йамартло ца йан ас Къуръан тIехь чIагIо йо, ала. ХIинца Вербицкийс санна, соьга цхьаъ а дийцина, Дудниковс суна йина йамартло а йазйе. Нагахь санна изза йамартло йан Вербицкий гIертахь, чекхйер йоцийла а хаийта. Лата меттиг а, хан а йилла, боху цо соьга. Сан жоп цуьнга дIакхаьчначул тIаьхьа xIopa оршотдийнахь делккъалц ас иза ларвийр ву Веданна кхо чаккхарма генахь, хьуьнхарчу ирзохь. Цхьана баттахь ларвийр ву. Дудниковна хаьа, и ирзо мичахь ду. Дудниковс гойтур ду цунна и ирзо. Цигахь къастор ду, ала, тхойшиннах кIилло баба муьлха йу. Ас вуьйр вац иза цигахь. TIepa шарбал а йаьккхина, ваIа а ваьIна, дIахоьцур вy! Ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь шеца и эхь лело!

Зеламхина луург оьздачу гIиллакхехь дерриг дIа а йаздина, кехат конверта чу а диллина, тIехула «Терк» газетан адрес йаздира Деналбека.

– ХIapa кхана почте дIалур ду ас, – элира цо. – Лама газете дIакхочур ду. Газетехь болх беш суна бевзаш накъостий бу. XIapa газет тIехь зорба тохар доьхуш, цаьрга кехат а йаздийр ду ас. Амма, Зеламха, и атаман хьох лата вогIур вац.

Цецваьлла Зеламха, къаьрззана Деналбеке хьаьжира.

– Ой, хIунда ца вогIу? Цо газет тIехь аьлла дош?

– Вайца бинчу бартах а, деллачу дашах а бохар цара цхьана а хьесапе ма ца лору. Царна адамаш ма ца хета вай. Церан хьесапехь вай туземцаш, разбойникаш, акха адамаш ду.

– Ткъа газет тIехь соьга и кхайкхам хIунда бина оцу зуьдо?

– Ша зуд долу дела. Уггар хьалха – хьо сийсазван, бехван, адамийн хьох безам баккха, цабезам кхолла. ШолгIа, Iедална а, адамашна а хьалха ша майра стаг, къонах хила, шен цIе хастаме йаккхийта. КхозлагIа, хьо оьгIаз а вахийтина, собарх а вохийна, хьоьгара гIалат а далийтина, хьо хIаллакван. Кхин Iалашонаш а хир йу оцу мекарчу цхьогалан.

– Сох лата ца вагIахь, шена кIилло аларна ца кхоьру иза?

– ХIан-xIa. Цунна эзар бахьана карор ду шен дош йухаэца, кIелхьарвала.

Деналбекан хIусамера дог доьхна дIавахара Зеламха. Ма тамашийна ду хIара паччахьан Iедал. Кхин а тамашийна – кхуьнан хьаькамаш. Къиза. Стешха. Йамарт. Зеламхас, шена маршо йоьхуш, кехат йаздинера областан сардале. Ахь Iедална а, адамашна а даккхий зуламаш дина, Iедалан законашца хьуна луьра таIзар догIу, цунах кIелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна, паччахьан къинхетаме дог дохийла йац хьан аьлла, жоп делира сардала. Масех бутт хьалха Пачхьалкхан Думе кехат йаздира цо, ша обарг валаран а, шен доьзална хиллачу бохамийн а бахьанаш дуьйцуш, ша хIокху исс шарахь бина хала некъ а, кхузарчу Iедало шена а, нохчийн халкъана а тIехь йина харцонаш а йуьйцуш, шена маршо йоьхуш, ша бахьана долуш лецна, Сибрех бахийтина бехк-гуьнахь доцу адамаш даймахка цIадерзор доьхуш. Оцу дехарна а жоп ца делира. Цхьана газето и кехат зорба тоьхна бохуш, хезнера Зеламхина.

ХIинца цунна тIаьхьа талла чагIалкхийн арданг хецна. Масех эзар салти а, гIалагIазкхи а. Иза вен. Цуьнан накъостий байа. Цуьнан доьзал схьалаца. Иза Сибрех бахийта. Бехк-гуьнахь а доцу эзарнаш адамаш махкахдаха. Йарташ йохо, йаго, тало. Ткъа цхьанххьара а орца дац гуш. Цхьа Дела воцчуьнгара, орца хир дац цунна. Цо гIо дийр ду Зеламхина мостагIашца къийса, царах бекхам эца. Ницкъболчу Делан гIоьнца Зеламхас бекхам оьцур бу оцу Делан мостагIех. Уггар хьалха оцу Вербицкий бохучу стешхачу зуьдах…

2

Вербицкийн кехат зорба тоьхнера черносотенни «Теркан ведомосташ» газето. Зеламхин кехат оцу газето зорба тухур ду бохучуьнга дог дохийла а йацара. Цундела хIетахь мелла а либерале долчу «Терк» газете дахьийтира Деналбека Зеламхин кехат. Революци хьаьшначул тIаьхьа йерриг а Россехь карзахйаьллера реакци. Жимма а демократин хьежамаш болчу газето Iедалан политикина дуьхьал, халкъехьа гIо доккхуш дош аьлча, иза дIaкъовлура йа лан ца даллал гIуда тухура. Цундела, шена мел чIогIа лаахь а, «Терк» ца хIоьттира Зеламхин кехат зорбане даккха. Амма цо шен ницкъ кхочург дира. И кехат Вербицкийга дIакхачийра.

Областехь низам хIотто ша кхуза кхайкхича, Вербицкий догцIенна тешна вара шен ницкъах а, хьекъалх а, Пятигорски отделехь революци хьошуш а, ДегIастанахь обаргашна тIаьхьа толлуш а, шена зеделлачух а. Цундела цо сацам бинера хьаннашкахь гIa далале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь обаргашца дерг кхузахь чекхдаккха.

Хаси-Юьртан округехь гIуллакх иза реза волуш дIадоьдура. Хорунжис Яицкийс цигара схьа хаам бинера, меттигера набахти тутмакхех йуьзна, лоьцу нах чубохка меттиг цахиларо шен болх сацийна, суьдо кхел йина, хенаш тоьхна нах цигарчу набахтера дIа а бахий, лагершка дIахьовсо гIайгIа бахьара бохуш. Ткъа Вербицкийс шен рогIехь и дехар Михеевга дIакхачийнера.

Аренца а, лаьмнийн когашкахь а йолчу цхьацца йарташкарчу бахархошкара герз дIадоккхуш а, дикка кхиамаш хиллера отрядан. Амма цуьнан коьрта Iалашо – лаьмнашка операци – хIинца а йолоза йара.

Областан куьйгалхой а, отрядан командираш а, бIаьхой а иракарахIиттош килсехь а, зорбанехь а пропаганда лелайора Соьлжа-ГIалин килсан мозгIара протоиерейс Поповс. Англи-пачхьалкхан бахархойх 88 процент инородцаш, колонешкара къаьмнаш ду, бохура мозгIара. Ткъа Францин – 50 процент. И инородцаш ворхI хIордал дехьарчу колонешкахь беха. ХIетте а, англичанаша а, французаша а и бIе миллионаш туземцийн бахархой, цхьакIеззигчу полицейскийн ницкъашца церан къамкъаргаш буйна а къевлина, цаьрга къикъ ца олуьйтуш, шайн колонешкахь чIоггIа низам латтадо. Россин пачхьалкхехь оьрсел дуккха а кIезиг бу инородцаш. Церан махкахь а инородцел дукха бу оьрсийн бахархой. Инородцаш вopхI хIордал дехьа генахь а бац, оьрсийн Iедалан мера кIел бу. ХIетте а, инородцашна тIехь колонешкахь Iедал а, низам а ца латтало Россига. Беламе хIума ма ду иза! Оьрсий тIех догдика, къинхетаме, догкIеда адамаш ду. Инородцашна ницкъ ца беш, ассимиляци, русификаци йан гIерта. Иштта нисделча-м, Дела реза хир волуш гIуллакх дара иза. Хенан йохалла Россера кхидолу къаьмнаш ассимилировать даре, оьрсийн культуре дерзадаларе дог дохийла йу вайн. Амма и дог дохийла йац вайн Нохчийчохь. ХIapa нохчий, хIокхара шаьш бусалбанаш бу бахахь а, цхьа а дин доцуш, язычникаш ма бу. ХIорш цхьа а Iедал ца дезаш, анархисташ а, разбойникаш а ма бу. ХIокхарна шед оьшу. Шед тоьхча тIе ца воьрзучунна хье йуккъе топ тоха. Йа, Iоттий, некхах чекх цхьамза баккха. Ассимиляци, русификаци йан лаьий шуна? Лаахь, нохчий махках а бахий, Сибиран тайгахь, тундрехь, Йуккъерчу Азин гIамарийн аренашкахь пхиъ-итт доьзалш бен цхьаьна ца буьтуш, тIо санна, баржабе. ТIаккха когаш хецна кхузахь маьрша бехар бу оьрсий.

Тахана цкъа гIуллакх дика дIадоьдура Вербицкийн. Дийнахь сарралц болх кхехкара цуьнан штабехь. Рапорташ, донесенеш схьакхоьхьуш а, омраш дIакхоьхьуш а геланчийн могIа хуьлура. Наггахь отрядаш йолчу воьдура Вербицкий. Амма буьйсанна ша-шена мукъа хан лора цо, болх штабан начальникана капитанна Вобицна тIе а буьллий. Буьйсанна тIаьххьалц сакъоьрура, тIаккха садоIура. Соьлжа-ГIалахь цунна чIогIа йезайеллера эпсарийн клуб. Цигахь мехкарий а, халхарш а, дика даарш а, маларш а хуьлура. Уьш кIордийча, эпсаршца кехатех ловзура.

Тховса самукъане вара атаман. Кхаа эпсарца кехатех ловзуш, массо а болехь кехат дика долура цуьнан. Ларамаза тIекIелкхийсинчу кехатийн ахчанийн оьла йара цунна хьалха. Стоьла тIехь хIоттийна бокала чохь, суйнаш туьйсуш ловзуш, шампански чагIар а, схьадиллинчу даточу гIутакх чохь уггар дика цигаьркаш а йара. Уллохула дIасабовлучу мехкаршка бегаше дешнаш а кхуьйсура цо. Цхьаболу эпсарш, уллохь совций, къамеле бовлура цуьнца.

– ТIаккха, господин атаман, хьан кехатана жоп деллий Зеламхас?

– Делла.

– Шуьшиъ маца лета?

– Цкъа а.

– ХIунда?

– Шозза вахана со цо йиллинчу меттиге. Цхьана минотана а тIаьхьа ца вуьсуш. И кIилло ца йеара цига!

Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip

С этой книгой читают